Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 24.08.2008, 14:33   #431
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Лекъаш, лекъаш…
К1орда ца деш, эшарш лекхна,
Сийна аьхке тили т1ех.
1оврийн доьхка юкъах доьхкий,
Г1арг1улеш къилбехьа лоьхкуш,
Гуьйре чоьхьа г1ерта кех.

Некъаш дохкуш баца т1оьхла,
Хийла хилла некъийн ох1ла,
Даккъаш цоьстуш, лелла со.
Къилбе доьлху олхазараш,
Шун т1емаш к1ел сан ирс дара,
Кхин ирс дуй-те хьаста дог?

Лууш ву шу юхадахка
Со а, шу а динчу махка,
Нехан ареш тосуш д1а.
Со-м ма вац сайн махкахь г1ийла,
Лууш а вац т1ома вийла,
Т1едог1уш Даймехкан 1а…

I977 шеран сентябран 24 де
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 25.08.2008, 15:00   #432
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Дехар...

Г1ертац со тийналлехь
Шовданчу варжа.
Д1о-о малх-м сийналлехь
Сох боьлийц, маржа…

Гуш юй хьо: дог кхехка,
Синтем ца лайна.
Яций хьо сох къехкаш,
Тем лехна хьайнна?..

Сайн даг т1ехь ас х1оккхул
Да1 лайчаъ дехха,
Доццушехь и доккха,
Сов ду-кх сан дехар.

Дарвелла малх цесттал,
Со-м хьийза воьхна:
Буй-те и малх ц1еста
Хьох куьйгаш тоьхна?

Иэделла хьан вастах
Сайн дош кароза,
Барт боккхуш, хьо хьаста
Хир юй таро сан?

Гуш юй хьо дог кхехкар,
Синтем ца лайна?
Доьху сайх ца къехкар,
Тем лоьхуш хьайнна.

Дарвелла, малх цесттал,
Со-м хьийза воьхна.
Хир бу-кх и малх ц1еста
Хьох куьйгаш тоьхна…

Ведана, 1978 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 25.08.2008, 15:00   #433
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Бералла дагалоцуш

Шайх дIахудуш маьлхан зIаьнарш можа,
Хьаьрса декхнаш махехь техкаш Iа…
Яьлла яц-кха бераллера хьожа
Кху сан денойн куьйгаш тIера дIа.

Зезагаш ду, ховха беснаш оьхьуш,
БIаьргаш хьала хьежош гIушлакхе…
Лийлир-кха со, уьш сайн нанна кхоьхьуш,
Беснаш лепош сийна, можа, цIен…

ДоттагIа а вицлац берахьлера,
Ловзуш лелларг сайца буьрканах.
Булкх-хи юххехь хилла МIомуш хьера
Ондда дIаийна сан кхетамах.

Хьочан заза санна, оьгу шераш,
Амма цаьрга иэс сан къан ца ло.
Ас йиц ца йо сайн юьртахойн цIераш,
Уьш сан дагна шаьш ма-барра го.

Сан бераллин хьожа-м ю цхьа тайна,
И ма ю и — беш сан дагна там —
Сан оьмаран уггар коьрта жайна,
Ас сайн ирсан неI схьайоьллу тIам…


Победино, 1979 шеран июнь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 25.08.2008, 15:02   #434
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Дарц даларх лекхачу ломахь,
Махо а лекхарх шок-зурма,
И аьрзу ца юху боларх,
Цо дегI шен латтадо кура.

Йисарх а тIемаш а дойна,
Ницкъ боцуш цу стигла яла,
И гур яц гIелйина ойла,
Балхабеш шегара бала.

Хилла-кха олуш цундела
Тохара ахь соьга, нана:
«Халонех цкъа а ца кхера
Ламанан аьрзунах Iама…».



Хоттане, 1975 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 26.08.2008, 12:35   #435
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Хьо дIаяха.

НеI ю цIийзаш цIийнан.
Хьо дIаяха,
Соьца кIеззиг Iийна.
Хьо дIаяха.

ХIунда? Хууш вац-кха.
НеI ю цIийзаш, йоьлхуш,
Соцуш цкъацкъа.
НеI ю цIийзаш,
Гура юккъе лоьцуш,
Сан дог хьийзош,
Делхош, дIа ца хоьцуш.


I978 шеран март беттан 25 де
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 26.08.2008, 12:36   #436
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Сонта дозалла

Iуьйранна бацана хьалха
Дозалла деш хилла тхи:
«Со дацахьара хьо цхьалха
Хир яра, ас хьо кхиий.

Гой хьуна, сирла со къега,
Лепадеш дуьне хIара.
Сох хилла исбаьхьа седа,
БIаьрла ду со жовхIарал…».

Малх кхийти, оьхьуш хазалла,
Цо и тхи дерриг дакъий.
Дагий цо сонта дозалла.
Тхино ша хестадац кхин.


Хоттане, 1975 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 26.08.2008, 12:37   #437
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Бутт..

Хан д1аэхарх, ца до-кх к1орда цунна
Лаьтта 1ено к1айнчу басахь моз.
Дуьхьал къиежаш шега хьаьжначунна,
Стиглахь лепа беттан горга х1оз.

Буса 1аьржа мархаш къехкош дай и-м,
Хийла зулам цуьнах кхоьруш 1а.
Беттасино г1о до вайна даим
Дегнашчуьра бода лалла д1а.

Гонах яржош д1о седарчийн кана,
Цо х1оттийча стиглахь дато той,
1аьржа зулам — вайн бохамийн нана —
Доду, беттан серло ла ца лой.

Т1аккха ц1инлуш санна хета латта,
Шовкъе муьйлуш нуьре беттаса.
Хуьлу цунна буса набъян атта,
Беттан б1аьрго дечохь шена ха.

Победино, 1980 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 26.08.2008, 12:37   #438
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Х1унда ду сатийсар гуттар а г1айг1анах ийна?
Вовшашка сатуьйсуш вайшиъ а к1еззиг ца 1ийна…

Цхьа хазахетар ду сагатдар х1ун ду ца хууш —
Хаац-кха, вай х1унда дацара цуьнца 1ан лууш.

Къоначу лехамехь цхьа сонта цакхетам 1аь1на,
Вай хууш дацара атта дуй дахаран маь1на:

Муьлхха вай яккхахь а ирсан раг1 лацаран лоьмар,
Ханна бен яц-кха вай идочу г1уллакхийн оьмар.

Абаде чолхе ю вай дуьхе ца кхиъал цкъа а -
Дуьненчохь хан йоккхуш цунна т1е ца къаьчна цхьа а.

Хеназа хьийзабеш хиндолчун собаре бера,
Гуш йоцчу чаккхене вай ч1ог1а сатийсинера.

Со ч1ог1а реза ву вай иштта тем байна 1ерна,
Хан т1е ма-кхаьччи бен хир доцче сатуьйсуш эрна,

Ца хууш, дахаран жам1аш дар хир доций нийса
Болийна некъ бина валанза — гара я нийса…

Хоттане, 1981 шеран январь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 27.08.2008, 12:41   #439
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Тийналла..

Сан дагна т1ехула лепаш
Даим а сийналла ю.
Сан байтийн 1аьнарехь дебаш
Мукъаме тийналла ю.

Аренан тийналла, ломан
Г1ург1езан мас санна, яйн.
Тийналла хьуьнхарчу 1оман —
Аз доцу весет сан дайн.

Тийналло дарба дой, цкъацкъа
Дерзадо дагчуьра да1.
Амма и ханна бен яц-кха —
Байттамал, байттамал-я1…

Хоттане, 1980 шеран июль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 27.08.2008, 12:42   #440
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Б1аьсте..

Юха а б1аьсте ю. Декхнаш ду доьлхуш,
Лууш со езачун лар лаха вига.
1а шайца д1адуьгуш, мархаш д1айоьлхуш,
Малхана товрриг деш, д1Iац1анло стигал.

Ткъа цуьнан сийналла — сан б1аьргийн до1а -
Лепа кху б1аьстенца, дагна беш хьаам.
И хесто дуй бууш нохчочун во1а,
Дуьненчохь кхуьур бу кхин цхьа синхаам.

Победино, 1980 шеран апрель
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.