![]() |
|
|
#71 |
|
Вес репутации: 11 |
Б1аьргашна б1аьрзе хилий
яха боху соьга. Лергашна къора хилий лела боху соьга. Маттана дог1а тоха 1ама боху соьга. Ас шун бакъдерг доьху дела, со галъяьлла боху соьга. Елхаран метта соьга тахна ела боху. Еларан метта соьга тахна елха боху. Б1ешерийн мур бу боху иштта чолхе х1уттуш. Керла пачхьалкх кхуллу боху, маьрша синош дойуш. К1ант шен дена дуьхьал х1оттар г1иллакхе ду боху. Вашас ваша ц1ийла карчор г1азот хуьлу боху. Б1аьргашна б1аьрзе хилла лела ца ло, лела. Лергашна къора хилла яха ца ло, яха. Когах хьерча къинойн маша, цо галдоху болар... Сан Нохчийчоь, мичхьа ду-те хьан лазамийн доза? Со хьан 1уьйре леха йоллу, дуьтуш пелхьойн ловзар, Со хьан суьйре лаха йоллу, бицбеш хилла хьовзам. Со д1айоьду лаха, каро хьан лазамийн доза, ...Ц1ийлахь 1уьллу сан кортали соьга хьоьжу, доьхна... 1993 шо
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#72 |
|
Вес репутации: 11 |
Нохчийчоь, тховса ма г1айг1ане йоьжна хьо,
Со-м кхета хьуна хьан г1айг1анех... Нохчийчоь, ас хьуна ца буьллу бехк, Ца г1ерта хьо тховса теян а со. Елха хьо, мохь тоххий, Со хьалхара йоьлхур ю хьоьца, Нохчийчоь... Кху буса, кхета со, бакъо яц ела, К1иллоша бен чаг1ар мер дац тховса... Нохчийчоь, ло оьгу, дарц ц1ийза, Когаш а 1уьйра сийначу Сибреха Хьан бераш д1ахьовсош, Хьан кийрахь иккхинчу лазаран Мохь хезна, со тахана хьан къина йоьлху... Бакъо яц сан тховса ела, Нийсарой, ма билла суна бехк... Нохчийчоь, мохь тоххий елха, Со хьалхара йоьлхур ю хьоьца.....
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#73 |
|
Вес репутации: 11 |
Х1ун дийр ду? Дахаран лай хилла
Деха вай х1ора а. Х1аллакво-кх 1едало, д1ааьлча Бакъдолу дош. Цундела ницкъ боцуш йисна со, Сайн дагца къийса, Леча а хьожийца, кегделча шен т1емаш, стигла. Ов-вай, ма г1елъелла, Ма ч1ог1а г1елъелла со... Доттаг1а, цхьажимма ойлаеш, Сацахьа соьца... Дахаро техкадо кху хенан Ширделла ага, Харцоно г1елбина бодане Шен гаьнгали...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#74 |
|
Вес репутации: 11 |
Лозучу сан дагах деттало цхьа шийла узарш,
Саде1ар лахдина, лаьтта со ладоьг1уш тийна. Сел доккха х1ара дуьне сайн дагна т1ехьа д1алачкъош, Ас Деле до1а до хьан синан маршонна т1ера. Ткъа т1аккха кор тухуш, тхайн юртахь х1ора а ц1ийнан Чекхйолу, бутт лаьцна, самдовла, адамаш, бохуш. Ткъа нах д1абийшина, шайн меттан хьеший а хилла, Сом лоьхуш г1елбелларш д1атийна, г1уйнаш д1акъовлуш. Ткъа батто юха а орцане шийла мохь бетта: «Адамаш, шун къинойн 1азап ду ас тховса токхуш дерг», - бохуш. Шайн синош дилийша, д1айоккхуш хьаг1-гамо, мекха, Цо халла садоь1у, цу мархех дато ц1е етташ. Топ ели бодашкахь. Мила ву и орца дохург? Хетало, батто а парг1ата садоккхуш санна. Г1овтийша, адамаш, Илланча топ керахь вог1у, И иштта д1агича дезалур дарий-те Далла? Сан деган чоьвнаш т1е 1ийдало цу беттан б1аьрхиш, Со лаьтта, саде1ар лахдина, ладоьг1уш тийна Йоьхначу кху буса, Илланча, герз карахь, г1аттал... Х1ун хир-те хьох кхана, сан сийлахь, сан миска латта?..
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#75 |
|
Вес репутации: 11 |
МАРЖА Я1!
Маржа я1, балар-кха вайн наной кхоьллина Дуьненчохь даима баха, Седарчий девр дар-кха, батто йиш хьовзийна, Латтана, бохь буг1уш, хелха. Дей, буьйсий, вовшашлахь кхин хийцамаш боцуш, Лаьтта т1ехь хир дар-кха сирла, Цхьаммо а дог лезна хиш ледор доцуш, Сахьийзош къастаро хьомечу ненах, шийла... Аьхкенца б1аьсте а, б1аьстенца гуьйре а, Гуьйренан, 1аьн хийцам боцум, Пет1амат хир дар-кха, ца къастош суьйре а, Даггара вайна йиш лоькхуш. Маржа я1, белхьара вайн наной кхоьллина Дуьненчохь даима баха, Дегнаш ца дагадеш къастаран халоно, Дахарехь хир яр-кха б1аьсте. Маржа я1, белар-кха вайн наной кхоьллина Дахарехь даима баха!..
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#76 |
|
Вес репутации: 9 |
Ас лазам алий хьох, Дахар?
ОьгIазло-м йийр яц ахь суна? Ас Iийжам алий хьох, Дахар? Дог догу. Ницкъ лохьа суна. Ас Туьйра алий хьох, Дахар? Сийначу геналлехь дIадай сан туьйра. Хазалла алий хьох Дахар? Ахь кIиллой бийр баций декъал? …ХIун ала ас хьох, хIун ала? Сел мерза, сел къаьхьа туьйра |
|
|
|
#77 |
|
Вес репутации: 11 |
Хьо д1авоьду...
Хьан лараш д1ахьулъйо х1инцца дуьненчу дан дагахь дуьххьара мохь ала бага меттахъхьайнчу маликан са санна ц1еначу лайн чимаша. Кху дуьненчу валар а ма ду - къа. Х1ара дуьне къинойх дуьзна долу дела. И къа бен т1аьхьа доцуш санна дара вайн цхьанакхетар а. Амма, тахана кхин цхьа къа а дуьйжи цуьнан терза т1е... Бехкениг лоьхур вац аса. Иза замано къастор ду. Хьо д1авоьду... Анайистехь къайлавала гергавахча, цхьа жима-жима хета суна хьо... Айхьа цхьа доккха дуьне хьош санна, цхьа деза ду-кх хьан болар... Хьо д1аваха... Со хьуна т1аьхьахьоьжуш лаьтташ, цхьа ойла хьийза суна т1ехула. Цо х1ун боху ца хаьа суна. Амма цхьана бакъдолчух кхийти со. Юха сайха цецъели. Сан дагна вас а йина д1авоьдучу хьох цхьа къахийтира-кх суна. Хьан букъ... Хьан белшаш... Хьан дуьненчохь мел долу къа т1ехь долу ворда д1атекхош санна деза болар гича, суна цхьа жимачу берах санна, хьох къа х1унда хийтира-те?..
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#78 |
|
Вес репутации: 2 |
БIаьргашна бIаьрзе хилий
Яха боху соьга. Лергашна къора хилий, Лела боху соьга, Маттана догIа тоха Iама боху соьга, Ас шун бакъдерг доьху дела, Со галъяьлла боху соьга, Елхаран метта соьга Тахана ела боху, Еларна мета соьга Тахана елха боху, Лайн амалш йолчу нахах Элий лара боху, Дела воцу мунепикъаш Соь къобалбе боху. БIешерийн мур бу боху Иштта чолхе хIуттуш, Керла пачхьалкх кхуллу боху, Маьрша синош дойуш, КIант шен ден дуьхьал хIоттар ГIиллакхе ду боху. Вашас ваша цIийла керчор, ГIазот хуьлу боху. БIаьргашна бIаьрзе хилла Лела ца ло, лела! Лергашна къора Хилла, Яха ца ло, яха! Когах хьерча къинойн маша, Цо галдоху болар, Сан Нохчийчоь, мичхьа ду-те Хьан лазамийн доза? Со хьан Iуьйре леха йоллу, Дитна пелхьойн ловзар, Со хьан суьйре лаха йоллу, Бицбеш хилла хьовзам, Со дIайоьду лаха, делахь, Хьан лазамийн доза, ЦIийлахь Iуьллу сан кортали Соьга хьоьжу доьхна… Ч1ог1а дагах кхета х1ара мог1анаш...
__________________
Мне казалось - я ничего не знаю. Оказалось - не казалось. |
|
|
|
#79 |
|
Вес репутации: 2 |
--------------------------------------------------------------------------------
Баркалла хьуна, Соьга ца яздеш дисинчу кехатна, баркалла. Сан лазам, цуьнан ц1е Цкъа цкъа а 1емар яц, Беза бу цуьнан мах, Дахарца къевсина баьккхина, Баркалла хьуна... Цуьнан аьхь ц1ена ду - цундела ма бу и лазам. Баркалла хьуна... Хьан лазам цкъа а ма лазийла... |
|
|
|
#80 |
|
Вес репутации: 11 |
Теша со, хьо кхочур ву,
Сайн логехь совцийна б1аьрхиш, Ас хьоьга д1ахьовсор ду Къастаро делхийна б1аьргаш. Теша со, хьо кхочур ву, Ирсо вайн къагор ду дегнаш, Ас хьоьга туьдуьйтур ду Сайн безам хьагбина г1енаш. Теша со, хьо кхочур ву, Дитина мел долу дезарш, Ас хьуна д1айоьшур ю Хьан ц1арца кхоьллина байташ. Теша со, со хьоьжуш ю, Дицдина мел хилла вонаш. Хьан белшаш т1е дохкур ду Хьо воцуш шелделла куьйгаш...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|