![]() |
|
|
#701 |
|
Вес репутации: 27 |
***
ХIан-хIа, хьо яц суна хийра, Сан ойла хьоьх чIогIа летта. Со веха, къоначу кийра Малх санна, сатийсам кхетта. Лазамийн некъашца лелла Сан са ду астагIа жимма. ХIоттахь а марзонна къелла, И даим къаръер ю шимма… Дохадеш гIайгIанан Iедал, Хьан ойла ас йоккху маьрша. Марзонийн генаш дIакхеддал Къиза яц заманан аьрша. Хийрачу дегнаша лешош Питанаш, гIийбаташ, хьаьгIнаш, Къастаран шокъалеш эшош, Iаш ду сан безаман гIаьгIнаш. Илланча винарг хьан озо Ца ваьлла верриг а ваьгна. Сайн ирсан секхаIад озо Хьо гича хуьлий со-м хьаьгна… Победино, 1980 шеран февраль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#702 |
|
Вес репутации: 27 |
Боллан дитте
Боллан диттан лайно къеждо генаш, Даг т1е туьйсуш йовхо йоцу г1енаш. Генийн кийрахь б1аьста идда мутта, Моьттур дац хьо лекъна хир ду гуттар! Лаьтта бухахь боллан къона орам Меттах ца хьов, хилча санна хорам. Б1аьста малхе кхийдаш хилла бохь а Х1инца г1ийла кхозу лаьтта охьа. Йицйи-те ахь, балл, хьайн къона зама, Хала ду хьуна шело эшон 1ама? Лаац хила хьо дорцана къера, Цуьнца къийсам латтабе, ма кхера! Гулдай дерриг хьайгахь хилла г1ора, Лаьттах йовхо ийзош, денбе орам. Хиларх х1ун ду хьо цкъачунна къоьжа: Маьлхан б1аьрг хьоь дегайовхонца хьоьжу — Кийча хила дег1 хьайн малхе даккха! Кийча хила б1аьста зазадаккха! Хоттане, 1978 шеран апрель
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#703 |
|
Вес репутации: 27 |
Баркалла со нохчо кхолларна, Дела!
Сица а, цIийца а нохчо ву со. Сан деден бIов ю сан дозаллин эла, Эхь-бехк а, гIиллакх а цо суна ло. Синметтехь Iалашбеш къоман тIеIаткъам, ТIанк аьлла нохчоллех вуьзна со ву. Хало тIехIоьттича, ца бо ас латкъам: Собар — сан толаман меттамотт бу. Баркалла, со нохчо кхолларна, Дела! Ахь дIа ца дайтарна нохчоллин доь. Лаьттина, лаьттар ю, лаьтта цундела Маршонан гIап хилла сан Нохчийчоь! Хоттане, 1981 шеран февраль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#704 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Акхтарг лаьтта, стигла хьоькхуш нуй, Малхо хьоьсту винчу цIийнан пенаш. Бераллино дагчу тесна суй, Корехь леста боллан сийна генаш… Сан бераллин махехь леста гIаш, Дуьне ма-дду Iена маьлхан борза. ЦIенкъахь ловзу дашо IиндагIаш, Царна тебаш Iа тхан цициг къорза… Серладохуш сан ойланийн ткъес, ГIайби бухахь лепа ненан туьйра. Доггах толлуш дицлур доцу иэс, Сан бералла лела когашIуьйра. Бераллино дагчу тесна суй, Корехь леста боллан сийна генаш… Акхтарг лаьтта, стигла хьоькхуш нуй, Малхо хьоьсту винчу цIийнан пенаш. Хоттане, 1981 шеран май
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#705 |
|
Вес репутации: 27 |
Сан дахар
Хаьржина ваьлла со дахаран некъ, Ленйоцу Iалашо лаьцна — Ца тоьлу стигларчу гIаргIулел лекъ, Мел хиларх и атта лаьцна…. Шал-шера къаьсташ бу сан иллин мохь УгIарехь дерачу дорцан… Лууш ву со талла кхолламан бохь, Цхьаьнгге а ца доьхуш орца… Арешна, тогIешна бетта ас букъ, Ирхенаш эшаян Iемаш, — Хала ду тIаьхь-тIаьхьа мел доккху дукъ, Дазделла сан иллин тIемаш… 1аьнтIехь ас чилла лов, ткъа аьхка — тов, ХIетте а ца лаьа тиекъа… Емалдо шахьарийн урамийн зов Татано ас бечу некъан. Тийналла йохош ду сан гIулчийн дур, Дегадеш хIаваан пиллиг. Букъ тIехьа буьтуш сайн эшамийн мур, Некъ барехь дуьллу ас бIиллиг… Хууш ву, сайн болар ас даккхахь гал, Там бу кху тIулгаш тIехь вожа. Цундела ца йо ас Iалашо мал — Лепа и, малх санна, можа… Кхета со, каглахь сан кхолламан таж, Лам соьга хьожур бу гома. Делахь а, теша со: и бац сан кхаж! Дала со кхоьллина тIома! Цхьаммо цкъа керстйича сан некъан лар, Ас дина гIалаташ лоьхуш, Сан некъан жамI дийр ду сан къомо лар, ДоIанехь со Деле воьхуш… Мила ву Iалашо ца лехнарг цкъа, Хотталахь бертал а оьгуш? Ца гIатта ца лиънарг мила ву, ткъа, Гор воьжна Iуьллучух хьоьгуш? Ас лоьцу сайн некъан халонан лаг, Хьуьнарца сайн дегI а дулуш. Со хьанна хетар ву дуьненчохь стаг, Вацахь сайн ницкъах бIобулуш? Сан сийдеш гIаьттина сан некъан чан Хьестало, белшаш тIе хуьйшуш. Ас кIадо ца йо-кха сайн болар дан, ГIулчашца чаккхармаш Iуьйшуш… Дахаран некъ бо ас, ирбина бIаьрг. Хуьлда сан Iалашо гIоза! ДIо хьалха хир-кха цхьа билгало, хьаьрк — Сан некъан чаккхенан доза… Хоттане, 1982 шеран апрель
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#706 | ||
|
Вес репутации: 13 |
Зезаг, ИбрахIиман байтех дукхах ерш еша волавелча цуо,
шен Iедалехь, мет-меттара дешнаш ловза а деш, царех жамIаш ян волавелча, ва нах, хIара ала гIертаг хIун ду те-ша, олий вуьссу со, амма хIара байт-м цхьа молодец хийти суна)) Цитата:
ХIара ша мила ву хуучу стеган къамел ду, шен ломан шех йолу дог ондалла бакъяран Iалашо еза лоруш волчу стеган... Цитата:
Пять тебе за стих!))
__________________
Жухаргех элий бен зама котьюьйлуш, – Тхо тахна оруш ду тхаьш хIетахь дийнарг. Принимаем участие в конкурсе сегодня! |
||
|
|
|
#707 |
|
Вес репутации: 27 |
Нохчийн мотт
Нохчийн мотт — сан дагах лиэша мутта, ХIун хир ду кху Лаьттахь хьоьл кхин сирла? Иштта лепа седарчашлахь бутт а, Ца лелийта сан дог-ойла тилла… Дала кхиэл сан Iожаллега таттахь, Мулкалмовто сайн са дIахьош тIома, Кхуьур вуй-те ала нохчийн маттахь: «Декъал хуьлда иллеш нохчийн къоман!». Хоттане, 1981 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#708 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Муьргийн цIеша юьзна коьллаш, Декъа шах-ших когаш кIел. ГIаш ду оьгуш уггар тоьлларш, ТIомахь махо дохуш пел. Йоьду, сира стигал хедош, Йоккха жIуга гIаргIулийн. Вовшийн дезар халла къедош, Вайша вовшийн чIогIа зийн. Йогу гIанийн можа алу, ТIе «хIуп» бохуш дерзано. Вайга ваьснийн муьста талу Марзоне ца дерзало. Догу шийла туьтеш тхинан Мажъеллачу бацалахь. Ма къа ду вайн уьйран синан Вай хердалар ла ца лахь. Вайн къастаро тесна Iеха Цкъа а ца леш хир бу-те? ХIара гуьйре — некъ бу беха Суна тIера хьуна тIе… Хоттане, 1981 шеран гуьйре
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#709 |
|
Вес репутации: 27 |
Нене
Корталица хьайн букъ тIе дIавоьхкий, Нана, ахь со лелавора гихь. Нана, и сан дечган ага техкош, Соь наб яйта, наб ца йора ахь. Хьо-м таханаъ юьжуш яц хьайн хенахь, Сагатдо ахь. Йо ахь ойланаш. Реза яц хьо хиларна со генахь, Хьело бохуш новкъахь кехаташ. Суьйре еъча, цу вайн корах цIийнан Детташ хьочо шен баьццара га, ТIам кагбелла хьоза санна, тийна, Соне хоий, хьо гIайгIане Iа… Хьан цIаро бен ца бохби сан когаш, Нана, ахь латий сан дагчохь цIе. Ас сайн хIара салтичун погонаш Хьоь наб яйта тегна белшаш тIе. Победино, 1978 шеран август
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#710 |
|
Вес репутации: 27 |
Мел атта кхоллало илли,
Хьан бIаьргийн седарчий гуш. ГIевланга сан васт а диллий, Дохдехьа хьайн гIенан гIуш. ЧIагIбехьа мукъам сан шовкъан, Хьайн зевне аз хуттуш тIе, Ца хирриг иллешна новкъа Хьайн деган гIелъелла цIе. Вехьа со бIаьстенан декъах ГIитточу хьайн дагчохь зов. Ас юхьарлаьцначу некъах Тохахьа безаман тов. Хоттане, 1978 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|