![]() |
|
|
#371 |
|
Вес репутации: 27 |
Седарчийн буьйсано биллинчу б1аьрго
Тийналлин 1индаг1на ца бетта пе. Сайн дагалецамехь ас лоьху м1аьрго Дуьххьара ялийнарг хьо сайна т1е. Мархаш а к1ад ца ло беттаса къийса, Х1авао шайна т1ехь мел буг1у бохь. Хьан вастан б1арлаг1а тховса а хьийза Мохтиле ца карош сан б1аьргаш чохь. Буц а ю, зезагий оьхкина коча, Баьццарчу юьхьт1ера д1ахьоькхуш тхиш. Бохь-генаш уьйт1арчу хьаьрсачу хьочан Лоькхуш 1а сан дагна хьоьх лаьцна йиш. 1аламан аьзнаша буьйсанан карахь Хьо дагатийсарна кула ца йо. Сан ч1ог1а садукъло г1айг1анан марахь, Ойланийн куьг кочехь ца хилча хьо. Баттана юххера седарчийн хорха Маццалцца хир ю-те сан б1аьргийн стом? Эхарта йоьдуш сайн оьмаран йорг1а, Дин хийца йиш йоцу бере ву со-м… Ибрах1им Юсупов Хоттане, 1980 шеран аьхке
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#372 |
|
Вес репутации: 27 |
Цхьана йоIе
Ала, йоI, айхьа хIун езаш Кхолийна хьайн тийна бIаьргаш? Карор ду нур-дашо Iежаш, Хьо елахь сатесна цаьрга. Ахь дехахь седарчий сирла, Беттан дин хаьхккина йоргIа, ГIур ву со Iуьйкъе а хилла, Хьуна ян седарчийн хорха. Ловр бу ас муьлхха а бала, Хьан дуьхьа гIулч йоккхуш хIора. Ахь алахь соь: «Генавала!», Меттаххьан тоьар дац гIора. Хоттане, I976 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#373 |
|
Вес репутации: 27 |
«Беза толам я ирс деза хьуна?» —
Хаттахь сайга, жоп лур ду ас хьаннаъ: «ХIуммаъ хьашт дац суна-ма цкъачунна, Сайн къоналла сайца хилчахьана. Сан ког хIинцаъ луьйтана чохь бу. Шен лаамехь говр дIахецна, хьалха ВогIуш ву со. Дерриг хьалха ду. Хилахь сайна тоъал зама нагахь, Ирс ас сайна цхьаьнхьа лоцур ду, Толаме а кхача хьожур ву». Хоттане, 1976 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#374 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Цхьана диканна араваьллачунна, И хьагвелча, шийла шовда хилий, Я наж хилий, IиндагI дарца цунна, Хьо латталахь, ас доьху хьоь, илли. Цхьана питанна араваьллачунна, Хилий стигал буьрса, дера къекъаш, ДогIа, къора тохалахь ахь цунна, Я дохк хилий, дIахьулделахь некъаш. Хоттане, 1973 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#375 |
|
Вес репутации: 11 |
Воккхачу стеган хьехамаш..
Ирхенийн халонаш ловш, К1ад ма ло дахаран новкъахь. К1адвалар хьайн меттаххьовш, Ял эца хьайн деган шовкъах. Вуонаша лацахь а гуо, Къар ца луш, г1орта ца эша. Кхиамах 1еха ма луо, Хьайх санна, адамех теша. Д1аяккха дагчуьра вас, Тезета воьдуш я тойне. Т1аккха бен хьо кхочур вац Нуьречу хьайн 1алашоне...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#376 |
|
Вес репутации: 27 |
Безаман зезаг
БIаьста вай вовшашна дуьххьара гира. Сирлачу безамах вай кад буьзира. Алсам ма-даьллинехь вай вовшийн дезар, Безаман кеда чохь делира зезаг. Безаман мерза мутт шен кийра эцна, И хьала кхиънера, патарш а хецна. Цкъа цхьана дийнахь хьо дIаяхча генна, Вайшиннан зезаг ас хьоьстура денна. ХIетте а, гIелделла дисира иза, Уллера дIадевлча хьан кхиэлан сизаш. Букар а дуьйлира, маргIал а делла, ЦIаерза кхоччуш хьо хьеелла дела. Кестта хьо цIа кхачахь, сан ирсан седа, Керла мутт IаьIар ду безаман кеда. Цу кедахь безаман зезаган орам Юха а денлур бу, вай даханора! Хоттане, I974 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#377 |
|
Вес репутации: 27 |
Гуьйренан сибат
Меллаша тIесерса дерз а, Сов юькъа яьржина дохк. Аьхкенан де, юхадерза! Шелделла сан дог де дох. Миччара! Чкъург керчош, хено, Бицбойтуш цIерпоштан мохь, Шен новкъа чаккхармаш Iенош, Сан дагтIехь бити-кх цхьа муо. И муо бу аьхкенах къастар, Ла ца луш гуьйренан ткъарш. БIаьрсинна гIаргIулеш къаьста, Хедаеш стигалан Iарш. Дерзинчу дитташ тIе дегза Ледадеш тIадмаш-туьтеш, Меллаша тIесерса дерза ГIаргIулийн бIаьрхиш ду-те? Хоттане, I973 шеран октябрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#378 |
|
Вес репутации: 27 |
Нене...
Корталица хьайн букъ т1е д1авоьхкий, Нана, ахь со лелавора гихь. Нана, и сан дечган ага техкош, Соь наб яйта, наб ца йора ахь. Хьо-м таханаъ юьжуш яц хьайн хенахь, Сагатдо ахь. Йо ахь ойланаш. Реза яц хьо хиларна со генахь, Хьело бохуш новкъахь кехаташ. Суьйре еъча, цу вайн корах ц1ийнан Детташ хьочо шен баьццара га, Т1ам кагбелла хьоза санна, тийна, Соне хоий, хьо г1айг1ане 1а… Хьан ц1аро бен ца бохби сан когаш, Нана, ахь латий сан дагчохь ц1е. Ас сайн х1ара салтичун погонаш Хьоь наб яйта тегна белшаш т1е. Победино, 1978 шеран август
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#379 |
|
Вес репутации: 27 |
Шовданан йиш...
Шатайпа ду шовда — шен аз ца хуьйцуш, Даим цхьанаэшшара охьаихна и. ДIадовларх бIешераш, кортош а туьлуш, Шовда-м ду лоькхуш шен къан ца ло йиш. ХIара шовда цкъа мацах сан деден дас а Мелла хир канашкахь, Iабош шен дог. Цу хенан мехаша къажйина хьаннаш Заманан тукаро кхедина го. Хийцамийн зил буьтуш горгачу лаьттахь, Адамех хийламмо тIеэцна каш. И тIулган бIаьвнаш а замано аьтта, Лаьттах дIашарделла дай кхаьбна кхаш. Ткъа хIунда ца лекъна ламанан шовда, Къамкъарг а якъалуш, хелаш шен йиш? Лаьмнийн цу кийрахь а хIорд бу-те боккха, ТIекхоьхьуш шовданна дарбане хиш? Массо а заманан бакъдолу верас Ду боху шовдано шен шийла хи-м… Хетало цо лоькху йиш а цундела Лендоцчу дахарна лерина гимн!.. Хоттане, 1974 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#380 |
|
Вес репутации: 27 |
Бутт..
Хан д1аэхарх, ца до-кх к1орда цунна Лаьтта 1ено к1айнчу басахь моз. Дуьхьал къиежаш шега хьаьжначунна, Стиглахь лепа беттан горга х1оз. Буса 1аьржа мархаш къехкош дай и-м, Хийла зулам цуьнах кхоьруш 1а. Беттасино г1о до вайна даим Дегнашчуьра бода лалла д1а. Гонах яржош д1о седарчийн кана, Цо х1оттийча стиглахь дато той, 1аьржа зулам — вайн бохамийн нана — Доду, беттан серло ла ца лой. Т1аккха ц1инлуш санна хета латта, Шовкъе муьйлуш нуьре беттаса. Хуьлу цунна буса набъян атта, Беттан б1аьрго дечохь шена ха. Победино, 1980 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|