![]() |
|
|
#61 |
|
Вес репутации: 11 |
Сайн нене...
Хебарша юьхь-сибат оху хьан, нана, Шераша месаш йо хьан т1етт1а сир. Сиркхонийн халбата хьо хиъчахьана, Хаьдда сан къоначу синтеман тхир. Комаьрша догучу хьан дагна гонах Дикалло яьккхина шен дашо тир. Ас дагахь 1амийна хьан амат къона, Къизачу хене и ца дайта шир. Сан нана, мел жима яр-кха хьо х1етахь. Ма сиха д1аели и мерза хан! Х1инца-м хьо хеназа алсам 1а меттахь, Хорам беш йогучу ойланна сан. Халла бен ца йолу уча я ара, Шеконца хьайн дег1е ладоьг1уш 1а. Ас х1ун дан дезар-те хьо яцахьара? Х1ун дийр ду-техьа ас хьо йодахь д1а? Хьо лаза хьакхийча, ас бала лов-кха, Гу санна, лахло-кха сан хьаштийн лам… Хьоьл хьалха вер ву со т1аьххьарчу новкъа, Хьоьл т1аьхьа дуьненах ца баккха чам... Хоттане, 1981 шеран апрель
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#62 |
|
Вес репутации: 11 |
Зама...
Зама йоьду, шен ма-хуьллу хьаьдда, Юьхьт1е етташ д1адаьллачун чан. Йог1ий-кхочий сан оьмаран хьаьтта, Хийла хадий цо сан ирсан г1ан. Х1ан-х1а, ц1ерхазамна ас ца биъна Замане суо къар ца вайта дуй. Суна дукхе-дукха хьалха хиъна Лаьттахь иза эшош собар дуй. Ас цундела хьалха лоьллу маса Хенан новкъахь сайн поэзин дин, Б1аьрца маракъуьйлуш лаьмнийн аса, Т1ехьа дуьтуш сингаттаман 1ин. Сайн оьмаран чоь мел хиларх готта, Лало соьга денойн чорда дукъ. Дезча мостаг1ашна дуьхьалх1отта Тухур бац ас, кхеравелла, букъ. Ловр ду дерриг. Амма бу цхьа кхерам: Х1ун дийр ду ас езар кхетта лахь? Гихь д1ахьур бу хено сан синкъерам, Со векалвеш накъост лаца — яхь… Хоттане, 1981 шеран май
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#63 |
|
Вес репутации: 9 |
Ца оьшу хьо яздан валла
Баккхалан хIуьмалгех кхин. Хьайн илли мархашка лалла, Лаккхаллех долийта и. Ма гIерта и кара Iамо, Де-дийне и долош пис. Ма леца иллица гамо, Къоламо раз хьаькхча сиз. Ма марзъе хьарамчу текха Оьздачу мукъамийн жутт. Дош яздан къасточохь шекъа, Ма дицде безаман мутт. Бакъдерг бен баьрче ма даккха, Ма тийса дешнашца пал. Иллина хуур ду тIаккха, Хастадан Даймехкан хьал. Ведана, 1980 шеран сентябрь |
|
|
|
#64 |
|
Вес репутации: 9 |
Дохорах лаьцна гIан
Яьсса цхьа Даймехкан эвла. Тхевнаш тIе луо оьгу дайн. Сан гIенан баьрче а девлла, Херцаш ду цIенош а дайн. Лазамо Iовжабо кийра, Сан набарх чекхболу и. Кегъелча кхабанаш кхийра, ДIалекъна шовданан хи. Луьра ю февралан шело, Къаьхьа бу дахаран чам. Заманан бIаьрзечу кхиэло ХIуй-пака даьккхи сан къам. Сеттинчу кевна тIехь цIий го, Кхерчаш го — дисинарш дайх. Мохк санна, цхьалхачу къийго Шах-ших до, тIам хьоькхуш лайх… Со волу гIенан юккъера, Сайн са луш инзаре шел… Шовзткъе доьалгIачу шеран Iа лела сан кораш кIел. I982 шеран февралан 23 де |
|
|
|
#65 |
|
Вес репутации: 9 |
Сан Хоттане
ТIуьна Iа. Сахалин-гIайре ю кIайн. Ас хьуна сагатдо, сан хьоме эвла. Хьан сийнна язйеш ву со байташ сайн, Хьо йолчу сихъелла уьш тIома евлла. Сан хьоме Хоттане, хьан кIант ву со. Сан дагалецамо хьан амат луьйсу. ГIенах а хьо суна бус-буса го, Самах а даима хьо дуьхьал туьйсу. Сан деган серло ю хьо, Хоттане, Ленбоцу орам ахь тесна сан кийра. Йовхо луш ю суна хьан кхерчийн цIе, Сахалин-гIайре а цецйокхуш хийра. Хоттане, сан кхоллам цхьа тIадам бу Хьуна чохь лелачу дахаран хьесан. Цундела даим а сан лаам бу Байташкахь ца ала цхьа дош а деса… Хоттане! Генарчу бераллин йиш, Хьайн хазчу мукъамца сан ойла ахка! Ас дагчу аьгна хьан меттигаш, хиш: Маштакх-арц, ГIалин-дукъ, Булкх, Iаьржа-ахка… Хоттане, хьо йолуш сайн деган Iу, Кху пана махкахь а суо хета ирсе. Сан деган дух хьоьсту кхо мукъам бу: Шелча-хиэ, ЖагIа-Iин, сан Душин ирзе… Победино, 1979 шеран декабрь |
|
|
|
#66 |
|
Вес репутации: 9 |
* * *
Бохамо хьуо ваккхахь Iора, Доцуш кхин сатоха гIора, Кхолламна ма деха къа. Ма яккха Iалашо воча, Оьхуш хьайн кхетаман коча, Якх а деш дахаран кха. Хьо хьуо а вац хьайца бертахь. Ахь дола деш йолчу кертахь Дукха бу ца оьшу гIирс. И бу хьан оьмарца къиза. Ахь сихха дIакхоссахь иза, ДогIур ду хьан дагчу ирс. Хоттане, 1982 шеран май |
|
|
|
#67 |
|
Вес репутации: 9 |
Хьуна хьайнна
Шатайпа стихаш ас язйийр ю хьуна, ХIуттаре хуьлуйтуш къастаран хьуна. Ас хьуна доьллур ду Малхбален кораш, ЗIаьнаршка хьекхийта хьан уьйтIа нораш. Ас хьуна дахьар ду Малхбузен беснаш, Цаьрца товш юй хууш хьан цIегIа беснеш. Хьан дог ца даккхийта гIайгIане воча, Ас хьуна седарчий ухкур ду коча. Веана хьан куьйгийн йовхонна юххе, Дуьне ас дуьллур ду хьан кераюккъе. Ас хьуна хазор бац кхин Iоттабаккхам - Шеконо совгIатна кховдийна баккхал. ГIур ву со лаьттах я мархашка хьала, Хилахь сан лулалла лан хьуна хала…. И дерриг дийр ду ас (ца оьшу ела!), Хьо сайга эсала схьахьаьжна дела. Хоттане, 1981 шеран февраль |
|
|
|
#68 |
|
Вес репутации: 9 |
* * *
Дешнаша кийра цIе йилли, Шайх хуьлуш Iийжаме байташ. Кхетамехь — геригаш иллин ГIерта шайн куьцаш схьагайта. Уллех хьан амат тIехдолу, Сан синтем Iаь тухий, ластош. Схьагулдой гIора шен доллу, Къастаран къиза некъ къастош. КIеззиг мах хадош сан шовкъан, Дог лахош, йоьду хьо хIунда? БIаьрсица хьо йоккхуш новкъа, Ца лаьа суна-м и тIунда… Iаьржачу стигалахь батто Лийчайо седарчийн ваьснаш. Собаран говзачу матто Тедо вайн йишхаьлла аьзнаш. Сайн дешнаш ас хьанна гайта, Ахь хIинца леринарш хийра? Шайх хуьлуш гIайгIане байташ, ЦIе юьллу цара-м сан кийра… Хоттане, 1981 шеран июль |
|
|
|
#69 | |
|
Вес репутации: 5 |
Цитата:
__________________
Ответственность за взрыв в теме «Типы мужчин, которые никогда не женятся» взяла на себя боевая феминистическая ячейка «Модераторши Амины»... Принимаем участие в конкурсе сегодня! |
|
|
|
|
#70 | |
|
Вес репутации: 9 |
Цитата:
Да, я в курсе етого. Один из моих знакомых литераторов недавно сказал мне,что в скором времени одно из издательств планирует выпустить книгу стихотворений безвременно ушедшего от нас Ибрагима Юсупова. К сожалению, я еще не знаю, как она будет называться, но я надеюсь, что мы все узнаем об етом скоро... Ета книга будет настоящим подарком для верных поклонников творчества Ибрагима, одного из самых интересных и романтичных поэтов, когда-либо рожденных на чеченской земле! |
|
|