![]() |
|
|
#771 |
|
Вес репутации: 27 |
Бузуш сан уьйрашлахь шайн хьогIан маша,
Ма дукха-ъ хилла шу — са кIеззиг дерш. Ма къен а дар-кха со шух цуьрриг ваша, Шу гIерташ со малван — шайн хирриг деш. Бахбеш сан букътехьа питанийн Iеха, Аш туьйсу кхерамаш, сан ницкъаш зуьйш. Бакъонца, Нийсонца дуьстича, уьш Цхьанна а ца хета чемхалган меха. Ас йоккху сирлачу сайн дагна гена Доьналлин мох бетташ, шун синойн къахь. Ас денна цоьстуш ю шун ачо къена: Сан тур ду — сан дайша ларйина Яхь… Соьлжа-ГIала, 1981 шеран февраль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#772 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Хьо дIайоьду, денойн уьйриг керчош, Цуьнах дуцуш некъан керла тай. Хьан аматаш ойланашла хьерчош, Сох а хили сингаттаман лай. Хаац хIунда, хьо, сихъелла йоьдуш, Ас багарбо ахь мел боккху ког? Малхо анайисте хьаьдда боьдуш, ТIекIел даьккхи хьоьх сан дуьзна дог. Хьо сан мила ю-те хаьа хьанна? Шовда бен вайн уьйран вуй-те теш? Ахь ду эли хIара къастар ханна, КIира даьлча цIаяр хьехадеш. КIеза санна, идда хьуна тIаьхьа, КIад а белла, мох а кхечи схьа. ХIинца иза, ойланаш еш къаьхьа, ХьаьжкIаш санна, дитташ тилош Iа. ДIагIо тIаккха, некъ нисбойла Дала. ГIайгIа сан хьан некъан накъост ю. Хаац суна-м, кхин ас хьоь хIун ала, Ша ца алахь хьо — сан дахар ду… Ведана, 1981 шеран ноябрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#773 |
|
Вес репутации: 27 |
Безаман зезаг
БIаьста вай вовшашна дуьххьара гира. Сирлачу безамах вай кад буьзира. Алсам ма-даьллинехь вай вовшийн дезар, Безаман кеда чохь делира зезаг. Безаман мерза мутт шен кийра эцна, И хьала кхиънера, патарш а хецна. Цкъа цхьана дийнахь хьо дIаяхча генна, Вайшиннан зезаг ас хьоьстура денна. ХIетте а, гIелделла дисира иза, Уллера дIадевлча хьан кхиэлан сизаш. Букар а дуьйлира, маргIал а делла, ЦIаерза кхоччуш хьо хьеелла дела. Кестта хьо цIа кхачахь, сан ирсан седа, Керла мутт IаьIар ду безаман кеда. Цу кедахь безаман зезаган орам Юха а денлур бу, вай даханора! Хоттане, I974 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#774 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Ю геннахь цхьанхьа цхьа серло — Буьйсанна латийна цIе. Зезагах и техка денлой, Со воьху цо шена тIе. ТIевахча со улле цунна, Схьахеза цо доьIу са. Шен йовхо цо муьлххачунна Ца кхоош, даим ло дIа. Хоттане, I976 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#775 |
|
Вес репутации: 27 |
***
ХIан-хIа, хьо яц суна хийра, Сан ойла хьоьх чIогIа летта. Со веха, къоначу кийра Малх санна, сатийсам кхетта. Лазамийн некъашца лелла Сан са ду астагIа жимма. ХIоттахь а марзонна къелла, И даим къаръер ю шимма… Дохадеш гIайгIанан Iедал, Хьан ойла ас йоккху маьрша. Марзонийн генаш дIакхеддал Къиза яц заманан аьрша. Хийрачу дегнаша лешош Питанаш, гIийбаташ, хьаьгIнаш, Къастаран шокъалеш эшош, Iаш ду сан безаман гIаьгIнаш. Илланча винарг хьан озо Ца ваьлла верриг а ваьгна. Сайн ирсан секхаIад озо Хьо гича хуьлий со-м хьаьгна… Победино, 1980 шеран февраль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#776 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Сихаллехь дицдина весеташ дайн, Алийша, махкахой, вай мича хьаьвдда? Гонаха бIаьрг тоха хан яц-те вайн? Ма чIогIа цIубдо вай дуьненан хьаьвда? Хьомечу дайн лаьттах сан лазам бу. И бу ас гуттар а сайн кийрахь къуьйлуш. Со иза иллешкахь дIакхайкхош ву, Сих-сиха Даймахках дага а вуьйлуш, Хийлазза: «Замано ерзайо чов», Бохуш, аш сан лерехь «зурманаш» лекхна. Де-дийне сеттина лаьтта дIо стов, Теш бу сан бераллин дIо берд а текхна. Мичахь ду цаьршинна лерина гIо? Дийцаре дийцина «заманан дарба»? Стов шена чохь кхиъна хьун гIийла го, Текхна берд хьанна а атта бу къарбан. Цхьабакъду, хено ша ерзаяхь чов, Ерзор ю вай гIодахь и ерзо цунна. Хьурмато къовлур ду шен дашо ков Бендацарх хIайкал дан мел гIертачунна. Iаьржа бос — Iаьржа бу, ткъа кIайниг — кIайн. Ма лара цхьатерра марзо а, стим а. Кийрара саьхьарло дIаяккха шайн, Юкъарчу гIуллакхийн ойлае жимма! Хьаж-цIийнах таръелла кертара беш. Вайх хIора дан гIерта Iар-дахар атта. Iаламан чевнашна ваьш дарба деш, Ларде вай, махкахой, Даймехкан латта. Соьлжа-ГIала, 1980 шеран август
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#777 |
|
Вес репутации: 27 |
Нохчийн мотт
Нохчийн мотт — сан дагах лиэша мутта, ХIун хир ду кху Лаьттахь хьоьл кхин сирла? Иштта лепа седарчашлахь бутт а, Ца лелийта сан дог-ойла тилла… Дала кхиэл сан Iожаллега таттахь, Мулкалмовто сайн са дIахьош тIома, Кхуьур вуй-те ала нохчийн маттахь: «Декъал хуьлда иллеш нохчийн къоман!». Хоттане, 1981 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#778 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Муьргийн цIеша юьзна коьллаш, Декъа шах-ших когаш кIел. ГIаш ду оьгуш уггар тоьлларш, ТIомахь махо дохуш пел. Йоьду, сира стигал хедош, Йоккха жIуга гIаргIулийн. Вовшийн дезар халла къедош, Вайша вовшийн чIогIа зийн. Йогу гIанийн можа алу, ТIе «хIуп» бохуш дерзано. Вайга ваьснийн муьста талу Марзоне ца дерзало. Догу шийла туьтеш тхинан Мажъеллачу бацалахь. Ма къа ду вайн уьйран синан Вай хердалар ла ца лахь. Вайн къастаро тесна Iеха Цкъа а ца леш хир бу-те? ХIара гуьйре — некъ бу беха Суна тIера хьуна тIе… Хоттане, 1981 шеран гуьйре
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#779 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Шуьйрра беллабели бIаьргаш ненан, Со цIеххьана кхачарх яьлла цец и. Цу бIаьргаш чохь бац-кха цхьа а кхерам. Цу бIаьргаш чохь хазахетарш севци. Ненан бIаьргаш бац-кха хIинца гIийла. Цу бIаьргаш чохь — ирс ду, доцуш доза. Цу бIаьргаш чохь — цIена, даккхий, сирла Iежаш санна, хазахетарш кхозу. Хоттане, 1974 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#780 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Тайп-тайпана хуьлу дитташ: Таьлланг, бIаьлланг, къахьашту… Царах уггар хьоме хеташ Суна и кIайн дакх ма ду. Муьлхха хан тIекхачарх шеран, Даим кIайн и хуьлуш ду. Илли хилахь цуьнах тера, И къоналлин илли ду. Хоттане, 1974 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|