![]() |
|
|
#51 |
|
Вес репутации: 11 |
Катарина, сборник стихов Баны вышел совсем недавно. Он так и называется "Поэзия света"!
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#52 |
|
Вес репутации: 11 |
1ад1е вайша кху тийналлехь
Цхьа а дош ца олуш, Сел доккхачу кху дуьненчохь Вайшиг бен стаг воцуш, Вайшиъ бен кхин стаг а воцуш санна 1ад1е вайша? Ма доца ду х1ара дахар, Вайна диэла, диэза, Цхьа дог шийла хилча, Дерриг лазам хуьлий дов. Безам бахча дош ца оьшу - Дагна хаьа - веза. Цу хьан даго хоьттург тховса Сан даго а лов. 1ад1е вайша, кху тийналлехь Цхьа а дош ца олуш. Хьоьца йицло-кх суна х1инца Сайн 1ийжамийн чот. 1ад1е вайша, тховса иштта Вовшийн б1аьра хьоьжуш, Безам бахча, даго даге Ша а буьйцу мотт...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#53 |
|
Вес репутации: 3 |
D1aella ne1arsh,d1aella
kxin cha seda a d1abay han stiglara, kxin cha uzar deli han kiyrara, cha kash sovdeli, kxin cha churt a t1ekxiyti. han latta.
__________________
Halam dac neh ric1 da1? HAA CA LO! |
|
|
|
#54 | |
|
Вес репутации: 11 |
Цитата:
кхин цхьа седа а д1абай хьан стиглара, кхин цхьа узар дели хьан кийрара, цхьа каш совдели, кхин цхьа чурт а т1екхийти хьан, латта... Дела реза хуьлийла, zema...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
|
#55 | |
|
Вес репутации: 11 |
Цитата:
Ломан бохь, Ц1ийлахь кегло и б1аьвнийн аьхкаш, Ма сацабайша мукъам, Д1аалийша! Б1аьргех хиш хьовддал велха-м Дог оьший. Ма лечкъадехьа б1аьрхиш д1а, Хецций велхахьа, Д1агайтахь х1окху к1езигчу Нахана къонаха муха воьлху... Къонахий боьлху хан Т1екхаьчна вайна...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
|
#56 |
|
Вес репутации: 11 |
Ма хьежа шийла...
1ай кхетта малх санна
Ма хьежа хьо соьга шийла. Яларх и г1алатло лаъмаза Соьгара тахна. Дахаран амал ю сов чолхе, Хьомсара доттаг1, Цундела ма херъе сов сиха Ахьа со хьайха. Ца хууш сан дагар, Ма сихло соьга дош ала. Чов йоьрзуш бина муо, Диц ма де, лазамца 1ийжа! Г1алатна даре дар - Стогалла лаьрра вайн дайша. Цундела доьху хьо, ма хьежа Сов шийла соьга...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#57 |
|
Вес репутации: 11 |
Эх1, дог сан, х1инца кхин цкъа а хьайха тоха ка,
Тахана кхин цхьа берд а хаьрци хьан! Мел хала а ду-кх хьо тешнарг дагахь леш, Деган ах а лозуш, цуьнца кхачалуш... Эх1, дог сан, х1инца кхин цкъа а хьайха тоха ка... 21.03.93.
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#58 |
|
Вес репутации: 11 |
Дохк... Дерз...
Дагчохь доьлху ткъарше урамаш. Х1ара къоьжа г1ала соьга Цхьа цецъяьлла хьоьжу. Г1аш... Гуьйре... Синхьийзаме туьйранаш. Х1ей, адамаш, хаьий шуна Со х1ун хилла йог1у? Цхьаъ... Шиъ... Т1ехлелха цхьа г1аларташ. Ва нах, мича, стенга кхача г1ерта шу? Ца го шуна сан долчу деган аматаш? Шуна гайта кераюккъе иза эцна йог1у. Шу т1ехлелха, бен ца хеташ, суна б1аьрзе хилла. Кху сан дагал деза хилла-кх и шун г1уллакхаш? Кхана-х дог1ур дай шу орцах, и лахьти чу дилла, Бен а боцчу хенахь суна аш бен хастамаш. Цхьаъ... Шиъ... Т1ехлелха цхьа г1аларташ. Курчу г1алин кораш дуьтуш сайна т1аьхьа хьийса, Со д1айоьду, делхош сайца ткъарше урамаш, Б1аьвнийн махка, дог а эцна, сайн весет д1адалхо...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#59 |
|
Вес репутации: 11 |
1аьржа г1аларт, ма хьийзахьа
Сан дагна гонах, Ма хьедехьа сан синмерзаш, Шийла ду-кх хьан п1елгаш... Сайн синан лекхаллех а суна-м Эхь ма хета 1индаг1ашца т1ом бар, Иза а син к1езгалла ю. 1аьржа г1аларт, хьайн аматах Тера дог а эций, Гена дала суна, гена. 1аьржа г1аларт, ма хьерчахьа Хьо сан б1аьрсих, Суна-м б1аьрса а ца оьшура Хьан 1аьржа бос ган...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#60 |
|
Вес репутации: 10 |
Мне так нравится это стихотворение Баны.
Дала геч дойла цуна! Теша со, хьо кхочур ву, Сайн логехь совцийна б1аьрхиш, Ас хьоьга д1ахьовсор ду Къастаро делхийна б1аьргаш. Теша со, хьо кхочур ву, Ирсо вайн къагор ду дегнаш, Ас хьоьга туьдуьйтур ду Сайн безам хьагбина г1енаш. Теша со, хьо кхочур ву, Дитина мел долу дезарш, Ас хьуна д1айоьшур ю Хьан ц1арца кхоьллина байташ. Теша со, со хьоьжуш ю, Дицдина мел хилла вонаш. Хьан белшаш т1е дохкур ду Хьо воцуш шелделла куьйгаш... |
|