![]() |
|
|
#421 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Ю геннахь цхьанхьа цхьа серло — Буьйсанна латийна цIе. Зезагах и техка денлой, Со воьху цо шена тIе. ТIевахча со улле цунна, Схьахеза цо доьIу са. Шен йовхо цо муьлххачунна Ца кхоош, даим ло дIа. Хоттане, I976 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#422 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Ц1а до-кха, х1иттадеш кораш, Не1арш а — оьшшучохь д1а. Хинйолчу шен уьйт1а нораш Шершадеш, безам а 1а. Чутуху тоьллачех аннаш. Хьалабо исбаьхьа тхов. Чоьнаш ю — безаман баннаш, Ткъа ц1а ша — кхолламан б1ов. Ц1а долу шатайпа серла, Къона шиъ чудерзадеш. Кхерч кхуллуш цаьршинна керла, Массара белхи а беш. Безам бац хьостамех ийна, Я къовлуш, т1етоьхна у. Амма ша чохь 1ачу ц1ийнан Г1ишлонал ч1ог1а и бу. Хоттане, 1975 шеран июнь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#423 |
|
Вес репутации: 27 |
ХIун хилла вайна?
Вайн дегнийн бос х1инца ца хеташ к1айн, Д1ауьду бендацарх д1аийна денош. Т1аьхь-т1аьхьа тидамехь ца хуьлу вайн Бохамехь 1аш верг, шен б1аьрхиш а 1енош. Стигала хьала а ца хьовсу вай, Текхаеш ойланаш, цкъа хилларш т1ома. Кхоамза хедадо вай уьйрийн тай, Бахьанза хиларца вовшашца гома. Марзонаш д1аекъа к1адделла вай, Зарздина г1иллакхаш лардинарш дайша. Са д1а а доьжна, вай хоьхкуш ду гай, Амалш а схьаэцна лелийнарш лайша. Тутмаьж1гаш йоьхкина яххьашна т1е, Шалхонийн к1уьралахь вовшашна къежа. Стаг волчу стагана беттарца пе, Сом вайга кхийдочу к1иллочух теша. Ца хууш дешар дуй дахаран дарц, Лайн чимийн эг1аза худар а хилла, Вай г1ерта Бакъ эшош, толадан Харц, Нийсонна т1едоккхуш ямарта х1илла... Хоттане, 1982 шеран апрель
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#424 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Бузуш сан уьйрашлахь шайн хьогIан маша, Ма дукха-ъ хилла шу — са кIеззиг дерш. Ма къен а дар-кха со шух цуьрриг ваша, Шу гIерташ со малван — шайн хирриг деш. Бахбеш сан букътехьа питанийн Iеха, Аш туьйсу кхерамаш, сан ницкъаш зуьйш. Бакъонца, Нийсонца дуьстича, уьш Цхьанна а ца хета чемхалган меха. Ас йоккху сирлачу сайн дагна гена Доьналлин мох бетташ, шун синойн къахь. Ас денна цоьстуш ю шун ачо къена: Сан тур ду — сан дайша ларйина Яхь… Соьлжа-ГIала, 1981 шеран февраль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#425 |
|
Вес репутации: 27 |
Даймахко Iамийна со...
Сайн мехкан хьал даккха сов, Диц ца дан Кавказан лаьмнаш, Ца къесто дуьненан къаьмнаш Даймахко Iамийна со. Мох хьакхарх, яржаеш ткъов, Юьхь-сибат ца лечкъо дорцах, Оьшшучохь гIатта а орцах Даймахко Iамийна со. ТIехцIена леладеш дог, Безаршца сов бертахь ваха, Шех лаьцна иллеш а даха Даймахко Iамийна со. Хьешана дIаделла ков, Яхь-гIиллакх лардан сайн къоман, ХьагI лелош, ца хьежа гома Даймахко Iамийна со. Хоттане, I973 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#426 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Iомо седарчийн ага техкадо, Махо Iеханийн кохкарш хедадеш. Батто стигалахь нека чехка до, Дато нуьрца шен бода меда беш. Хан дIайоьду ша яьлла Iодара, Новкъа йоху и шерийн секхаша. Буьйса йоьссина кху сан кIотара, Лела IиндагIаш — уьдуш, текхаш а… Ахьа-м ойланехь васт сан къехкадо, Луьста доцу хьайн бIаьрхиш ледадеш… Iомо седарчийн ага техкадо, Махо Iеханийн кохкарш хедадеш… Победино, 1979 шеран аьхке
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#427 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Дарц даларх лекхачу ломахь, Махо а лекхарх шок-зурма, И аьрзу ца юху боларх, Цо дегI шен латтадо кура. Йисарх а тIемаш а дойна, Ницкъ боцуш цу стигла яла, И гур яц гIелйина ойла, Балхабеш шегара бала. Хилла-кха олуш цундела Тохара ахь соьга, нана: «Халонех цкъа а ца кхера Ламанан аьрзунах Iама…». Хоттане, 1975 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#428 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Хьайна т1е вон деъча, нахе ма дийца, Хьайн деган к1оргенехь д1ахьулде и. Моьттуш хьайх доглаза массо ву кийча, Ма леха хийрачийн б1аьргаш чохь хи.. Мегар ду, кхечуьнца и хилча санна, Ахь дийца хьайн вон а, хьуо 1а ца лахь. Хьан дагна парг1ато хилча а ханна, Жимъяла там бу ахь лайначун къахь.. Делахь а, набаро хьайна не1 йоьллуш, Хезар ду хьуна хьайн г1енашна хехь Кхетамна галдаьлла хьайн син иэс доьлуш, Цул т1аьхьа и тийжаш хьайн дагна т1ехь... Победино, 1979 шеран январь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#429 |
|
Вес репутации: 27 |
Г1орийна зезагаш...
Маьлхан б1аьрг санна и шайн кортош можа Лепадеш, техкара зезагаш байт1ехь. Мехаша г1аттийча шайн 1алаг1ожа, 1ара уьш, вовшашна т1ете1аш, бертахь. Ц1еххьана кхаьчначу шийлачу 1аьно, Кхелира зезагаш даточу тирца. Уьш денна шелдора лайн чимийн б1ано Кортош т1е беттачу эсаран кирца. Зезагийн хазалла яйра, бос байна. Азделла сов г1ийла уьш суна дайра. Уьш марг1ал дуьйлира, шело ца лайна. И сурт гуш б1аьрхиш а сан меттаххьайра. Со сихха кхийтира хиллачух т1аккха: Зезагийн г1орийна мутт лекъна хилла. Хетара уьш г1ерта сайга бехк баккха, Гича уьш лаьтта т1е д1адуьйшуш г1ийла. Доккха луо диллира цул т1аьхьа лаьтта, Деэшна зезагий къайла а дохуш… Уьш дагалоьцуш со х1инца а лаьтта, Къинхетам синпхенех сайн чекх а бохуш.. Саралжин, I974 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#430 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Хьо яц соьца х1инца: Г1айг1а т1ехили. Гена дели ирс а, Юха ца дан кхин. Га кагдели диттан. Дог1а т1ехтили. Ас мел ч1ог1а литтарх, Боьха диси хи. Зарзар кхин ца йийки, Эшарш ца лийкхи. Сан синхаам иккхи. Денлур бац и кхин.... Хоттане, 1977 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|