![]() |
|
|
#831 |
|
Вес репутации: 27 |
Безаман зезаг
БIаьста вай вовшашна дуьххьара гира. Сирлачу безамах вай кад буьзира. Алсам ма-даьллинехь вай вовшийн дезар, Безаман кеда чохь делира зезаг. Безаман мерза мутт шен кийра эцна, И хьала кхиънера, патарш а хецна. Цкъа цхьана дийнахь хьо дIаяхча генна, Вайшиннан зезаг ас хьоьстура денна. ХIетте а, гIелделла дисира иза, Уллера дIадевлча хьан кхиэлан сизаш. Букар а дуьйлира, маргIал а делла, ЦIаерза кхоччуш хьо хьеелла дела. Кестта хьо цIа кхачахь, сан ирсан седа, Керла мутт IаьIар ду безаман кеда. Цу кедахь безаман зезаган орам Юха а денлур бу, вай даханора! Хоттане, I974 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#832 |
|
Вес репутации: 27 |
ДIасакъастар
ЦIерпошт а, эххар а мохь тухуш къаьхьа, Меллаша йолало, со шеца хьош. Гинехь а, куьг ластош ахь сайна тIаьхьа, Ца хези-кх ахь аьлла тIаьххьара дош. Хьо юьтуш, дIавахар ца хилла атта, Цундела бац-кха сан синлазам туьйш… Чкъургаша рельсаш тIехь мел доккху тата Хета сайн дог деттадаларх дIауьйш. ЦIерпошт «Соьлжа-ГIала — Аштаркхне», 1982 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#833 |
|
Вес репутации: 27 |
Хьо дIайоьду, денойн уьйриг керчош,
Цуьнах дуцуш некъан керла тай. Хьан аматаш ойланашла хьерчош, Сох а хили сингаттаман лай. Хаац хIунда, хьо, сихъелла йоьдуш, Ас багарбо ахь мел боккху ког? Малхо анайисте хьаьдда боьдуш, ТIекIел даьккхи хьоьх сан дуьзна дог. Хьо сан мила ю-те хаьа хьанна? Шовда бен вайн уьйран вуй-те теш? Ахь ду эли хIара къастар ханна, КIира даьлча цIаяр хьехадеш. КIеза санна, идда хьуна тIаьхьа, КIад а белла, мох а кхечи схьа. ХIинца иза, ойланаш еш къаьхьа, ХьаьжкIаш санна, дитташ тилош Iа. ДIагIо тIаккха, некъ нисбойла Дала. ГIайгIа сан хьан некъан накъост ю. Хаац суна-м, кхин ас хьоь хIун ала, Ша ца алахь хьо — сан дахар ду… Ведана, 1981 шеран ноябрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#834 |
|
Вес репутации: 27 |
Дехар
Г1ертац со тийналлехь Шовданчу варжа. Д1о-о малх-м сийналлехь Сох боьлийц, маржа… Гуш юй хьо: дог кхехка, Синтем ца лайна. Яций хьо сох къехкаш, Тем лехна хьайнна?.. Сайн даг т1ехь ас х1оккхул Да1 лайчаъ дехха, Доццушехь и доккха, Сов ду-кх сан дехар. Дарвелла малх цесттал, Со-м хьийза воьхна: Буй-те и малх ц1еста Хьох куьйгаш тоьхна? Иэделла хьан вастах Сайн дош кароза, Барт боккхуш, хьо хьаста Хир юй таро сан? Гуш юй хьо дог кхехкар, Синтем ца лайна? Доьху сайх ца къехкар, Тем лоьхуш хьайнна. Дарвелла, малх цесттал, Со-м хьийза воьхна. Хир бу-кх и малх ц1еста Хьох куьйгаш тоьхна… Ведана, 1978 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#835 |
|
Вес репутации: 27 |
Шовданан йиш
Шатайпа ду шовда — шен аз ца хуьйцуш, Даим цхьанаэшшара охьаихна и. ДIадовларх бIешераш, кортош а туьлуш, Шовда-м ду лоькхуш шен къан ца ло йиш. ХIара шовда цкъа мацах сан деден дас а Мелла хир канашкахь, Iабош шен дог. Цу хенан мехаша къажйина хьаннаш Заманан тукаро кхедина го. Хийцамийн зил буьтуш горгачу лаьттахь, Адамех хийламмо тIеэцна каш. И тIулган бIаьвнаш а замано аьтта, Лаьттах дIашарделла дай кхаьбна кхаш. Ткъа хIунда ца лекъна ламанан шовда, Къамкъарг а якъалуш, хелаш шен йиш? Лаьмнийн цу кийрахь а хIорд бу-те боккха, ТIекхоьхьуш шовданна дарбане хиш? Массо а заманан бакъдолу верас Ду боху шовдано шен шийла хи-м… Хетало цо лоькху йиш а цундела Лендоцчу дахарна лерина гимн!.. Хоттане, 1974 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#836 |
|
Вес репутации: 27 |
Боллан дитте
Боллан диттан лайно къеждо генаш, Даг т1е туьйсуш йовхо йоцу г1енаш. Генийн кийрахь б1аьста идда мутта, Моьттур дац хьо лекъна хир ду гуттар! Лаьтта бухахь боллан къона орам Меттах ца хьов, хилча санна хорам. Б1аьста малхе кхийдаш хилла бохь а Х1инца г1ийла кхозу лаьтта охьа. Йицйи-те ахь, балл, хьайн къона зама, Хала ду хьуна шело эшон 1ама? Лаац хила хьо дорцана къера, Цуьнца къийсам латтабе, ма кхера! Гулдай дерриг хьайгахь хилла г1ора, Лаьттах йовхо ийзош, денбе орам. Хиларх х1ун ду хьо цкъачунна къоьжа: Маьлхан б1аьрг хьоь дегайовхонца хьоьжу — Кийча хила дег1 хьайн малхе даккха! Кийча хила б1аьста зазадаккха! Хоттане, 1978 шеран апрель
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#837 |
|
Вес репутации: 27 |
Нохчийн мотт
Нохчийн мотт — сан дагах лиэша мутта, ХIун хир ду кху Лаьттахь хьоьл кхин сирла? Иштта лепа седарчашлахь бутт а, Ца лелийта сан дог-ойла тилла… Дала кхиэл сан Iожаллега таттахь, Мулкалмовто сайн са дIахьош тIома, Кхуьур вуй-те ала нохчийн маттахь: «Декъал хуьлда иллеш нохчийн къоман!». Хоттане, 1981 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#838 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Бузуш сан уьйрашлахь шайн хьогIан маша, Ма дукха-ъ хилла шу — са кIеззиг дерш. Ма къен а дар-кха со шух цуьрриг ваша, Шу гIерташ со малван — шайн хирриг деш. Бахбеш сан букътехьа питанийн Iеха, Аш туьйсу кхерамаш, сан ницкъаш зуьйш. Бакъонца, Нийсонца дуьстича, уьш Цхьанна а ца хета чемхалган меха. Ас йоккху сирлачу сайн дагна гена Доьналлин мох бетташ, шун синойн къахь. Ас денна цоьстуш ю шун ачо къена: Сан тур ду — сан дайша ларйина Яхь… Соьлжа-ГIала, 1981 шеран февраль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#839 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Дацдала дуьйлало денош, Яссало гуьйренан хIусам. Дитташа, можа гIаш Iенош, Мехашна Iамабо узам. КIадделла догIу сан болар Тачанийн текхаргех къехка. Стиглара массо а кхолар Сан дагтIехь йочанех техка. Буьртигаш даточу тхинан Ца догу даттанан цIергахь… Ас хIун де гатлучу сина И хилча цхьаллина гергахь? Победино, 1979 шеран октябрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#840 |
|
Вес репутации: 27 |
1аьнан сибат
Чимаш хиларх к1еда, хаза, 1а-м ду буьрса, шийла ша. Генаш хьедо шайн бертаза Лайно г1орош, дитташа. Тхов т1ехь, махах лачкъа г1ерташ, Хебна 1а цхьа цхьалха къиг. Йоккху цхьамма шен ков-кертахь Г1овг1а, тухий ондда диг. Лаьттан юьхь т1е и к1айн басар Хьаькхна 1аьно шийлачу… Салазаш чухоьхкуш басах Тхан юьртара бераш ду. Ло дилланза, 1а ца кхочуш Меттиг йисина а яц. Механ коча хьерча коча Чимийн овгалш. Долу дарц… Хоттане, 1977 шеран декабрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|