Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 02.11.2008, 15:07   #681
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Воккхачу стеган хьехамаш..

Ирхенийн халонаш ловш,
К1ад ма ло дахаран новкъахь.
К1адвалар хьайн меттаххьовш,
Ял эца хьайн деган шовкъах.

Вуонаша лацахь а гуо,
Къар ца луш, г1орта ца эша.
Кхиамах 1еха ма луо,
Хьайх санна, адамех теша.


Д1аяккха дагчуьра вас,
Тезета воьдуш я тойне.
Т1аккха бен хьо кхочур вац
Нуьречу хьайн 1алашоне...


Ибрах1им Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 03.11.2008, 14:01   #682
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Боллан дитте

Боллан диттан лайно къеждо генаш,
Даг т1е туьйсуш йовхо йоцу г1енаш.

Генийн кийрахь б1аьста идда мутта,
Моьттур дац хьо лекъна хир ду гуттар!

Лаьтта бухахь боллан къона орам
Меттах ца хьов, хилча санна хорам.

Б1аьста малхе кхийдаш хилла бохь а
Х1инца г1ийла кхозу лаьтта охьа.

Йицйи-те ахь, балл, хьайн къона зама,
Хала ду хьуна шело эшон 1ама?

Лаац хила хьо дорцана къера,
Цуьнца къийсам латтабе, ма кхера!

Гулдай дерриг хьайгахь хилла г1ора,
Лаьттах йовхо ийзош, денбе орам.

Хиларх х1ун ду хьо цкъачунна къоьжа:
Маьлхан б1аьрг хьоь дегайовхонца хьоьжу —

Кийча хила дег1 хьайн малхе даккха!
Кийча хила б1аьста зазадаккха!

Хоттане, 1978 шеран апрель
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 03.11.2008, 14:02   #683
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Даго бен дог 1абош дац...

1.

Ц1ехьа некъ бахьаш, со геннара вог1уш,
Хьагвелла хьаьвзира, тоха са доцуш.

Со, бердах схьалеша шовда а гина,
Цунна т1е вахара, болар сихдина.

Бертал а воьжна, ас и шовда шийла
Мелира, 1абош сайн бохбелла кийра.

Ша керчош лаьтташехь т1улгаш т1ехь махо,
Сан дог 1абийра-кха шовданан даго.

2.

Генахь 1аш дуккха а шераш а девлла,
Вара со ц1авог1уш суо винчу эвла.

Эвла чу со вулуш, хадийна аре,
Сан езар 1аш яра хьоьжуш со варе.

И гича, безаман йийсарехь 1ийна
Сан дог г1аддахара цхьа тамашийна.

Езачун даго сан г1айг1а д1амелла,
1абийра сан дог, шен йовхо а елла.

3.

Езачун синхаам балийна берта,
Кхечира со нана 1аш йолчу керта.

Сов хаза хетарна, б1аьргех хи даьлла,
Хьаьвзира сан нана вуно х1айтъаьлла.

Нанна сагатдина, овгал сан деган
Сатуьйсуш 1ийнера цкъа иштта де ган!

Сан ненан даго, шен къинхетам ботуш,
Сан дог шех 1абийра, барам а боцуш.

Эххар ас сацам би дахаран хьаьттахь:
«Даго бен дог 1абош ца хилла лаьттахь»...

Саралжин, I974 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 03.11.2008, 14:03   #684
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Вайшинна юккъехь...

Вайшинна юккъехь ю сийналла х1ордан,
Вайшинна иза мел йинехь а к1орда.

Вайшинна юккъехь ду ченийн к1айн некъаш,
Бецашлахь, г1амаршлахь лаьхьарчех текхаш.

Вайншинна юккъехь ду дарц ж1аьлех леташ,
Б1аьсте а йог1ур ю, патарш а эт1аш.

Вовшашна вай т1етт1а кхочу хан ларъеш,
Вайшинна юккъехь 1а безаман лараш.

Со царна т1ехула вог1ур ву ц1ехьа,
Хьомениг, хьо соьга сатуьйсуш 1ехьа...

Победино, 1978 шеран декабрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 03.11.2008, 14:03   #685
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Бохамо хьуо ваккхахь Iора,
Доцуш кхин сатоха гIора,
Кхолламна ма деха къа.
Ма яккха Iалашо воча,
Оьхуш хьайн кхетаман коча,
Якх а деш дахаран кха.

Хьо хьуо а вац хьайца бертахь.
Ахь дола деш йолчу кертахь
Дукха бу ца оьшу гIирс.
И бу хьан оьмарца къиза.
Ахь сихха дIакхоссахь иза,
ДогIур ду хьан дагчу ирс.


Хоттане, 1982 шo
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 04.11.2008, 19:21   #686
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Т1ехилий, кхаллахь тхан кхача,
Т1ех мерза бацахь а чам,
Хьо хиларх лулахо, хьаша,
Я деган доттаг1а сан.

Ма ала: «Йиъна ву х1инцца».
Ма ала: «Кхоийна 1ац».
Вовшашца вай йоькъуш нийсса,
Йиънарг бен мерза ма яц.

Т1ехилий, вуха ца те1аш,
Хьажахьа, муха бу чам,
Нагахь со лоруш, со везаш
Хьо веънехь х1усаме сан...

Хоттане, 1974 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 04.11.2008, 19:21   #687
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Хьо яц соьца х1инца:
Г1айг1а т1ехили.
Гена дели ирс а,
Юха ца дан кхин.

Га кагдели диттан.
Дог1а т1ехтили.
Ас мел ч1ог1а литтарх,
Боьха диси хи.

Зарзар кхин ца йийки,
Эшарш ца лийкхи.
Сан синхаам иккхи.
Денлур бац и кхин....

Хоттане, 1977 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 04.11.2008, 19:22   #688
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Г1орийна зезагаш...

Маьлхан б1аьрг санна и шайн кортош можа
Лепадеш, техкара зезагаш байт1ехь.
Мехаша г1аттийча шайн 1алаг1ожа,
1ара уьш, вовшашна т1ете1аш, бертахь.

Ц1еххьана кхаьчначу шийлачу 1аьно,
Кхелира зезагаш даточу тирца.
Уьш денна шелдора лайн чимийн б1ано
Кортош т1е беттачу эсаран кирца.

Зезагийн хазалла яйра, бос байна.
Азделла сов г1ийла уьш суна дайра.
Уьш марг1ал дуьйлира, шело ца лайна.
И сурт гуш б1аьрхиш а сан меттаххьайра.

Со сихха кхийтира хиллачух т1аккха:
Зезагийн г1орийна мутт лекъна хилла.
Хетара уьш г1ерта сайга бехк баккха,
Гича уьш лаьтта т1е д1адуьйшуш г1ийла.

Доккха луо диллира цул т1аьхьа лаьтта,
Деэшна зезагий къайла а дохуш…
Уьш дагалоьцуш со х1инца а лаьтта,
Къинхетам синпхенех сайн чекх а бохуш..


Саралжин, I974 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 05.11.2008, 11:53   #689
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Гуьйренан сибат...

Меллаша т1есерса дерз а,
Сов юькъа яьржина дохк.
Аьхкенан де, юхадерза!
Шелделла сан дог де дох.

Миччара! Чкъург керчош, хено,
Бицбойтуш ц1ерпоштан мохь,
Шен новкъа чаккхармаш 1енош,
Сан дагт1ехь бити-кх цхьа муо.

И муо бу аьхкенах къастар,
Ла ца луш гуьйренан ткъарш.
Б1аьрсинна г1арг1улеш къаьста,
Хедаеш стигалан 1арш.

Дерзинчу дитташ т1е дегза
Ледадеш т1адмаш-туьтеш,
Меллаша т1есерса дерза
Г1арг1улийн б1аьрхиш ду-те?

Хоттане, I973 шеран октябрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 05.11.2008, 11:53   #690
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
«Кхозлаг1ниг сов хуьлу» — халкъалахь олу.
Цуьнах ца теший, со ойлане волу.
Масала, шиъ леташ, буйнаш а лестош,
Дог эт1аш, чухьоьдуш вовшашна дера,
Кхозлаг1ниг ца хилахь и шиъ д1акъестош,
Ишттачохь хир ду стаг лазор а, вер а.
Цундела шиъ леташ, даьллачохь дов
Кхозлаг1ниг цкъан цкъа а хир вац-кха сов.

Хоттане, 1974 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.