![]() |
|
|
#801 |
|
Вес репутации: 27 |
Цхьаъ бен йоцург, хьо мичахь ю-те?
Де дIадоьду, буьйса йогIу тIе, Шен боданца седарчий а хьоьшуш. Даг чохь башош сингаттаман ша, Мин-минотехь туьйсуш хьоьга са, Со а хуьлда цхьаъ хьо яре хьоьжуш. Цхьаъ бен йоцург сан кху лаьтта тIехь, Мел Iийр ву-те хьан аматийн хехь, Суна цкъа а гина йоцу хьаша? Ахь сан массо ойла дашо йо. Сан байташкахь боьзна яьлла хьо Сатийсамийн сирла гезгамаша. Цхьаъ бен йоцург… Хьо — ас доьIу са. Синхаамаш ас чугулбо цIа. Ала, мичахь ю хьо еха хIусам? Хьо схьалоьхуш, дуьне гездеш кIайн, Мел талламаш бан безахь а сайн, Хьо схьакаро ондда сацам бу сан. Цхьаъ бен йоцург. Ас хьо лохур ю. Со хьо йоцуш вайна ваьлла ву. Хилахь суна вай гале а реза. Со хьоьх хьоьгу шортта шераш ду. Хьо сан уггар коьрта лехам бу. Хьо цхьаъ бен со лууш вац-кха еза. Победино, 1980 шеран январь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#802 |
|
Вес репутации: 27 |
Бутт
Хан д1аэхарх, ца до-кх к1орда цунна Лаьтта 1ено к1айнчу басахь моз. Дуьхьал къиежаш шега хьаьжначунна, Стиглахь лепа беттан горга х1оз. Буса 1аьржа мархаш къехкош дай и-м, Хийла зулам цуьнах кхоьруш 1а. Беттасино г1о до вайна даим Дегнашчуьра бода лалла д1а. Гонах яржош д1о седарчийн кана, Цо х1оттийча стиглахь дато той, 1аьржа зулам — вайн бохамийн нана — Доду, беттан серло ла ца лой. Т1аккха ц1инлуш санна хета латта, Шовкъе муьйлуш нуьре беттаса. Хуьлу цунна буса набъян атта, Беттан б1аьрго дечохь шена ха. Победино, 1980 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#803 |
|
Вес репутации: 27 |
Боллан дитте
Боллан диттан лайно къеждо генаш, Даг т1е туьйсуш йовхо йоцу г1енаш. Генийн кийрахь б1аьста идда мутта, Моьттур дац хьо лекъна хир ду гуттар! Лаьтта бухахь боллан къона орам Меттах ца хьов, хилча санна хорам. Б1аьста малхе кхийдаш хилла бохь а Х1инца г1ийла кхозу лаьтта охьа. Йицйи-те ахь, балл, хьайн къона зама, Хала ду хьуна шело эшон 1ама? Лаац хила хьо дорцана къера, Цуьнца къийсам латтабе, ма кхера! Гулдай дерриг хьайгахь хилла г1ора, Лаьттах йовхо ийзош, денбе орам. Хиларх х1ун ду хьо цкъачунна къоьжа: Маьлхан б1аьрг хьоь дегайовхонца хьоьжу — Кийча хила дег1 хьайн малхе даккха! Кийча хила б1аьста зазадаккха! Хоттане, 1978 шеран апрель
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#804 |
|
Вес репутации: 27 |
Нана-аьрзу
Iажаркх-буц тIунъелча суьйренан тхишлахь, Кху цIенчу дахарехь цхьанна-м наб ца кхета. ХIай, Нана-аьрзу, хьо тховса ма йижалахь, Хьайн кIорни яйъи ахь, суна хьох къахета. Инзаре мохь бетташ суьйренан кIуьралахь, Хьайн накха бетта ахь бузучу малхах. Хьан доьхна дог Iийжош, тIехъюьйлу кIорнеш, Ткъа хьайниг цаьрца яц — хьо йиси цхьалха. Ма лаьа хьо хьаста буьйсанна беттан, Хьан дагчу дIакхето сайн ирсе гIан. Ма лаьа сахаддалц хьоьга мохь бетта: «ХIай, Нана, со ва-й и-м — хьан вайна кIант!». 1977 шеран июль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#805 |
|
Вес репутации: 27 |
Сонта дозалла
Iуьйранна бацана хьалха Дозалла деш хилла тхи: «Со дацахьара хьо цхьалха Хир яра, ас хьо кхиий. Гой хьуна, сирла со къега, Лепадеш дуьне хIара. Сох хилла исбаьхьа седа, БIаьрла ду со жовхIарал…». Малх кхийти, оьхьуш хазалла, Цо и тхи дерриг дакъий. Дагий цо сонта дозалла. Тхино ша хестадац кхин. Хоттане, 1975 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#806 |
|
Вес репутации: 27 |
Тийналла..
Сан дагна т1ехула лепаш Даим а сийналла ю. Сан байтийн 1аьнарехь дебаш Мукъаме тийналла ю. Аренан тийналла, ломан Г1ург1езан мас санна, яйн. Тийналла хьуьнхарчу 1оман — Аз доцу весет сан дайн. Тийналло дарба дой, цкъацкъа Дерзадо дагчуьра да1. Амма и ханна бен яц-кха — Байттамал, байттамал-я1… Хоттане, 1980 шеран июль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#807 |
|
Вес репутации: 27 |
Безаман зезаг
БIаьста вай вовшашна дуьххьара гира. Сирлачу безамах вай кад буьзира. Алсам ма-даьллинехь вай вовшийн дезар, Безаман кеда чохь делира зезаг. Безаман мерза мутт шен кийра эцна, И хьала кхиънера, патарш а хецна. Цкъа цхьана дийнахь хьо дIаяхча генна, Вайшиннан зезаг ас хьоьстура денна. ХIетте а, гIелделла дисира иза, Уллера дIадевлча хьан кхиэлан сизаш. Букар а дуьйлира, маргIал а делла, ЦIаерза кхоччуш хьо хьеелла дела. Кестта хьо цIа кхачахь, сан ирсан седа, Керла мутт IаьIар ду безаман кеда. Цу кедахь безаман зезаган орам Юха а денлур бу, вай даханора! Хоттане, I974 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#808 |
|
Вес репутации: 27 |
Говрашна го, вайна санна, г1енаш:
Сирла 1уьйре, шайн бергаш т1ехь тхи, Шайн баккъаш т1е шийла дог1а 1енаш, Сийна бецаш, дедда доьду хи. Говрашна го, вайна санна, г1енаш: Кхесаш шаръеш, хьоькху къоьжа мох, Хоттах дуьзна боьха, доьхна некъаш, Т1ек1елтоьхна аьхна аре, нох… Хоттане, 1977 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#809 |
|
Вес репутации: 27 |
Сайн нене
Хебарша юьхь-сибат оху хьан, нана, Шераша месаш йо хьан т1етт1а сир. Сиркхонийн халбата хьо хиъчахьана, Хаьдда сан къоначу синтеман тхир. Комаьрша догучу хьан дагна гонах Дикалло яьккхина шен дашо тир. Ас дагахь 1амийна хьан амат къона, Къизачу хене и ца дайта шир. Сан нана, мел жима яр-кха хьо х1етахь. Ма сиха д1аели и мерза хан! Х1инца-м хьо хеназа алсам 1а меттахь, Хорам беш йогучу ойланна сан. Халла бен ца йолу уча я ара, Шеконца хьайн дег1е ладоьг1уш 1а. Ас х1ун дан дезар-те хьо яцахьара? Х1ун дийр ду-техьа ас хьо йодахь д1а? Хьо лаза хьакхийча, ас бала лов-кха, Гу санна, лахло-кха сан хьаштийн лам… Хьоьл хьалха вер ву со т1аьххьарчу новкъа, Хьоьл т1аьхьа дуьненах ца баккха чам... Хоттане, 1981 шеран апрель
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#810 |
|
Вес репутации: 27 |
Х1унда ду сатийсар гуттар а г1айг1анах ийна?
Вовшашка сатуьйсуш вайшиъ а к1еззиг ца 1ийна… Цхьа хазахетар ду сагатдар х1ун ду ца хууш — Хаац-кха, вай х1унда дацара цуьнца 1ан лууш. Къоначу лехамехь цхьа сонта цакхетам 1аь1на, Вай хууш дацара атта дуй дахаран маь1на: Муьлхха вай яккхахь а ирсан раг1 лацаран лоьмар, Ханна бен яц-кха вай идочу г1уллакхийн оьмар. Абаде чолхе ю вай дуьхе ца кхиъал цкъа а - Дуьненчохь хан йоккхуш цунна т1е ца къаьчна цхьа а. Хеназа хьийзабеш хиндолчун собаре бера, Гуш йоцчу чаккхене вай ч1ог1а сатийсинера. Со ч1ог1а реза ву вай иштта тем байна 1ерна, Хан т1е ма-кхаьччи бен хир доцче сатуьйсуш эрна, Ца хууш, дахаран жам1аш дар хир доций нийса Болийна некъ бина валанза — гара я нийса… Хоттане, 1981 шеран январь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|