![]() |
|
|
#671 |
|
Вес репутации: 27 |
Нохчийн мотт
Нохчийн мотт — сан дагах лиэша мутта, ХIун хир ду кху Лаьттахь хьоьл кхин сирла? Иштта лепа седарчашлахь бутт а, Ца лелийта сан дог-ойла тилла… Дала кхиэл сан Iожаллега таттахь, Мулкалмовто сайн са дIахьош тIома, Кхуьур вуй-те ала нохчийн маттахь: «Декъал хуьлда иллеш нохчийн къоман!». Хоттане, 1981 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#672 |
|
Вес репутации: 27 |
«Кхозлаг1ниг сов хуьлу» — халкъалахь олу.
Цуьнах ца теший, со ойлане волу. Масала, шиъ леташ, буйнаш а лестош, Дог эт1аш, чухьоьдуш вовшашна дера, Кхозлаг1ниг ца хилахь и шиъ д1акъестош, Ишттачохь хир ду стаг лазор а, вер а. Цундела шиъ леташ, даьллачохь дов Кхозлаг1ниг цкъан цкъа а хир вац-кха сов. Хоттане, 1974 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#673 |
|
Вес репутации: 27 |
Сахьт сеци — дуланза дисарна.
Сахьт санна, дог сеци, сахьт санна. Доттаг1чун дог сеци 1уьйранна — Ма к1еззиг хилла и дуьйлина. Дог сеци. Шелделла сеци и. Дог-хьоза декаш ца хеза кхин. Ницкъ бац сан, 1аь тоьхна канашкахь, И дохдан, декийта гаьннаш т1ехь. Хоттане, 1973 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#674 |
|
Вес репутации: 27 |
Хьо дIайоьду, денойн уьйриг керчош,
Цуьнах дуцуш некъан керла тай. Хьан аматаш ойланашла хьерчош, Сох а хили сингаттаман лай. Хаац хIунда, хьо, сихъелла йоьдуш, Ас багарбо ахь мел боккху ког? Малхо анайисте хьаьдда боьдуш, ТIекIел даьккхи хьоьх сан дуьзна дог. Хьо сан мила ю-те хаьа хьанна? Шовда бен вайн уьйран вуй-те теш? Ахь ду эли хIара къастар ханна, КIира даьлча цIаяр хьехадеш. КIеза санна, идда хьуна тIаьхьа, КIад а белла, мох а кхечи схьа. ХIинца иза, ойланаш еш къаьхьа, ХьаьжкIаш санна, дитташ тилош Iа. ДIагIо тIаккха, некъ нисбойла Дала. ГIайгIа сан хьан некъан накъост ю. Хаац суна-м, кхин ас хьоь хIун ала, Ша ца алахь хьо — сан дахар ду… Ведана, 1981 шеран ноябрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#675 |
|
Вес репутации: 27 |
Седарчийн буьйсано биллинчу б1аьрго
Тийналлин 1индаг1на ца бетта пе. Сайн дагалецамехь ас лоьху м1аьрго Дуьххьара ялийнарг хьо сайна т1е. Мархаш а к1ад ца ло беттаса къийса, Х1авао шайна т1ехь мел буг1у бохь. Хьан вастан б1арлаг1а тховса а хьийза Мохтиле ца карош сан б1аьргаш чохь. Буц а ю, зезагий оьхкина коча, Баьццарчу юьхьт1ера д1ахьоькхуш тхиш. Бохь-генаш уьйт1арчу хьаьрсачу хьочан Лоькхуш 1а сан дагна хьоьх лаьцна йиш. 1аламан аьзнаша буьйсанан карахь Хьо дагатийсарна кула ца йо. Сан ч1ог1а садукъло г1айг1анан марахь, Ойланийн куьг кочехь ца хилча хьо. Баттана юххера седарчийн хорха Маццалцца хир ю-те сан б1аьргийн стом? Эхарта йоьдуш сайн оьмаран йорг1а, Дин хийца йиш йоцу бере ву со-м… Хоттане, 1980 шеран аьхке
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#676 |
|
Вес репутации: 27 |
Тийналла
Сан дагна тIехула лепаш Даим а сийналла ю. Сан байтийн Iаьнарехь дебаш Мукъаме тийналла ю. Аренан тийналла, ломан ГIургIезан мас санна, яйн. Тийналла хьуьнхарчу Iоман — Аз доцу весет сан дайн. Тийналло дарба дой, цкъацкъа Дерзадо дагчуьра даI. Амма и ханна бен яц-кха — Байттамал, байттамал-яI… Хоттане, 1980 шеран июль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#677 |
|
Вес репутации: 27 |
ХIорда йистехь
Исбаьхьа васт кхуза схьакхечи хьан, Сан дагна совгIатна бос бахьаш цIена… Суна гург ду-техьа семаллин гIан? Я гIенан кхоьлахь со ву-техьа сема? Амма сурт бIаьргашна хьалхара дIа Ца долу, со а вац и сайх дIахердеш: Хьан гIаларт стигалахь мотт лаьцна Iа, ТIемашна кIел лоьцуш гIайренан бердаш. Хетало, юьхьтIера маьлхан бос бовш, Ахь хала детташ хьайн гIелделла тIемаш… Хуьлда-кх хьо боккъал а халонаш ловш, ХIаваэх сан дагна тIекхача Iемаш! ДIо геннахь тIунъелла го анаюх, Берда тIехь атало тулгIенийн тата. Хьоьх тарло маякан серлонан дух, Хьоьх тарло дIо хIордакеманан гата. БIарлагIийн тобано веш хилла вох, Езачун сурт хIотто и хилча оьшуш… ТулгIенийн агIонаш хоьрцуш Iа мох, ГIамарш тIехь ас язъен байташ а йоьшуш… Победино, 1979 шеран бIаьсте
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#678 |
|
Вес репутации: 27 |
Зама...
Зама йоьду, шен ма-хуьллу хьаьдда, Юьхьт1е етташ д1адаьллачун чан. Йог1ий-кхочий сан оьмаран хьаьтта, Хийла хадий цо сан ирсан г1ан. Х1ан-х1а, ц1ерхазамна ас ца биъна Замане суо къар ца вайта дуй. Суна дукхе-дукха хьалха хиъна Лаьттахь иза эшош собар дуй. Ас цундела хьалха лоьллу маса Хенан новкъахь сайн поэзин дин, Б1аьрца маракъуьйлуш лаьмнийн аса, Т1ехьа дуьтуш сингаттаман 1ин. Сайн оьмаран чоь мел хиларх готта, Лало соьга денойн чорда дукъ. Дезча мостаг1ашна дуьхьалх1отта Тухур бац ас, кхеравелла, букъ. Ловр ду дерриг. Амма бу цхьа кхерам: Х1ун дийр ду ас езар кхетта лахь? Гихь д1ахьур бу хено сан синкъерам, Со векалвеш накъост лаца — яхь… Хоттане, 1981 шеран май
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#679 |
|
Вес репутации: 27 |
Куьйра
Ломан юьртан стиглахь хьийза куьйра, ТIеман буьрса кхерам санна, Iаьржа. Сацайо сан нанас лесто куьйра, «Кхуввай, кхуввай» — хIора кертахь даьржа. Сийналлино декъалйинчу Iаршахь Ца товш санна хета суна куьйра — Кху сан эвлахь цо шен ижу харжахь, Къежлур ду сан бераллера туьйра. Миска къуьрдиг юьтуш хьере ека, КIорни хьаладаьхьча гIушлакхене, Муха Iийр ву воцуш санна шек а? И диц а деш, муха вер ву хене? Сан бераллин гIаларт когашIуьйра Доьлхур ма ду, буй а хьийзош бIаьрга, Стигал хедош, хьовзахь Iаьржа куьйра, И тарделча санна тIеман хьаьрках… Амма дуьхьалтуьйсу дедайн яххьаш, Хаден бIаьвнаш, баьччин тур а, буьйр а, Хьийза даьлча, цоьстуш лаьмнийн баххьаш, Бумба туху кема санна, куьйра… Хоттане, 1981 шеран бIаьсте
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#680 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Муьргийн цIеша юьзна коьллаш, Декъа шах-ших когаш кIел. ГIаш ду оьгуш уггар тоьлларш, ТIомахь махо дохуш пел. Йоьду, сира стигал хедош, Йоккха жIуга гIаргIулийн. Вовшийн дезар халла къедош, Вайша вовшийн чIогIа зийн. Йогу гIанийн можа алу, ТIе «хIуп» бохуш дерзано. Вайга ваьснийн муьста талу Марзоне ца дерзало. Догу шийла туьтеш тхинан Мажъеллачу бацалахь. Ма къа ду вайн уьйран синан Вай хердалар ла ца лахь. Вайн къастаро тесна Iеха Цкъа а ца леш хир бу-те? ХIара гуьйре — некъ бу беха Суна тIера хьуна тIе… Хоттане, 1981 шеран гуьйре
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|