Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 29.07.2008, 14:43   #321
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Безаман зезаг

БIаьста вай вовшашна дуьххьара гира.
Сирлачу безамах вай кад буьзира.
Алсам ма-даьллинехь вай вовшийн дезар,
Безаман кеда чохь делира зезаг.

Безаман мерза мутт шен кийра эцна,
И хьала кхиънера, патарш а хецна.
Цкъа цхьана дийнахь хьо дIаяхча генна,
Вайшиннан зезаг ас хьоьстура денна.

ХIетте а, гIелделла дисира иза,
Уллера дIадевлча хьан кхиэлан сизаш.
Букар а дуьйлира, маргIал а делла,
ЦIаерза кхоччуш хьо хьеелла дела.

Кестта хьо цIа кхачахь, сан ирсан седа,
Керла мутт IаьIар ду безаман кеда.
Цу кедахь безаман зезаган орам
Юха а денлур бу, вай даханора!


Хоттане, I974 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 29.07.2008, 14:44   #322
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Гуьйренан сибат

Меллаша тIесерса дерз а,
Сов юькъа яьржина дохк.
Аьхкенан де, юхадерза!
Шелделла сан дог де дох.

Миччара! Чкъург керчош, хено,
Бицбойтуш цIерпоштан мохь,
Шен новкъа чаккхармаш Iенош,
Сан дагтIехь бити-кх цхьа муо.

И муо бу аьхкенах къастар,
Ла ца луш гуьйренан ткъарш.
БIаьрсинна гIаргIулеш къаьста,
Хедаеш стигалан Iарш.

Дерзинчу дитташ тIе дегза
Ледадеш тIадмаш-туьтеш,
Меллаша тIесерса дерза
ГIаргIулийн бIаьрхиш ду-те?



Хоттане, I973 шеран октябрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 30.07.2008, 07:46   #323
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Iомо седарчийн ага техкадо,
Махо Iеханийн кохкарш хедадеш.
Батто стигалахь нека чехка до,
Дато нуьрца шен бода меда беш.

Хан дIайоьду ша яьлла Iодара,
Новкъа йоху и шерийн секхаша.
Буьйса йоьссина кху сан кIотара,

Лела IиндагIаш — уьдуш, текхаш а…

Ахьа-м ойланехь васт сан къехкадо,

Луьста доцу хьайн бIаьрхиш ледадеш…

Iомо седарчийн ага техкадо,
Махо Iеханийн кохкарш хедадеш…


Победино, 1979 шеран аьхке

__________________
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 30.07.2008, 12:48   #324
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Нана-аьрзу

Iажаркх-буц тIунъелча суьйренан тхишлахь,
Кху цIенчу дахарехь цхьанна-м наб ца кхета.
ХIай, Нана-аьрзу, хьо тховса ма йижалахь,
Хьайн кIорни яйъи ахь, суна хьох къахета.

Инзаре мохь бетташ суьйренан кIуьралахь,
Хьайн накха бетта ахь бузучу малхах.
Хьан доьхна дог Iийжош, тIехъюьйлу кIорнеш,
Ткъа хьайниг цаьрца яц — хьо йиси цхьалха.

Ма лаьа хьо хьаста буьйсанна беттан,
Хьан дагчу дIакхето сайн ирсе гIан.
Ма лаьа сахаддалц хьоьга мохь бетта:
«ХIай, Нана, со ва-й и-м — хьан вайна кIант!».



1977 шеран июль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 30.07.2008, 12:49   #325
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Сонта дозалла

Iуьйранна бацана хьалха
Дозалла деш хилла тхи:
«Со дацахьара хьо цхьалха
Хир яра, ас хьо кхиий.

Гой хьуна, сирла со къега,
Лепадеш дуьне хIара.
Сох хилла исбаьхьа седа,
БIаьрла ду со жовхIарал…».

Малх кхийти, оьхьуш хазалла,
Цо и тхи дерриг дакъий.
Дагий цо сонта дозалла.
Тхино ша хестадац кхин.



Хоттане, 1975 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 30.07.2008, 12:50   #326
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Дарц даларх лекхачу ломахь,
Махо а лекхарх шок-зурма,
И аьрзу ца юху боларх,
Цо дегI шен латтадо кура.

Йисарх а тIемаш а дойна,
Ницкъ боцуш цу стигла яла,
И гур яц гIелйина ойла,
Балхабеш шегара бала.

Хилла-кха олуш цундела
Тохара ахь соьга, нана:
«Халонех цкъа а ца кхера
Ламанан аьрзунах Iама
…».



Хоттане, 1975 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 31.07.2008, 13:41   #327
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Хьайна т1е вон деъча, нахе ма дийца,
Хьайн деган к1оргенехь д1ахьулде и.
Моьттуш хьайх доглаза массо ву кийча,
Ма леха хийрачийн б1аьргаш чохь хи..

Мегар ду, кхечуьнца и хилча санна,
Ахь дийца хьайн вон а, хьуо 1а ца лахь.
Хьан дагна парг1ато хилча а ханна,
Жимъяла там бу ахь лайначун къахь..

Делахь а, набаро хьайна не1 йоьллуш,
Хезар ду хьуна хьайн г1енашна хехь
Кхетамна галдаьлла хьайн син иэс доьлуш,
Цул т1аьхьа и тийжаш хьайн дагна т1ехь...

Победино, 1979 шеран январь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 31.07.2008, 13:43   #328
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Дерриг дицди… Кхийдац со кхин ирсан ц1аре.
Суо 1аш ву со, кху тийналлех буьзна б1аьрг.
Х1етте а, со-м ву сатуьйсуш цхьа йо1 гаре,
Ца хууш ерг сан дахаран цхьа а хьаьрк.

Цуьнан дуьхьа сайн г1уллакхаш д1а а тесна,
Со шайх хьегна дерриг хьашташ довлуш сов,
Цунна коч ян тоьлла дари, махмар эцна,
Кхочур вара и 1аш йолчу юьрта со.

Цунна т1аьхьа, гезъеш луьста, акха хьаннаш,
Г1ур вара со, дорцехь техкош ага син…
…Хир вара со тоьаш, тера хилчахьанна
Ас цкъа мацах бехках лар ца йинчух и…

Хоттане, 1977 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 31.07.2008, 13:45   #329
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
ДIасакъастар

ЦIерпошт а, эххар а мохь тухуш къаьхьа,
Меллаша йолало, со шеца хьош.
Гинехь а, куьг ластош ахь сайна тIаьхьа,
Ца хези-кх ахь аьлла тIаьххьара дош.

Хьо юьтуш, дIавахар ца хилла атта,
Цундела бац-кха сан синлазам туьйш…
Чкъургаша рельсаш тIехь мел доккху тата
Хета сайн дог деттадаларх дIауьйш.



ЦIерпошт «Соьлжа-ГIала — Аштаркхне», 1982 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 01.08.2008, 13:19   #330
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Даймахко Iамийна со

Сайн мехкан хьал даккха сов,
Диц ца дан Кавказан лаьмнаш,
Ца къесто дуьненан къаьмнаш
Даймахко Iамийна со.

Мох хьакхарх, яржаеш ткъов,
Юьхь-сибат ца лечкъо дорцах,
Оьшшучохь гIатта а орцах
Даймахко Iамийна со.

ТIехцIена леладеш дог,
Безаршца сов бертахь ваха,
Шех лаьцна иллеш а даха
Даймахко Iамийна со.

Хьешана дIаделла ков,
Яхь-гIиллакх лардан сайн къоман,
ХьагI лелош, ца хьежа гома
Даймахко Iамийна со.

Хоттане, I973 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.