![]() |
|
|
#131 |
|
Вес репутации: 11 |
Со йилхира...
1аьржачу саьрмако дашо малх Д1акхоллуш байча... Со йилхира... Соьца цхьаьна дашо малх билхира, Маьлхан дог1а лаьтта делхадеш...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#132 |
|
Вес репутации: 11 |
Х1ара аса тховса язъеш йолу байташ
аса х1инца а кху чу яханза яра.... дукха хан яц аса уьш гулар т1ера схьаязйина... Ши са ду сан дег1а чохь, Ши са: цхьаъ - сайниг, Ткъа важа - цхьа кхиниг... Муьлхачо боккхура толам?...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#133 |
|
Вес репутации: 11 |
Садайна... суна сайн са схьакарадо
тхан не1саг1ехь доьлуш... нахана садайча суна сатосу, сан са д1адолало...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#134 |
|
Вес репутации: 11 |
Г1арг1улеш д1айоьлхуш
цаьрца сан са а дилхина.. амма уьш ц1айоьрзуш со цаьрца ела-м ца кхиина...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#135 |
|
Вес репутации: 11 |
Мархаша кхолийна дуьне..
лазаро готтачу шуьне хьовзийна синкъерам байн.. сан дог...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#136 |
|
Вес репутации: 11 |
Дохк хьерча сан б1аьргех,
к1айн марчо ва хилла.. сан гуьйре, хьоьга-м ца байбели тахна сан бала.. дерз лета сан дагах...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#137 |
|
Вес репутации: 0 |
Ели-кх со нах кхардийна,
Ели-кх со нах белийна... Нана, Нана, ахь мукъане а Ма дехьа хеттарш соьга. Г1елъелла со кху дуьненца къийса, Цундела еъна со Хьан букъ т1ехьа д1айижа... Д1айижаехьа со, аганан илли а олуш... |
|
|
|
#138 |
|
Вес репутации: 0 |
БIАЬРГАШНА БIАЬРЗЕ ХИЛЛА …
БIаьргашна бIаьрзе хилий Яха боху соьга. Лергашна къора хилий, Лела боху соьга, Маттана догIа тоха Iама боху соьга, Ас шун бакъдерг доьху дела, Со галъяьлла боху соьга, Елхаран метта соьга Тахана ела боху, Еларна мета соьга Тахана елха боху, Лайн амалш йолчу нахах Элий лара боху, Дела воцу мунепикъаш Соь къобалбе боху. БIешерийн мур бу боху Иштта чолхе хIуттуш, Керла пачхьалкх кхуллу боху, Маьрша синош дойуш, КIант шен ден дуьхьал хIоттар ГIиллакхе ду боху. Вашас ваша цIийла керчор, ГIазот хуьлу боху. БIаьргашна бIаьрзе хилла Лела ца ло, лела! Лергашна къора Хилла, Яха ца ло, яха! Когах хьерча къинойн маша, Цо галдоху болар, Сан Нохчийчоь, мичхьа ду-те Хьан лазамийн доза? Со хьан Iуьйре леха йоллу, Дитна пелхьойн ловзар, Со хьан суьйре лаха йоллу, Бицбеш хилла хьовзам, Со дIайоьду лаха, делахь, Хьан лазамийн доза, ЦIийлахь Iуьллу сан кортали Соьга хьоьжу доьхна… |
|
|
|
#139 |
|
Вес репутации: 0 |
* * *
ДIа ладоьгIча хIара дуьне гатлуш Ду-кха тIаьхь-тIаьхьа, Тхан дех дисна коввий, керттий санна… |
|
|
|
#140 |
|
Вес репутации: 0 |
* * *
Зама! Ма сихъелла йоьду хьо Ла ца дугIуш сан дехаре, Сан лозучу сил а хьалхаяьлла, Сан Iийжачу дагна тIоьхула яьлла, Ма сихъелла йоьду хьо, Ма сихъелла йоьду хьо, Хьайн тулг1ешлахь со Ма йигахьа со анайистан дозане. |
|