Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 25.11.2008, 11:22   #761
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Адамашка

Цхьанна а гиний-те, буьйсанех иэдеш сан денош,
Гуьйрено лайн чимаш, ткъа Iаьно можа гIаш Iенош?
Цхьанна а хаьий-те, хьунаре сан болар делош,
Мила ю сан некъийн чевнашна дарбанаш лелош?

Сахалин-гIайрене муьлхачу кхожо со тесна?
Дахаран хеттаршна жоьпаш а ас муха эцна?
Адамаш! Мацца-ъ со дIавоьдуш эхартан пана,
Ас шуна яржийна юьтур ю сайн иллийн кана.

Амма мел лерина листарх сан оьмаран жайна,
Цхьанна а хуур дац ас мичахь хIун бала лайна.
Цундела ма мотта со ваьхнехь, ца лелош хIилла,
Диканах вуон къасто ца хаъал со Iовдал хилла…


Талдысай, 1982 шеран июнь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 25.11.2008, 11:22   #762
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
«Беза толам я ирс деза хьуна?» —
Хаттахь сайга, жоп лур ду ас хьаннаъ:
«ХIуммаъ хьашт дац суна-ма цкъачунна,
Сайн къоналла сайца хилчахьана.

Сан ког хIинцаъ луьйтана чохь бу.
Шен лаамехь говр дIахецна, хьалха
ВогIуш ву со. Дерриг хьалха ду.
Хилахь сайна тоъал зама нагахь,

Ирс ас сайна цхьаьнхьа лоцур ду,
Толаме а кхача хьожур ву».


Хоттане, 1976 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 25.11.2008, 11:23   #763
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Говрашна го, вайна санна, г1енаш:
Сирла 1уьйре, шайн бергаш т1ехь тхи,
Шайн баккъаш т1е шийла дог1а 1енаш,
Сийна бецаш, дедда доьду хи.

Говрашна го, вайна санна, г1енаш:
Кхесаш шаръеш, хьоькху къоьжа мох,
Хоттах дуьзна боьха, доьхна некъаш,
Т1ек1елтоьхна аьхна аре, нох…

Хоттане, 1977 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 25.11.2008, 11:24   #764
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Сайн нене...

Хебарша юьхь-сибат оху хьан, нана,
Шераша месаш йо хьан т1етт1а сир.
Сиркхонийн халбата хьо хиъчахьана,
Хаьдда сан къоначу синтеман тхир.


Комаьрша догучу хьан дагна гонах
Дикалло яьккхина шен дашо тир.
Ас дагахь 1амийна хьан амат къона,
Къизачу хене и ца дайта шир.


Сан нана, мел жима яр-кха хьо х1етахь.
Ма сиха д1аели и мерза хан!
Х1инца-м хьо хеназа алсам 1а меттахь,
Хорам беш йогучу ойланна сан.


Халла бен ца йолу уча я ара,
Шеконца хьайн дег1е ладоьг1уш 1а.
Ас х1ун дан дезар-те хьо яцахьара?
Х1ун дийр ду-техьа ас хьо йодахь д1а?


Хьо лаза хьакхийча, ас бала лов-кха,
Гу санна, лахло-кха сан хьаштийн лам…
Хьоьл хьалха вер ву со т1аьххьарчу новкъа,
Хьоьл т1аьхьа дуьненах ца баккха чам...


Хоттане, 1981 шеран апрель
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 26.11.2008, 12:58   #765
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Мел атта кхоллало илли,
Хьан бIаьргийн седарчий гуш.
ГIевланга сан васт а диллий,
Дохдехьа хьайн гIенан гIуш.

ЧIагIбехьа мукъам сан шовкъан,
Хьайн зевне аз хуттуш тIе,
Ца хирриг иллешна новкъа
Хьайн деган гIелъелла цIе.


Вехьа со бIаьстенан декъах
ГIитточу хьайн дагчохь зов.
Ас юхьарлаьцначу некъах
Тохахьа безаман тов.


Хоттане, 1978 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 26.11.2008, 13:00   #766
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Сан дахар

Хаьржина ваьлла со дахаран некъ,
Ленйоцу 1алашо лаьцна —
Ца тоьлу стигларчу г1арг1улел лекъ,
Мел хиларх и атта лаьцна….

Шал-шера къаьсташ бу сан иллин мохь
Уг1арехь дерачу дорцан…
Лууш ву со талла кхолламан бохь,
Цхьаьнгге а ца доьхуш орца…

Арешна, тог1ешна бетта ас букъ,
Ирхенаш эшаян 1емаш, —
Хала ду т1аьхь-т1аьхьа мел доккху дукъ,
Дазделла сан иллин т1емаш…

1аьнт1ехь ас чилла лов, ткъа аьхка — тов,
Х1етте а ца лаьа тиекъа…
Емалдо шахьарийн урамийн зов
Татано ас бечу некъан.

Тийналла йохош ду сан г1улчийн дур,
Дегадеш х1аваан пиллиг.
Букъ т1ехьа буьтуш сайн эшамийн мур,
Некъ барехь дуьллу ас б1иллиг…

Хууш ву, сайн болар ас даккхахь гал,
Там бу кху т1улгаш т1ехь вожа.
Цундела ца йо ас 1алашо мал —
Лепа и, малх санна, можа…

Кхета со, каглахь сан кхолламан таж,
Лам соьга хьожур бу гома.
Делахь а, теша со: и бац сан кхаж!
Дала со кхоьллина т1ома!

Цхьаммо цкъа керстйича сан некъан лар,
Ас дина г1алаташ лоьхуш,
Сан некъан жам1 дийр ду сан къомо лар,
До1анехь со Деле воьхуш…

Мила ву 1алашо ца лехнарг цкъа,
Хотталахь бертал а оьгуш?
Ца г1атта ца лиънарг мила ву, ткъа,
Гор воьжна 1уьллучух хьоьгуш?

Ас лоьцу сайн некъан халонан лаг,
Хьуьнарца сайн дег1 а дулуш.
Со хьанна хетар ву дуьненчохь стаг,
Вацахь сайн ницкъах б1обулуш?

Сан сийдеш г1аьттина сан некъан чан
Хьестало, белшаш т1е хуьйшуш.
Ас к1адо ца йо-кха сайн болар дан,
Г1улчашца чаккхармаш 1уьйшуш…

Дахаран некъ бо ас, ирбина б1аьрг.
Хуьлда сан 1алашо г1оза!
Д1о хьалха хир-кха цхьа билгало, хьаьрк —
Сан некъан чаккхенан доза…

Хоттане, 1982 шеран апрель
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 26.11.2008, 13:01   #767
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Iаьнан сибат

Чимаш хиларх кIеда, хаза,
Iа-м ду буьрса, шийла ша.
Генаш хьедо шайн бертаза
Лайно гIорош, дитташа.

Тхов тIехь, махах лачкъа гIерташ,
Хебна Iа цхьа цхьалха къиг.
Йоккху цхьамма шен ков-кертахь
ГIовгIа, тухий ондда диг.

Лаьттан юьхь тIе и кIайн басар
Хьаькхна Iаьно шийлачу…
Салазаш чухоьхкуш басах
Тхан юьртара бераш ду.

Ло дилланза, Iа ца кхочуш
Меттиг йисина а яц.
Механ коча хьерча коча
Чимийн овгалш. Долу дарц…

Хоттане, 1977 шеран декабрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 26.11.2008, 13:02   #768
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Зама

Зама йоьду, шен ма-хуьллу хьаьдда,
ЮьхьтIе етташ дIадаьллачун чан.
ЙогIий-кхочий сан оьмаран хьаьтта,
Хийла хадий цо сан ирсан гIан.

ХIан-хIа, цIерхазамна ас ца биъна
Замане суо къар ца вайта дуй.
Суна дукхе-дукха хьалха хиъна
Лаьттахь иза эшош собар дуй.

Ас цундела хьалха лоьллу мАса
Хенан новкъахь сайн поэзин дин,
БIаьрца маракъуьйлуш лаьмнийн Аса,
ТIехьа дуьтуш сингаттаман Iин.

Сайн оьмаран чоь мел хиларх готта,
Лало соьга денойн чорда дукъ.
Дезча мостагIашна дуьхьалхIотта
Тухур бац ас, кхеравелла, букъ.

Ловр ду дерриг. Амма бу цхьа кхерам:
ХIун дийр ду ас езар кхетта лахь?
Гихь дIахьур бу хено сан синкъерам,
Со векалвеш накъост лаца — яхь…


Хоттане, 1981 шеран май
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 27.11.2008, 11:36   #769
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Цхьаъ бен йоцург, хьо мичахь ю-те?
Де дIадоьду, буьйса йогIу тIе,
Шен боданца седарчий а хьоьшуш.
Даг чохь башош сингаттаман ша,

Мин-минотехь туьйсуш хьоьга са,
Со а хуьлда цхьаъ хьо яре хьоьжуш.
Цхьаъ бен йоцург сан кху лаьтта тIехь,
Мел Iийр ву-те хьан аматийн хехь,

Суна цкъа а гина йоцу хьаша?
Ахь сан массо ойла дашо йо.
Сан байташкахь боьзна яьлла хьо
Сатийсамийн сирла гезгамаша.


Цхьаъ бен йоцург… Хьо — ас доьIу са.
Синхаамаш ас чугулбо цIа.
Ала, мичахь ю хьо еха хIусам?
Хьо схьалоьхуш, дуьне гездеш кIайн,

Мел талламаш бан безахь а сайн,
Хьо схьакаро ондда сацам бу сан.
Цхьаъ бен йоцург. Ас хьо лохур ю.
Со хьо йоцуш вайна ваьлла ву.

Хилахь суна вай гале а реза.
Со хьоьх хьоьгу шортта шераш ду.
Хьо сан уггар коьрта лехам бу.
Хьо цхьаъ бен со лууш вац-кха еза.


Победино, 1980 шеран январь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 27.11.2008, 11:37   #770
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Дешнаша кийра цIе йилли,
Шайх хуьлуш Iийжаме байташ.
Кхетамехь — геригаш иллин
ГIерта шайн куьцаш схьагайта.

Уллех хьан амат тIехдолу,
Сан синтем Iаь тухий, ластош.
Схьагулдой гIора шен доллу,
Къастаран къиза некъ къастош.

КIеззиг мах хадош сан шовкъан,
Дог лахош, йоьду хьо хIунда?
БIаьрсица хьо йоккхуш новкъа,
Ца лаьа суна-м и тIунда…

Iаьржачу стигалахь батто
Лийчайо седарчийн ваьснаш.
Собаран говзачу матто
Тедо вайн йишхаьлла аьзнаш.

Сайн дешнаш ас хьанна гайта,
Ахь хIинца леринарш хийра?
Шайх хуьлуш гIайгIане байташ,
ЦIе юьллу цара-м сан кийра…


Хоттане, 1981 шеран июль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.