![]() |
|
|
#741 |
|
Вес репутации: 27 |
***
ХIан-хIа, хьо яц суна хийра, Сан ойла хьоьх чIогIа летта. Со веха, къоначу кийра Малх санна, сатийсам кхетта. Лазамийн некъашца лелла Сан са ду астагIа жимма. ХIоттахь а марзонна къелла, И даим къаръер ю шимма… Дохадеш гIайгIанан Iедал, Хьан ойла ас йоккху маьрша. Марзонийн генаш дIакхеддал Къиза яц заманан аьрша. Хийрачу дегнаша лешош Питанаш, гIийбаташ, хьаьгIнаш, Къастаран шокъалеш эшош, Iаш ду сан безаман гIаьгIнаш. Илланча винарг хьан озо Ца ваьлла верриг а ваьгна. Сайн ирсан секхаIад озо Хьо гича хуьлий со-м хьаьгна… Победино, 1980 шеран февраль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#742 |
|
Вес репутации: 27 |
ХIун хилла вайна?
Вайн дегнийн бос х1инца ца хеташ к1айн, Д1ауьду бендацарх д1аийна денош. Т1аьхь-т1аьхьа тидамехь ца хуьлу вайн Бохамехь 1аш верг, шен б1аьрхиш а 1енош. Стигала хьала а ца хьовсу вай, Текхаеш ойланаш, цкъа хилларш т1ома. Кхоамза хедадо вай уьйрийн тай, Бахьанза хиларца вовшашца гома. Марзонаш д1аекъа к1адделла вай, Зарздина г1иллакхаш лардинарш дайша. Са д1а а доьжна, вай хоьхкуш ду гай, Амалш а схьаэцна лелийнарш лайша. Тутмаьж1гаш йоьхкина яххьашна т1е, Шалхонийн к1уьралахь вовшашна къежа. Стаг волчу стагана беттарца пе, Сом вайга кхийдочу к1иллочух теша. Ца хууш дешар дуй дахаран дарц, Лайн чимийн эг1аза худар а хилла, Вай г1ерта Бакъ эшош, толадан Харц, Нийсонна т1едоккхуш ямарта х1илла... Хоттане, 1982 шеран апрель
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#743 |
|
Вес репутации: 27 |
Дика а, вон а
Дуьненан дерриг а дика ЦIеххьана деъча сан керта, Деза ас и мича дига, Гергарло цуьнца ца херда? Жоп хеза: «Дакъош деш нийсса, ГIийлачийн керташка тийса». Вон дагIахь, хилла шех уьйриг Iаьржачу хIордал а боккха, Ас хIун де и лаьттахь туьйрриг, Ца хирриг и сакх а, токх а? Жоп хеза: «ЦIе тасий сих хьайн, Цуьнцанна багабе сихха». Хоттане, 1982 шеран май
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#744 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Дерриг дицди… Кхийдац со кхин ирсан ц1аре. Суо 1аш ву со, кху тийналлех буьзна б1аьрг. Х1етте а, со-м ву сатуьйсуш цхьа йо1 гаре, Ца хууш ерг сан дахаран цхьа а хьаьрк. Цуьнан дуьхьа сайн г1уллакхаш д1а а тесна, Со шайх хьегна дерриг хьашташ довлуш сов, Цунна коч ян тоьлла дари, махмар эцна, Кхочур вара и 1аш йолчу юьрта со. Цунна т1аьхьа, гезъеш луьста, акха хьаннаш, Г1ур вара со, дорцехь техкош ага син… …Хир вара со тоьаш, тера хилчахьанна Ас цкъа мацах бехках лар ца йинчух и… Хоттане, 1977 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#745 |
|
Вес репутации: 27 |
Цхьалле
Шийла цхьалла, суна евза хьо, Девза хьан гIайгIанийн хIора сиз а. Сан дахаран хийла къона шо Дагий ахь хьайн набарзаллехь къиза. Сица луьттуш хийла хьоме цIе, БIаьргаш хьалха хIутту хийла иэшам. Амма кхачарх уггар Iаьржа де, Со ца къахко хьаьжна ирсах тешам. Ваьхна со, дуьненах тардеш цIа, Юххехь воцуш вевза-везарг цхьа а. Цхьалла, агарх ахь сан ховха са, Со хьан ницкъе къар ца велла цкъа а. Шела, 1981 шеран февраль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#746 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Сихаллехь дицдина весеташ дайн, Алийша, махкахой, вай мича хьаьвдда? Гонаха бIаьрг тоха хан яц-те вайн? Ма чIогIа цIубдо вай дуьненан хьаьвда? Хьомечу дайн лаьттах сан лазам бу. И бу ас гуттар а сайн кийрахь къуьйлуш. Со иза иллешкахь дIакхайкхош ву, Сих-сиха Даймахках дага а вуьйлуш, Хийлазза: «Замано ерзайо чов», Бохуш, аш сан лерехь «зурманаш» лекхна. Де-дийне сеттина лаьтта дIо стов, Теш бу сан бераллин дIо берд а текхна. Мичахь ду цаьршинна лерина гIо? Дийцаре дийцина «заманан дарба»? Стов шена чохь кхиъна хьун гIийла го, Текхна берд хьанна а атта бу къарбан. Цхьабакъду, хено ша ерзаяхь чов, Ерзор ю вай гIодахь и ерзо цунна. Хьурмато къовлур ду шен дашо ков Бендацарх хIайкал дан мел гIертачунна. Iаьржа бос — Iаьржа бу, ткъа кIайниг — кIайн. Ма лара цхьатерра марзо а, стим а. Кийрара саьхьарло дIаяккха шайн, Юкъарчу гIуллакхийн ойлае жимма! Хьаж-цIийнах таръелла кертара беш. Вайх хIора дан гIерта Iар-дахар атта. Iаламан чевнашна ваьш дарба деш, Ларде вай, махкахой, Даймехкан латта. Соьлжа-ГIала, 1980 шеран август
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#747 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Цомгаш хуьлу дитташ гурахь, Шийла чарп тIейогIий хоршин. Ца латтарна шайна бухахь Вайша, бIаьра хьоьжуш вовшийн. Дитташ цомгаш хуьлу гурахь, БIаьрса гIеллуш, лагIлуш хазар. Хоттаничохь, ДаьргIахь, Гуьнахь – Массанхьа ду диттийн лазар. Хуьлу дитташ цомгаш гурахь, Ла ца яллал мехийн Iиттарш. Хьан сурт гича ирсан гурахь, Толур ду Даймехкан дитташ. Хоттане, 1974 шеран ноябрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#748 |
|
Вес репутации: 27 |
Даго бен дог 1абош дац...
1. Ц1ехьа некъ бахьаш, со геннара вог1уш, Хьагвелла хьаьвзира, тоха са доцуш. Со, бердах схьалеша шовда а гина, Цунна т1е вахара, болар сихдина. Бертал а воьжна, ас и шовда шийла Мелира, 1абош сайн бохбелла кийра. Ша керчош лаьтташехь т1улгаш т1ехь махо, Сан дог 1абийра-кха шовданан даго. 2. Генахь 1аш дуккха а шераш а девлла, Вара со ц1авог1уш суо винчу эвла. Эвла чу со вулуш, хадийна аре, Сан езар 1аш яра хьоьжуш со варе. И гича, безаман йийсарехь 1ийна Сан дог г1аддахара цхьа тамашийна. Езачун даго сан г1айг1а д1амелла, 1абийра сан дог, шен йовхо а елла. 3. Езачун синхаам балийна берта, Кхечира со нана 1аш йолчу керта. Сов хаза хетарна, б1аьргех хи даьлла, Хьаьвзира сан нана вуно х1айтъаьлла. Нанна сагатдина, овгал сан деган Сатуьйсуш 1ийнера цкъа иштта де ган! Сан ненан даго, шен къинхетам ботуш, Сан дог шех 1абийра, барам а боцуш. Эххар ас сацам би дахаран хьаьттахь: «Даго бен дог 1абош ца хилла лаьттахь»... Саралжин, I974 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#749 |
|
Вес репутации: 27 |
Нохчийн мотт
Нохчийн мотт — сан дагах лиэша мутта, ХIун хир ду кху Лаьттахь хьоьл кхин сирла? Иштта лепа седарчашлахь бутт а, Ца лелийта сан дог-ойла тилла… Дала кхиэл сан Iожаллега таттахь, Мулкалмовто сайн са дIахьош тIома, Кхуьур вуй-те ала нохчийн маттахь: «Декъал хуьлда иллеш нохчийн къоман!». Хоттане, 1981 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#750 |
|
Вес репутации: 27 |
ТIехилий, кхаллахь тхан кхача,
ТIех мерза бацахь а чам, Хьо хиларх лулахо, хьаша, Я деган доттагIа сан. Ма ала: «Йиъна ву хIинцца». Ма ала: «Кхоийна Iац». Вовшашца вай йоькъуш нийсса, Йиънарг бен мерза ма яц. ТIехилий, вуха ца теIаш, Хьажахьа, муха бу чам, Нагахь со лоруш, со везаш Хьо веънехь хIусаме сан. Хоттане, 1974 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|