Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 16.03.2008, 01:56   #101
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
"К1ордийна суна яха,
К1ордийна х1ара дахар,
Кепекан меха ца хета-кх суна"
Ма дукхамма олуш хезна суна...
Амма...
Ма дахлуш хилла-кх и дешнаш,
Бехк боцу дахарна вай йина чевнаш,
Ас хьоьга хийлазза баьхнера "дахар ца деза",
Ткъа тховса и дешнаш легашкахь
Хораман шед хилла сеца.
Кхийтира со цунах,
Лазаро даздинчу б1аьргашчохь
Цхьа можа б1арлаг1аш сецча,
Кхийтира со цунах,
Суна дан г1о доцуш, беснеш т1ехь
Сецча цхьа маьлхан б1аьрхиш.
Х1ун де ас, ма дохкояьлла со, доттаг1а,
Лазаро шелдина сан куьйгаш,
Хьайчаьрца дох а дай тховса,
Г1о дехьа, ницкъ эшначу суна
Х1ара дахар цкъа маракъовла,
Сел мерза, сел доца вайн дахар
Цкъа маракъовла...
Г1о дехьа...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 24.03.2008, 02:26   #102
Molniya
 
Аватар для Molniya
 
Вес репутации: 0
Сан ирс хилира сайн дахарехъ Бана ёвза а ,цуънца кьамел дан а.цхъана-шина шарахъ цхъана обшежитехъ цхъана хан якхха.Боккьалла а цхъа тамашийна адам дара иза.
  Ответить с цитированием
Старый 24.03.2008, 23:58   #103
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Цитата:
Сообщение от Molniya Посмотреть сообщение
Сан ирс хилира сайн дахарехъ Бана ёвза а ,цуънца кьамел дан а.цхъана-шина шарахъ цхъана обшежитехъ цхъана хан якхха.Боккьалла а цхъа тамашийна адам дара иза.
Ииий, Молния, марша йог1ийла хьо!!!
Т1аккха иштта сиха д1а х1унда яг1а хьо
кху чуьра, Банех лаьцна х1умнаш ца дуьйцуш?
Кхузахь цхьа а вац иза ирс хилла.. Бана дахарехь йовзар..
Цуьнан байтех тамаш беш 1аш ду тхо..
Йог1уш хилалахь, дик дуй?
Хьо еза хьаша хир ю хьуна тхуна даима а!!!
Ларамца...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 25.03.2008, 00:00   #104
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
ХЬАН ЯРА-КХ СО...

Хьан ц1ийнах яра-кха со, Нохчийчоь, хьан ц1ийнах яра,
Нахана д1айийца ворх1е а ден ц1е а хилла.
Хьан ц1арца яьхна со, Нохчийчоь, хьан ц1арца яьхна,
Хьешана х1оттадан комаьрша шун а сан хилла.
Хьан юьхь ас ларйина сайн эхь-бехк, сайн сий санна,
Къа доцчу сан сина теш х1отта Терк а ду сийна...
Хьайбахехь ягийна, да вийна мостаг1а санна,
Сайн кхерчах йохийна, мисккъл а бехк боцуш бийца...
Безам а сан хилла, дуьненал лекха со х1отто,
И тешо са оьзда к1ентий а сан новкъахь хилла.
Дуьнен чохь мел болчу зударел со маьрша къасто
Бахьана цхьаъ хилла-кх - со ларъян къонахий хилла.
Ткъа тахна со лаьтта хьан лаьмнийн когашкахь йоьхна,
Х1ара дуьне 1аддол мохь-ц1ог1а сайн кийрахь къуьйлуш.
Яхь йолчу сан сийца хьаг1 лаьцна йилбазан махо,
Доккхачу дуьнен чохь яржийна сан деган аьхкаш...
Хьан къина со йилхина, б1аьрхиш а чекхдевлла лекъна,
Нохчийчоь, со йисна ца кхеташ хуьлучух тахна.
Йилбазо ч1абанаш лачкъийна, йовлакх а даьхьна...
Орцаха ялахьа! Сан сих ма хьаьрчина лаьхьа...
Гой хьуна, къийгаша гуо бина д1алаьцна стигал?
Царна а ма гома хилла-кха сан г1арг1улийн илли.
Ас лоьху сайн хилла аматаш хьан б1аьвнийн кхерчахь...
Ас лоьху... Ткъа суна жоп дала цхьа а вац уллохь...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 25.03.2008, 02:25   #105
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Дохк... Дерз...
Дагчохь доьлху ткъарше урамаш.
Х1ара къоьжа г1ала соьга
Цхьа цецъяьлла хьоьжу.
Г1аш... Гуьйре...
Синхьийзаме туьйранаш.
Х1ей, адамаш, хаьий шуна
Со х1ун хилла йог1у?
Цхьаъ... Шиъ...
Т1ехлелха цхьа г1аларташ.
Ва нах, мича, стенга кхача г1ерта шу?
Ца го шуна сан долчу деган аматаш?
Шуна гайта кераюккъе иза эцна йог1у.
Шу т1ехлелха, бен ца хеташ, суна б1аьрзе хилла.
Кху сан дагал деза хилла-кх и шун г1уллакхаш?
Кхана-х дог1ур дай шу орцах, и лахьти чу дилла,
Бен а боцчу хенахь суна аш бен хастамаш.
Цхьаъ... Шиъ...
Т1ехлелха цхьа г1аларташ.
Курчу г1алин кораш дуьтуш сайна т1аьхьа хьийса,
Со д1айоьду, делхош сайца ткъарше урамаш,
Б1аьвнийн махка, дог а эцна, сайн весет д1адалхо...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 25.03.2008, 02:27   #106
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Теша со, хьо кхочур ву,
Сайн логехь совцийна б1аьрхиш,
Ас хьоьга д1ахьовсор ду
Къастаро делхийна б1аьргаш.

Теша со, хьо кхочур ву,
Ирсо вайн къагор ду дегнаш,
Ас хьоьга туьдуьйтур ду
Сайн безам хьагбина г1енаш.

Теша со, хьо кхочур ву,
Дитина мел долу дезарш,
Ас хьуна д1айоьшур ю
Хьан ц1арца кхоьллина байташ.

Теша со, со хьоьжуш ю,
Дицдина мел хилла вонаш.
Хьан белшаш т1е дохкур ду
Хьо воцуш шелделла куьйгаш...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 31.03.2008, 19:13   #107
Балкиш
 
Вес репутации: 0
Вообще, надо бы открыить счет, скинуться всем и издать стихи Баны очень солидным сборником.
  Ответить с цитированием
Старый 15.04.2008, 03:09   #108
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Хьо воцуш г1елъелла со...
Х1инца сан елхар а, елар а
Шийлачу эшаман маьхьаре дирзи.
Хьо воцуш къежъелла со...
Къа доцчу сан сина дазделла
Вайн къастар стигалан
Б1аьргаш чохь даьржи.
Хьо воцуш къанъелла со...
Лазаман товханехь чахчийна
Диттийн г1аш нийсса кху
Сан даг т1е оьгу.
Хьо воцуш йицъелла со
Кху денойн хьесап дан...
Эх1, маржа, кху шарахь
Гуьйре а ма хьалхе йог1у
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 21.04.2008, 14:01   #109
TurpalNaj
 
Аватар для TurpalNaj
 
Вес репутации: 3
ХЬАН ЯРА-КХ СО...

Хьан ц1ийнах яра-кха со, Нохчийчоь, хьан ц1ийнах яра,
Нахана д1айийца ворх1е а ден ц1е а хилла.
Хьан ц1арца яьхна со, Нохчийчоь, хьан ц1арца яьхна,
Хьешана х1оттадан комаьрша шун а сан хилла.
Хьан юьхь ас ларйина сайн эхь-бехк, сайн сий санна,
Къа доцчу сан сина теш х1отта Терк а ду сийна...
Хьайбахехь ягийна, да вийна мостаг1а санна,
Сайн кхерчах йохийна, мисккъл а бехк боцуш бийца...
Безам а сан хилла, дуьненал лекха со х1отто,
И тешо са оьзда к1ентий а сан новкъахь хилла.
Дуьнен чохь мел болчу зударел со маьрша къасто
Бахьана цхьаъ хилла-кх - со ларъян къонахий хилла.
Ткъа тахна со лаьтта хьан лаьмнийн когашкахь йоьхна,
Х1ара дуьне 1аддол мохь-ц1ог1а сайн кийрахь къуьйлуш.
Яхь йолчу сан сийца хьаг1 лаьцна йилбазан махо,
Доккхачу дуьнен чохь яржийна сан деган аьхкаш...
Хьан къина со йилхина, б1аьрхиш а чекхдевлла лекъна,
Нохчийчоь, со йисна ца кхеташ хуьлучух тахна.
Йилбазо ч1абанаш лачкъийна, йовлакх а даьхьна...
Орцаха ялахьа! Сан сих ма хьаьрчина лаьхьа...
Гой хьуна, къийгаша гуо бина д1алаьцна стигал?
Царна а ма гома хилла-кха сан г1арг1улийн илли.
Ас лоьху сайн хилла аматаш хьан б1аьвнийн кхерчахь...
Ас лоьху... Ткъа суна жоп дала цхьа а вац уллохь...
__________________
"Харц дуьне къуьйсу вай садаIар доцуш,
ХьошалгIахь ваьш хилар дага ца лоцуш. "
  Ответить с цитированием
Старый 22.04.2008, 02:12   #110
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
1ад1е вайша кху тийналлехь
Цхьа а дош ца олуш,
Сел доккхачу кху дуьненчохь
Вайшиъ бен стаг воцуш,
Вайшиъ бен кхин стаг а воцуш санна
1ад1е вайша?
Ма доца ду х1ара дахар,
Вайна диэла, диэза,
Цхьа дог шийла хилча,
Дерриг лазам хуьлий дов.
Безам бахча дош ца оьшу -
Дагна хаьа - веза.
Цу хьан даго хоьттург тховса
Сан даго а лов.
1ад1е вайша, кху тийналлехь
Цхьа а дош ца олуш.
Хьоьца йицло-кх суна х1инца
Сайн 1ийжамийн чот.
1ад1е вайша, тховса иштта
Вовшийн б1аьра хьоьжуш,
Безам бахча, даго даге
Ша а буьйцу мотт...
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.