Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 06.08.2008, 16:03   #121
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Хьажахьа, безамо а, ша т1аьххьара д1абоьдуш,
кху сан дагна цхьа лазам битна-кх.
Стаг а кхачавечу хенахь, ша лечу хенахь,
цомгаш а хуьлий х1унда ле х1инца хаьа-кх суна.
Муьлхха а х1ума - я дика-вон, я хаза-ирча хуьлда иза,
хьан дагчу даьлларг хаза ду-кхий.
Олуш ма ду, хазачу х1уманал хазаниг - хазделларг ду олий.
Иштта и х1ума дагчуьра д1адоьдуш дог а цомгаш хуьлу,
и х1ума дуй, иза а ша кхачалуш лозур хир ду-кх
стеган дагчохь - цундела лозу-кх вайн дегнаш цкъацкъа.
Амма массера ца лозу.
Долчуьнан бен ца лозу...

Дог, лезна а, хилар г1оли дац т1аккха?..
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 13.08.2008, 01:20   #122
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Теша со, хьо кхочур ву,
Сайн логехь совцийна б1аьрхиш,
Ас хьоьга д1ахьовсор ду
Къастаро делхийна б1аьргаш.

Теша со, хьо кхочур ву,
Ирсо вайн къагор ду дегнаш,
Ас хьоьга туьдуьйтур ду
Сайн безам хьагбина г1енаш.

Теша со, хьо кхочур ву,
Дитина мел долу дезарш,
Ас хьуна д1айоьшур ю
Хьан ц1арца кхоьллина байташ.

Теша со, со хьоьжуш ю,
Дицдина мел хилла вонаш.
Хьан белшаш т1е дохкур ду
Хьо воцуш шелделла куьйгаш...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 06.09.2008, 21:38   #123
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
"К1ордийна суна яха,
К1ордийна х1ара дахар,
Кепекан меха ца хета-кх суна"
Ма дукхамма олуш хезна суна...
Амма...
Ма дахлуш хилла-кх и дешнаш,
Бехк боцу дахарна вай йина чевнаш,
Ас хьоьга хийлазза баьхнера "дахар ца деза",
Ткъа тховса и дешнаш легашкахь
Хораман шед хилла сеца.
Кхийтира со цунах,
Лазаро даздинчу б1аьргашчохь
Цхьа можа б1арлаг1аш сецча,
Кхийтира со цунах,
Суна дан г1о доцуш, беснеш т1ехь
Сецча цхьа маьлхан б1аьрхиш.
Х1ун де ас, ма дохкояьлла со, доттаг1а,
Лазаро шелдина сан куьйгаш,
Хьайчаьрца дох а дай тховса,
Г1о дехьа, ницкъ эшначу суна
Х1ара дахар цкъа маракъовла,
Сел мерза, сел доца вайн дахар
Цкъа маракъовла...
Г1о дехьа...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 06.09.2008, 21:41   #124
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
1ад1е вайша кху тийналлехь
Цхьа а дош ца олуш,
Сел доккхачу кху дуьненчохь
Вайшиг бен стаг воцуш,
Вайшиъ бен кхин стаг а воцуш санна
1ад1е вайша?

Ма доца ду х1ара дахар,
Вайна диэла, диэза,
Цхьа дог шийла хилча,
Дерриг лазам хуьлий дов.
Безам бахча дош ца оьшу -
Дагна хаьа - веза.
Цу хьан даго хоьттург тховса
Сан даго а лов.
1ад1е вайша, кху тийналлехь
Цхьа а дош ца олуш.
Хьоьца йицло-кх суна х1инца
Сайн 1ийжамийн чот.
1ад1е вайша, тховса иштта
Вовшийн б1аьра хьоьжуш,
Безам бахча, даго даге
Ша а буьйцу мотт...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 04.10.2008, 18:53   #125
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Баркалла хьуна,
Соьга ца яздеш дисинчу
кехатна, баркалла.
Сан лазам, цуьнан ц1е
Цкъа цкъа а 1емар яц,
Беза бу цуьнан мах,
Дахарца къевсина баьккхина,
Баркалла хьуна...
Цуьнан аьхь ц1ена ду -
цундела ма бу и лазам.
Баркалла хьуна...
Хьан лазам цкъа а ма лазийла...
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 07.10.2008, 23:26   #126
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Хьо вар-кха сан дагна сел везна,
Г1енахь со хийла хьистинарг,
Цкъа маццах сел ч1ог1а со тешна,
Сайн лоьруш, дагара дийцинарг.

Сатийсам ширалле бирзича,
Г1енаш а г1елделча со 1ехо,
Х1унда ахь сан синтем лачкъийра,
Х1уттуш сан не1аре шозлог1а?..
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 07.10.2008, 23:30   #127
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Нохчийчоь,
Со кхоьру, хьо к1ур хилла яржарна,
Дуьне а 1ададеш, эккхарна кхоьру,
Молха хилла.
Со кхоьру...
Хьо чим хилла ягарна кхоьру,
Дуьненан баттара дахар доккхуш,
Хьо г1азот доьхкуш г1аттарна.
Кхоьру, бус-буса хьан доьлху са
Сан г1евлахь сеца дела.
Кхоьру, кхин тоха са а ца хилла
Хьан б1аьргех оьху хиш
Сайн сина т1е оьгу дела.
Кхоьру...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 07.10.2008, 23:32   #128
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Беттан нур дитийша
Беттан сих хьаьгначу дагна
,
Шух тахна массарех
Ма ч1ог1а эвляаш хилла.
Б1аьвнийн мохк битийша
Са ц1ена кхаьбначу дагна
,
Аьрзонийн баннашкахь к1орнешна
Цу-межарг билла.
Цхьа жимма совцийша, дитийша
Шайн миска дезарш,
Шун къина вилхина
Илланча шайн кет1а х1оттахь,
Шайн дегнаш ц1андейша,
Ц1еначу сих девлла б1аьрхиш
Канашкахь схьаэций,
Цхьа т1адам
Лаьтта ца божош...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 04.12.2008, 15:44   #129
Xajdi
 
Аватар для Xajdi
 
Вес репутации: 2
Хьажахьа, безамо а, ша т1аьххьара д1абоьдуш,
кху сан дагна цхьа лазам битна-кх.
Стаг а кхачавечу хенахь, ша лечу хенахь,
цомгаш а хуьлий х1унда ле х1инца хаьа-кх суна.
Муьлхха а х1ума - я дика-вон, я хаза-ирча хуьлда иза,
хьан дагчу даьлларг хаза ду-кхий.
Олуш ма ду, хазачу х1уманал хазаниг - хазделларг ду олий.
Иштта и х1ума дагчуьра д1адоьдуш дог а цомгаш хуьлу,
и х1ума дуй, иза а ша кхачалуш лозур хир ду-кх
стеган дагчохь - цундела лозу-кх вайн дегнаш цкъацкъа.
Амма массера ца лозу.
Долчуьнан бен ца лозу...
Дог, лезна а, хилар г1оли дац т1аккха?..
__________________
Надо перестать позволять себя есть, когда находят тебя особенно вкусным, - это знают те, кто хотят, чтобы их долго любили.
  Ответить с цитированием
Старый 06.12.2008, 23:30   #130
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Бедда цхьа седа бай цу стиглан паналлехь,
Г1айг1ано багийча санна.
Зезаг охьадуьйжи сийначу бацалахь,
Шелоно г1орийча санна.
Х1ун гира хьуна, х1ай седа?
Х1ун ду ахь ца лайнарг, зезаг?
Хьаг1-гамо ма 1аь1на сан хазачу Нохчийчохь,
И ц1арах ягаян г1ерташ
Ду цхьацца адамаш, лай хилла, маршонах кхоьруш,
Шайн кхерчахь лай хилла къесташ.

Ойлаеш хилийша, сан хаза адамаш,
Вайн стиглахь д1абайича седа,
Ойлаеш хилийша, сан дика адамаш,
Вайн лаьттахь г1елделча зезаг,
Г1овтийша, харцонан лаг лоцуш,
Мотт-эладитанийн ц1е йойуш,
Цо кхерош богий и седа-м,
Цо чехош дуьйжи и зезаг...

__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.