Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наш Дом > Нохчийн мотт

Нохчийн мотт Chechen Language / Чеченский Язык.

Закрытая тема
 
Опции темы
Старый 25.06.2007, 16:08   #41
Nohcho vu so
 
Аватар для Nohcho vu so
 
Вес репутации: 4
Х1ай, Латта, ахь гечдирдуй,
- Атта некъ лоьхуш волчуна,
Хьан ц1арах ша биъна дуй,
Эхь доцуш къарбиначунна?

Х1ай, Латта, ахь гечдирдуй,
Ненан мотт бицбиначунна,
Ца вешаш кхоьссина туй,
Кхечуьнга марзвеллачунна?
__________________
Идет поиск.....
 
Старый 25.06.2007, 16:22   #42
Nohcho vu so
 
Аватар для Nohcho vu so
 
Вес репутации: 4
( Немцойн йоl ) Ас хьан ч1абанех г1айг1а юцур ю,
К1айчу говрана туьйра дуьйцур ду,
Гуьйре тийжачу нохчийн аренгахь
Дашо г1арг1улеш новкъа йохур ю.

Ас хьан б1аьрхих цхьа илли доккхур ду,
Юьртан йисттехь цхьа ирзу доккхур ду,
Муьрг ц1ийх 1еначу нохчийн хьаннашкахь
Дуьне къинт1ера сайна доккхур ду.

Ас хьан б1арлаг1ех г1ала юттур ю,
Хилларш, лайнадерш сица луьттур ду,
1аьно къарйинчу нохчийн ярташкахь
Цхьа-цхьаъ дахарна дуьхьал х1уьттур ву.

Хаза хилла хьо кхин а хазлур ю,
Цхьалла лайна со къинойх ц1анлур ву,
Вайшиъ декъалдан, лаьттан 1аьнарлахь
К1айчу говро шен туьйра дохьур ду.

Дашо г1арг1улеш ц1ехьа йоьрзур ю,
Цара г1абали хьуна йохьур ю,
Б1аьсте йоьлучу нохчийн лаьмнашкахь
Ас хьан ч1абанех сайн ирс дуцур ду
__________________
Идет поиск.....
 
Старый 25.06.2007, 16:56   #43
Carolina
 
Аватар для Carolina
 
Вес репутации: 10
Цитата:
Сообщение от NOHCHO VU SO Посмотреть сообщение
Х1ай, Латта, ахь гечдирдуй,
- Атта некъ лоьхуш волчуна,
Хьан ц1арах ша биъна дуй,
Эхь доцуш къарбиначунна?

Х1ай, Латта, ахь гечдирдуй,
Ненан мотт бицбиначунна,
Ца вешаш кхоьссина туй,
Кхечуьнга марзвеллачунна?
Дукха вахаварг, хьо санна нах нохчийн къомах мел бу, и хаза мотт д1абера бац дуьненар.
 
Старый 25.06.2007, 17:52   #44
Nohcho vu so
 
Аватар для Nohcho vu so
 
Вес репутации: 4
Юхь а яц, дош а дац
Кечваларх товш а вац-
Дайн боцчу махках.

Кийра шах боьттина,
Логе шад х1оьттина -
Дайн боцчу махкахь.

Хир ду мел моьттинарг
Ца хилла х1оьттина -
Дайн боцчу махкахь.

Ч1ара шен хичохь бу -
Шен х1ордо хьаьстина,
Хууш дац мичахь ву,
Даймахкахь къаьстинарг.

Самах ду, г1енах ду,
Амма вай генахь ду -
Дайн боцчу махкахь...

Велча каш а дац,
Ваьлча а башха дац,
Дайн боцчу махкахь.
__________________
Идет поиск.....
 
Старый 25.06.2007, 18:39   #45
vesy
 
Вес репутации: 0
маьл хаза къамелаш-а,байташ-а ду кхузахь
 
Старый 26.06.2007, 00:10   #46
Nefertiti
 
Аватар для Nefertiti
 
Вес репутации: 10
Эээ... суьйре дика йойла шу

Ч1ог1а оригинальни х1ума эли ас
__________________
Сталь вернее свинца, руку не подведет, и так было и будет всегда (с)
 
Старый 26.06.2007, 12:38   #47
Nohcho vu so
 
Аватар для Nohcho vu so
 
Вес репутации: 4
Де дика хуьла шу сан хьоме махкхой!!!
__________________
Идет поиск.....
 
Старый 26.06.2007, 12:41   #48
Nohcho vu so
 
Аватар для Nohcho vu so
 
Вес репутации: 4
Дукха даима дуьненан меха.
Шу мухха а хилчи ,со реза ву шуна,
шай дахаран х1ора минот схьалойша суна!
__________________
Идет поиск.....
 
Старый 26.06.2007, 12:48   #49
Nohcho vu so
 
Аватар для Nohcho vu so
 
Вес репутации: 4
(НЕМЦОЙН ЙОI) Дахаран некьаш вай цхьана нисделла,
Стиглара седарчий ду цунна теш.
Ца лечкьош хьоменаг схьаала соьга;
Хир дуй те вай дахар ирс 1енадеш?
__________________
Идет поиск.....
 
Старый 26.06.2007, 12:51   #50
Nohcho vu so
 
Аватар для Nohcho vu so
 
Вес репутации: 4
(НЕМЦОЙН ЙОI) Д1аэца са дахар, д1аэца сан са а,
Кхоьру со дахарехь хьох д1акьаста
Х1у до ас дуьненан хьо сай ца хилчи?
Мел ирча, мел деса хир дара и?
__________________
Идет поиск.....
 
Закрытая тема

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.