![]() |
|
|
#91 |
|
Вес репутации: 0 |
Баркалла хьуна,
Соьга ца яздеш дисинчу кехатна, баркалла. Сан лазам, цуьнан ц1е Цкъа цкъа а 1емар яц, Беза бу цуьнан мах, Дахарца къевсина баьккхина, Баркалла хьуна... Цуьнан аьхь ц1ена ду - цундела ма бу и лазам. Баркалла хьуна... Хьан лазам цкъа а ма лазийла... |
|
|
|
#92 |
|
Вес репутации: 0 |
Ма бехдайша дог сан, ма бехдайша,
Со йитийша тховса ойла ян, Ма хьедайша хада герга дахна мерзаш, Сайн сих хьоькхуш аса айса дут1къди уьш... Ма язъяйша суна буьйса, ма язъяйша, Цуьнан ц1еналлех аса мог1а буццалца |
|
|
|
#93 |
|
Вес репутации: 0 |
Аса кхин бохор бац хьан синтем,
Бехк ма билла суна, бехк ма билла... Гуьйрено шийла дерз хьерсарх Сан дагт1е, Аса куьйгаш кховдор дац хьоьга, Я орца доьхур дац хьоьга... Дуькъачу дахкарлахь д1айовр ю со, Кхин хьоьга куьйгаш ца кховдош... Бехк ма билла суна, бехк ма билла, Аса кхин бохор бац хьан синтем, Бохор бац... |
|
|
|
#94 |
|
Вес репутации: 0 |
1ай кхетта малх санна
Ма хьежа хьо соьга шийла. Яларх и г1алатло лаъмаза Соьгара тахна. Дахаран амал ю сов чолхе, Хьомсара доттаг1, Цундела ма херъе сов сиха Ахьа со хьайха. Ца хууш сан дагар, Ма сихло соьга дош ала. Чов йоьрзуш бина муо, Диц ма де, лазамца 1ийжа! Г1алатна даре дар - Стогалла лаьрра вайн дайша. Цундела доьху хьо, ма хьежа Сов шийла соьга... |
|
|
|
#95 |
|
Вес репутации: 0 |
Геналло хьегайо со,
Хьегайо хьомечу б1аьргех, Геналло кхерайо со, Цхьа шийла ц1е етташ дагах. Дахаро човхийна со. Т1еоьший цу б1аьргийн йовхо Дог денло, ч1ир хьейо цо, Геналла - сан шийла довхо... ...Безамо со юха а денйо... Тоам бо-кх сан даго Дуьненчохь хьо хиларх вехаш... Со денло, адамаш, набарна шу лечу хенахь. Сайн ц1ийца йохло со, Сайн сица ц1анло со, Массарна а гечдой, со Д1а новкъа йолу... Соь хьоьжуш кхин мохк бу, Кхин маьлхан дахар ду генахь, Массо а к1инт1ера воккхий, со Д1а новкъа йолу... |
|
|
|
#96 |
|
Вес репутации: 9 |
Сан хьоме Йиш,къинт1ера яьллахь!Со а ёцаш,са гат динакх ахьа тховса!!!
Весыни дайн,ета проза жизни требует моего присутствия!!!Но душой я была с вами!!! Мел хаза байташ ю ахь керл яьхнарш!!!И все такие грустные!!!Лара,скажи что ты так не грустила,вайдах т1акъсун халхетар ма ду!!!Я себе етого не прошу!Мы наверстаем все сполна,обещаю,сан Йиш!!!Но байташ уггаре а хазниш ю!Баркалла хьуна!!! |
|
|
|
#97 |
|
Вес репутации: 6 |
Бана евзаш хиллачу массара а олу "къонах стаг яра иза" олий. Яьхь йолуш стаг яра Бана ч1ог1а. Г1алг1айн махкахь т1ом болчу хенахь больницашкахула й олаелла, нахана шега далуш долу дика деш леллера иза. Къинхетаме яра иза ч1ог1а. Массарна а нана санна дола деш лелара Бана. Шен х1ума кхоа а ца дора цо, оьшучунна д1алора.
Д1акхалха 1 бутт бисначу хенахь театран зал чохь зударшна леринчу тойнехь сий дира Банин. Цуьнан кхоллараллин буьззина мах а хадош, Бисултанов Аптис хаза дош элира цунах. И цхьанакхетар т1аьххьара хилира Банин дахарехь...Халачу цамгаро д1ахадийра цуьнан дахар...Дала шен ялсаманин хьаша йойла цунах! Банас вайна т1аьхьайитина шен хаза, чулацаме, к1еда, мерза байташ. Дела реза хуьлийла цунна!
__________________
46:35. Терпи же, как терпели твердые духом посланники, и не торопи Меня с наказанием для них. В тот день, когда они увидят то, что им обещано, им покажется, что они пробыли на земле всего лишь час дня. http://www.youtube.com/watch?v=fU6dV...eature=related |
|
|
|
#98 |
|
Вес репутации: 11 |
Теша со, хьо кхочур ву,
Сайн логехь совцийна б1аьрхиш, Ас хьоьга д1ахьовсор ду Къастаро делхийна б1аьргаш. Теша со, хьо кхочур ву, Ирсо вайн къагор ду дегнаш, Ас хьоьга туьдуьйтур ду Сайн безам хьагбина г1енаш. Теша со, хьо кхочур ву, Дитина мел долу дезарш, Ас хьуна д1айоьшур ю Хьан ц1арца кхоьллина байташ. Теша со, со хьоьжуш ю, Дицдина мел хилла вонаш. Хьан белшаш т1е дохкур ду Хьо воцуш шелделла куьйгаш...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#99 |
|
Вес репутации: 0 |
***
Тховса сан дог догу. Ца лоьхур бехкениг вайша, Ас хьуна йина вас, Дог 1овжош ахь а сан. Ас муха лан дог1у. Ма хала токху ас зама. Х1етте а йоьдийца буьйса а, Шекйолуш д1а... Догучу сан дагна Ца лоьхур бехкениг вайша. Х1оттац со човхаян Хьох лаьцна сайн мерза ойла... (Бана Гайтукаева) |
|
|
|
#100 |
|
Вес репутации: 11 |
Ели-кх со нах кхардийна,
Ели-кх со нах белийна... Нана, Нана, ахь мукъане а Ма дехьа хеттарш соьга. Г1елъелла со кху дуьненца къийса, Цундела еъна со Хьан букъ т1ехьа д1айижа... Д1айижаехьа со, аганан илли а олуш...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|