![]() |
|
|
#511 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Хьо дIайоьду, денойн уьйриг керчош, Цуьнах дуцуш некъан керла тай. Хьан аматаш ойланашла хьерчош, Сох а хили сингаттаман лай. Хаац хIунда, хьо, сихъелла йоьдуш, Ас багарбо ахь мел боккху ког? Малхо анайисте хьаьдда боьдуш, ТIекIел даьккхи хьоьх сан дуьзна дог. Хьо сан мила ю-те хаьа хьанна? Шовда бен вайн уьйран вуй-те теш? Ахь ду эли хIара къастар ханна, КIира даьлча цIаяр хьехадеш. КIеза санна, идда хьуна тIаьхьа, КIад а белла, мох а кхечи схьа. ХIинца иза, ойланаш еш къаьхьа, ХьаьжкIаш санна, дитташ тилош Iа. ДIагIо тIаккха, некъ нисбойла Дала. ГIайгIа сан хьан некъан накъост ю. Хаац суна-м, кхин ас хьоь хIун ала, Ша ца алахь хьо — сан дахар ду… Ведана, 1981 шеран ноябрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#512 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Дацдала дуьйлало денош, Яссало гуьйренан хIусам. Дитташа, можа гIаш Iенош, Мехашна Iамабо узам. КIадделла догIу сан болар Тачанийн текхаргех къехка. Стиглара массо а кхолар Сан дагтIехь йочанех техка. Буьртигаш даточу тхинан Ца догу даттанан цIергахь… Ас хIун де гатлучу сина И хилча цхьаллина гергахь? Победино, 1979 шеран октябрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#513 |
|
Вес репутации: 27 |
Шовданан йиш...
Шатайпа ду шовда — шен аз ца хуьйцуш, Даим цхьанаэшшара охьаихна и. ДIадовларх бIешераш, кортош а туьлуш, Шовда-м ду лоькхуш шен къан ца ло йиш. ХIара шовда цкъа мацах сан деден дас а Мелла хир канашкахь, Iабош шен дог. Цу хенан мехаша къажйина хьаннаш Заманан тукаро кхедина го. Хийцамийн зил буьтуш горгачу лаьттахь, Адамех хийламмо тIеэцна каш. И тIулган бIаьвнаш а замано аьтта, Лаьттах дIашарделла дай кхаьбна кхаш. Ткъа хIунда ца лекъна ламанан шовда, Къамкъарг а якъалуш, хелаш шен йиш? Лаьмнийн цу кийрахь а хIорд бу-те боккха, ТIекхоьхьуш шовданна дарбане хиш? Массо а заманан бакъдолу верас Ду боху шовдано шен шийла хи-м… Хетало цо лоькху йиш а цундела Лендоцчу дахарна лерина гимн!.. Хоттане, 1974 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#514 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Цомгаш хуьлу дитташ гурахь, Шийла чарп тIейогIий хоршин. Ца латтарна шайна бухахь Вайша, бIаьра хьоьжуш вовшийн. Дитташ цомгаш хуьлу гурахь, БIаьрса гIеллуш, лагIлуш хазар. Хоттаничохь, ДаьргIахь, Гуьнахь – Массанхьа ду диттийн лазар. Хуьлу дитташ цомгаш гурахь, Ла ца яллал мехийн Iиттарш. Хьан сурт гича ирсан гурахь, Толур ду Даймехкан дитташ. Хоттане, 1974 шеран ноябрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#515 |
|
Вес репутации: 27 |
Девеше...
Гина вац хьо дийна волуш суна, Я ца девза ахь даьхна хьуьнарш. Аш, б1аьхоша, маршо яккха тхуна, Лардина вайн мехкан латтанаш. Яийтира Даймахко повестка, Шен мог1аршка кхойкхуш г1уллакх дан. «Нана, ахьа са ма гатде, кестта Воьрзур ву со толамца вайн ц1а», — Уьш дара хьан т1аьххьарлера дешнаш… Т1ом д1абаьлла яьлла дуккха хан. Оцу т1амо алсамдехи кешнаш, Чевнаш йи цо нанойн дегнашна. Т1амо витац, хиларх цхьанхьа доьшуш, Къестабац поэташ, артисташ. Хиларх нана хьан ц1ахь хьоьга хьоьжуш, Дог сацош, цо кийра дутту даш… Машаре бу стиглахь х1ора седа, Беттан серло дебон г1ерта тхи… И тхи дуй-те, шу д1ахьовсош, х1етахь Наной б1аьргех дийлла долу хи… Хоттане, 1975 шеран июнь беттан 22 де
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#516 |
|
Вес репутации: 27 |
«Беза толам я ирс деза хьуна?» —
Хаттахь сайга, жоп лур ду ас хьаннаъ: «Х1уммаъ хьашт дац суна-ма цкъачунна, Сайн къоналла сайца хилчахьана. Сан ког х1инцаъ луьйтана чохь бу. Шен лаамехь говр д1ахецна, хьалха Вог1уш ву со. Дерриг хьалха ду. Хилахь сайна тоъал зама нагахь, Ирс ас сайна цхьаьнхьа лоцур ду, Толаме а кхача хьожур ву». Хоттане, 1976 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#517 |
|
Вес репутации: 27 |
Боллан дитте
Боллан диттан лайно къеждо генаш, Даг т1е туьйсуш йовхо йоцу г1енаш. Генийн кийрахь б1аьста идда мутта, Моьттур дац хьо лекъна хир ду гуттар! Лаьтта бухахь боллан къона орам Меттах ца хьов, хилча санна хорам. Б1аьста малхе кхийдаш хилла бохь а Х1инца г1ийла кхозу лаьтта охьа. Йицйи-те ахь, балл, хьайн къона зама, Хала ду хьуна шело эшон 1ама? Лаац хила хьо дорцана къера, Цуьнца къийсам латтабе, ма кхера! Гулдай дерриг хьайгахь хилла г1ора, Лаьттах йовхо ийзош, денбе орам. Хиларх х1ун ду хьо цкъачунна къоьжа: Маьлхан б1аьрг хьоь дегайовхонца хьоьжу — Кийча хила дег1 хьайн малхе даккха! Кийча хила б1аьста зазадаккха! Хоттане, 1978 шеран апрель
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#518 |
|
Вес репутации: 27 |
Керла луо...
1. Керла луо — дуьххьарчу шелонан пардо — Ахь латта г1орадеш, сий 1аьнан лардо. Хьо-м 1уьллу сапарг1ат, сов к1еда, аьхна. Шовдано хийлазза хьоьх иллеш даьхна. Ахь баххьийн куйнашна тир йоккхуш гонах, Дайн лаьмнаш къеждо-кха, буц къежйо къона. Гуьйренан куза т1ехь яржаеш ж1амарш, Хьайга мел хьаьжначе бойту ахь тамаш. Суьйранна бутт кхетча, серсаеш серло, Седарчийн серлонгахь хьо даим сенло. Керла луо… Сан дагт1ехь дахаран пардо Кхолламо сурт х1иттош, ойлано дардо. Цкъа айдеш сан дагар, цкъа шелбеш кийра, Со вахчош дахаро, хетац хьо хийра… 2. Керла луо… Салазо г1о хьоькхуш гара, Деха ши сиз дуьту сов к1айнчу арахь. Шовданан хьожа йог1уш керлачу лайнах, Цо токхвеш, мел беха некъ аса лайна. Салазан сиз хадош, некъ буьллуш 1инчу, Экханан лар яхна сирлачу хьуьнчу. Керла луо… Турпалчу сайн халкъан кийра Некъ билла сатуьйсуш со х1инццалц 1ийна. Лууш ву беркато сайн кхане екхо, Г1уллакхийн х1у тосуш Нохчийчоь хьекъо. Лай т1ера экханан лар санна, къаьсташ Хилийта лууш ву Даймехкан б1аьстеш. 1ожалле г1о хьаькхна, додарх сан дахар, Сан кхиэлан пайде сиз дуьсур ду даха. Хоттане, I973 шеран январь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#519 |
|
Вес репутации: 27 |
Сайн нене...
Хебарша юьхь-сибат оху хьан, нана, Шераша месаш йо хьан т1етт1а сир. Сиркхонийн халбата хьо хиъчахьана, Хаьдда сан къоначу синтеман тхир. Комаьрша догучу хьан дагна гонах Дикалло яьккхина шен дашо тир. Ас дагахь 1амийна хьан амат къона, Къизачу хене и ца дайта шир. Сан нана, мел жима яр-кха хьо х1етахь. Ма сиха д1аели и мерза хан! Х1инца-м хьо хеназа алсам 1а меттахь, Хорам беш йогучу ойланна сан. Халла бен ца йолу уча я ара, Шеконца хьайн дег1е ладоьг1уш 1а. Ас х1ун дан дезар-те хьо яцахьара? Х1ун дийр ду-техьа ас хьо йодахь д1а? Хьо лаза хьакхийча, ас бала лов-кха, Гу санна, лахло-кха сан хьаштийн лам… Хьоьл хьалха вер ву со т1аьххьарчу новкъа, Хьоьл т1аьхьа дуьненах ца баккха чам... Хоттане, 1981 шеран апрель
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#520 |
|
Вес репутации: 27 |
Зама...
Зама йоьду, шен ма-хуьллу хьаьдда, Юьхьт1е етташ д1адаьллачун чан. Йог1ий-кхочий сан оьмаран хьаьтта, Хийла хадий цо сан ирсан г1ан. Х1ан-х1а, ц1ерхазамна ас ца биъна Замане суо къар ца вайта дуй. Суна дукхе-дукха хьалха хиъна Лаьттахь иза эшош собар дуй. Ас цундела хьалха лоьллу маса Хенан новкъахь сайн поэзин дин, Б1аьрца маракъуьйлуш лаьмнийн аса, Т1ехьа дуьтуш сингаттаман 1ин. Сайн оьмаран чоь мел хиларх готта, Лало соьга денойн чорда дукъ. Дезча мостаг1ашна дуьхьалх1отта Тухур бац ас, кхеравелла, букъ. Ловр ду дерриг. Амма бу цхьа кхерам: Х1ун дийр ду ас езар кхетта лахь? Гихь д1ахьур бу хено сан синкъерам, Со векалвеш накъост лаца — яхь… Хоттане, 1981 шеран май
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|