![]() |
|
|||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
![]() |
|
|
Опции темы |
|
|
#1 |
|
Вес репутации: 11 |
Массаьрга а салам-маршалла ду!
"Оьрсийн дешнаш нохчийн матте гочдо" ц1е йолучу аг1онехь Rekrutas мелла а бехк баьккхинера вайх, оьрсийн дешнаш юкъа а ца далош, нохчийн маттахь къамелаш дан аг1о схьа ца йоьллу аьлла))) И г1алат д1анисдеш дагадеи-кх суна х1ара кхин цхьаъ керла х1усам схьаяьлла! Кхузахь мегар ду шуна хабарш дийца а, цхьацца кица дало а, нохчийн оьзда г1иллакх-г1уллакхех лаьцна дийца, шайн ойланех лаьцна дийца я шайна хазахеттачу тептар т1ера кийсаг яло... иштта д1а кхиъ... Амма и шадерриг нохчийн маттахь хила деза! Дик дуй, доттаг1ий?) Шера бийца ца хаахь а х1умма а ма дац, коьртаниг шен мотт 1амо г1ертар ду, ца хуург вовше хатта а хоттуш!)) Дала аьтто бойла вай массера а! Ларамца...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#2 |
|
Вес репутации: 11 |
Муса Бексултанов "Терза"
...Дош дац-м ала мегар а хир дацара х1ара дуьне,
Дала кхоьллина долу, бакъду, т1аьхьало йоцу зовкх ду-кх х1ара, б1аьргаш т1екъевлича карара долу элалла. Шена к1ордийча дита йиш хилча-м хала а дацара, кхин т1екхета х1ума доццушехь хьежа везар хала ду-кх, бехке воцу къинош лоьцуш, хьайн хила йиш йоцу синкъерамаша хьега а ваьш... Ч1ог1а хаза мотт болуш яздархо ву Муса. Наггахь Аптих тарло суна иза... Х1ора а дийцар ду цуьнан хаза... Амма х1ара "Терза" ц1е ериг къаьстина ду...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#3 |
|
Вес репутации: 11 |
01.09.99.
Цкъа мацах, масех шо хьалха, аса д1аязйина ойланаш...
Д1адевли аьхкенан т1аьххьара денош. Т1аьххьара... Кхин цкъа а юха дог1ур дац юьш. Кхин цкъа а юха йог1ур яц вайн дахарехь д1а мел йолу минот а. Ма доккха х1ума ду иза! Ма к1еззиг ойла йо вай цунна! Адамийн амалш иштта ю - селханалерачуьнах 1ама ца 1ема, таханалерачунна хам ца бо, кхане таханчул а дика хила лаьа. Иштта д1адолу дахар - сирлачу кханене сатуьйсуш, таханалерачу диканех тоам ца беш... Олуш ду-кх, дуьне хаза ду, вай мел деха... Новкъахь доьлхуш-дог1уш я ц1ахь 1аш, х1ора а шен-шен баланашца а, шен-шен хазахетаршца а, совца а севцина д1асахьовса вай? Хастам бе вай Везачу Далла х1окху латта т1ехь вай кхолларна? Ма яхийта вай эрна х1окху дуьненахь иштта а к1еззиг йоккхуш йолу хан...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#4 |
|
Вес репутации: 11 |
Дукха нах бу-кх вайн, шайна нохчийн мотт ца хаарх цхьа шатайпа дозалла а деш...
Валлах1и, суна-м царех ч1ог1а къа хета... Амма мотт дика ца хааран кхиъ бахьнаш а ду... Вайн ишколашкахь иза ца 1ама бар ду уггаре коьртаниг. Соьлжа-Г1алахь-м нохчийн мотт 1амош а ма ца хиллий Совета 1едал долчу хенахь...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#5 |
|
Вес репутации: 0 |
Кху чохь ша шеца до къамелаш дой?-)))
Асаъ до т1аккха ишта. Соьга кхи ма дийцлахь и санна дерш..соьга кхиа дикох дерш дийца-кх. |
|
|
|
#6 |
|
Вес репутации: 14 |
Дер дицакх, и х1у ду даъ)
__________________
Мне столько всего нужно сделать, что лучше я пойду спать.))
|
|
|
|
#7 |
|
Вес репутации: 10 |
|
|
|
|
#8 |
|
Вес репутации: 11 |
Бабс и чай ма хал молш ду,сьог д1амалита и са саъ ца дууш
|
|
|
|
#9 |
|
Вес репутации: 14 |
Даьтта даккхуш ю и)
__________________
Мне столько всего нужно сделать, что лучше я пойду спать.))
|
|
|
|
#10 |
|
Вес репутации: 14 |
Дик 1а сом, хьо мух ю тахан?
Чай марза ца ло хьа?)))
__________________
Мне столько всего нужно сделать, что лучше я пойду спать.))
|
|