![]() |
|
|
#891 |
|
Вес репутации: 27 |
Нохчийн мотт
Нохчийн мотт — сан дагах лиэша мутта, ХIун хир ду кху Лаьттахь хьоьл кхин сирла? Иштта лепа седарчашлахь бутт а, Ца лелийта сан дог-ойла тилла… Дала кхиэл сан Iожаллега таттахь, Мулкалмовто сайн са дIахьош тIома, Кхуьур вуй-те ала нохчийн маттахь: «Декъал хуьлда иллеш нохчийн къоман!». Хоттане, 1981 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#892 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Муьргийн цIеша юьзна коьллаш, Декъа шах-ших когаш кIел. ГIаш ду оьгуш уггар тоьлларш, ТIомахь махо дохуш пел. Йоьду, сира стигал хедош, Йоккха жIуга гIаргIулийн. Вовшийн дезар халла къедош, Вайша вовшийн чIогIа зийн. Йогу гIанийн можа алу, ТIе «хIуп» бохуш дерзано. Вайга ваьснийн муьста талу Марзоне ца дерзало. Догу шийла туьтеш тхинан Мажъеллачу бацалахь. Ма къа ду вайн уьйран синан Вай хердалар ла ца лахь. Вайн къастаро тесна Iеха Цкъа а ца леш хир бу-те? ХIара гуьйре — некъ бу беха Суна тIера хьуна тIе… Хоттане, 1981 шеран гуьйре
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#893 |
|
Вес репутации: 27 |
1аьнан сибат
Чимаш хиларх к1еда, хаза, 1а-м ду буьрса, шийла ша. Генаш хьедо шайн бертаза Лайно г1орош, дитташа. Тхов т1ехь, махах лачкъа г1ерташ, Хебна 1а цхьа цхьалха къиг. Йоккху цхьамма шен ков-кертахь Г1овг1а, тухий ондда диг. Лаьттан юьхь т1е и к1айн басар Хьаькхна 1аьно шийлачу… Салазаш чухоьхкуш басах Тхан юьртара бераш ду. Ло дилланза, 1а ца кхочуш Меттиг йисина а яц. Механ коча хьерча коча Чимийн овгалш. Долу дарц… Хоттане, 1977 шеран декабрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#894 |
|
Вес репутации: 27 |
Хьо дIаяха.
НеI ю цIийзаш цIийнан. Хьо дIаяха, Соьца кIеззиг Iийна. Хьо дIаяха. ХIунда? Хууш вац-кха. НеI ю цIийзаш, йоьлхуш, Соцуш цкъацкъа. НеI ю цIийзаш, Гура юккъе лоьцуш, Сан дог хьийзош, Делхош, дIа ца хоьцуш. I978 шеран март беттан 25 де
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#895 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Сан дашо сахьт ду-кха стоьла тIехь Iуьллуш, Стомара дуьйнна дIа иза-м ду сецна. Ши цхьамза лаьтташ бу — кIадбелла-те уьш? Ас дулахь, сахьт дола лур дуй-те хецна? Моттало, сахьт санна, сецна Iа зама, Амма и бакъ дац-кха — и йоьду хьаьдда. Йоьду и сов сиха гуш йоцчу пана, Челакха дин санна, реманах хаьдда. Зама сан сахьтаца лелаш елар-кха, Сан сахьтан цхьамзанаш шен архаш йолуш. ТIаккха и даим сан карахь хир яр-кха, Шен сацар, дIаяхар соьх доьзна долуш. Сайн сахьтан цхьамзанаш юха хьовзийна, ДIадахна бIешераш ас луьстур дара. ДIаяхна и зама ерриг а зийна, Ас цуьнах лаьцна цхьа байт язйийр яра. ХIан-хIа, и хир дац-кха! Сатийсар — эрна! Дуьйцуш а хета и туьйранах тера. Геннара дуьйнна схьа кIад ца луш йогIург Сахьто а сацор яц, дойтуш ша боххург. И-м чехка йоьдуш ю, шен чабол эцна, Цхьа бере вац цунна лаьттахь нуьйр туьллуш… Стомара дуьйнна дIа кIадделла сецна Сан дашо сахьт ду-кха стоьла тIехь Iуьллуш… Хоттане, I973 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#896 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Муьргийн цIеша юьзна коьллаш, Декъа шах-ших когаш кIел. ГIаш ду оьгуш уггар тоьлларш, ТIомахь махо дохуш пел. Йоьду, сира стигал хедош, Йоккха жIуга гIаргIулийн. Вовшийн дезар халла къедош, Вайша вовшийн чIогIа зийн. Йогу гIанийн можа алу, ТIе «хIуп» бохуш дерзано. Вайга ваьснийн муьста талу Марзоне ца дерзало. Догу шийла туьтеш тхинан Мажъеллачу бацалахь. Ма къа ду вайн уьйран синан Вай хердалар ла ца лахь. Вайн къастаро тесна Iеха Цкъа а ца леш хир бу-те? ХIара гуьйре — некъ бу беха Суна тIера хьуна тIе… Хоттане, 1981 шеран гуьйре
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#897 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Седарчийн буьйсано биллинчу б1аьрго Тийналлин 1индаг1на ца бетта пе. Сайн дагалецамехь ас лоьху м1аьрго Дуьххьара ялийнарг хьо сайна т1е. Мархаш а к1ад ца ло беттаса къийса, Х1авао шайна т1ехь мел буг1у бохь. Хьан вастан б1арлаг1а тховса а хьийза Мохтиле ца карош сан б1аьргаш чохь. Буц а ю, зезагий оьхкина коча, Баьццарчу юьхьт1ера д1ахьоькхуш тхиш. Бохь-генаш уьйт1арчу хьаьрсачу хьочан Лоькхуш 1а сан дагна хьоьх лаьцна йиш. 1аламан аьзнаша буьйсанан карахь Хьо дагатийсарна кула ца йо. Сан ч1ог1а садукъло г1айг1анан марахь, Ойланийн куьг кочехь ца хилча хьо. Баттана юххера седарчийн хорха Маццалцца хир ю-те сан б1аьргийн стом? Эхарта йоьдуш сайн оьмаран йорг1а, Дин хийца йиш йоцу бере ву со-м… Хоттане, 1980 шеран аьхке
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#898 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Лекъаш, лекъаш… КIорда ца деш, эшарш лекхна, Сийна аьхке тили тIех. Iоврийн доьхка юкъах доьхкий, ГIаргIулеш къилбехьа лоьхкуш, Гуьйре чоьхьа гIерта кех. Некъаш дохкуш баца тIоьхла, Хийла хилла некъийн охIла, Даккъаш цоьстуш, лелла со. Къилбе доьлху олхазараш, Шун тIемаш кIел сан ирс дара, Кхин ирс дуй-те хьаста дог? Лууш ву шу юхадахка Со а, шу а динчу махка, Нехан ареш тосуш дIа. Со-м ма вац сайн махкахь гIийла, Лууш а вац тIома вийла, ТIедогIуш Даймехкан Iа… I977 шеран сентябран 24 де
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#899 |
|
Вес репутации: 27 |
Хьекъале латта
Моллас дIанисбешшехь упханийн лами, Шабарца лаьтто а элира «Амин». Коша тIе буттушехь хих буьзна чами, Лаьтто а шабарца элира «Амин». Чурта тIе язъелча стигалан ами, Элира шабарца лаьтто а «Амин». Мохь тоьхнна доIа дан хилча а аьтто, Со теша, и дийр ма дацара лаьтто. Велларг а, шех терра, тийна гуш, атта Кхетара веллачух хьекъале латта. Хоттане, 1980 шеран октябрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#900 |
|
Вес репутации: 27 |
Адамашка
Цхьанна а гиний-те, буьйсанех иэдеш сан денош, Гуьйрено лайн чимаш, ткъа Iаьно можа гIаш Iенош? Цхьанна а хаьий-те, хьунаре сан болар делош, Мила ю сан некъийн чевнашна дарбанаш лелош? Сахалин-гIайрене муьлхачу кхожо со тесна? Дахаран хеттаршна жоьпаш а ас муха эцна? Адамаш! Мацца-ъ со дIавоьдуш эхартан пана, Ас шуна яржийна юьтур ю сайн иллийн кана. Амма мел лерина листарх сан оьмаран жайна, Цхьанна а хуур дац ас мичахь хIун бала лайна. Цундела ма мотта со ваьхнехь, ца лелош хIилла, Диканах вуон къасто ца хаъал со Iовдал хилла… Талдысай, 1982 шеран июнь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|