![]() |
|
|
#351 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Ц1а до-кха, х1иттадеш кораш, Не1арш а — оьшшучохь д1а. Хинйолчу шен уьйт1а нораш Шершадеш, безам а 1а. Чутуху тоьллачех аннаш. Хьалабо исбаьхьа тхов. Чоьнаш ю — безаман баннаш, Ткъа ц1а ша — кхолламан б1ов. Ц1а долу шатайпа серла, Къона шиъ чудерзадеш. Кхерч кхуллуш цаьршинна керла, Массара белхи а беш. Безам бац хьостамех ийна, Я къовлуш, т1етоьхна у. Амма ша чохь 1ачу ц1ийнан Г1ишлонал ч1ог1а и бу. Хоттане, 1975 шеран июнь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#352 |
|
Вес репутации: 27 |
***
ТIехилий, кхаллахь тхан кхача, ТIех мерза бацахь а чам, Хьо хиларх лулахо, хьаша, Я деган доттагIа сан. Ма ала: «Йиъна ву хIинцца». Ма ала: «Кхоийна Iац». Вовшашца вай йоькъуш нийсса, Йиънарг бен мерза ма яц. ТIехилий, вуха ца теIаш, Хьажахьа, муха бу чам, Нагахь со лоруш, со везаш Хьо веънехь хIусаме сан. Хоттане, 1974 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#353 |
|
Вес репутации: 27 |
Адамашка
Цхьанна а гиний-те, буьйсанех иэдеш сан денош, Гуьйрено лайн чимаш, ткъа Iаьно можа гIаш Iенош? Цхьанна а хаьий-те, хьунаре сан болар делош, Мила ю сан некъийн чевнашна дарбанаш лелош? Сахалин-гIайрене муьлхачу кхожо со тесна? Дахаран хеттаршна жоьпаш а ас муха эцна? Адамаш! Мацца-ъ со дIавоьдуш эхартан пана, Ас шуна яржийна юьтур ю сайн иллийн кана. Амма мел лерина листарх сан оьмаран жайна, Цхьанна а хуур дац ас мичахь хIун бала лайна. Цундела ма мотта со ваьхнехь, ца лелош хIилла, Диканах вуон къасто ца хаъал со Iовдал хилла… Талдысай, 1982 шеран июнь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#354 |
|
Вес репутации: 27 |
Даго бен дог 1абош дац...
1. Ц1ехьа некъ бахьаш, со геннара вог1уш, Хьагвелла хьаьвзира, тоха са доцуш. Со, бердах схьалеша шовда а гина, Цунна т1е вахара, болар сихдина. Бертал а воьжна, ас и шовда шийла Мелира, 1абош сайн бохбелла кийра. Ша керчош лаьтташехь т1улгаш т1ехь махо, Сан дог 1абийра-кха шовданан даго. 2. Генахь 1аш дуккха а шераш а девлла, Вара со ц1авог1уш суо винчу эвла. Эвла чу со вулуш, хадийна аре, Сан езар 1аш яра хьоьжуш со варе. И гича, безаман йийсарехь 1ийна Сан дог г1аддахара цхьа тамашийна. Езачун даго сан г1айг1а д1амелла, 1абийра сан дог, шен йовхо а елла. 3. Езачун синхаам балийна берта, Кхечира со нана 1аш йолчу керта. Сов хаза хетарна, б1аьргех хи даьлла, Хьаьвзира сан нана вуно х1айтъаьлла. Нанна сагатдина, овгал сан деган Сатуьйсуш 1ийнера цкъа иштта де ган! Сан ненан даго, шен къинхетам ботуш, Сан дог шех 1абийра, барам а боцуш. Эххар ас сацам би дахаран хьаьттахь: «Даго бен дог 1абош ца хилла лаьттахь»... Саралжин, I974 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#355 |
|
Вес репутации: 27 |
Воккхачу стеган хьехамаш
Ирхенийн халонаш ловш, КIад ма ло дахаран новкъахь. КIадвалар хьайн меттаххьовш, Ял эца хьайн деган шовкъах. Вуонаша лацахь а гуо, Къар ца луш, гIорта ца эша. Кхиамах Iеха ма луо, Хьайх санна, адамех теша. ДIаяккха дагчуьра вас, Тезета воьдуш я тойне. ТIаккха бен хьо кхочур вац Нуьречу хьайн Iалашоне. Хоттане, 1975 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#356 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Яздо ас, ц1ийх иэдеш шекъа, Кехатах дог тешадеш. Сан иллин мог1анаш хьекъа, Токх а еш сан деган беш. Со-м ян а кийча ву ч1аг1о, Теш х1иттош ц1еналла син: Ца еза кехатан аг1о, Къарзъелла яьлча бен и. Верриг а векхалуш сица, Со ле1а ваьлча сайн г1ан, Мог1анаш 1аьржачу ц1ийца Чекхдуьйлу кехатах сан. Гуш хета безачийн яххьаш, Бахначийн эхарта д1а. Сайн лаьмнийн къежделла баххьаш Дага а лоьцуш со 1а. Ца хилла тем леха оьшуш, Даг чу дуьйш мог1анийн х1уш: Уьш ду сан б1аьргаш чу хьоьжуш, Царна чохь шаьш хьекъаш гуш. Шерашна, шаьш идарх генна, Сан башха къинхьегам тайн: 1аьржачу хьаьркашца денна Къарздо ас кехаташ к1айн. Ойланийн зирхан беш хама, Йогу сан син кхерчан ц1е… Т1аьххьарчу илланчийн зама Мацца а кхочур ю т1е. Хир вуй-те со церан декъах? Хир вуй-те сан иллийн теш? Яздо ас, ц1ийх иэдеш шекъа, Кехатах дог тешадеш… Хоттане, 1982 шеран февраль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#357 |
|
Вес репутации: 27 |
Вайшинна юккъехь...
Вайшинна юккъехь ю сийналла х1ордан, Вайшинна иза мел йинехь а к1орда. Вайшинна юккъехь ду ченийн к1айн некъаш, Бецашлахь, г1амаршлахь лаьхьарчех текхаш. Вайншинна юккъехь ду дарц ж1аьлех леташ, Б1аьсте а йог1ур ю, патарш а эт1аш. Вовшашна вай т1етт1а кхочу хан ларъеш, Вайшинна юккъехь 1а безаман лараш. Со царна т1ехула вог1ур ву ц1ехьа, Хьомениг, хьо соьга сатуьйсуш 1ехьа... Победино, 1978 шеран декабрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#358 |
|
Вес репутации: 27 |
ГIаргIулийн назма
Хийистехь вайшиъ лардеш, лаьтта гуьйре. Шовдано вота етта тIулгаш тIехь. ДIо мархаш ялош шен зIаьнаршца уьйре, Малх каде хьийза баьлла гIушлакхехь. Лаьттарчу ирсах хьоьгу стигал екош, Хезаш ю къаьхьа назма гIаргIулийн. Вайшиъ цIадоьду, дегнаш вовшех хьегош, Йоццачу ханна кхузахь гар хуьлий… ДIадоьду вайша шен-шен новкъа цIехьа, Хиларх а ший а цхьана юьртахь Iаш. ГIаргIулийн назма вай гуш гIелло гIеххьа, Ма хуьлда-кх и вайн ирсан тIома каш… I977 шеран ноябран I0 де
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#359 |
|
Вес репутации: 27 |
Цхьана йоIе
Ала, йоI, айхьа хIун езаш Кхолийна хьайн тийна бIаьргаш? Карор ду нур-дашо Iежаш, Хьо елахь сатесна цаьрга. Ахь дехахь седарчий сирла, Беттан дин хаьхккина йоргIа, ГIур ву со Iуьйкъе а хилла, Хьуна ян седарчийн хорха. Ловр бу ас муьлхха а бала, Хьан дуьхьа гIулч йоккхуш хIора. Ахь алахь соь: «Генавала!», Меттаххьан тоьар дац гIора. Хоттане, I976 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#360 |
|
Вес репутации: 27 |
Говрашна го, вайна санна, г1енаш:
Сирла 1уьйре, шайн бергаш т1ехь тхи, Шайн баккъаш т1е шийла дог1а 1енаш, Сийна бецаш, дедда доьду хи. Говрашна го, вайна санна, г1енаш: Кхесаш шаръеш, хьоькху къоьжа мох, Хоттах дуьзна боьха, доьхна некъаш, Т1ек1елтоьхна аьхна аре, нох… Хоттане, 1977 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|