Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 03.09.2008, 12:47   #471
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Дехар...

Г1ертац со тийналлехь
Шовданчу варжа.
Д1о-о малх-м сийналлехь
Сох боьлийц, маржа…

Гуш юй хьо: дог кхехка,
Синтем ца лайна.
Яций хьо сох къехкаш,
Тем лехна хьайнна?..

Сайн даг т1ехь ас х1оккхул
Да1 лайчаъ дехха,
Доццушехь и доккха,
Сов ду-кх сан дехар.

Дарвелла малх цесттал,
Со-м хьийза воьхна:
Буй-те и малх ц1еста
Хьох куьйгаш тоьхна?

Иэделла хьан вастах
Сайн дош кароза,
Барт боккхуш, хьо хьаста
Хир юй таро сан?

Гуш юй хьо дог кхехкар,
Синтем ца лайна?
Доьху сайх ца къехкар,
Тем лоьхуш хьайнна.

Дарвелла, малх цесттал,
Со-м хьийза воьхна.
Хир бу-кх и малх ц1еста
Хьох куьйгаш тоьхна…

Ведана, 1978 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 04.09.2008, 22:26   #472
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Лекъаш, лекъаш…
К1орда ца деш, эшарш лекхна,
Сийна аьхке тили т1ех.
1оврийн доьхка юкъах доьхкий,
Г1арг1улеш къилбехьа лоьхкуш,
Гуьйре чоьхьа г1ерта кех.

Некъаш дохкуш баца т1оьхла,
Хийла хилла некъийн ох1ла,
Даккъаш цоьстуш, лелла со.
Къилбе доьлху олхазараш,
Шун т1емаш к1ел сан ирс дара,
Кхин ирс дуй-те хьаста дог?

Лууш ву шу юхадахка
Со а, шу а динчу махка,
Нехан ареш тосуш д1а.
Со-м ма вац сайн махкахь г1ийла,
Лууш а вац т1ома вийла,
Т1едог1уш Даймехкан 1а…

I977 шеран сентябран 24 де
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 04.09.2008, 22:26   #473
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Х1унда ду сатийсар гуттар а г1айг1анах ийна?
Вовшашка сатуьйсуш вайшиъ а к1еззиг ца 1ийна…

Цхьа хазахетар ду сагатдар х1ун ду ца хууш —
Хаац-кха, вай х1унда дацара цуьнца 1ан лууш.

Къоначу лехамехь цхьа сонта цакхетам 1аь1на,
Вай хууш дацара атта дуй дахаран маь1на:

Муьлхха вай яккхахь а ирсан раг1 лацаран лоьмар,
Ханна бен яц-кха вай идочу г1уллакхийн оьмар.

Абаде чолхе ю вай дуьхе ца кхиъал цкъа а -
Дуьненчохь хан йоккхуш цунна т1е ца къаьчна цхьа а.

Хеназа хьийзабеш хиндолчун собаре бера,
Гуш йоцчу чаккхене вай ч1ог1а сатийсинера.

Со ч1ог1а реза ву вай иштта тем байна 1ерна,
Хан т1е ма-кхаьччи бен хир доцче сатуьйсуш эрна,

Ца хууш, дахаран жам1аш дар хир доций нийса
Болийна некъ бина валанза — гара я нийса…

Хоттане, 1981 шеран январь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 04.09.2008, 22:27   #474
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Седарчийн буьйсано биллинчу б1аьрго
Тийналлин 1индаг1на ца бетта пе.
Сайн дагалецамехь ас лоьху м1аьрго
Дуьххьара ялийнарг хьо сайна т1е.

Мархаш а к1ад ца ло беттаса къийса,
Х1авао шайна т1ехь мел буг1у бохь.
Хьан вастан б1арлаг1а тховса а хьийза
Мохтиле ца карош сан б1аьргаш чохь.

Буц а ю, зезагий оьхкина коча,
Баьццарчу юьхьт1ера д1ахьоькхуш тхиш.
Бохь-генаш уьйт1арчу хьаьрсачу хьочан
Лоькхуш 1а сан дагна хьоьх лаьцна йиш.

1аламан аьзнаша буьйсанан карахь
Хьо дагатийсарна кула ца йо.
Сан ч1ог1а садукъло г1айг1анан марахь,
Ойланийн куьг кочехь ца хилча хьо.

Баттана юххера седарчийн хорха
Маццалцца хир ю-те сан б1аьргийн стом?
Эхарта йоьдуш сайн оьмаран йорг1а,
Дин хийца йиш йоцу бере ву со-м…

Ибрах1им Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 07.09.2008, 22:57   #475
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Нене...

Корталица хьайн букъ т1е д1авоьхкий,
Нана, ахь со лелавора гихь.
Нана, и сан дечган ага техкош,
Соь наб яйта, наб ца йора ахь.

Хьо-м таханаъ юьжуш яц хьайн хенахь,
Сагатдо ахь. Йо ахь ойланаш.
Реза яц хьо хиларна со генахь,
Хьело бохуш новкъахь кехаташ.

Суьйре еъча, цу вайн корах ц1ийнан
Детташ хьочо шен баьццара га,
Т1ам кагбелла хьоза санна, тийна,
Соне хоий, хьо г1айг1ане 1а…

Хьан ц1аро бен ца бохби сан когаш,
Нана, ахь латий сан дагчохь ц1е.
Ас сайн х1ара салтичун погонаш
Хьоь наб яйта тегна белшаш т1е.

Победино, 1978 шеран август
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 07.09.2008, 22:58   #476
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Дика а, вон а

Дуьненан дерриг а дика
ЦIеххьана деъча сан керта,
Деза ас и мича дига,
Гергарло цуьнца ца херда?
Жоп хеза: «Дакъош деш нийсса,
ГIийлачийн керташка тийса».
Вон дагIахь, хилла шех уьйриг
Iаьржачу хIордал а боккха,
Ас хIун де и лаьттахь туьйрриг,
Ца хирриг и сакх а, токх а?
Жоп хеза: «ЦIе тасий сих хьайн,
Цуьнцанна багабе сихха».


Хоттане, 1982 шеран май
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 08.09.2008, 11:40   #477
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Гуьйренан сибат

Меллаша тIесерса дерз а,
Сов юькъа яьржина дохк.
Аьхкенан де, юхадерза!
Шелделла сан дог де дох.

Миччара! Чкъург керчош, хено,
Бицбойтуш цIерпоштан мохь,
Шен новкъа чаккхармаш Iенош,
Сан дагтIехь бити-кх цхьа муо.

И муо бу аьхкенах къастар,
Ла ца луш гуьйренан ткъарш.
БIаьрсинна гIаргIулеш къаьста,
Хедаеш стигалан Iарш.

Дерзинчу дитташ тIе дегза
Ледадеш тIадмаш-туьтеш,
Меллаша тIесерса дерза
ГIаргIулийн бIаьрхиш ду-те?



Хоттане, I973 шеран октябрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 08.09.2008, 11:41   #478
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
К1айн ойла
(Дуриев Рамзане)

Мокха ойла ас мархашка хохку.
Сийна ойла 1алац доцчохь хи.
1аьржа ойла ю сан латта охкуш.
К1айн ойла ю шуьца, доттаг1ий.

К1айн ойла ю доккхуш денна заза.
Латор бу цо, к1ентий, мерза стом.
Чомана а хир бу мазал мерза,
Маьлхан басахь догуш г1орг1а чкъор.

Кхоьру, вайна юккъе херо йоьлла,
Шун бехкенна, сан бехкенна я,
Заза лаьтта дужуш, сан к1айн ойла,
Стом ца латош,1ахар йисарна…

Хоттане, 1976 шеран май
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 09.09.2008, 13:14   #479
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Хуьлу дитташ, шаьш ца латош стоьмаш,
Ткъа уьш цкъа а цхьаммо ца до тергал.
Уьш ма лаьтта кхечу диттех хьоьгуш,
Шайн гIаш эгош, стаг ца вогIуш герга.

Мел дукха хан токхуш, шаьш дIалаттарх,
Муьста, мерза цара стом ца белла.
Халахета нах нисбалар лаьттахь
Шайн ойланийн заза маргIалделла.


Хоттане, 1973 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 09.09.2008, 13:15   #480
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Ю геннахь цхьанхьа цхьа серло —
Буьйсанна латийна цIе.
Зезагах и техка денлой,
Со воьху цо шена тIе.

ТIевахча со улле цунна,
Схьахеза цо доьIу са.
Шен йовхо цо муьлххачунна
Ца кхоош, даим ло дIа.


Хоттане, I976 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.