![]() |
|
|
#81 |
|
Вес репутации: 0 |
Г1орийна зезагаш...
Маьлхан б1аьрг санна и шайн кортош можа Лепадеш, техкара зезагаш байт1ехь. Мехаша г1аттийча шайн 1алаг1ожа, 1ара уьш, вовшашна т1ете1аш, бертахь. Ц1еххьана кхаьчначу шийлачу 1аьно, Кхелира зезагаш даточу тирца. Уьш денна шелдора лайн чимийн б1ано Кортош т1е беттачу эсаран кирца. Зезагийн хазалла яйра, бос байна. Азделла сов г1ийла уьш суна дайра. Уьш марг1ал дуьйлира, шело ца лайна. И сурт гуш б1аьрхиш а сан меттаххьайра. Со сихха кхийтира хиллачух т1аккха: Зезагийн г1орийна мутт лекъна хилла. Хетара уьш г1ерта сайга бехк баккха, Гича уьш лаьтта т1е д1адуьйшуш г1ийла. Доккха луо диллира цул т1аьхьа лаьтта, Деэшна зезагий къайла а дохуш… Уьш дагалоьцуш со х1инца а лаьтта, Къинхетам синпхенех сайн чекх а бохуш.. Саралжин, I974 шо |
|
|
|
#82 |
|
Вес репутации: 9 |
--------------------------------------------------------------------------------
Даго бен дог 1абош дац... 1. Ц1ехьа некъ бахьаш, со геннара вог1уш, Хьагвелла хьаьвзира, тоха са доцуш. Со, бердах схьалеша шовда а гина, Цунна т1е вахара, болар сихдина. Бертал а воьжна, ас и шовда шийла Мелира, 1абош сайн бохбелла кийра. Ша керчош лаьтташехь т1улгаш т1ехь махо, Сан дог 1абийра-кха шовданан даго. 2. Генахь 1аш дуккха а шераш а девлла, Вара со ц1авог1уш суо винчу эвла. Эвла чу со вулуш, хадийна аре, Сан езар 1аш яра хьоьжуш со варе. И гича, безаман йийсарехь 1ийна Сан дог г1аддахара цхьа тамашийна. Езачун даго сан г1айг1а д1амелла, 1абийра сан дог, шен йовхо а елла. 3. Езачун синхаам балийна берта, Кхечира со нана 1аш йолчу керта. Сов хаза хетарна, б1аьргех хи даьлла, Хьаьвзира сан нана вуно х1айтъаьлла. Нанна сагатдина, овгал сан деган Сатуьйсуш 1ийнера цкъа иштта де ган! Сан ненан даго, шен къинхетам ботуш, Сан дог шех 1абийра, барам а боцуш. Эххар ас сацам би дахаран хьаьттахь: «Даго бен дог 1абош ца хилла лаьттахь»... Саралжин, I974 шо |
|
|
|
#83 |
|
Вес репутации: 9 |
ХIун хилла вайна?
Вайн дегнийн бос хIинца ца хеташ кIайн, ДIауьду бендацарх дIаийна денош. ТIаьхь-тIаьхьа тидамехь ца хуьлу вайн Бохамехь Iаш верг, шен бIаьрхиш а Iенош. Стигала хьала а ца хьовсу вай, Текхаеш ойланаш, цкъа хилларш тIома. Кхоамза хедадо вай уьйрийн тай, Бахьанза хиларца вовшашца гома. Марзонаш дIаекъа кIадделла вай, Зарздина гIиллакхаш лардинарш дайша. Са дIа а доьжна, вай хоьхкуш ду гай, Амалш а схьаэцна лелийнарш лайша. ТутмаьжIгаш йоьхкина яххьашна тIе, Шалхонийн кIуьралахь вовшашна къежа. Стаг волчу стагана беттарца пе, Сом вайга кхийдочу кIиллочух теша. Ца хууш дешар дуй дахаран дарц, Лайн чимийн эгIаза худар а хилла, Вай гIерта Бакъ эшош, толадан Харц, Нийсонна тIедоккхуш ямарта хIилла. Хоттане, 1982 шеран апрель |
|
|
|
#84 |
|
Вес репутации: 11 |
Ма хаза а ю-кх х1ара байт..
Вайшинна юккъехь...
Вайшинна юккъехь ю сийналла х1ордан, Вайшинна иза мел йинехь а к1орда. Вайшинна юккъехь ду ченийн к1айн некъаш, Бецашлахь, г1амаршлахь лаьхьарчех текхаш. Вайшинна юккъехь ду дарц ж1аьлех леташ, Б1аьсте а йог1ур ю, патарш а эт1аш. Вовшашна вай т1етт1а кхочу хан ларъеш, Вайшинна юккъехь 1а безаман лараш. Со царна т1ехула вог1ур ву ц1ехьа, Хьомениг, хьо соьга сатуьйсуш 1ехьа... Победино, 1978 шеран декабрь
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#85 |
|
Вес репутации: 11 |
Хьо яц соьца х1инца:
Г1айг1а т1ехили. Гена дели ирс а, Юха ца дан кхин. Га кагдели диттан. Дог1а т1ехтили. Ас мел ч1ог1а литтарх, Боьха диси хи. Зарзар кхин ца йийки, Эшарш ца лийкхи. Сан синхаам иккхи. Денлур бац и кхин.... Хоттане, 1977 шо
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#86 |
|
Вес репутации: 11 |
Ма хьекъале дешнаш ду х1орш...
Хьайна т1е вон деъча, нахе ма дийца,
Хьайн деган к1оргенехь д1ахьулде и. Моьттуш хьайх доглаза массо ву кийча, Ма леха хийрачийн б1аьргаш чохь хи.. Мегар ду, кхечуьнца и хилча санна, Ахь дийца хьайн вон а, хьуо 1а ца лахь. Хьан дагна парг1ато хилча а ханна, Жимъяла там бу ахь лайначун къахь.. Делахь а, набаро хьайна не1 йоьллуш, Хезар ду хьуна хьайн г1енашна хехь Кхетамна галдаьлла хьайн син иэс доьлуш, Цул т1аьхьа и тийжаш хьайн дагна т1ехь... Победино, 1979 шеран январь
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#87 |
|
Вес репутации: 9 |
Дахаран кеп
Дахаран сан денойх кхин цхьаъ а дIа юьстах дели. Атталла, чемхалг а цхьанна а со декхар вац. Гарехь, со хала а, атта а кханенга вели. Цкъачунна хиндолчух дог дилла сан бахьна дац. Къиношна дуьхьал со даим а деш ву сайн товба. ЙоI-бIаьрган са санна, лардо ас сайн къоман сий. Ас шалха дош аьлча, гIелло сан доттагIийн тоба. Ас иллехь Бакъ ийдеш, озало сан мостагIий. Хьараме текхайо шайн оьмарш цхьаболчу наха, Сигаьркийн кIуьралахь хестаеш къаьркъанан кеп. Даймехкан лай хилла везаш ву къонаха ваха. Иштта ю турпалчу дахаран бакъйолу кеп. Талдысай, 1982 шеран июль |
|
|
|
#88 | |
|
Вес репутации: 2 |
Цитата:
ма дешар дацар вайн дуьнен харц некъашах
__________________
"Харц дуьне къуьйсу вай садаIар доцуш, ХьошалгIахь ваьш хилар дага ца лоцуш. " |
|
|
|
|
#89 |
|
Вес репутации: 9 |
* * *
ХIан-хIа, хьо яц суна хийра, Сан ойла хьоьх чIогIа летта. Со веха, къоначу кийра Малх санна, сатийсам кхетта. Лазамийн некъашца лелла Сан са ду астагIа жимма. ХIоттахь а марзонна къелла, И даим къаръер ю шимма… Дохадеш гIайгIанан Iедал, Хьан ойла ас йоккху маьрша. Марзонийн генаш дIакхеддал Къиза яц заманан аьрша. Хийрачу дегнаша лешош Питанаш, гIийбаташ, хьаьгIнаш, Къастаран шокъалеш эшош, Iаш ду сан безаман гIаьгIнаш. Илланча винарг хьан озо Ца ваьлла верриг а ваьгна. Сайн ирсан секхаIад озо Хьо гича хуьлий со-м хьаьгна… Победино, 1980 шеран февраль |
|
|
|
#90 |
|
Вес репутации: 9 |
--------------------------------------------------------------------------------
* * * Цомгаш хуьлу дитташ гурахь, Шийла чарп тIейогIий хоршин. Ца латтарна шайна бухахь Вайша, бIаьра хьоьжуш вовшийн. Дитташ цомгаш хуьлу гурахь, БIаьрса гIеллуш, лагIлуш хазар. Хоттаничохь, ДаьргIахь, Гуьнахь – Массанхьа ду диттийн лазар. Хуьлу дитташ цомгаш гурахь, Ла ца яллал мехийн Iиттарш. Хьан сурт гича ирсан гурахь, Толур ду Даймехкан дитташ. Хоттане, 1974 шеран ноябрь |
|