![]() |
|
|
#541 |
|
Вес репутации: 27 |
Л.Ж.
Хьан деган йийсарехь веха ИбрахIим, Лууш хьан ойланех верриг дIаиэн, Даггара лууш хьо гIенах ган даим, Шеллучу хьозанна бен санна шен. Йохуш сайн ойланийн хорханаш чIана, Лоьхур яц ас хийра марзонаш кхин: Ховхачу хьан дагна со хетчахьана Йогучу гIамаршлахь къурд санна хин. Мацца а, ячделча оьмаран денош, Детташ шайн синзаза дагаден ткъес, Кхолламан догIано тIадамаш Iенош, Iалашдан гIорталахь безаман иэс. Сан кийра тIам тоха баьхьар бац бохам, Ахь кхиош хилча сан ойланийн хIу. Хьан васто дашо беш сан кевнан бIогIам, Бутт даим сан уйтIа кхетта хир бу. Хоттане, 1982 шеран апрель
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#542 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Кхерстанчах дIатесна шен можа мохк, Четара гIаш Iенош, дIайоьду гуьйре. Вайшиннан безамах хьаьрчина дохк, Шелъелла марзонаш ца йоьрзу уьйре. Сайн аьтто мел бели хьан бIаьрхи ган, Варий со-м месашлахь тIекхеташ кIайн чо. Сан дагна Iеткъахь а Iодикъяр хьан, ГIайгIанах ца йоьтти хьан ойла сайнчо. Ца хаьа, муьлха ду вайшиннах харц, Хуушехь гIалатло хьаьнгара яьлла. Я хьалхалерраниг вайший а дац? Цундела ши кхоллам галморзах баьлла? Йиш хаьлла кхойкхучохь сатийсам — буо, Хьо хьайнна йиси, ткъа иштта со — сайнна… Синошна хаало къастаран хIуо, Безаман шелделла садеIар санна… Хоттане, 1981 шеран август
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#543 |
|
Вес репутации: 27 |
ГIаргIулийн назма
Хийистехь вайшиъ лардеш, лаьтта гуьйре. Шовдано вота етта тIулгаш тIехь. ДIо мархаш ялош шен зIаьнаршца уьйре, Малх каде хьийза баьлла гIушлакхехь. Лаьттарчу ирсах хьоьгу стигал екош, Хезаш ю къаьхьа назма гIаргIулийн. Вайшиъ цIадоьду, дегнаш вовшех хьегош, Йоццачу ханна кхузахь гар хуьлий… ДIадоьду вайша шен-шен новкъа цIехьа, Хиларх а ший а цхьана юьртахь Iаш. ГIаргIулийн назма вай гуш гIелло гIеххьа, Ма хуьлда-кх и вайн ирсан тIома каш… I977 шеран ноябран I0 де
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#544 |
|
Вес репутации: 27 |
Тийналла..
Сан дагна т1ехула лепаш Даим а сийналла ю. Сан байтийн 1аьнарехь дебаш Мукъаме тийналла ю. Аренан тийналла, ломан Г1ург1езан мас санна, яйн. Тийналла хьуьнхарчу 1оман — Аз доцу весет сан дайн. Тийналло дарба дой, цкъацкъа Дерзадо дагчуьра да1. Амма и ханна бен яц-кха — Байттамал, байттамал-я1… Хоттане, 1980 шеран июль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#545 |
|
Вес репутации: 27 |
Лекъаш, лекъаш…
К1орда ца деш, эшарш лекхна, Сийна аьхке тили т1ех. 1оврийн доьхка юкъах доьхкий, Г1арг1улеш къилбехьа лоьхкуш, Гуьйре чоьхьа г1ерта кех. Некъаш дохкуш баца т1оьхла, Хийла хилла некъийн ох1ла, Даккъаш цоьстуш, лелла со. Къилбе доьлху олхазараш, Шун т1емаш к1ел сан ирс дара, Кхин ирс дуй-те хьаста дог? Лууш ву шу юхадахка Со а, шу а динчу махка, Нехан ареш тосуш д1а. Со-м ма вац сайн махкахь г1ийла, Лууш а вац т1ома вийла, Т1едог1уш Даймехкан 1а… I977 шеран сентябран 24 де
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#546 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Хьо дIайоьду, денойн уьйриг керчош, Цуьнах дуцуш некъан керла тай. Хьан аматаш ойланашла хьерчош, Сох а хили сингаттаман лай. Хаац хIунда, хьо, сихъелла йоьдуш, Ас багарбо ахь мел боккху ког? Малхо анайисте хьаьдда боьдуш, ТIекIел даьккхи хьоьх сан дуьзна дог. Хьо сан мила ю-те хаьа хьанна? Шовда бен вайн уьйран вуй-те теш? Ахь ду эли хIара къастар ханна, КIира даьлча цIаяр хьехадеш. КIеза санна, идда хьуна тIаьхьа, КIад а белла, мох а кхечи схьа. ХIинца иза, ойланаш еш къаьхьа, ХьаьжкIаш санна, дитташ тилош Iа. ДIагIо тIаккха, некъ нисбойла Дала. ГIайгIа сан хьан некъан накъост ю. Хаац суна-м, кхин ас хьоь хIун ала, Ша ца алахь хьо — сан дахар ду… Ведана, 1981 шеран ноябрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#547 |
|
Вес репутации: 27 |
Нене...
Корталица хьайн букъ т1е д1авоьхкий, Нана, ахь со лелавора гихь. Нана, и сан дечган ага техкош, Соь наб яйта, наб ца йора ахь. Хьо-м таханаъ юьжуш яц хьайн хенахь, Сагатдо ахь. Йо ахь ойланаш. Реза яц хьо хиларна со генахь, Хьело бохуш новкъахь кехаташ. Суьйре еъча, цу вайн корах ц1ийнан Детташ хьочо шен баьццара га, Т1ам кагбелла хьоза санна, тийна, Соне хоий, хьо г1айг1ане 1а… Хьан ц1аро бен ца бохби сан когаш, Нана, ахь латий сан дагчохь ц1е. Ас сайн х1ара салтичун погонаш Хьоь наб яйта тегна белшаш т1е. Победино, 1978 шеран август
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#548 |
|
Вес репутации: 27 |
Дика а, вон а
Дуьненан дерриг а дика ЦIеххьана деъча сан керта, Деза ас и мича дига, Гергарло цуьнца ца херда? Жоп хеза: «Дакъош деш нийсса, ГIийлачийн керташка тийса». Вон дагIахь, хилла шех уьйриг Iаьржачу хIордал а боккха, Ас хIун де и лаьттахь туьйрриг, Ца хирриг и сакх а, токх а? Жоп хеза: «ЦIе тасий сих хьайн, Цуьнцанна багабе сихха». Хоттане, 1982 шеран май
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#549 |
|
Вес репутации: 27 |
Къена луо
Миска луо-я1, хьох къахета суна. Макхделла хьо, байна хьан к1айн бос. Вовшашна хьо кхуьйсуш, горгдеш буйнахь, Ловзуш ца го арахь берийн ц1оз. Ца до цара, хьалха санна, тергал, Ца къерало церан хьоьца са. Ховха б1аьсте мел г1оьрти а герга, Г1еллуш, ахьа-м халла доь1у са. Урамновкъахь, тхов т1ехь ду хьо кхачош, Д1адайна хьан чимийн дато аз. Адамаша хоттах юьзна мачаш Ц1анйо хьоьца, когаш хьоькхуш раз. Миска луо-я1, хьох къахета суна. Макхделла хьо, байна хьан к1айн бос. Вовшашна хьо кхуьйсуш, горгдеш буйнахь, Ловзуш ца го арахь берийн ц1оз. Даьрг1а, 1975 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#550 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Сан дашо сахьт ду-кха стоьла т1ехь 1уьллуш, Стомара дуьйнна д1а иза-м ду сецна. Ши цхьамза лаьтташ бу — к1адбелла-те уьш? Ас дулахь, сахьт дола лур дуй-те хецна? Моттало, сахьт санна, сецна 1а зама, Амма и бакъ дац-кха — и йоьду хьаьдда. Йоьду и сов сиха гуш йоцчу пана, Челакха дин санна, реманах хаьдда. Зама сан сахьтаца лелаш елар-кха, Сан сахьтан цхьамзанаш шен архаш йолуш. Т1аккха и даим сан карахь хир яр-кха, Шен сацар, д1аяхар соьх доьзна долуш. Сайн сахьтан цхьамзанаш юха хьовзийна, Д1адахна б1ешераш ас луьстур дара. Д1аяхна и зама ерриг а зийна, Ас цуьнах лаьцна цхьа байт язйийр яра. Х1ан-х1а, и хир дац-кха! Сатийсар — эрна! Дуьйцуш а хета и туьйранах тера. Геннара дуьйнна схьа к1ад ца луш йог1ург Сахьто а сацор яц, дойтуш ша боххург. И-м чехка йоьдуш ю, шен чабол эцна, Цхьа бере вац цунна лаьттахь нуьйр туьллуш… Стомара дуьйнна д1а к1адделла сецна Сан дашо сахьт ду-кха стоьла т1ехь 1уьллуш… Хоттане, I973 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|