![]() |
|
|
#31 |
|
Вес репутации: 11 |
Боллан дитте
Боллан диттан лайно къеждо генаш, Даг т1е туьйсуш йовхо йоцу г1енаш. Генийн кийрахь б1аьста идда мутта, Моьттур дац хьо лекъна хир ду гуттар! Лаьтта бухахь боллан къона орам Меттах ца хьов, хилча санна хорам. Б1аьста малхе кхийдаш хилла бохь а Х1инца г1ийла кхозу лаьтта охьа. Йицйи-те ахь, балл, хьайн къона зама, Хала ду хьуна шело эшон 1ама? Лаац хила хьо дорцана къера, Цуьнца къийсам латтабе, ма кхера! Гулдай дерриг хьайгахь хилла г1ора, Лаьттах йовхо ийзош, денбе орам. Хиларх х1ун ду хьо цкъачунна къоьжа: Маьлхан б1аьрг хьоь дегайовхонца хьоьжу — Кийча хила дег1 хьайн малхе даккха! Кийча хила б1аьста зазадаккха! Хоттане, 1978 шеран апрель
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#32 |
|
Вес репутации: 5 |
Ибрах1им Юсупов
Додам, муха хета хьуна Ибрах1иман х1ара стихотворени?
Къена луо Миска луо-яI, хьох къахета суна. Макхделла хьо, байна хьан кIайн бос. Вовшашна хьо кхуьйсуш, горгдеш буйнахь, Ловзуш ца го арахь берийн цIоз. Ца до цара, хьалха санна, тергал, Ца къерало церан хьоьца са. Ховха бIаьсте мел гIоьрти а герга, ГIеллуш, ахьа-м халла доьIу са. Урамновкъахь, тхов тIехь ду хьо кхачош, ДIадайна хьан чимийн дато аз. Адамаша хоттах юьзна мачаш ЦIанйо хьоьца, когаш хьоькхуш раз. Миска луо-яI, хьох къахета суна. Макхделла хьо, байна хьан кIайн бос. Вовшашна хьо кхуьйсуш, горгдеш буйнахь, Ловзуш ца го арахь берийн цIоз. Даьрг1а, 1975 шеран март
__________________
Ответственность за взрыв в теме «Типы мужчин, которые никогда не женятся» взяла на себя боевая феминистическая ячейка «Модераторши Амины»... Принимаем участие в конкурсе сегодня! |
|
|
|
#33 |
|
Вес репутации: 5 |
Весы, это стихотворение брата Ильмана Юсупова. Он погиб в 1982 году в возрасте неполных 24 лет, но остались его стихи. Два сборника. Додам сюда выкладывает его первую книгу "Г1арг1улийн назма". В инете есть и вторая его книга "Седарчийн абат". Оба сборника стихов посмертные.
__________________
Ответственность за взрыв в теме «Типы мужчин, которые никогда не женятся» взяла на себя боевая феминистическая ячейка «Модераторши Амины»... Принимаем участие в конкурсе сегодня! |
|
|
|
#34 | |
|
Вес репутации: 0 |
Цитата:
|
|
|
|
|
#35 |
|
Вес репутации: 11 |
Вайшинна юккъехь...
Вайшинна юккъехь ю сийналла х1ордан, Вайшинна иза мел йинехь а к1орда. Вайшинна юккъехь ду ченийн к1айн некъаш, Бецашлахь, г1амаршлахь лаьхьарчех текхаш. Вайншинна юккъехь ду дарц ж1аьлех леташ, Б1аьсте а йог1ур ю, патарш а эт1аш. Вовшашна вай т1етт1а кхочу хан ларъеш, Вайшинна юккъехь 1а безаман лараш. Со царна т1ехула вог1ур ву ц1ехьа, Хьомениг, хьо соьга сатуьйсуш 1ехьа... Победино, 1978 шеран декабрь
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#36 | |
|
Вес репутации: 11 |
Цитата:
Аса хьалхарчу аг1онехь яз ма йинера иза..)
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
|
#37 |
|
Вес репутации: 0 |
Со царна т1ехула вог1ур ву ц1ехьа,
Хьомениг, хьо соьга сатуьйсуш 1ехьа... |
|
|
|
#38 |
|
Вес репутации: 11 |
Керла луо...
1. Керла луо — дуьххьарчу шелонан пардо — Ахь латта г1орадеш, сий 1аьнан лардо. Хьо-м 1уьллу сапарг1ат, сов к1еда, аьхна. Шовдано хийлазза хьоьх иллеш даьхна. Ахь баххьийн куйнашна тир йоккхуш гонах, Дайн лаьмнаш къеждо-кха, буц къежйо къона. Гуьйренан куза т1ехь яржаеш ж1амарш, Хьайга мел хьаьжначе бойту ахь тамаш. Суьйранна бутт кхетча, серсаеш серло, Седарчийн серлонгахь хьо даим сенло. Керла луо… Сан дагт1ехь дахаран пардо Кхолламо сурт х1иттош, ойлано дардо. Цкъа айдеш сан дагар, цкъа шелбеш кийра, Со вахчош дахаро, хетац хьо хийра… 2. Керла луо… Салазо г1о хьоькхуш гара, Деха ши сиз дуьту сов к1айнчу арахь. Шовданан хьожа йог1уш керлачу лайнах, Цо токхвеш, мел беха некъ аса лайна. Салазан сиз хадош, некъ буьллуш 1инчу, Экханан лар яхна сирлачу хьуьнчу. Керла луо… Турпалчу сайн халкъан кийра Некъ билла сатуьйсуш со х1инццалц 1ийна. Лууш ву беркато сайн кхане екхо, Г1уллакхийн х1у тосуш Нохчийчоь хьекъо. Лай т1ера экханан лар санна, къаьсташ Хилийта лууш ву Даймехкан б1аьстеш. 1ожалле г1о хьаькхна, додарх сан дахар, Сан кхиэлан пайде сиз дуьсур ду даха. Хоттане, I973 шеран январь
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#39 |
|
Вес репутации: 11 |
Даго бен дог 1абош дац...
1. Ц1ехьа некъ бахьаш, со геннара вог1уш, Хьагвелла хьаьвзира, тоха са доцуш. Со, бердах схьалеша шовда а гина, Цунна т1е вахара, болар сихдина. Бертал а воьжна, ас и шовда шийла Мелира, 1абош сайн бохбелла кийра. Ша керчош лаьтташехь т1улгаш т1ехь махо, Сан дог 1абийра-кха шовданан даго. 2. Генахь 1аш дуккха а шераш а девлла, Вара со ц1авог1уш суо винчу эвла. Эвла чу со вулуш, хадийна аре, Сан езар 1аш яра хьоьжуш со варе. И гича, безаман йийсарехь 1ийна Сан дог г1аддахара цхьа тамашийна. Езачун даго сан г1айг1а д1амелла, 1абийра сан дог, шен йовхо а елла. 3. Езачун синхаам балийна берта, Кхечира со нана 1аш йолчу керта. Сов хаза хетарна, б1аьргех хи даьлла, Хьаьвзира сан нана вуно х1айтъаьлла. Нанна сагатдина, овгал сан деган Сатуьйсуш 1ийнера цкъа иштта де ган! Сан ненан даго, шен къинхетам ботуш, Сан дог шех 1абийра, барам а боцуш. Эххар ас сацам би дахаран хьаьттахь: «Даго бен дог 1абош ца хилла лаьттахь»... Саралжин, I974 шо
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#40 |
|
Вес репутации: 11 |
Ц1а до-кха, х1иттадеш кораш,
Не1арш а — оьшшучохь д1а. Хинйолчу шен уьйт1а нораш Шершадеш, безам а 1а. Чутуху тоьллачех аннаш. Хьалабо исбаьхьа тхов. Чоьнаш ю — безаман баннаш, Ткъа ц1а ша — кхолламан б1ов. Ц1а долу шатайпа серла, Къона шиъ чудерзадеш. Кхерч кхуллуш цаьршинна керла, Массара белхи а беш. Безам бац хьостамех ийна, Я къовлуш, т1етоьхна у. Амма ша чохь 1ачу ц1ийнан Г1ишлонал ч1ог1а и бу. Хоттане, 1975 шеран июнь
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|