Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 26.10.2008, 15:05   #661
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Нохчийчоьне..

Нохчийчоь! 1алашбан сайн денойн чам
Йоьссича санна хьо хетало Лаьтта…
Хьан дег1ан цхьа меже — Хоттунхойн лам —
Хьайн куьйга ахь доьг1на чурт санна, лаьтта…

Ахь лайна дуьненан жоьжахатеш,
Амма ца х1оьттина цкъан цкъа а гуора.
Хьайн к1ентий кхалхаран хилла хьо теш,
Уьш лахьте берзо а тоьъна хьан г1ора.

Керлачу хенаша х1ун дахьар-те?
Вай кхоьллинчунна бен и хууш дац-кха.
Дог карзахдийларо-м ийзаво т1е,
Хиндолчун ойлаеш, сагатло цкъацкъа…

Шеконца бех ца йо ас деган ботт:
Со теша, Нохчийчоь, хьо хир ю маьрша…
Хьан ира герз ма ду сан къоман мотт,
Цундела мостаг1ий хир бу юхь1аьржа.

Хоттане, 1982 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 27.10.2008, 01:12   #662
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Зама...

Зама йоьду, шен ма-хуьллу хьаьдда,
Юьхьт1е етташ д1адаьллачун чан.
Йог1ий-кхочий сан оьмаран хьаьтта,
Хийла хадий цо сан ирсан г1ан.

Х1ан-х1а, ц1ерхазамна ас ца биъна
Замане суо къар ца вайта дуй.
Суна дукхе-дукха хьалха хиъна
Лаьттахь иза эшош собар дуй.

Ас цундела хьалха лоьллу маса
Хенан новкъахь сайн поэзин дин,
Б1аьрца маракъуьйлуш лаьмнийн аса,
Т1ехьа дуьтуш сингаттаман 1ин.

Сайн оьмаран чоь мел хиларх готта,
Лало соьга денойн чорда дукъ.
Дезча мостаг1ашна дуьхьалх1отта
Тухур бац ас, кхеравелла, букъ.

Ловр ду дерриг. Амма бу цхьа кхерам:
Х1ун дийр ду ас езар кхетта лахь?
Гихь д1ахьур бу хено сан синкъерам,
Со векалвеш накъост лаца — яхь…

Хоттане, 1981 шеран май
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 27.10.2008, 01:12   #663
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Ца оьшу хьо яздан валла
Баккхалан хIуьмалгех кхин.
Хьайн илли мархашка лалла,
Лаккхаллех долийта и.

Ма гIерта и кара Iамо,
Де-дийне и долош пис.
Ма леца иллица гамо,
Къоламо раз хьаькхча сиз.

Ма марзъе хьарамчу текха
Оьздачу мукъамийн жутт.
Дош яздан къасточохь шекъа,
Ма дицде безаман мутт.

Бакъдерг бен баьрче ма даккха,
Ма тийса дешнашца пал.
Иллина хуур ду тIаккха,
Хастадан Даймехкан хьал.


Ведана, 1980 шеран сентябрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 28.10.2008, 14:26   #664
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Вайшинна юккъехь...

Вайшинна юккъехь ю сийналла х1ордан,
Вайшинна иза мел йинехь а к1орда.

Вайшинна юккъехь ду ченийн к1айн некъаш,
Бецашлахь, г1амаршлахь лаьхьарчех текхаш.

Вайшинна юккъехь ду дарц ж1аьлех леташ,
Б1аьсте а йог1ур ю, патарш а эт1аш.

Вовшашна вай т1етт1а кхочу хан ларъеш,
Вайшинна юккъехь 1а безаман лараш.

Со царна т1ехула вог1ур ву ц1ехьа,
Хьомениг, хьо соьга сатуьйсуш 1ехьа.
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 28.10.2008, 14:27   #665
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Хьуна хьайна

Шатайпа стихаш ас язйийр ю хьуна,
ХIуттаре хуьлуйтуш къастаран хьуна.
Ас хьуна доьллур ду Малхбален кораш,
ЗIаьнаршка хьекхийта хьан уьйтIа нораш.

Ас хьуна дахьар ду Малхбузен беснаш,
Цаьрца товш юй хууш хьан цIегIа беснеш.
Хьан дог ца даккхийта гIайгIане воча,
Ас хьуна седарчий ухкур ду коча.

Веана хьан куьйгийн йовхонна юххе,
Дуьне ас дуьллур ду хьан кераюккъе.
Ас хьуна хазор бац кхин Iоттабаккхам -
Шеконо совгIатна кховдийна баккхал.

ГIур ву со лаьттах я мархашка хьала,
Хилахь сан лулалла лан хьуна хала….
И дерриг дийр ду ас (ца оьшу ела!),
Хьо сайга эсала схьахьаьжна дела.


Хоттане, 1981 шеран февраль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 28.10.2008, 14:28   #666
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Гуьйре...

Гуьйре. Т1ома йолу ойла-хьаша,
Г1арг1улешха стигла йог1ало.
Хьаннех хьерча сира гезгамаша,
Анайист д1ахьулйо дог1ано.

Сагатлур сан я самукъадаьр сан,
Илли кхолла аьтто лоьхуш 1аш?
Амма т1етт1а марсадуьйлу дерз а —
Воьдий, со тхайн кет1а х1утту д1а.

Дерзан туьтеш месаш юккъе леда,
Iоврийн мотт сан когех хьекхало.
Махо лоькху шен т1унъелла шедаг,
Г1арг1улеша стигал къекъайо.

Ткъа со х1унда вели-техьа ара?
Х1окху ткъаршехь х1ун дисна-те сан:
Я гуьйрене «марша я хьо» алар,
Я 1одикъяр пана ойланан?..


Хоттане, 1977 шеран гуьйре
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 29.10.2008, 12:52   #667
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Баркалла со нохчо кхолларна, Дела!
Сица а, ц1ийца а нохчо ву со.
Сан деден б1ов ю сан дозаллин эла,
Эхь-бехк а, г1иллакх а цо суна ло.

Синметтехь 1алашбеш къоман т1е1аткъам,
Т1анк аьлла нохчоллех вуьзна со ву.
Хало т1ех1оьттича, ца бо ас латкъам:
Собар — сан толаман меттамотт бу.

Баркалла, со нохчо кхолларна, Дела!
Ахь д1а ца дайтарна нохчоллин доь.
Лаьттина, лаьттар ю, лаьтта цундела
Маршонан г1ап хилла сан Нохчийчоь!

Хоттане, 1981 шеран февраль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 29.10.2008, 12:53   #668
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Тийналла

Сан дагна тIехула лепаш
Даим а сийналла ю.
Сан байтийн Iаьнарехь дебаш
Мукъаме тийналла ю.

Аренан тийналла, ломан
ГIургIезан мас санна, яйн.
Тийналла хьуьнхарчу Iоман —
Аз доцу весет сан дайн.

Тийналло дарба дой, цкъацкъа
Дерзадо дагчуьра даI.
Амма и ханна бен яц-кха —
Байттамал, байттамал-яI…


Хоттане, 1980 шеран июль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 29.10.2008, 12:53   #669
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Х1унда ду сатийсар гуттар а г1айг1анах ийна?
Вовшашка сатуьйсуш вайшиъ а к1еззиг ца 1ийна…

Цхьа хазахетар ду сагатдар х1ун ду ца хууш —
Хаац-кха, вай х1унда дацара цуьнца 1ан лууш.

Къоначу лехамехь цхьа сонта цакхетам 1аь1на,
Вай хууш дацара атта дуй дахаран маь1на:

Муьлхха вай яккхахь а ирсан раг1 лацаран лоьмар,
Ханна бен яц-кха вай идочу г1уллакхийн оьмар.

Абаде чолхе ю вай дуьхе ца кхиъал цкъа а -
Дуьненчохь хан йоккхуш цунна т1е ца къаьчна цхьа а.

Хеназа хьийзабеш хиндолчун собаре бера,
Гуш йоцчу чаккхене вай ч1ог1а сатийсинера.

Со ч1ог1а реза ву вай иштта тем байна 1ерна,
Хан т1е ма-кхаьччи бен хир доцче сатуьйсуш эрна,

Ца хууш, дахаран жам1аш дар хир доций нийса
Болийна некъ бина валанза — гара я нийса…

Хоттане, 1981 шеран январь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 30.10.2008, 19:09   #670
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Iомо седарчийн ага техкадо,
Махо Iеханийн кохкарш хедадеш.
Батто стигалахь нека чехка до,
Дато нуьрца шен бода меда беш.

Хан дIайоьду ша яьлла Iодара,
Новкъа йоху и шерийн секхаша.
Буьйса йоьссина кху сан кIотара,
Лела IиндагIаш — уьдуш, текхаш а…

Ахьа-м ойланехь васт сан къехкадо,
Луьста доцу хьайн бIаьрхиш ледадеш…
Iомо седарчийн ага техкадо,
Махо Iеханийн кохкарш хедадеш…


Победино, 1979 шеран аьхке
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.