![]() |
|
|
#651 |
|
Вес репутации: 27 |
ГIаргIулийн назма
Хийистехь вайшиъ лардеш, лаьтта гуьйре. Шовдано вота етта тIулгаш тIехь. ДIо мархаш ялош шен зIаьнаршца уьйре, Малх каде хьийза баьлла гIушлакхехь. Лаьттарчу ирсах хьоьгу стигал екош, Хезаш ю къаьхьа назма гIаргIулийн. Вайшиъ цIадоьду, дегнаш вовшех хьегош, Йоццачу ханна кхузахь гар хуьлий… ДIадоьду вайша шен-шен новкъа цIехьа, Хиларх а ший а цхьана юьртахь Iаш. ГIаргIулийн назма вай гуш гIелло гIеххьа, Ма хуьлда-кх и вайн ирсан тIома каш… I977 шеран ноябран I0 де
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#652 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Лекъаш, лекъаш… К1орда ца деш, эшарш лекхна, Сийна аьхке тили т1ех. 1оврийн доьхка юкъах доьхкий, Г1арг1улеш къилбехьа лоьхкуш, Гуьйре чоьхьа г1ерта кех. Некъаш дохкуш баца т1оьхла, Хийла хилла некъийн ох1ла, Даккъаш цоьстуш, лелла со. Къилбе доьлху олхазараш, Шун т1емаш к1ел сан ирс дара, Кхин ирс дуй-те хьаста дог? Лууш ву шу юхадахка Со а, шу а динчу махка, Нехан ареш тосуш д1а. Со-м ма вац сайн махкахь г1ийла, Лууш а вац т1ома вийла, Т1едог1уш Даймехкан 1а… I977 шеран сентябран 24 де
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#653 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Цхьаъ бен йоцург, хьо мичахь ю-те? Де дIадоьду, буьйса йогIу тIе, Шен боданца седарчий а хьоьшуш. Даг чохь башош сингаттаман ша, Мин-минотехь туьйсуш хьоьга са, Со а хуьлда цхьаъ хьо яре хьоьжуш. Цхьаъ бен йоцург сан кху лаьтта тIехь, Мел Iийр ву-те хьан аматийн хехь, Суна цкъа а гина йоцу хьаша? Ахь сан массо ойла дашо йо. Сан байташкахь боьзна яьлла хьо Сатийсамийн сирла гезгамаша. Цхьаъ бен йоцург… Хьо — ас доьIу са. Синхаамаш ас чугулбо цIа. Ала, мичахь ю хьо еха хIусам? Хьо схьалоьхуш, дуьне гездеш кIайн, Мел талламаш бан безахь а сайн, Хьо схьакаро ондда сацам бу сан. Цхьаъ бен йоцург. Ас хьо лохур ю. Со хьо йоцуш вайна ваьлла ву. Хилахь суна вай гале а реза. Со хьоьх хьоьгу шортта шераш ду. Хьо сан уггар коьрта лехам бу. Хьо цхьаъ бен со лууш вац-кха еза. Победино, 1980 шеран январь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#654 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Говрашна го, вайна санна, г1енаш: Сирла 1уьйре, шайн бергаш т1ехь тхи, Шайн баккъаш т1е шийла дог1а 1енаш, Сийна бецаш, дедда доьду хи. Говрашна го, вайна санна, г1енаш: Кхесаш шаръеш, хьоькху къоьжа мох, Хоттах дуьзна боьха, доьхна некъаш, Т1ек1елтоьхна аьхна аре, нох… Хоттане, 1977 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#655 |
|
Вес репутации: 27 |
Адамашка
Цхьанна а гиний-те, буьйсанех иэдеш сан денош, Гуьйрено лайн чимаш, ткъа Iаьно можа гIаш Iенош? Цхьанна а хаьий-те, хьунаре сан болар делош, Мила ю сан некъийн чевнашна дарбанаш лелош? Сахалин-гIайрене муьлхачу кхожо со тесна? Дахаран хеттаршна жоьпаш а ас муха эцна? Адамаш! Мацца-ъ со дIавоьдуш эхартан пана, Ас шуна яржийна юьтур ю сайн иллийн кана. Амма мел лерина листарх сан оьмаран жайна, Цхьанна а хуур дац ас мичахь хIун бала лайна. Цундела ма мотта со ваьхнехь, ца лелош хIилла, Диканах вуон къасто ца хаъал со Iовдал хилла…
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#656 |
|
Вес репутации: 27 |
ДIасакъастар
ЦIерпошт а, эххар а мохь тухуш къаьхьа, Меллаша йолало, со шеца хьош. Гинехь а, куьг ластош ахь сайна тIаьхьа, Ца хези-кх ахь аьлла тIаьххьара дош. Хьо юьтуш, дIавахар ца хилла атта, Цундела бац-кха сан синлазам туьйш… Чкъургаша рельсаш тIехь мел доккху тата Хета сайн дог деттадаларх дIауьйш. ЦIерпошт «Соьлжа-ГIала — Аштаркхне», 1982 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#657 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Кхерстанчах дIатесна шен можа мохк, Четара гIаш Iенош, дIайоьду гуьйре. Вайшиннан безамах хьаьрчина дохк, Шелъелла марзонаш ца йоьрзу уьйре. Сайн аьтто мел бели хьан бIаьрхи ган, Варий со-м месашлахь тIекхеташ кIайн чо. Сан дагна Iеткъахь а Iодикъяр хьан, ГIайгIанах ца йоьтти хьан ойла сайнчо. Ца хаьа, муьлха ду вайшиннах харц, Хуушехь гIалатло хьаьнгара яьлла. Я хьалхалерраниг вайший а дац? Цундела ши кхоллам галморзах баьлла? Йиш хаьлла кхойкхучохь сатийсам — буо, Хьо хьайнна йиси, ткъа иштта со — сайнна… Синошна хаало къастаран хIуо, Безаман шелделла садеIар санна… Хоттане, 1981 шеран август
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#658 |
|
Вес репутации: 27 |
Къена луо
Миска луо-яI, хьох къахета суна. Макхделла хьо, байна хьан кIайн бос. Вовшашна хьо кхуьйсуш, горгдеш буйнахь, Ловзуш ца го арахь берийн цIоз. Ца до цара, хьалха санна, тергал, Ца къерало церан хьоьца са. Ховха бIаьсте мел гIоьрти а герга, ГIеллуш, ахьа-м халла доьIу са. Урамновкъахь, тхов тIехь ду хьо кхачош, ДIадайна хьан чимийн дато аз. Адамаша хоттах юьзна мачаш ЦIанйо хьоьца, когаш хьоькхуш раз. Миска луо-яI, хьох къахета суна. Макхделла хьо, байна хьан кIайн бос. Вовшашна хьо кхуьйсуш, горгдеш буйнахь, Ловзуш ца го арахь берийн цIоз. Даьрг1а, 1975 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#659 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Седарчийн буьйсано биллинчу б1аьрго Тийналлин 1индаг1на ца бетта пе. Сайн дагалецамехь ас лоьху м1аьрго Дуьххьара ялийнарг хьо сайна т1е. Мархаш а к1ад ца ло беттаса къийса, Х1авао шайна т1ехь мел буг1у бохь. Хьан вастан б1арлаг1а тховса а хьийза Мохтиле ца карош сан б1аьргаш чохь. Буц а ю, зезагий оьхкина коча, Баьццарчу юьхьт1ера д1ахьоькхуш тхиш. Бохь-генаш уьйт1арчу хьаьрсачу хьочан Лоькхуш 1а сан дагна хьоьх лаьцна йиш. 1аламан аьзнаша буьйсанан карахь Хьо дагатийсарна кула ца йо. Сан ч1ог1а садукъло г1айг1анан марахь, Ойланийн куьг кочехь ца хилча хьо. Баттана юххера седарчийн хорха Маццалцца хир ю-те сан б1аьргийн стом? Эхарта йоьдуш сайн оьмаран йорг1а, Дин хийца йиш йоцу бере ву со-м… Хоттане, 1980 шеран аьхке
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#660 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Дарц даларх лекхачу ломахь, Махо а лекхарх шок-зурма, И аьрзу ца юху боларх, Цо дег1 шен латтадо кура. Йисарх а т1емаш а дойна, Ницкъ боцуш цу стигла яла, И гур яц г1елйина ойла, Балхабеш шегара бала. Хилла-кха олуш цундела Тохара ахь соьга, нана: «Халонех цкъа а ца кхера Ламанан аьрзунах 1ама…». Хоттане, 1975 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|