Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наш Дом > Нохчийн мотт > Дешан говзалла

Ответ
 
Опции темы
Старый 27.04.2007, 14:44   #501
Dika
 
Аватар для Dika
 
Вес репутации: 11
Цитата:
Сообщение от ПОЭТ. Посмотреть сообщение
Кхечанхьа аьлла а тарло, делахь юха а дагадаийтарах зе дац, аьлла, хета суна. Вайн цхьа дош ду - "коьшкал хиъна", бохуш. Дуккха болчарна иза "ги хаар" санна долчу маь1нехь дешнаш ду моьтту. Ма-дарра дийцича, "коьшка" ("кошка"/"кашка") паччахьан г1ант ду, "трон" олу цунах оьрсийн маттахь...
Дер коьшкал хиънарг т1ехваьлча и чум кхуссу наха)).
  Ответить с цитированием
Старый 27.04.2007, 16:32   #502
heda_dubai
 
Аватар для heda_dubai
 
Вес репутации: 6
Цитата:
Сообщение от ПОЭТ. Посмотреть сообщение
Кхечанхьа аьлла а тарло, делахь юха а дагадаийтарах зе дац, аьлла, хета суна. Вайн цхьа дош ду - "коьшкал хиъна", бохуш. Дуккха болчарна иза "ги хаар" санна долчу маь1нехь дешнаш ду моьтту. Ма-дарра дийцича, "коьшка" ("кошка"/"кашка") паччахьан г1ант ду, "трон" олу цунах оьрсийн маттахь...
99% нахана моьтш дар и иштта суна цхьана
х1инца хии суна адам т1ех дала долалахь и г1ент хаа г1ерти,сай коьшкал хаа и ца г1ертий,х1инца гуттар атта хир ду и санна долу адам ша долчу дита "1е хьай г1ент" аьлла
сай коьшклахь ца хилчхьане г1ентахь хилар новкъа ма даций))))))
Баркал Поэт!
  Ответить с цитированием
Старый 27.04.2007, 18:57   #503
B1arlag1a
 
Вес репутации: 0
Шала маь1на долу дешнаш(Слова с переносным значением):

Хьаж-г1абакх - корта,
Кохьарш - цергаш,
К1ар-к1ар - бага,
Стогарш - б1аьргаш,
Кан - месаш,
З1ок - мара,
Гарзанаш - настарш,
Т1од - куьг,
Бергаш - к1ажош,
Г1уркх - лекха стаг,
Гуьйриг - партала стаг,
Даьндарг - т1ахъаьлла стаг,
Тодакх - стаг йоцу стаг,
Лом - майра стаг,
Букъарш - х1ума бен ца хета стаг,
Лойсакх - телхина стаг,
Сийна саьрмик - сийдоцу зуда,
Зезаг - хаза йо1,
Коьллаш текхоp - пал бийцар.
  Ответить с цитированием
Старый 28.04.2007, 03:42   #504
Про%цент
 
Аватар для Про%цент
 
Вес репутации: 5
Цитата:
Сообщение от B1arlag1a Посмотреть сообщение
Х1ара байт хазахета суна:

Ненан Мотт

Доьзалехь бийцар а дастаме хеташ,
Хьуо винчу ненан мотт д1атесна ахь.
"Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ!" -
Бохуш, и сийсазбан ца хета иэхь.

Ладог1ал цкъа соьга, "хьекъале корта",
Ладог1ал, яккхий д1а лергара потт:
Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шорта
Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.

Г1иллакхе, оьзда бу доттаг1че буьйцуш,
Мостаг1че вистхуьлуш - ду ира герз,
Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,
Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз!

Б1ешераш хийла д1а ихна, и бекаш,
Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу,
Кхоьллинчу халкъана сов хьанал бецаш
Даима ша хилла нохчийн мотт бу.

Вайн х1алкъан ойланаш, дахар а г1ийла
Далхадеш, къийсамна г1иттийна цо.
Вайн нохчийн майралла, оьздалла хийла
Зевнечу иллешкахь екийна цо!

Кхидолчу къаьмнашна шайнаш а санна,
Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу.
Нагахь хьо ца ваг1ахь хьайн х1алкъцанна,
Хаалахь, декъазниг,- хьо цхьалха вуй!

Ш. Арсанукаев
Б1ар1лаг1а, Делла реза хил хьон, яр сел хаз байт аларн, ас син бесахь к1астайн дeшнaш, хуъчо церa мя1ан далде, докx баркал ал ловг ду шун.
  Ответить с цитированием
Старый 28.04.2007, 16:52   #505
B1arlag1a
 
Вес репутации: 0
Цитата:
Сообщение от Про%цент Посмотреть сообщение
Б1ар1лаг1а Делла реза хил хьон, яр сел хаз байт аларн, ас син бесахь к1астайн дошнеш, хуъ-чо цер мяан далде, док1 баркал ал ловг ду шун.
Дела реза хьуна а хуьлийла, сан ваша.
Зевне - звонкий.
  Ответить с цитированием
Старый 28.04.2007, 17:57   #506
B1arlag1a
 
Вес репутации: 0
Веччалг - клещ,
Куьрк - ахьарна хьажкаш кхарза еш йолу поппаран пеш,
Ларма - подвал,
Китми - боккха гам.
  Ответить с цитированием
Старый 29.04.2007, 21:25   #507
Dika
 
Аватар для Dika
 
Вес репутации: 11
Цитата:
Сообщение от Про%цент Посмотреть сообщение
Б1ар1лаг1а Делла реза хил хьон, яр сел хаз байт аларн, ас син бесахь к1астайн дошнеш, хуъ-чо цер мяан далде, док1 баркал ал ловг ду шун.
Лергара потт-когда ухо заложено говорят -потт хоьттана))
зевне-звонко
  Ответить с цитированием
Старый 30.04.2007, 17:53   #508
Carolina
 
Аватар для Carolina
 
Вес репутации: 10
Цитата:
Сообщение от OBURG Посмотреть сообщение
Светлячок - бумбари
Шмель - бумбари
Шершень - бумбари
Сверчок-цаьпцалг
  Ответить с цитированием
Старый 30.04.2007, 19:47   #509
Anita
 
Вес репутации: 0
Шмель вообще-то - бумбарг
Хомяк - оьпа
Магнит - несар болат
  Ответить с цитированием
Старый 30.04.2007, 20:41   #510
Мансур
 
Аватар для Мансур
 
Вес репутации: 3
Космонавт-Тур,Мух,мад
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.