![]() |
|
|
#591 |
|
Вес репутации: 27 |
ХIан-хIа, хьо яц суна хийра,
Сан ойла хьоьх чIогIа летта. Со веха, къоначу кийра Малх санна, сатийсам кхетта. Лазамийн некъашца лелла Сан са ду астагIа жимма. ХIоттахь а марзонна къелла, И даим къаръер ю шимма… Дохадеш гIайгIанан Iедал, Хьан ойла ас йоккху маьрша. Марзонийн генаш дIакхеддал Къиза яц заманан аьрша. Хийрачу дегнаша лешош Питанаш, гIийбаташ, хьаьгIнаш, Къастаран шокъалеш эшош, Iаш ду сан безаман гIаьгIнаш. Илланча винарг хьан озо Ца ваьлла верриг а ваьгна. Сайн ирсан секхаIад озо Хьо гича хуьлий со-м хьаьгна… Победино, 1980 шеран февраль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#592 |
|
Вес репутации: 27 |
БIаьстенца вистхуьлуш Iаламан хазалле,
Дегнаш тIе деттачохь зазанийн дарц, ДIабахнарш мичахь бу ма хетта азалле: Эхартан тийналла мотт хууш яц. Хан лелаш, лазамаш дIахьош а, бахьаш а, Шен къиза дола деш хIора а син, Упханаш тIехьара кхелхинчийн яххьаш а Лийчор яц вайн бIаьргийн зIаьнарша кхин. Адамо дола дан йиш йоцчу Iаьршашка Цхьаьннан са хьош дахча Iожаллин дур, Рицкъа дIакхачонза биссинчийн бIаьргашка ГIайгIано хьовзабо Iийжаме кIур… Хоттане, 1981 шеран апрель
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#593 |
|
Вес репутации: 27 |
Со мича гIур ву сайн кхолламах ведда?
Ирсан дитт жимделла, замано кхедда… Дехар дарх, мохь бетташ, исс дуьне Iаддол, Юхнехьа доьрзур дац дахаран татол. Оьмаран йохаллехь мел IаьIна хеттарш, Шеконийн тIелхигаш, моьттинарш, хеттарш Даккхийчу тIулгашха охкало коча, Ас хоьхку поэзин дин, боккхуш воча. Амма со царах сайн лаг даккха мукъа, Цхьаццаберш цецбийларх, сих ца ло дукха: ТерзантIе жамI доккху хан лесташ герга, Царах хир яц-техьа цхьа-ши-кхо герка? Победино, 1979 шеран январь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#594 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Кхерстанчах дIатесна шен можа мохк, Четара гIаш Iенош, дIайоьду гуьйре. Вайшиннан безамах хьаьрчина дохк, Шелъелла марзонаш ца йоьрзу уьйре. Сайн аьтто мел бели хьан бIаьрхи ган, Варий со-м месашлахь тIекхеташ кIайн чо. Сан дагна Iеткъахь а Iодикъяр хьан, ГIайгIанах ца йоьтти хьан ойла сайнчо. Ца хаьа, муьлха ду вайшиннах харц, Хуушехь гIалатло хьаьнгара яьлла. Я хьалхалерраниг вайший а дац? Цундела ши кхоллам галморзах баьлла? Йиш хаьлла кхойкхучохь сатийсам — буо, Хьо хьайнна йиси, ткъа иштта со — сайнна… Синошна хаало къастаран хIуо, Безаман шелделла садеIар санна… Хоттане, 1981 шеран август
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#595 |
|
Вес репутации: 27 |
Нохчийчоьне..
Нохчийчоь! 1алашбан сайн денойн чам Йоьссича санна хьо хетало Лаьтта… Хьан дег1ан цхьа меже — Хоттунхойн лам — Хьайн куьйга ахь доьг1на чурт санна, лаьтта… Ахь лайна дуьненан жоьжахатеш, Амма ца х1оьттина цкъан цкъа а гуора. Хьайн к1ентий кхалхаран хилла хьо теш, Уьш лахьте берзо а тоьъна хьан г1ора. Керлачу хенаша х1ун дахьар-те? Вай кхоьллинчунна бен и хууш дац-кха. Дог карзахдийларо-м ийзаво т1е, Хиндолчун ойлаеш, сагатло цкъацкъа… Шеконца бех ца йо ас деган ботт: Со теша, Нохчийчоь, хьо хир ю маьрша… Хьан ира герз ма ду сан къоман мотт, Цундела мостаг1ий хир бу юхь1аьржа. Хоттане, 1982 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#596 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Яздо ас, ц1ийх иэдеш шекъа, Кехатах дог тешадеш. Сан иллин мог1анаш хьекъа, Токх а еш сан деган беш. Со-м ян а кийча ву ч1аг1о, Теш х1иттош ц1еналла син: Ца еза кехатан аг1о, Къарзъелла яьлча бен и. Верриг а векхалуш сица, Со ле1а ваьлча сайн г1ан, Мог1анаш 1аьржачу ц1ийца Чекхдуьйлу кехатах сан. Гуш хета безачийн яххьаш, Бахначийн эхарта д1а. Сайн лаьмнийн къежделла баххьаш Дага а лоьцуш со 1а. Ца хилла тем леха оьшуш, Даг чу дуьйш мог1анийн х1уш: Уьш ду сан б1аьргаш чу хьоьжуш, Царна чохь шаьш хьекъаш гуш. Шерашна, шаьш идарх генна, Сан башха къинхьегам тайн: 1аьржачу хьаьркашца денна Къарздо ас кехаташ к1айн. Ойланийн зирхан беш хама, Йогу сан син кхерчан ц1е… Т1аьххьарчу илланчийн зама Мацца а кхочур ю т1е. Хир вуй-те со церан декъах? Хир вуй-те сан иллийн теш? Яздо ас, ц1ийх иэдеш шекъа, Кехатах дог тешадеш… Хоттане, 1982 шеран февраль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#597 |
|
Вес репутации: 27 |
Дика а, вон а
Дуьненан дерриг а дика ЦIеххьана деъча сан керта, Деза ас и мича дига, Гергарло цуьнца ца херда? Жоп хеза: «Дакъош деш нийсса, ГIийлачийн керташка тийса». Вон дагIахь, хилла шех уьйриг Iаьржачу хIордал а боккха, Ас хIун де и лаьттахь туьйрриг, Ца хирриг и сакх а, токх а? Жоп хеза: «ЦIе тасий сих хьайн, Цуьнцанна багабе сихха». Хоттане, 1982 шеран май
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#598 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Сонтачу ойланца хьуна петоьхна, Вахара со кхечу марзоне хьаьдда. Соь болу хьан безам, тулгIе а тоьхна, Меллаша дIабайра, тай санна, хаьдда. Хенан мур, со вигнарг хьоьцанна берта, Хьаьрк хилла дIабахна кхолламан жайне. Чекхдаьлла дерриг, со ца оьшу гIерта Хотталуо баха а хаьддачу тайне. Амма шаьш хIинца а гIоране лоьруш Къаьхьачу ойлано дебочохь ваьснаш, ДоIахлахь стимах шаьш лелхарна кхоьруш, Тебна Iа сан дегайовхонан аьзнаш. Сайн дагахьбалламна юьхьдуьхьал воьрзуш, Лаьар-кха, эрна дуй хуушехь сайна, ТIаьххьара со Iехош, соьгахьа йоьрзуш, ТIаьххьарчу бIаьрца ахь мэл баккха хьайна… Дишни-Ведана, 1978 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#599 |
|
Вес репутации: 27 |
Сингаттаме байташ
ГIайренан мехашна ветталуш мара, Эсала аз дагалоьцу ас хьан. Хаьий-те хьуна со мел лууш вара Хьан бIаьра хьаьжначохь даим а Iан. Хаац, со кху пана хIун лоьхуш кхаьчна, Лом санна, дахделла дижинчу Iа? Сан боккха сатийсам кхачийна, баьчна, Ткъа, гIайгIа, бод санна, севсина Iа. Саттосуш зарзъели стигланан чкъуьйриг. «ХIуп» аьлча, суй санна, бутт а дIабай. Охотски хIорда тIехь тулгIений уьйриг Атало, даржадеш шен цинцийн вай. Сира де хьан бIаьргийн бос бахьаш деъна, Куьйсачу кондаро етта шен йорт. Мотталой со хьуна хийисте веъна, Шовданах сан когех хьекхало хIорд. Победино, 1979 шеран октябрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#600 |
|
Вес репутации: 27 |
Бераллин бIарлагIанаш
Акхтарг лаьтта, стигла хьоькхуш нуй, Малхо хьоьсту винчу цIийнан пенаш. Бераллино дагчу тесна суй, Корехь леста боллан сийна генаш… Сан бераллин махехь леста гIаш, Дуьне ма-дду Iена маьлхан борза. ЦIенкъахь ловзу дашо IиндагIаш, Царна тебаш Iа тхан цициг къорза… Серладохуш сан ойланийн ткъес, ГIайби бухахь лепа ненан туьйра. Доггах толлуш дицлур доцу иэс, Сан бералла лела когашIуьйра. Бераллино дагчу тесна суй, Корехь леста боллан сийна генаш… Акхтарг лаьтта, стигла хьоькхуш нуй, Малхо хьоьсту винчу цIийнан пенаш. Хоттане, 1981 шеран май
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|