![]() |
|
|||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
![]() |
|
|
Опции темы |
|
|
#1 |
|
Вес репутации: 11 |
Тина Исмаилова-Брюссель.."Сан некъ.."
Ма тамашийна ду-кх вайн дахар..
тахана цхьана м1аьргонна къарделлера-кх суна дерриге дуьне..... вайн махкахо Исмаилова Тина бакъ дуьненчу йирзина аьлла сайна хезча.. суна хезнера цунах дуьйцуш.. иза 1аламате дика адам ду бохуш.. аренца болучу нохчашна г1о-накъосталла деш.. ша ца кхоош... Аллах1а ялсамани хьаша йойла-кх цунах.. Аллах1а декъала а йойла-кх иза... Сан некъ.. Хиллачух, хиндолчух баьлла, Цхьалха ма-барий сан некъ, Дуьненан кевнаш д1аделлал Бала ма-барий сан гиэхь! Эзарнаш кийсигаш хилла, Некъа т1е 1иена сан дог. Сан сино белхабо г1ийла Т1ехула мел боккху ког... Мича хьуо, мича охьабилла Белшаш т1е биллина мохь? Дуьненан къахьалла мийла Йокъалла хилла-те сох? 6 февраля 2008
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#2 |
|
Вес репутации: 11 |
Ц1аволахь...
Ц1аволахь… Кхузаххьа-м дог1анаш оьха, Ясъелла, г1ийла ю керт. Сан корехь техкаш ду цхьалха, Т1адамех 1ийдало дитт… Ц1аволахь… Вайн юьрта гуьйре ма-кхаьчна, Мархашца стигал язъеш… Йох ца луш, со бойнах хьерча, Г1араг1улийн 1адикаеш… Ц1аволахь… Т1уьна дечиг ц1ерга а тиллий, Бийцахьа генара мохк. Цигахь а йочанаш ярий, Сингаттам хьерчабеш хьох? 5 января 2008
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#3 |
|
Вес репутации: 6 |
Дала геч дойла цунна!
__________________
хубедил, хубеду, и буду хубедить! |
|
|
|
#4 |
|
Вес репутации: 11 |
Амийн йа Аллах1!
Х1унда? Х1унда сан ойлано хьоьсту Сайна ца деттало дог? Х1унда сан г1енаша лоьху Месех ца хьекхало куьг? Х1унда сан когашна оьшу Д1акхача ца боьг1на некъ? Х1унда ас кхолламе доьху Сайна ца лерина хьакъ? Х1унда со къайлаха йоьлху, Ца ланлуш ца хезна дош? Х1унда со юхахьоьжуш йог1у, Т1аьхьа ца вог1ушверг гуш?..
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#5 |
|
Вес репутации: 11 |
Йигахь со, йигахь со малх хьалаг1оттуче -
Ч1ег1ардиг декаче, Пет1амат лепаче. Йигахь со, йигахь со акхтаргаш техкаче - Сийна бай к1едаче, Шовданаш мерзаче… Йигахь со, йигахь со дог1анаш мелаче - Лома дукъ лекхаче, Сирла хиш чехкаче… Йигахь со, йигахь со Нана-мохк олуче - Лаьтто ког хьоьстуче, Дог парг1ата долуче…
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#6 |
|
Вес репутации: 11 |
Журнал "ДОШ" №3(17) 2007г. (кийсак..)
"Мы смело можем назвать нашу Тину одним из последних романтиков и законченным оптимистом. Лишь глубочайшая вера в то, что Всевышний дает человеку шанс даже тогда, когда самому человеку кажется, что он обречен, помогла Тине выжить несколько лет назад, когда врачи в Московском Онкоцентре вынесли ей суровый приговор, отведя всего четыре месяца жизни. Эта вера по сей день дает ей силы бороться со страшной болезнью. В честь столицы страны, врачи которой спасли ей жизнь и предоставляют возможность регулярно проводить дорогостоящие курсы лечения, Тина взяла себе фамилию Брюссель..."
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#7 |
|
Вес репутации: 11 |
Елхар (назам)
И сийна стигланаш т1еэга йоьлча, И 1аьржа латтанаш бухдийла доьлча, Хьаннашкахь олхазарш къарделла оьгуш, Акхарой, йиш йоьхна, б1арзъелла хьийзаш, Ма ч1ог1а йиш-ваша ийшира хьуьна, Сан миска Нохчичоь, декъаза нана! Цу малхо ца йохъеш 1уьйренаш еъча, Дог1ано ца шелъеш суьйренаш еъча, Ца йоха х1иттийна г1аланаш юхуш, Хьан маьлха аренаш молханца ягош, Ма ч1ог1а йиш-ваша ийшира хьуьна, Сан миска Нохчичоь, декъаза нана! Хьан мерза доьзалаш боьлхучу дийнахь, Кийрара мерза са дазлучу дийнахь, Лахьтанийн бодано бераш д1ауьйзуш, Къонахий вовшашна къинт1ера буьйлуш, Ма ч1ог1а йиш-ваша ийшира хьуна, Сан миска Нохчичоь, декъаза нана! Вай, нана яла хьан! Вай, нана яла хьан, Сан миска Нохчичоь, декъаза нана! Вай, нана яла хьан! Ма нана ели хьан, Сан миска Нохчичоь, декъаза нана! 29 марта 2008
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#8 |
|
Вес репутации: 11 |
Гур дуй-те и денош...
Цу дашон маьлха нур хьан юьхьт1е 1енош, 1уьйренан г1ойлане олхазарш хийшош, Б1аьстенан махаца хьо ховха хьоьстуш, Гур дуй-те ялале и хаза денош… К1айн месийн мархашца хьан назбарш дузуш, Зазашкахь гулдина мерза мутт мийлош, Сан дагахь мел 1аьънарг хьоьга д1адуьйцуш, Гур дуй-те ялале и хаза денош… Стиглара седарчий курсашка дуцуш, Цу беттан датон са канашца луьйцуш, Цецъяьлла, замано шен болар сецош, Гур дуй-те ялале и хаза денош… Заманан тийналле сан некъ д1акхачале, Сан сирла ойланаш юккъехула хадале, Гур дуй-те, гур дуй-те и хаза денош? Гур дуй-те, гур дуй-те и хаза денош?… 28 мая 2008
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#9 |
|
Вес репутации: 13 |
Дала геч дойла цунна! Дала декъала йойла иза!
БОДА Со кхин ца ларайо. Сан ницкъ ца тоьу ДIатетта тIедоьжна дукъ. ХIара дуьне белша тIехь Кхин дIа ца кхехьало, Боданехь хеда сан гIулч… ТIулгаша дохийна Сецна сан когаш, Дилхина, къарделла аз. Сайн деза адамаш Боданехь лоьхуш, Сайн бIаьрса дайина ас… Бодано хьерчадеш, Сан некъаш тилдеш, Юха а Iехайо со… Ас канаш дуьззина Безам дIакхийдош, Сай карахь тIулгаш кардо… |
|
|
|
#10 |
|
Вес репутации: 13 |
БIАЬСТЕНАН IУЬЙРЕ
Акказийн заз дешна хIаваъ самадолуш, Аз нисдеш, олхазар дека, Бецаша гулдина датон тхи муьйлуш, Даккхийдеш, зезагаш техка. КIайн мархийн кийсигаш стиглахь дIасакхуьйссуш, Бер санна, мох карзахбуьйлу, Буьйсанна гина гIан вовшашка дуьйцуш, Акхтаргаш хабаре дуьйлу… Ломара маршаллаш хьаннашка кхийдош, Бердашкахь сирла хиш ловзу, ЗIаьнаршца тIаьххьара бода дIакъахкош, Меллаша малх хьалагIотту…
__________________
Жухаргех элий бен зама котьюьйлуш, – Тхо тахна оруш ду тхаьш хIетахь дийнарг. Принимаем участие в конкурсе сегодня! |
|