![]() |
|
|
#401 |
|
Вес репутации: 27 |
Безаман зезаг
БIаьста вай вовшашна дуьххьара гира. Сирлачу безамах вай кад буьзира. Алсам ма-даьллинехь вай вовшийн дезар, Безаман кеда чохь делира зезаг. Безаман мерза мутт шен кийра эцна, И хьала кхиънера, патарш а хецна. Цкъа цхьана дийнахь хьо дIаяхча генна, Вайшиннан зезаг ас хьоьстура денна. ХIетте а, гIелделла дисира иза, Уллера дIадевлча хьан кхиэлан сизаш. Букар а дуьйлира, маргIал а делла, ЦIаерза кхоччуш хьо хьеелла дела. Кестта хьо цIа кхачахь, сан ирсан седа, Керла мутт IаьIар ду безаман кеда. Цу кедахь безаман зезаган орам Юха а денлур бу, вай даханора! Хоттане, I974 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#402 |
|
Вес репутации: 27 |
Даго бен дог 1абош дац...
1. Ц1ехьа некъ бахьаш, со геннара вог1уш, Хьагвелла хьаьвзира, тоха са доцуш. Со, бердах схьалеша шовда а гина, Цунна т1е вахара, болар сихдина. Бертал а воьжна, ас и шовда шийла Мелира, 1абош сайн бохбелла кийра. Ша керчош лаьтташехь т1улгаш т1ехь махо, Сан дог 1абийра-кха шовданан даго. 2. Генахь 1аш дуккха а шераш а девлла, Вара со ц1авог1уш суо винчу эвла. Эвла чу со вулуш, хадийна аре, Сан езар 1аш яра хьоьжуш со варе. И гича, безаман йийсарехь 1ийна Сан дог г1аддахара цхьа тамашийна. Езачун даго сан г1айг1а д1амелла, 1абийра сан дог, шен йовхо а елла. 3. Езачун синхаам балийна берта, Кхечира со нана 1аш йолчу керта. Сов хаза хетарна, б1аьргех хи даьлла, Хьаьвзира сан нана вуно х1айтъаьлла. Нанна сагатдина, овгал сан деган Сатуьйсуш 1ийнера цкъа иштта де ган! Сан ненан даго, шен къинхетам ботуш, Сан дог шех 1абийра, барам а боцуш. Эххар ас сацам би дахаран хьаьттахь: «Даго бен дог 1абош ца хилла лаьттахь»... Саралжин, I974 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#403 |
|
Вес репутации: 27 |
Бутт..
Хан д1аэхарх, ца до-кх к1орда цунна Лаьтта 1ено к1айнчу басахь моз. Дуьхьал къиежаш шега хьаьжначунна, Стиглахь лепа беттан горга х1оз. Буса 1аьржа мархаш къехкош дай и-м, Хийла зулам цуьнах кхоьруш 1а. Беттасино г1о до вайна даим Дегнашчуьра бода лалла д1а. Гонах яржош д1о седарчийн кана, Цо х1оттийча стиглахь дато той, 1аьржа зулам — вайн бохамийн нана — Доду, беттан серло ла ца лой. Т1аккха ц1инлуш санна хета латта, Шовкъе муьйлуш нуьре беттаса. Хуьлу цунна буса набъян атта, Беттан б1аьрго дечохь шена ха. Победино, 1980 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#404 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Х1унда ду сатийсар гуттар а г1айг1анах ийна? Вовшашка сатуьйсуш вайшиъ а к1еззиг ца 1ийна… Цхьа хазахетар ду сагатдар х1ун ду ца хууш — Хаац-кха, вай х1унда дацара цуьнца 1ан лууш. Къоначу лехамехь цхьа сонта цакхетам 1аь1на, Вай хууш дацара атта дуй дахаран маь1на: Муьлхха вай яккхахь а ирсан раг1 лацаран лоьмар, Ханна бен яц-кха вай идочу г1уллакхийн оьмар. Абаде чолхе ю вай дуьхе ца кхиъал цкъа а - Дуьненчохь хан йоккхуш цунна т1е ца къаьчна цхьа а. Хеназа хьийзабеш хиндолчун собаре бера, Гуш йоцчу чаккхене вай ч1ог1а сатийсинера. Со ч1ог1а реза ву вай иштта тем байна 1ерна, Хан т1е ма-кхаьччи бен хир доцче сатуьйсуш эрна, Ца хууш, дахаран жам1аш дар хир доций нийса Болийна некъ бина валанза — гара я нийса… Хоттане, 1981 шеран январь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#405 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Сан дашо сахьт ду-кха стоьла т1ехь 1уьллуш, Стомара дуьйнна д1а иза-м ду сецна. Ши цхьамза лаьтташ бу — к1адбелла-те уьш? Ас дулахь, сахьт дола лур дуй-те хецна? Моттало, сахьт санна, сецна 1а зама, Амма и бакъ дац-кха — и йоьду хьаьдда. Йоьду и сов сиха гуш йоцчу пана, Челакха дин санна, реманах хаьдда. Зама сан сахьтаца лелаш елар-кха, Сан сахьтан цхьамзанаш шен архаш йолуш. Т1аккха и даим сан карахь хир яр-кха, Шен сацар, д1аяхар соьх доьзна долуш. Сайн сахьтан цхьамзанаш юха хьовзийна, Д1адахна б1ешераш ас луьстур дара. Д1аяхна и зама ерриг а зийна, Ас цуьнах лаьцна цхьа байт язйийр яра. Х1ан-х1а, и хир дац-кха! Сатийсар — эрна! Дуьйцуш а хета и туьйранах тера. Геннара дуьйнна схьа к1ад ца луш йог1ург Сахьто а сацор яц, дойтуш ша боххург. И-м чехка йоьдуш ю, шен чабол эцна, Цхьа бере вац цунна лаьттахь нуьйр туьллуш… Стомара дуьйнна д1а к1адделла сецна Сан дашо сахьт ду-кха стоьла т1ехь 1уьллуш… Хоттане, I973 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#406 |
|
Вес репутации: 27 |
Шовданан йиш
Шатайпа ду шовда — шен аз ца хуьйцуш, Даим цхьанаэшшара охьаихна и. ДIадовларх бIешераш, кортош а туьлуш, Шовда-м ду лоькхуш шен къан ца ло йиш. ХIара шовда цкъа мацах сан деден дас а Мелла хир канашкахь, Iабош шен дог. Цу хенан мехаша къажйина хьаннаш Заманан тукаро кхедина го. Хийцамийн зил буьтуш горгачу лаьттахь, Адамех хийламмо тIеэцна каш. И тIулган бIаьвнаш а замано аьтта, Лаьттах дIашарделла дай кхаьбна кхаш. Ткъа хIунда ца лекъна ламанан шовда, Къамкъарг а якъалуш, хелаш шен йиш? Лаьмнийн цу кийрахь а хIорд бу-те боккха, ТIекхоьхьуш шовданна дарбане хиш? Массо а заманан бакъдолу верас Ду боху шовдано шен шийла хи-м… Хетало цо лоькху йиш а цундела Лендоцчу дахарна лерина гимн!.. Хоттане, 1974 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#407 |
|
Вес репутации: 27 |
ДIасакъастар
ЦIерпошт а, эххар а мохь тухуш къаьхьа, Меллаша йолало, со шеца хьош. Гинехь а, куьг ластош ахь сайна тIаьхьа, Ца хези-кх ахь аьлла тIаьххьара дош. Хьо юьтуш, дIавахар ца хилла атта, Цундела бац-кха сан синлазам туьйш… Чкъургаша рельсаш тIехь мел доккху тата Хета сайн дог деттадаларх дIауьйш. ЦIерпошт «Соьлжа-ГIала — Аштаркхне», 1982 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#408 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Дешнаша кийра цIе йилли, Шайх хуьлуш Iийжаме байташ. Кхетамехь — геригаш иллин ГIерта шайн куьцаш схьагайта. Уллех хьан амат тIехдолу, Сан синтем Iаь тухий, ластош. Схьагулдой гIора шен доллу, Къастаран къиза некъ къастош. КIеззиг мах хадош сан шовкъан, Дог лахош, йоьду хьо хIунда? БIаьрсица хьо йоккхуш новкъа, Ца лаьа суна-м и тIунда… Iаьржачу стигалахь батто Лийчайо седарчийн ваьснаш. Собаран говзачу матто Тедо вайн йишхаьлла аьзнаш. Сайн дешнаш ас хьанна гайта, Ахь хIинца леринарш хийра? Шайх хуьлуш гIайгIане байташ, ЦIе юьллу цара-м сан кийра… Хоттане, 1981 шеран июль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#409 |
|
Вес репутации: 27 |
Тийналла..
Сан дагна т1ехула лепаш Даим а сийналла ю. Сан байтийн 1аьнарехь дебаш Мукъаме тийналла ю. Аренан тийналла, ломан Г1ург1езан мас санна, яйн. Тийналла хьуьнхарчу 1оман — Аз доцу весет сан дайн. Тийналло дарба дой, цкъацкъа Дерзадо дагчуьра да1. Амма и ханна бен яц-кха — Байттамал, байттамал-я1… Хоттане, 1980 шеран июль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#410 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Яздо ас, ц1ийх иэдеш шекъа, Кехатах дог тешадеш. Сан иллин мог1анаш хьекъа, Токх а еш сан деган беш. Со-м ян а кийча ву ч1аг1о, Теш х1иттош ц1еналла син: Ца еза кехатан аг1о, Къарзъелла яьлча бен и. Верриг а векхалуш сица, Со ле1а ваьлча сайн г1ан, Мог1анаш 1аьржачу ц1ийца Чекхдуьйлу кехатах сан. Гуш хета безачийн яххьаш, Бахначийн эхарта д1а. Сайн лаьмнийн къежделла баххьаш Дага а лоьцуш со 1а. Ца хилла тем леха оьшуш, Даг чу дуьйш мог1анийн х1уш: Уьш ду сан б1аьргаш чу хьоьжуш, Царна чохь шаьш хьекъаш гуш. Шерашна, шаьш идарх генна, Сан башха къинхьегам тайн: 1аьржачу хьаьркашца денна Къарздо ас кехаташ к1айн. Ойланийн зирхан беш хама, Йогу сан син кхерчан ц1е… Т1аьххьарчу илланчийн зама Мацца а кхочур ю т1е. Хир вуй-те со церан декъах? Хир вуй-те сан иллийн теш? Яздо ас, ц1ийх иэдеш шекъа, Кехатах дог тешадеш… Хоттане, 1982 шеран февраль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|