![]() |
|
|
#411 |
|
Вес репутации: 27 |
Цхьана йоIе
Ала, йоI, айхьа хIун езаш Кхолийна хьайн тийна бIаьргаш? Карор ду нур-дашо Iежаш, Хьо елахь сатесна цаьрга. Ахь дехахь седарчий сирла, Беттан дин хаьхккина йоргIа, ГIур ву со Iуьйкъе а хилла, Хьуна ян седарчийн хорха. Ловр бу ас муьлхха а бала, Хьан дуьхьа гIулч йоккхуш хIора. Ахь алахь соь: «Генавала!», Меттаххьан тоьар дац гIора. Хоттане, I976 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#412 |
|
Вес репутации: 27 |
Нене...
Корталица хьайн букъ т1е д1авоьхкий, Нана, ахь со лелавора гихь. Нана, и сан дечган ага техкош, Соь наб яйта, наб ца йора ахь. Хьо-м таханаъ юьжуш яц хьайн хенахь, Сагатдо ахь. Йо ахь ойланаш. Реза яц хьо хиларна со генахь, Хьело бохуш новкъахь кехаташ. Суьйре еъча, цу вайн корах ц1ийнан Детташ хьочо шен баьццара га, Т1ам кагбелла хьоза санна, тийна, Соне хоий, хьо г1айг1ане 1а… Хьан ц1аро бен ца бохби сан когаш, Нана, ахь латий сан дагчохь ц1е. Ас сайн х1ара салтичун погонаш Хьоь наб яйта тегна белшаш т1е. Победино, 1978 шеран август
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#413 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Муьргийн цIеша юьзна коьллаш, Декъа шах-ших когаш кIел. ГIаш ду оьгуш уггар тоьлларш, ТIомахь махо дохуш пел. Йоьду, сира стигал хедош, Йоккха жIуга гIаргIулийн. Вовшийн дезар халла къедош, Вайша вовшийн чIогIа зийн. Йогу гIанийн можа алу, ТIе «хIуп» бохуш дерзано. Вайга ваьснийн муьста талу Марзоне ца дерзало. Догу шийла туьтеш тхинан Мажъеллачу бацалахь. Ма къа ду вайн уьйран синан Вай хердалар ла ца лахь. Вайн къастаро тесна Iеха Цкъа а ца леш хир бу-те? ХIара гуьйре — некъ бу беха Суна тIера хьуна тIе… Хоттане, 1981 шеран гуьйре
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#414 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Седарчийн буьйсано биллинчу б1аьрго Тийналлин 1индаг1на ца бетта пе. Сайн дагалецамехь ас лоьху м1аьрго Дуьххьара ялийнарг хьо сайна т1е. Мархаш а к1ад ца ло беттаса къийса, Х1авао шайна т1ехь мел буг1у бохь. Хьан вастан б1арлаг1а тховса а хьийза Мохтиле ца карош сан б1аьргаш чохь. Буц а ю, зезагий оьхкина коча, Баьццарчу юьхьт1ера д1ахьоькхуш тхиш. Бохь-генаш уьйт1арчу хьаьрсачу хьочан Лоькхуш 1а сан дагна хьоьх лаьцна йиш. 1аламан аьзнаша буьйсанан карахь Хьо дагатийсарна кула ца йо. Сан ч1ог1а садукъло г1айг1анан марахь, Ойланийн куьг кочехь ца хилча хьо. Баттана юххера седарчийн хорха Маццалцца хир ю-те сан б1аьргийн стом? Эхарта йоьдуш сайн оьмаран йорг1а, Дин хийца йиш йоцу бере ву со-м… Ибрах1им Юсупов Хоттане, 1980 шеран аьхке
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#415 |
|
Вес репутации: 27 |
Воккхачу стеган хьехамаш..
Ирхенийн халонаш ловш, К1ад ма ло дахаран новкъахь. К1адвалар хьайн меттаххьовш, Ял эца хьайн деган шовкъах. Вуонаша лацахь а гуо, Къар ца луш, г1орта ца эша. Кхиамах 1еха ма луо, Хьайх санна, адамех теша. Д1аяккха дагчуьра вас, Тезета воьдуш я тойне. Т1аккха бен хьо кхочур вац Нуьречу хьайн 1алашоне... Ибрах1им Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#416 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Цхьаъ бен йоцург, хьо мичахь ю-те? Де дIадоьду, буьйса йогIу тIе, Шен боданца седарчий а хьоьшуш. Даг чохь башош сингаттаман ша, Мин-минотехь туьйсуш хьоьга са, Со а хуьлда цхьаъ хьо яре хьоьжуш. Цхьаъ бен йоцург сан кху лаьтта тIехь, Мел Iийр ву-те хьан аматийн хехь, Суна цкъа а гина йоцу хьаша? Ахь сан массо ойла дашо йо. Сан байташкахь боьзна яьлла хьо Сатийсамийн сирла гезгамаша. Цхьаъ бен йоцург… Хьо — ас доьIу са. Синхаамаш ас чугулбо цIа. Ала, мичахь ю хьо еха хIусам? Хьо схьалоьхуш, дуьне гездеш кIайн, Мел талламаш бан безахь а сайн, Хьо схьакаро ондда сацам бу сан. Цхьаъ бен йоцург. Ас хьо лохур ю. Со хьо йоцуш вайна ваьлла ву. Хилахь суна вай гале а реза. Со хьоьх хьоьгу шортта шераш ду. Хьо сан уггар коьрта лехам бу. Хьо цхьаъ бен со лууш вац-кха еза. Победино, 1980 шеран январь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#417 |
|
Вес репутации: 27 |
***
«Беза толам я ирс деза хьуна?» — Хаттахь сайга, жоп лур ду ас хьаннаъ: «ХIуммаъ хьашт дац суна-ма цкъачунна, Сайн къоналла сайца хилчахьана. Сан ког хIинцаъ луьйтана чохь бу. Шен лаамехь говр дIахецна, хьалха ВогIуш ву со. Дерриг хьалха ду. Хилахь сайна тоъал зама нагахь, Ирс ас сайна цхьаьнхьа лоцур ду, Толаме а кхача хьожур ву». Хоттане, 1976 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#418 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Цхьана диканна араваьллачунна, И хьагвелча, шийла шовда хилий, Я наж хилий, IиндагI дарца цунна, Хьо латталахь, ас доьху хьоь, илли. Цхьана питанна араваьллачунна, Хилий стигал буьрса, дера къекъаш, ДогIа, къора тохалахь ахь цунна, Я дохк хилий, дIахьулделахь некъаш. Хоттане, 1973 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#419 |
|
Вес репутации: 27 |
Безаман зезаг
БIаьста вай вовшашна дуьххьара гира. Сирлачу безамах вай кад буьзира. Алсам ма-даьллинехь вай вовшийн дезар, Безаман кеда чохь делира зезаг. Безаман мерза мутт шен кийра эцна, И хьала кхиънера, патарш а хецна. Цкъа цхьана дийнахь хьо дIаяхча генна, Вайшиннан зезаг ас хьоьстура денна. ХIетте а, гIелделла дисира иза, Уллера дIадевлча хьан кхиэлан сизаш. Букар а дуьйлира, маргIал а делла, ЦIаерза кхоччуш хьо хьеелла дела. Кестта хьо цIа кхачахь, сан ирсан седа, Керла мутт IаьIар ду безаман кеда. Цу кедахь безаман зезаган орам Юха а денлур бу, вай даханора! Хоттане, I974 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#420 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Шуьйрра беллабели бIаьргаш ненан, Со цIеххьана кхачарх яьлла цец и. Цу бIаьргаш чохь бац-кха цхьа а кхерам. Цу бIаьргаш чохь хазахетарш севци. Ненан бIаьргаш бац-кха хIинца гIийла. Цу бIаьргаш чохь — ирс ду, доцуш доза. Цу бIаьргаш чохь — цIена, даккхий, сирла Iежаш санна, хазахетарш кхозу. Хоттане, 1974 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|