Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 10.05.2008, 23:47   #111
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Сан дог...

Геналло хьегайо со,
Хьегайо хьомечу б1аьргех,
Геналло кхерайо со,
Цхьа шийла ц1е етташ дагах.
Дахаро човхийна со.
Т1еоьший цу б1аьргийн йовхо
Дог денло, ч1ир хьейо цо,
Геналла - сан шийла довхо...
...Безамо со юха а денйо...
Тоам бо-кх сан даго
Дуьненчохь хьо хиларх вехаш...
Со денло, адамаш, набарна шу лечу хенахь.
Сайн ц1ийца йохло со,
Сайн сица ц1анло со,
Массарна а гечдой, со
Д1а новкъа йолу...
Соь хьоьжуш кхин мохк бу,
Кхин маьлхан дахар ду генахь,
Массо а к1инт1ера воккхий, со
Д1а новкъа йолу...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 11.05.2008, 04:05   #112
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Мой любимый стих у Баны(дала гечдойла цунна).

Хьо воцуш г1елъелла со...
Х1инца сан елхар а, елар а
Шийлачу эшаман маьхьаре дирзи.
Хьо воцуш къежъелла со...
Къа доцчу сан сина дазделла
Вайн къастар стигалан
Б1аьргаш чохь даьржи.
Хьо воцуш къанъелла со...
Лазаман товханехь чахчийна
Диттийн г1аш нийсса кху
Сан даг т1е оьгу.
Хьо воцуш йицъелла со
Кху денойн хьесап дан...
Эх1, маржа, кху шарахь
Гуьйре а ма хьалхе йог1у
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 10.06.2008, 20:46   #113
Carolina
 
Аватар для Carolina
 
Вес репутации: 10
Дукха хан яра со кху чу яза, Дала гечдойла хьуна, хьомсара Бана!

Теша со, хьо кхочур ву,
Сайн логехь совцийна б1аьрхиш,
Ас хьоьга д1ахьовсор ду
Къастаро делхийна б1аьргаш.

Теша со, хьо кхочур ву,
Ирсо вайн къагор ду дегнаш,
Ас хьоьга туьдуьйтур ду
Сайн безам хьагбина г1енаш.

Теша со, хьо кхочур ву,
Дитина мел долу дезарш,
Ас хьуна д1айоьшур ю
Хьан ц1арца кхоьллина байташ.

Теша со, со хьоьжуш ю,
Дицдина мел хилла вонаш.
Хьан белшаш т1е дохкур ду
Хьо воцуш шелделла куьйгаш...
  Ответить с цитированием
Старый 12.06.2008, 17:03   #114
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Вай хуьлу ц1ацкъа цхьа къиза..

Адамаш, вай хуьлу ц1ацкъа цхьа къиза,
Вай хьоший лазадо вайн нанойн дог,
Шен б1аьрхиш къурдашца къуьйлуш и тийжа,
Ца лууш цаьрца вайн дохадан дог,
Ца лууш дохадан дог.
Вайн нанойн дагна ю къизалла хийра,
Цу дагах девллашехь хуьлу-кх вай къиза,
Х1унда бац къинхетам цераниг санна?
Къинхетам цераниг санна.
Адамаш, вай хуьлу ц1ацкъа цхьа б1аьрзе,
Б1аьргашна я дагна х1ума ца гуш,
Т1ех довлу, бен доцуш, бохаман тевне
Гулъелла и 1аьржа мархаш ца гуш,
И 1аьржа мархаш ца гуш.
Вайн нанойн дагчуьра къинхетам эций,
Даиман вайн бала хьоьгучух кхетий,
Алий вай д1о малхе: «Даима бела!»
Алий вай: «Даима бела!»
3 апрель, 1979 шо
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 12.06.2008, 17:04   #115
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Тахана сан дог лозу, дог лозу.
Х1ара дуьне къонахийн белшаш т1ехь латтарна,
Сан дагчохь тешаме ц1е йогу.
Ткъа тахна х1ун хилла, х1ун хилла, Нохчийчоь?
Ма хьежа иштта сан б1аьра.
Нахана гуш дерг ган б1аьрса ца тоьъна
Со тахна б1аьрзъеллачу дийнахь,
Нахана хезаш дерг хаза лергаш ца тоьъна,
Со тахна къаръеллачу дийнахь,
Ма хьежа сан б1аьра, ма хьежа иштта.
Х1ун хилла, Нохчийчоь, х1ун хилла хьуна?
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 20.06.2008, 01:22   #116
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Со йинчу дийнахь...
Марчонна юьхьигаш
Тега д1адолало 1алам.
Со йинчу дийнахь
Делха д1адолало тезетахь дахар.
Со а йоьлху цуьнца
Со йинчу дийнахь
Миэл бала барз боцуш беллачу нехан
Сан синна т1е дуьжу,
Со йинчу дийнахь...
Къинт1ера довлалаш, доттаг1ий.
Со тойнехь шайца ца 1арна,
Со йинчу дийно,
Дуьненчу а далаза
Хьийзинчу сан синан мохь
Сан лере кхоьхьу,
Со йинчу дийнахь...
Йина де сан дан а дац,
Сан са а д1адоьду.
Дуьненчу а далале лазийначу
Сан сина йина де хуьлу?
Со йинчу дийнахь...
Той дицдой, миска са
Д1адоьду Г1ум-Азе делха...
Со йинчу дийнахь...
Йина де-м сан дан а дац,
Амма ду - дуьненчу далаза
Са дийна де...



Я была знакома с Баной. Она была замечательным Человеком. Ее немного хрипловатый, спокойный и тихий голос всегда завораживал.
В 1993 году она,тяжело больная написала эти строчки :"Ц1ийлахь 1уьллу сан кортали соьга хьоьжу доьхна"... Как будто предвидела надвигающуюся трагедию.
Дала геч дойла цунна! Дала декъал йойла иза!
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 12.07.2008, 05:24   #117
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
1ад1е вайша кху тийналлехь
Цхьа а дош ца олуш,
Сел доккхачу кху дуьненчохь
Вайшиг бен стаг воцуш,
Вайшиъ бен кхин стаг а воцуш санна
1ад1е вайша?
Ма доца ду х1ара дахар,
Вайна диэла, диэза,
Цхьа дог шийла хилча,
Дерриг лазам хуьлий дов.
Безам бахча дош ца оьшу -
Дагна хаьа - веза.
Цу хьан даго хоьттург тховса
Сан даго а лов.
1ад1е вайша, кху тийналлехь
Цхьа а дош ца олуш.
Хьоьца йицло-кх суна х1инца
Сайн 1ийжамийн чот.
1ад1е вайша, тховса иштта
Вовшийн б1аьра хьоьжуш,
Безам бахча, даго даге
Ша а буьйцу мотт...
  Ответить с цитированием
Старый 04.08.2008, 17:56   #118
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Хьо воцуш г1елъелла со...
Х1инца сан елхар а, елар а
Шийлачу эшаман маьхьаре дирзи.
Хьо воцуш къежъелла со...
Къа доцчу сан сина дазделла
Вайн къастар стигалан
Б1аьргаш чохь даьржи.
Хьо воцуш къанъелла со...
Лазаман товханехь чахчийна
Диттийн г1аш нийсса кху
Сан даг т1е оьгу.
Хьо воцуш йицъелла со
Кху денойн хьесап дан...
Эх1, маржа, кху шарахь
Гуьйре а ма хьалхе йог1у
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 06.08.2008, 15:57   #119
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Суна ела лаьа. Суна елха лаьа.
Кху сан дагчохь дерриг тховса цхьанаийна.
Ас хьан байташ ешча,
Йиси дош а эшна,
Ойла яха лаха и сан тайнигаш.

Суна хьега лаьа, суна кхета лаьа,
Мичхьа сеци сан бераллин сийна туьйра, хьо?
Сан месаш т1ехь къега
Ас кегийна ченаш,
Сийна туьйра, сан месаш т1ехь
Къесташ ду хьан б1аьрхиш.

Суна лаьа ела. Суна лаьа елха.
Кху сан дагчохь дерриг тховса иэди-кх ахь.
Ас сайн тайниг кечъеш,
Нанас дина дов а деза хета.
Суна лаьа ела. Суна елха лаьа.
Ахь бералле йиги-кх со, куьг лаьцна тховса...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 06.08.2008, 16:01   #120
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Хьо д1авоьду... Хьан лараш д1ахьулъйо
х1инцца дуьненчу дан дагахь дуьххьара мохь ала
бага меттахъхьайнчу маликан са санна ц1еначу лайн чимаша.
Кху дуьненчу валар а ма ду - къа.
Х1ара дуьне къинойх дуьзна долу дела.
И къа бен т1аьхьа доцуш санна дара вайн цхьанакхетар а.
Амма, тахана кхин цхьа къа а дуьйжи цуьнан терза т1е...
Бехкениг лоьхур вац аса. Иза замано къастор ду. Хьо д1авоьду...
Анайистехь къайлавала гергавахча, цхьа жима-жима хета суна хьо...
Айхьа цхьа доккха дуьне хьош санна, цхьа деза ду-кх хьан болар...
Хьо д1аваха...
Со хьуна т1аьхьахьоьжуш лаьтташ, цхьа ойла хьийза суна т1ехула.
Цо х1ун боху ца хаьа суна.
Амма цхьана бакъдолчух кхийти со.
Юха сайха цецъели.
Сан дагна вас а йина д1авоьдучу хьох цхьа къахийтира-кх суна.
Хьан букъ...
Хьан белшаш...
Хьан дуьненчохь мел долу къа т1ехь долу ворда д1атекхош санна деза болар гича,
суна цхьа жимачу берах санна, хьох къа х1унда хийтира-те?..
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.