![]() |
|
|
#341 |
|
Вес репутации: 27 |
Бутт..
Хан д1аэхарх, ца до-кх к1орда цунна Лаьтта 1ено к1айнчу басахь моз. Дуьхьал къиежаш шега хьаьжначунна, Стиглахь лепа беттан горга х1оз. Буса 1аьржа мархаш къехкош дай и-м, Хийла зулам цуьнах кхоьруш 1а. Беттасино г1о до вайна даим Дегнашчуьра бода лалла д1а. Гонах яржош д1о седарчийн кана, Цо х1оттийча стиглахь дато той, 1аьржа зулам — вайн бохамийн нана — Доду, беттан серло ла ца лой. Т1аккха ц1инлуш санна хета латта, Шовкъе муьйлуш нуьре беттаса. Хуьлу цунна буса набъян атта, Беттан б1аьрго дечохь шена ха. Победино, 1980 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#342 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Бузуш сан уьйрашлахь шайн хьогIан маша, Ма дукха-ъ хилла шу — са кIеззиг дерш. Ма къен а дар-кха со шух цуьрриг ваша, Шу гIерташ со малван — шайн хирриг деш. Бахбеш сан букътехьа питанийн Iеха, Аш туьйсу кхерамаш, сан ницкъаш зуьйш. Бакъонца, Нийсонца дуьстича, уьш Цхьанна а ца хета чемхалган меха. Ас йоккху сирлачу сайн дагна гена Доьналлин мох бетташ, шун синойн къахь. Ас денна цоьстуш ю шун ачо къена: Сан тур ду — сан дайша ларйина Яхь… Соьлжа-ГIала, 1981 шеран февраль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#343 |
|
Вес репутации: 27 |
ГIаргIулеш
ГIаргIулеш… Дахаран тембоцу оьргаш, Йоьлху шу бовхачу малхана герга… Лоьху аш, гездохуш стигланан дари, Шелонна зирх тийса ца лиъна аре. Вовшашка мохь бетташ, мархашлахь юькъачу Йоьлху шу. Шу-м юьгу уггар а йоккхачо. БIаьрго схьа ца лаццал, йовлу шу гена, Кхоьхьу аш сан бIаьрхиш, сан ирсе гIенаш… Эгадеш пелагаш бераллин новкъа, Къоналло-гIаргIулис тIам бетта шовкъе. Ас цуьнга мохь бетта: «Ма латта юьстах, Схьайола сан керта, сан деган йисте…». …И юьтий, дIайоьду гIаргIулийн тоба, Ткъа со-м Iа, къоналлин сатийсам кхобуш. Хоттане, 1976 шеран октябрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#344 |
|
Вес репутации: 27 |
ХIун хилла вайна?
Вайн дегнийн бос х1инца ца хеташ к1айн, Д1ауьду бендацарх д1аийна денош. Т1аьхь-т1аьхьа тидамехь ца хуьлу вайн Бохамехь 1аш верг, шен б1аьрхиш а 1енош. Стигала хьала а ца хьовсу вай, Текхаеш ойланаш, цкъа хилларш т1ома. Кхоамза хедадо вай уьйрийн тай, Бахьанза хиларца вовшашца гома. Марзонаш д1аекъа к1адделла вай, Зарздина г1иллакхаш лардинарш дайша. Са д1а а доьжна, вай хоьхкуш ду гай, Амалш а схьаэцна лелийнарш лайша. Тутмаьж1гаш йоьхкина яххьашна т1е, Шалхонийн к1уьралахь вовшашна къежа. Стаг волчу стагана беттарца пе, Сом вайга кхийдочу к1иллочух теша. Ца хууш дешар дуй дахаран дарц, Лайн чимийн эг1аза худар а хилла, Вай г1ерта Бакъ эшош, толадан Харц, Нийсонна т1едоккхуш ямарта х1илла... Хоттане, 1982 шеран апрель
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#345 |
|
Вес репутации: 27 |
Цхьалле
Шийла цхьалла, суна евза хьо, Девза хьан гIайгIанийн хIора сиз а. Сан дахаран хийла къона шо Дагий ахь хьайн набарзаллехь къиза. Сица луьттуш хийла хьоме цIе, БIаьргаш хьалха хIутту хийла иэшам. Амма кхачарх уггар Iаьржа де, Со ца къахко хьаьжна ирсах тешам. Ваьхна со, дуьненах тардеш цIа, Юххехь воцуш вевза-везарг цхьа а. Цхьалла, агарх ахь сан ховха са, Со хьан ницкъе къар ца велла цкъа а. Шела, 1981 шеран февраль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#346 |
|
Вес репутации: 27 |
Бутт..
Хан д1аэхарх, ца до-кх к1орда цунна Лаьтта 1ено к1айнчу басахь моз. Дуьхьал къиежаш шега хьаьжначунна, Стиглахь лепа беттан горга х1оз. Буса 1аьржа мархаш къехкош дай и-м, Хийла зулам цуьнах кхоьруш 1а. Беттасино г1о до вайна даим Дегнашчуьра бода лалла д1а. Гонах яржош д1о седарчийн кана, Цо х1оттийча стиглахь дато той, 1аьржа зулам — вайн бохамийн нана — Доду, беттан серло ла ца лой. Т1аккха ц1инлуш санна хета латта, Шовкъе муьйлуш нуьре беттаса. Хуьлу цунна буса набъян атта, Беттан б1аьрго дечохь шена ха. Победино, 1980 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#347 |
|
Вес репутации: 27 |
Б1аьсте..
Юха а б1аьсте ю. Декхнаш ду доьлхуш, Лууш со езачун лар лаха вига. 1а шайца д1адуьгуш, мархаш д1айоьлхуш, Малхана товрриг деш, д1Iац1анло стигал. Ткъа цуьнан сийналла — сан б1аьргийн до1а - Лепа кху б1аьстенца, дагна беш хьаам. И хесто дуй бууш нохчочун во1а, Дуьненчохь кхуьур бу кхин цхьа синхаам. Победино, 1980 шеран апрель
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#348 |
|
Вес репутации: 27 |
Сайн нене...
Хебарша юьхь-сибат оху хьан, нана, Шераша месаш йо хьан т1етт1а сир. Сиркхонийн халбата хьо хиъчахьана, Хаьдда сан къоначу синтеман тхир. Комаьрша догучу хьан дагна гонах Дикалло яьккхина шен дашо тир. Ас дагахь 1амийна хьан амат къона, Къизачу хене и ца дайта шир. Сан нана, мел жима яр-кха хьо х1етахь. Ма сиха д1аели и мерза хан! Х1инца-м хьо хеназа алсам 1а меттахь, Хорам беш йогучу ойланна сан. Халла бен ца йолу уча я ара, Шеконца хьайн дег1е ладоьг1уш 1а. Ас х1ун дан дезар-те хьо яцахьара? Х1ун дийр ду-техьа ас хьо йодахь д1а? Хьо лаза хьакхийча, ас бала лов-кха, Гу санна, лахло-кха сан хьаштийн лам… Хьоьл хьалха вер ву со т1аьххьарчу новкъа, Хьоьл т1аьхьа дуьненах ца баккха чам... Хоттане, 1981 шеран апрель
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#349 |
|
Вес репутации: 27 |
Зама...
Зама йоьду, шен ма-хуьллу хьаьдда, Юьхьт1е етташ д1адаьллачун чан. Йог1ий-кхочий сан оьмаран хьаьтта, Хийла хадий цо сан ирсан г1ан. Х1ан-х1а, ц1ерхазамна ас ца биъна Замане суо къар ца вайта дуй. Суна дукхе-дукха хьалха хиъна Лаьттахь иза эшош собар дуй. Ас цундела хьалха лоьллу маса Хенан новкъахь сайн поэзин дин, Б1аьрца маракъуьйлуш лаьмнийн аса, Т1ехьа дуьтуш сингаттаман 1ин. Сайн оьмаран чоь мел хиларх готта, Лало соьга денойн чорда дукъ. Дезча мостаг1ашна дуьхьалх1отта Тухур бац ас, кхеравелла, букъ. Ловр ду дерриг. Амма бу цхьа кхерам: Х1ун дийр ду ас езар кхетта лахь? Гихь д1ахьур бу хено сан синкъерам, Со векалвеш накъост лаца — яхь… Хоттане, 1981 шеран май
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#350 |
|
Вес репутации: 27 |
Сан дашо сахьт ду-кха стоьла т1ехь 1уьллуш,
Стомара дуьйнна д1а иза-м ду сецна. Ши цхьамза лаьтташ бу — к1адбелла-те уьш? Ас дулахь, сахьт дола лур дуй-те хецна? Моттало, сахьт санна, сецна 1а зама, Амма и бакъ дац-кха — и йоьду хьаьдда. Йоьду и сов сиха гуш йоцчу пана, Челакха дин санна, реманах хаьдда. Зама сан сахьтаца лелаш елар-кха, Сан сахьтан цхьамзанаш шен архаш йолуш. Т1аккха и даим сан карахь хир яр-кха, Шен сацар, д1аяхар соьх доьзна долуш. Сайн сахьтан цхьамзанаш юха хьовзийна, Д1адахна б1ешераш ас луьстур дара. Д1аяхна и зама ерриг а зийна, Ас цуьнах лаьцна цхьа байт язйийр яра. Х1ан-х1а, и хир дац-кха! Сатийсар — эрна! Дуьйцуш а хета и туьйранах тера. Геннара дуьйнна схьа к1ад ца луш йог1ург Сахьто а сацор яц, дойтуш ша боххург. И-м чехка йоьдуш ю, шен чабол эцна, Цхьа бере вац цунна лаьттахь нуьйр туьллуш… Стомара дуьйнна д1а к1адделла сецна Сан дашо сахьт ду-кха стоьла т1ехь 1уьллуш… Хоттане, I973 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|