![]() |
|
|
#571 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Дарц даларх лекхачу ломахь, Махо а лекхарх шок-зурма, И аьрзу ца юху боларх, Цо дегI шен латтадо кура. Йисарх а тIемаш а дойна, Ницкъ боцуш цу стигла яла, И гур яц гIелйина ойла, Балхабеш шегара бала. Хилла-кха олуш цундела Тохара ахь соьга, нана: «Халонех цкъа а ца кхера Ламанан аьрзунах Iама…» Хоттане, 1975 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#572 |
|
Вес репутации: 27 |
Воккхачу стеган хьехамаш..
Ирхенийн халонаш ловш, К1ад ма ло дахаран новкъахь. К1адвалар хьайн меттаххьовш, Ял эца хьайн деган шовкъах. Вуонаша лацахь а гуо, Къар ца луш, г1орта ца эша. Кхиамах 1еха ма луо, Хьайх санна, адамех теша. Д1аяккха дагчуьра вас, Тезета воьдуш я тойне. Т1аккха бен хьо кхочур вац Нуьречу хьайн 1алашоне... Ибрах1им Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#573 |
|
Вес репутации: 27 |
ХIун хилла вайна?
Вайн дегнийн бос х1инца ца хеташ к1айн, Д1ауьду бендацарх д1аийна денош. Т1аьхь-т1аьхьа тидамехь ца хуьлу вайн Бохамехь 1аш верг, шен б1аьрхиш а 1енош. Стигала хьала а ца хьовсу вай, Текхаеш ойланаш, цкъа хилларш т1ома. Кхоамза хедадо вай уьйрийн тай, Бахьанза хиларца вовшашца гома. Марзонаш д1аекъа к1адделла вай, Зарздина г1иллакхаш лардинарш дайша. Са д1а а доьжна, вай хоьхкуш ду гай, Амалш а схьаэцна лелийнарш лайша. Тутмаьж1гаш йоьхкина яххьашна т1е, Шалхонийн к1уьралахь вовшашна къежа. Стаг волчу стагана беттарца пе, Сом вайга кхийдочу к1иллочух теша. Ца хууш дешар дуй дахаран дарц, Лайн чимийн эг1аза худар а хилла, Вай г1ерта Бакъ эшош, толадан Харц, Нийсонна т1едоккхуш ямарта х1илла... Хоттане, 1982 шеран апрель
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#574 |
|
Вес репутации: 27 |
Iаьно сайна ваIда делча лош а, шаш а дала,
Хьожур вара ломан бохь со айбан генна хьала. Нагахь санна, сайгахь сийна хIаваъ хилча шортта, ГIур вара со анайистан доза тIеттIа шордан. Аса-м, тIулгаш лехьош хи тIехь йинчу массо хьерахь, Махкахь алсам доккхур дара дедайн бIаьвнийн терахь. Хьун кхио сайн таро хилча, йоцуш пепнийн къелла, Цунна уллехь юьллур яра ас цхьа нохчийн эвла. Хенан иэсехь дIа ца дойтуш йолуш йолчун доь а, Лаьттахь ас дIахIоттор яра кхин цхьа Нохчийчоь а.
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#575 |
|
Вес репутации: 27 |
Сахалин гIайренах хьаьрчича дохк,
Нохчийчоь, хьо даим го суна гIенах. Тарло хьо суна сайн хьомечу ненах. Хьо марша богIийла, сан хьоме мохк! Ас хьуна гIуллакхдеш баийна гош. Доьху хьоь, беш суна, дас санна, хьехам, Аттачу баккха сан ойланийн лехам. Со цкъа а виц ца ван луо суна дош. Ас байтийн дилханах огур ду и Хаийта, сайн кхоллам буй хьуна муьтIахь… Мох-дорцаш хьекхарх кху гIайренан уьйтIахь, ГIорор дац хьоь болчу безаман хи.
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#576 |
|
Вес репутации: 27 |
Ас дагчохь маьждиг деш, аш йора клуб.
Со цIаре кхийдаш, аш лоьхура гIура. Олура: «Дин ду — хьан ойланийн туп, Ткъа цул а коьрта ю къоман культура». ДоIанан метта аш йоьшура стих. Ас ламаз дечохь аш «зарядка» йора. Гечо а кароле, воккхуш со хих, Сан шира «Iадат» аш доккхура Iуора. Сийсазбан гIертара сан деган малх, Олуш: «Ахь лелориг! ЦIена эхь дац и! Йитахьа юккъерчу бIешерийн чалх, ТIеверза стоьмашна цивилизацин!». Вайн динан серлоне гIертачу сох Аш вора «ширачу боданийн молла». ХIун дийр ду аш, багIахь маршонан мох? Цо хьошур ма ду и шун дегнийн лолла…
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#577 |
|
Вес репутации: 27 |
Чуйожа кечъелча санна Iа стигал
Пепнаша баххьашца сецайо шайн. Мархаша дIакхаьлли беттасин хингал, ХIаваэхь лайн чимаш хьаьвзича дайн. Кехатах тера ю лайн шера аре, Цунна тIехь хьан ларийн йоза ду гуш. Ма гIохьа, ма гIохьа къастаре маре, Дорцо дIахьулдича безаман гIуш. Сайн дагна дарба деш хьун яцахьара, Ас муха ловр яра ахь йина чов? Сан даго ха хорцуш, мох хьаькхча гара, Ма сиха шелъели хьан беснийн тов… Хьо юьгуш, баханчу некъа тIе даьлла, Хьан лараш ягаръеш лайн хьоза го. Безаман малико, ойлане даьлла, Оьгучу лайн чимех седарчий до… Тийналло дIадаьхьча массо а тата, Со деган гIовгIанца хьун екош ву. Сан дегIах хьекхалун лайн чимийн гата Къоьжачу марчонах мел тера ду… Хоттане, 1981 шеран декабрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#578 |
|
Вес репутации: 27 |
Хьекъале латта
Моллас дIанисбешшехь упханийн лами, Шабарца лаьтто а элира «Амин». Коша тIе буттушехь хих буьзна чами, Лаьтто а шабарца элира «Амин». Чурта тIе язъелча стигалан ами, Элира шабарца лаьтто а «Амин». Мохь тоьхнна доIа дан хилча а аьтто, Со теша, и дийр ма дацара лаьтто. Велларг а, шех терра, тийна гуш, атта Кхетара веллачух хьекъале латта. Хоттане, 1980 шеран октябрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#579 |
|
Вес репутации: 27 |
Седарчийн буьйсано биллинчу бIаьрго
Тийналлин IиндагIна ца бетта пе. Сайн дагалецамехь ас лоьху мIаьрго Дуьххьара ялийнарг хьо сайна тIе. Мархаш а кIад ца ло беттаса къийса, ХIавао шайна тIехь мел бугIу бохь. Хьан вастан бIарлагIа тховса а хьийза Мохтиле ца карош сан бIаьргаш чохь. Буц а ю, зезагий оьхкина коча, Баьццарчу юьхьтIера дIахьоькхуш тхиш. Бохь-генаш уьйтIарчу хьаьрсачу хьочан Лоькхуш Iа сан дагна хьоьх лаьцна йиш. Iаламан аьзнаша буьйсанан карахь Хьо дагатийсарна кула ца йо. Сан чIогIа садукъло гIайгIанан марахь, Ойланийн куьг кочехь ца хилча хьо. Баттана юххера седарчийн хорха Маццалцца хир ю-те сан бIаьргийн стом? Эхарта йоьдуш сайн оьмаран йоргIа, Дин хийца йиш йоцу бере ву со-м… Хоттане, 1980 шеран аьхке
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#580 |
|
Вес репутации: 27 |
Дахаран кеп
Дахаран сан денойх кхин цхьаъ а дIа юьстах дели. Атталла, чемхалг а цхьанна а со декхар вац. Гарехь, со хала а, атта а кханенга вели. Цкъачунна хиндолчух дог дилла сан бахьна дац. Къиношна дуьхьал со даим а деш ву сайн товба. ЙоI-бIаьрган са санна, лардо ас сайн къоман сий. Ас шалха дош аьлча, гIелло сан доттагIийн тоба. Ас иллехь Бакъ ийдеш, озало сан мостагIий. Хьараме текхайо шайн оьмарш цхьаболчу наха, Сигаьркийн кIуьралахь хестаеш къаьркъанан кеп. Даймехкан лай хилла везаш ву къонаха ваха. Иштта ю турпалчу дахаран бакъйолу кеп. Талдысай, 1982 шеран июль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|