![]() |
|
|
#41 |
|
Вес репутации: 11 |
Дехар...
Г1ертац со тийналлехь Шовданчу варжа. Д1о-о малх-м сийналлехь Сох боьлийц, маржа… Гуш юй хьо: дог кхехка, Синтем ца лайна. Яций хьо сох къехкаш, Тем лехна хьайнна?.. Сайн даг т1ехь ас х1оккхул Да1 лайчаъ дехха, Доццушехь и доккха, Сов ду-кх сан дехар. Дарвелла малх цесттал, Со-м хьийза воьхна: Буй-те и малх ц1еста Хьох куьйгаш тоьхна? Иэделла хьан вастах Сайн дош кароза, Барт боккхуш, хьо хьаста Хир юй таро сан? Гуш юй хьо дог кхехкар, Синтем ца лайна? Доьху сайх ца къехкар, Тем лоьхуш хьайнна. Дарвелла, малх цесттал, Со-м хьийза воьхна. Хир бу-кх и малх ц1еста Хьох куьйгаш тоьхна… Ведана, 1978 шо
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#42 |
|
Вес репутации: 2 |
Эххар ас сацам би дахаран хьаьттахь:
«Даго бен дог 1абош ца хилла лаьттахь»...
|
|
|
|
#43 | |
|
Вес репутации: 9 |
Цитата:
ТурпалНай,ма бакъдац хай хьун из,только такие чистые сердцем и душой люди,как Ибрах1им так думают,а в жизни,к сожaлению все наоборот.Хьо адман дог эца мел вулу,кхи-ъ ч1ог1а юхах бовлу уьш!!!Конечно,не навязываю,но убеждалась... |
|
|
|
|
#44 |
|
Вес репутации: 2 |
со яр изам, цундел дац адамийн дог эцар мелехь?!!! и атта х1ум ду аса ца бох...юха мел хаза хулу хьуна ма хаьа цхьан адмий дог дик дич
|
|
|
|
#45 |
|
Вес репутации: 11 |
Вa, Мaдинa, мa бaкъ луьйш ю-kх хьo! Вaллaх1и хуьлa-kх дуkх ч1oг1a хaзa-м aдaмийн дoг диka дичa!
Эх1, сo нoвkъaхь яцхьaри шoрттa яздийр дaрa хьунa aсa! ![]()
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#46 |
|
Вес репутации: 11 |
Лекъаш, лекъаш…
К1орда ца деш, эшарш лекхна, Сийна аьхке тили т1ех. 1оврийн доьхка юкъах доьхкий, Г1арг1улеш къилбехьа лоьхкуш, Гуьйре чоьхьа г1ерта кех. Некъаш дохкуш баца т1оьхла, Хийла хилла некъийн ох1ла, Даккъаш цоьстуш, лелла со. Къилбе доьлху олхазараш, Шун т1емаш к1ел сан ирс дара, Кхин ирс дуй-те хьаста дог? Лууш ву шу юхадахка Со а, шу а динчу махка, Нехан ареш тосуш д1а. Со-м ма вац сайн махкахь г1ийла, Лууш а вац т1ома вийла, Т1едог1уш Даймехкан 1а… I977 шеран сентябран 24 де
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#47 |
|
Вес репутации: 11 |
Дерриг дицди… Кхийдац со кхин ирсан ц1аре.
Суо 1аш ву со, кху тийналлех буьзна б1аьрг. Х1етте а, со-м ву сатуьйсуш цхьа йо1 гаре, Ца хууш ерг сан дахаран цхьа а хьаьрк. Цуьнан дуьхьа сайн г1уллакхаш д1а а тесна, Со шайх хьегна дерриг хьашташ довлуш сов, Цунна коч ян тоьлла дари, махмар эцна, Кхочур вара и 1аш йолчу юьрта со. Цунна т1аьхьа, гезъеш луьста, акха хьаннаш, Г1ур вара со, дорцехь техкош ага син… …Хир вара со тоьаш, тера хилчахьанна Ас цкъа мацах бехках лар ца йинчух и… Хоттане, 1977 шо
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#48 |
|
Вес репутации: 9 |
Нохчийчоьне
Нохчийчоь! Iалашбан сайн денойн чам Йоьссича санна хьо хетало Лаьтта… Хьан дегIан цхьа меже — Хоттунхойн лам — Хьайн куьйга ахь доьгIна чурт санна, лаьтта… Ахь лайна дуьненан жоьжахатеш, Амма ца хIоьттина цкъан цкъа а гуора. Хьайн кIентий кхалхаран хилла хьо теш, Уьш лахьте берзо а тоьъна хьан гIора. Керлачу хенаша хIун дахьар-те? Вай кхоьллинчунна бен и хууш дац-кха. Дог карзахдийларо-м ийзаво тIе, Хиндолчун ойлаеш, сагатло цкъацкъа… Шеконца бех ца йо ас деган ботт: Со теша, Нохчийчоь, хьо хир ю маьрша… Хьан ира герз ма ду сан къоман мотт, Цундела мостагIий хир бу юхьIаьржа. Хоттане, 1982 шеран март |
|
|
|
#49 |
|
Вес репутации: 9 |
Куьйра
Ломан юьртан стиглахь хьийза куьйра, ТIеман буьрса кхерам санна, Iаьржа. Сацайо сан нанас лесто куьйра, «Кхуввай, кхуввай» — хIора кертахь даьржа. Сийналлино декъалйинчу Iаршахь Ца товш санна хета суна куьйра — Кху сан эвлахь цо шен ижу харжахь, Къежлур ду сан бераллера туьйра. Миска къуьрдиг юьтуш хьере ека, КIорни хьаладаьхьча гIушлакхене, Муха Iийр ву воцуш санна шек а? И диц а деш, муха вер ву хене? Сан бераллин гIаларт когашIуьйра Доьлхур ма ду, буй а хьийзош бIаьрга, Стигал хедош, хьовзахь Iаьржа куьйра, И тарделча санна тIеман хьаьрках… Амма дуьхьалтуьйсу дедайн яххьаш, Хаден бIаьвнаш, баьччин тур а, буьйр а, Хьийза даьлча, цоьстуш лаьмнийн баххьаш, Бумба туху кема санна, куьйра… Хоттане, 1981 шеран бIаьсте |
|
|
|
#50 |
|
Вес репутации: 9 |
Сихаллехь дицдина весеташ дайн,
Алийша, махкахой, вай мича хьаьвдда? Гонаха бIаьрг тоха хан яц-те вайн? Ма чIогIа цIубдо вай дуьненан хьаьвда? Хьомечу дайн лаьттах сан лазам бу. И бу ас гуттар а сайн кийрахь къуьйлуш. Со иза иллешкахь дIакхайкхош ву, Сих-сиха Даймахках дага а вуьйлуш, Хийлазза: «Замано ерзайо чов», Бохуш, аш сан лерехь «зурманаш» лекхна. Де-дийне сеттина лаьтта дIо стов, Теш бу сан бераллин дIо берд а текхна. Мичахь ду цаьршинна лерина гIо? Дийцаре дийцина «заманан дарба»? Стов шена чохь кхиъна хьун гIийла го, Текхна берд хьанна а атта бу къарбан. Цхьабакъду, хено ша ерзаяхь чов, Ерзор ю вай гIодахь и ерзо цунна. Хьурмато къовлур ду шен дашо ков Бендацарх хIайкал дан мел гIертачунна. Iаьржа бос — Iаьржа бу, ткъа кIайниг — кIайн. Ма лара цхьатерра марзо а, стим а. Кийрара саьхьарло дIаяккха шайн, Юкъарчу гIуллакхийн ойлае жимма! Хьаж-цIийнах таръелла кертара беш. Вайх хIора дан гIерта Iар-дахар атта. Iаламан чевнашна ваьш дарба деш, Ларде вай, махкахой, Даймехкан латта. Соьлжа-ГIала, 1980 шеран август |
|