![]() |
|
|
#711 |
|
Вес репутации: 27 |
Хьуна хьайна
Шатайпа стихаш ас язйийр ю хьуна, ХIуттаре хуьлуйтуш къастаран хьуна. Ас хьуна доьллур ду Малхбален кораш, ЗIаьнаршка хьекхийта хьан уьйтIа нораш. Ас хьуна дахьар ду Малхбузен беснаш, Цаьрца товш юй хууш хьан цIегIа беснеш. Хьан дог ца даккхийта гIайгIане воча, Ас хьуна седарчий ухкур ду коча. Веана хьан куьйгийн йовхонна юххе, Дуьне ас дуьллур ду хьан кераюккъе. Ас хьуна хазор бац кхин Iоттабаккхам - Шеконо совгIатна кховдийна баккхал. ГIур ву со лаьттах я мархашка хьала, Хилахь сан лулалла лан хьуна хала…. И дерриг дийр ду ас (ца оьшу ела!), Хьо сайга эсала схьахьаьжна дела. Хоттане, 1981 шеран февраль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#712 |
|
Вес репутации: 27 |
Куьйра
Ломан юьртан стиглахь хьийза куьйра, ТIеман буьрса кхерам санна, Iаьржа. Сацайо сан нанас лесто куьйра, «Кхуввай, кхуввай» — хIора кертахь даьржа. Сийналлино декъалйинчу Iаршахь Ца товш санна хета суна куьйра — Кху сан эвлахь цо шен ижу харжахь, Къежлур ду сан бераллера туьйра. Миска къуьрдиг юьтуш хьере ека, КIорни хьаладаьхьча гIушлакхене, Муха Iийр ву воцуш санна шек а? И диц а деш, муха вер ву хене? Сан бераллин гIаларт когашIуьйра Доьлхур ма ду, буй а хьийзош бIаьрга, Стигал хедош, хьовзахь Iаьржа куьйра, И тарделча санна тIеман хьаьрках… Амма дуьхьалтуьйсу дедайн яххьаш, Хаден бIаьвнаш, баьччин тур а, буьйр а, Хьийза даьлча, цоьстуш лаьмнийн баххьаш, Бумба туху кема санна, куьйра… Хоттане, 1981 шеран бIаьсте
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#713 |
|
Вес репутации: 27 |
Кхерстанчах дIатесна шен можа мохк,
Четара гIаш Iенош, дIайоьду гуьйре. Вайшиннан безамах хьаьрчина дохк, Шелъелла марзонаш ца йоьрзу уьйре. Сайн аьтто мел бели хьан бIаьрхи ган, Варий со-м месашлахь тIекхеташ кIайн чо. Сан дагна Iеткъахь а Iодикъяр хьан, ГIайгIанах ца йоьтти хьан ойла сайнчо. Ца хаьа, муьлха ду вайшиннах харц, Хуушехь гIалатло хьаьнгара яьлла. Я хьалхалерраниг вайший а дац? Цундела ши кхоллам галморзах баьлла? Йиш хаьлла кхойкхучохь сатийсам — буо, Хьо хьайнна йиси, ткъа иштта со — сайнна… Синошна хаало къастаран хIуо, Безаман шелделла садеIар санна… Хоттане, 1981 шеран август
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#714 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Ца оьшу хьо яздан валла Баккхалан хIуьмалгех кхин. Хьайн илли мархашка лалла, Лаккхаллех долийта и. Ма гIерта и кара Iамо, Де-дийне и долош пис. Ма леца иллица гамо, Къоламо раз хьаькхча сиз. Ма марзъе хьарамчу текха Оьздачу мукъамийн жутт. Дош яздан къасточохь шекъа, Ма дицде безаман мутт. Бакъдерг бен баьрче ма даккха, Ма тийса дешнашца пал. Иллина хуур ду тIаккха, Хастадан Даймехкан хьал. Ведана, 1980 шеран сентябрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#715 |
|
Вес репутации: 27 |
Шовкъашца латтабеш къийсам,
Ма е сан ойланна чов. Некъ бита жимма сатийса, Бекхамехь ма яла сов. Дахаран некъ бу сан готта, Шиъ морзах дала ца луш. Цундела хьуна ма мотта, Ас хьулдо хьайн кхиэлан гIуш. Ма мотта ерриг а хаьдда Вайшинна юккъера зIе. Замано, йоьдучо хьаьдда, Дог чехош, паргIат ма Iе. Цецдохуш дуьне я эхарт, Ма дайа вайн ирсан доь. Баттахь цхьаъ мукъне а кехат Яздехьа, хьомениг, соь. Сахалин, 1980 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#716 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Дацдала дуьйлало денош, Яссало гуьйренан хIусам. Дитташа, можа гIаш Iенош, Мехашна Iамабо узам. КIадделла догIу сан болар Тачанийн текхаргех къехка. Стиглара массо а кхолар Сан дагтIехь йочанех техка. Буьртигаш даточу тхинан Ца догу даттанан цIергахь… Ас хIун де гатлучу сина И хилча цхьаллина гергахь? Победино, 1979 шеран октябрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#717 |
|
Вес репутации: 27 |
Воккхачу стеган хьехамаш
Ирхенийн халонаш ловш, КIад ма ло дахаран новкъахь. КIадвалар хьайн меттаххьовш, Ял эца хьайн деган шовкъах. Вуонаша лацахь а гуо, Къар ца луш, гIорта ца эша. Кхиамах Iеха ма луо, Хьайх санна, адамех теша. ДIаяккха дагчуьра вас, Тезета воьдуш я тойне. ТIаккха бен хьо кхочур вац Нуьречу хьайн Iалашоне. Хоттане, 1975 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#718 |
|
Вес репутации: 27 |
(Шен I5 шо долуш хеназа кхелхинчу
сайн доттагIчун Каимов Русланан сирлачу безамна) ХIалхара сентябрь. ВорхIалгIа класс. Сийначу парти тIехь со цхьаъ ву хиъна. Тахана ца хеза хьан зевне аз. Кхолламо хьо кхечу новкъа дIавигна. ВогIур вац цкъа а хьо ишколе кхин. Ловзур вац, доттагIа, буьрканах тхоьца. Хьокхур дац мелаца дIо уьн тIе сиз. Хуур вац урокехь парти тIе соьца. Урокаш ца Iамош хьо лелар вац. НеIарх пIелг тухур бац хьомечу классан. Йийр яц ахь «шиъ» доккхуш цхьанна а вас, Хьуна кхин дов дийр дац нанас а, дас а. Ойлане хьехархо. ВорхIалгIа класс. Тийналло гIайгIанан урок схьайилли… Корера схьаэцна, зезагийн барз Хьо хиъна Iийначу метте ас билли. I973 шеран сентябран 1 де
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#719 |
|
Вес репутации: 27 |
Нохчийн мотт
Нохчийн мотт — сан дагах лиэша мутта, ХIун хир ду кху Лаьттахь хьоьл кхин сирла? Иштта лепа седарчашлахь бутт а, Ца лелийта сан дог-ойла тилла… Дала кхиэл сан Iожаллега таттахь, Мулкалмовто сайн са дIахьош тIома, Кхуьур вуй-те ала нохчийн маттахь: «Декъал хуьлда иллеш нохчийн къоман!». Хоттане, 1981 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#720 |
|
Вес репутации: 27 |
Сонта дозалла
Iуьйранна бацана хьалха Дозалла деш хилла тхи: «Со дацахьара хьо цхьалха Хир яра, ас хьо кхиий. Гой хьуна, сирла со къега, Лепадеш дуьне хIара. Сох хилла исбаьхьа седа, БIаьрла ду со жовхIарал…». Малх кхийти, оьхьуш хазалла, Цо и тхи дерриг дакъий. Дагий цо сонта дозалла. Тхино ша хестадац кхин. Хоттане, 1975 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|