![]() |
|
|
#781 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Седарчийн буьйсано биллинчу б1аьрго Тийналлин 1индаг1на ца бетта пе. Сайн дагалецамехь ас лоьху м1аьрго Дуьххьара ялийнарг хьо сайна т1е. Мархаш а к1ад ца ло беттаса къийса, Х1авао шайна т1ехь мел буг1у бохь. Хьан вастан б1арлаг1а тховса а хьийза Мохтиле ца карош сан б1аьргаш чохь. Буц а ю, зезагий оьхкина коча, Баьццарчу юьхьт1ера д1ахьоькхуш тхиш. Бохь-генаш уьйт1арчу хьаьрсачу хьочан Лоькхуш 1а сан дагна хьоьх лаьцна йиш. 1аламан аьзнаша буьйсанан карахь Хьо дагатийсарна кула ца йо. Сан ч1ог1а садукъло г1айг1анан марахь, Ойланийн куьг кочехь ца хилча хьо. Баттана юххера седарчийн хорха Маццалцца хир ю-те сан б1аьргийн стом? Эхарта йоьдуш сайн оьмаран йорг1а, Дин хийца йиш йоцу бере ву со-м… Хоттане, 1980 шеран аьхке
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#782 |
|
Вес репутации: 27 |
Воккхачу стеган хьехамаш
Ирхенийн халонаш ловш, К1ад ма ло дахаран новкъахь. К1адвалар хьайн меттаххьовш, Ял эца хьайн деган шовкъах. Вуонаша лацахь а гуо, Къар ца луш, г1орта ца эша. Кхиамах 1еха ма луо, Хьайх санна, адамех теша. Д1аяккха дагчуьра вас, Тезета воьдуш я тойне. Т1аккха бен хьо кхочур вац Нуьречу хьайн 1алашоне... Ибрах1им Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#783 |
|
Вес репутации: 27 |
«Кхозлаг1ниг сов хуьлу» — халкъалахь олу.
Цуьнах ца теший, со ойлане волу. Масала, шиъ леташ, буйнаш а лестош, Дог эт1аш, чухьоьдуш вовшашна дера, Кхозлаг1ниг ца хилахь и шиъ д1акъестош, Ишттачохь хир ду стаг лазор а, вер а. Цундела шиъ леташ, даьллачохь дов Кхозлаг1ниг цкъан цкъа а хир вац-кха сов. Хоттане, 1974 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#784 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Дарц даларх лекхачу ломахь, Махо а лекхарх шок-зурма, И аьрзу ца юху боларх, Цо дегI шен латтадо кура. Йисарх а тIемаш а дойна, Ницкъ боцуш цу стигла яла, И гур яц гIелйина ойла, Балхабеш шегара бала. Хилла-кха олуш цундела Тохара ахь соьга, нана: «Халонех цкъа а ца кхера Ламанан аьрзунах Iама…». Хоттане, 1975 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#785 |
|
Вес репутации: 27 |
Шовданан йиш
Шатайпа ду шовда — шен аз ца хуьйцуш, Даим цхьанаэшшара охьаихна и. ДIадовларх бIешераш, кортош а туьлуш, Шовда-м ду лоькхуш шен къан ца ло йиш. ХIара шовда цкъа мацах сан деден дас а Мелла хир канашкахь, Iабош шен дог. Цу хенан мехаша къажйина хьаннаш Заманан тукаро кхедина го. Хийцамийн зил буьтуш горгачу лаьттахь, Адамех хийламмо тIеэцна каш. И тIулган бIаьвнаш а замано аьтта, Лаьттах дIашарделла дай кхаьбна кхаш. Ткъа хIунда ца лекъна ламанан шовда, Къамкъарг а якъалуш, хелаш шен йиш? Лаьмнийн цу кийрахь а хIорд бу-те боккха, ТIекхоьхьуш шовданна дарбане хиш? Массо а заманан бакъдолу верас Ду боху шовдано шен шийла хи-м… Хетало цо лоькху йиш а цундела Лендоцчу дахарна лерина гимн! Хоттане, 1974 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#786 |
|
Вес репутации: 27 |
Хьекъале латта
Моллас дIанисбешшехь упханийн лами, Шабарца лаьтто а элира «Амин». Коша тIе буттушехь хих буьзна чами, Лаьтто а шабарца элира «Амин». Чурта тIе язъелча стигалан ами, Элира шабарца лаьтто а «Амин». Мохь тоьхнна доIа дан хилча а аьтто, Со теша, и дийр ма дацара лаьтто. Велларг а, шех терра, тийна гуш, атта Кхетара веллачух хьекъале латта. Хоттане, 1980 шеран октябрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#787 |
|
Вес репутации: 27 |
Вайшинна юккъехь
Вайшинна юккъехь ю сийналла х1ордан, Вайшинна иза мел йинехь а к1орда. Вайшинна юккъехь ду ченийн к1айн некъаш, Бецашлахь, г1амаршлахь лаьхьарчех текхаш. Вайншинна юккъехь ду дарц ж1аьлех леташ, Б1аьсте а йог1ур ю, патарш а эт1аш. Вовшашна вай т1етт1а кхочу хан ларъеш, Вайшинна юккъехь 1а безаман лараш. Со царна т1ехула вог1ур ву ц1ехьа, Хьомениг, хьо соьга сатуьйсуш 1ехьа... Победино, 1978 шеран декабрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#788 |
|
Вес репутации: 27 |
Нохчийчоьне..
Нохчийчоь! 1алашбан сайн денойн чам Йоьссича санна хьо хетало Лаьтта… Хьан дег1ан цхьа меже — Хоттунхойн лам — Хьайн куьйга ахь доьг1на чурт санна, лаьтта… Ахь лайна дуьненан жоьжахатеш, Амма ца х1оьттина цкъан цкъа а гуора. Хьайн к1ентий кхалхаран хилла хьо теш, Уьш лахьте берзо а тоьъна хьан г1ора. Керлачу хенаша х1ун дахьар-те? Вай кхоьллинчунна бен и хууш дац-кха. Дог карзахдийларо-м ийзаво т1е, Хиндолчун ойлаеш, сагатло цкъацкъа… Шеконца бех ца йо ас деган ботт: Со теша, Нохчийчоь, хьо хир ю маьрша… Хьан ира герз ма ду сан къоман мотт, Цундела мостаг1ий хир бу юхь1аьржа. Хоттане, 1982 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#789 |
|
Вес репутации: 27 |
Хьо яц соьца х1инца:
Г1айг1а т1ехили. Гена дели ирс а, Юха ца дан кхин. Га кагдели диттан. Дог1а т1ехтили. Ас мел ч1ог1а литтарх, Боьха диси хи. Зарзар кхин ца йийки, Эшарш ца лийкхи. Сан синхаам иккхи. Денлур бац и кхин.... Хоттане, 1977 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#790 |
|
Вес репутации: 27 |
Сонта дозалла
Iуьйранна бацана хьалха Дозалла деш хилла тхи: «Со дацахьара хьо цхьалха Хир яра, ас хьо кхиий. Гой хьуна, сирла со къега, Лепадеш дуьне хIара. Сох хилла исбаьхьа седа, БIаьрла ду со жовхIарал…». Малх кхийти, оьхьуш хазалла, Цо и тхи дерриг дакъий. Дагий цо сонта дозалла. Тхино ша хестадац кхин. Хоттане, 1975 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|