Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 26.07.2008, 13:05   #301
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Сан дашо сахьт ду-кха стоьла т1ехь 1уьллуш,
Стомара дуьйнна д1а иза-м ду сецна.
Ши цхьамза лаьтташ бу — к1адбелла-те уьш?
Ас дулахь, сахьт дола лур дуй-те хецна?

Моттало, сахьт санна, сецна 1а зама,
Амма и бакъ дац-кха — и йоьду хьаьдда.
Йоьду и сов сиха гуш йоцчу пана,
Челакха дин санна, реманах хаьдда.

Зама сан сахьтаца лелаш елар-кха,
Сан сахьтан цхьамзанаш шен архаш йолуш.
Т1аккха и даим сан карахь хир яр-кха,
Шен сацар, д1аяхар соьх доьзна долуш.

Сайн сахьтан цхьамзанаш юха хьовзийна,
Д1адахна б1ешераш ас луьстур дара.
Д1аяхна и зама ерриг а зийна,
Ас цуьнах лаьцна цхьа байт язйийр яра.

Х1ан-х1а, и хир дац-кха! Сатийсар — эрна!
Дуьйцуш а хета и туьйранах тера.
Геннара дуьйнна схьа к1ад ца луш йог1ург
Сахьто а сацор яц, дойтуш ша боххург.

И-м чехка йоьдуш ю, шен чабол эцна,
Цхьа бере вац цунна лаьттахь нуьйр туьллуш…
Стомара дуьйнна д1а к1адделла сецна
Сан дашо сахьт ду-кха стоьла т1ехь 1уьллуш…

Хоттане, I973 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 27.07.2008, 00:16   #302
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Бутт..

Хан д1аэхарх, ца до-кх к1орда цунна
Лаьтта 1ено к1айнчу басахь моз.
Дуьхьал къиежаш шега хьаьжначунна,
Стиглахь лепа беттан горга х1оз.

Буса 1аьржа мархаш къехкош дай и-м,
Хийла зулам цуьнах кхоьруш 1а.
Беттасино г1о до вайна даим
Дегнашчуьра бода лалла д1а.

Гонах яржош д1о седарчийн кана,
Цо х1оттийча стиглахь дато той,
1аьржа зулам — вайн бохамийн нана —
Доду, беттан серло ла ца лой.

Т1аккха ц1инлуш санна хета латта,
Шовкъе муьйлуш нуьре беттаса.
Хуьлу цунна буса набъян атта,
Беттан б1аьрго дечохь шена ха.
Победино, 1980 шеран март
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 27.07.2008, 00:17   #303
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Тийналла..

Сан дагна т1ехула лепаш
Даим а сийналла ю.
Сан байтийн 1аьнарехь дебаш
Мукъаме тийналла ю.

Аренан тийналла, ломан
Г1ург1езан мас санна, яйн.
Тийналла хьуьнхарчу 1оман —
Аз доцу весет сан дайн.

Тийналло дарба дой, цкъацкъа
Дерзадо дагчуьра да1.
Амма и ханна бен яц-кха —
Байттамал, байттамал-я1…
Хоттане, 1980 шеран июль
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 27.07.2008, 00:19   #304
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Ма сирла адам хилла-кх хьо, Ибрах1им...
Аллах1а ялсамани хьаша войла хьоьх...


Б1аьсте..

Юха а б1аьсте ю. Декхнаш ду доьлхуш,
Лууш со езачун лар лаха вига.
1а шайца д1адуьгуш, мархаш д1айоьлхуш,
Малхана товрриг деш, д1Iац1анло стигал.

Ткъа цуьнан сийналла — сан б1аьргийн до1а -
Лепа кху б1аьстенца, дагна беш хьаам.
И хесто дуй бууш нохчочун во1а,
Дуьненчохь кхуьур бу кхин цхьа синхаам.
Победино, 1980 шеран апрель
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 27.07.2008, 00:25   #305
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Цитата:
Ма сирла адам хилла-кх хьо, Ибрах1им...
Аллах1а ялсамани хьаша войла хьоьх...
Амин, Малика. Дала декъал войла Ибрах1им. Сирла ойла а, дог а долуш къонах хилла иза.

Седарчийн буьйсано биллинчу б1аьрго
Тийналлин 1индаг1на ца бетта пе.
Сайн дагалецамехь ас лоьху м1аьрго
Дуьххьара ялийнарг хьо сайна т1е.

Мархаш а к1ад ца ло беттаса къийса,
Х1авао шайна т1ехь мел буг1у бохь.
Хьан вастан б1арлаг1а тховса а хьийза
Мохтиле ца карош сан б1аьргаш чохь.

Буц а ю, зезагий оьхкина коча,
Баьццарчу юьхьт1ера д1ахьоькхуш тхиш.
Бохь-генаш уьйт1арчу хьаьрсачу хьочан
Лоькхуш 1а сан дагна хьоьх лаьцна йиш.

1аламан аьзнаша буьйсанан карахь
Хьо дагатийсарна кула ца йо.
Сан ч1ог1а садукъло г1айг1анан марахь,
Ойланийн куьг кочехь ца хилча хьо.

Баттана юххера седарчийн хорха
Маццалцца хир ю-те сан б1аьргийн стом?
Эхарта йоьдуш сайн оьмаран йорг1а,
Дин хийца йиш йоцу бере ву со-м…

Ибрах1им Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 27.07.2008, 00:25   #306
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Х1унда ду сатийсар гуттар а г1айг1анах ийна?
Вовшашка сатуьйсуш вайшиъ а к1еззиг ца 1ийна…


Цхьа хазахетар ду сагатдар х1ун ду ца хууш —
Хаац-кха, вай х1унда дацара цуьнца 1ан лууш.

Къоначу лехамехь цхьа сонта цакхетам 1аь1на,
Вай хууш дацара атта дуй дахаран маь1на:

Муьлхха вай яккхахь а ирсан раг1 лацаран лоьмар,
Ханна бен яц-кха вай идочу г1уллакхийн оьмар.


Абаде чолхе ю вай дуьхе ца кхиъал цкъа а -
Дуьненчохь хан йоккхуш цунна т1е ца къаьчна цхьа а.

Хеназа хьийзабеш хиндолчун собаре бера,
Гуш йоцчу чаккхене вай ч1ог1а сатийсинера.

Со ч1ог1а реза ву вай иштта тем байна 1ерна,
Хан т1е ма-кхаьччи бен хир доцче сатуьйсуш эрна,

Ца хууш, дахаран жам1аш дар хир доций нийса
Болийна некъ бина валанза — гара я нийса…
Хоттане, 1981 шеран январь
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 27.07.2008, 00:37   #307
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Боллан дитте

Боллан диттан лайно къеждо генаш,
Даг т1е туьйсуш йовхо йоцу г1енаш.

Генийн кийрахь б1аьста идда мутта,
Моьттур дац хьо лекъна хир ду гуттар!

Лаьтта бухахь боллан къона орам
Меттах ца хьов, хилча санна хорам.

Б1аьста малхе кхийдаш хилла бохь а
Х1инца г1ийла кхозу лаьтта охьа.

Йицйи-те ахь, балл, хьайн къона зама,
Хала ду хьуна шело эшон 1ама?

Лаац хила хьо дорцана къера,
Цуьнца къийсам латтабе, ма кхера!

Гулдай дерриг хьайгахь хилла г1ора,
Лаьттах йовхо ийзош, денбе орам.

Хиларх х1ун ду хьо цкъачунна къоьжа:
Маьлхан б1аьрг хьоь дегайовхонца хьоьжу —

Кийча хила дег1 хьайн малхе даккха!
Кийча хила б1аьста зазадаккха!

Хоттане, 1978 шеран апрель
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 27.07.2008, 00:38   #308
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
ТIехилий, кхаллахь тхан кхача,
ТIех мерза бацахь а чам,
Хьо хиларх лулахо, хьаша,
Я деган доттагIа сан.

Ма ала: «Йиъна ву хIинцца».
Ма ала: «Кхоийна Iац».
Вовшашца вай йоькъуш нийсса,
Йиънарг бен мерза ма яц.


ТIехилий, вуха ца теIаш,
Хьажахьа, муха бу чам,
Нагахь со лоруш, со везаш
Хьо веънехь хIусаме сан.



Хоттане, 1974 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 27.07.2008, 03:38   #309
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Сегодня исполнилось 26 лет со дня смерти Ибрах1има.
26 лет... больше,чем ему было самому...
Как мало он прожил! Но сколького оставил нам: чистоту своей души, которая отражается в его поэзии. А ведь он за свои 23 года сделал больше,чем многие из нас за всю жизнь . И дело не в его творчестве, а в самой личности. Не будь он таким необыкновенно чистым,добрым и с большим сердцем Человеком, сложились ли такие стихи,полные жизни и любви?! Думаю,нет.
Ибрах1им,какой он был- весь в своем творчестве,вкладывая частичку своего сердца в свои стихи, он передал нам свой мир,в котором не было злобы и зависти. Мне кажется,читая его стихи,что чувствуя холодное дыхание смерти,он пытался сказать в своих стихах за многие годы вперед, зная,что не успеет...

Стаг а, и веха зама а ша къастина яц, и стаг а, и зама а ца хедаш схьайог1учу адамийн,хенан з1енан ч1уг ю...

Шен доццачу дахарехь диканаш бен ца диначу Ибрах1иман хенан з1енан ч1уг хилла-кха сирла, стиглара седа санна...


ИбрахIиме

Поэзин охIланийн седарчийн новкъа,
Хьайн рагI тIе ма-кхаьччи, дIаваха хьо а
.
ТIом санна, Iаьржачу мархашлахь дов-кха
Хьан даго лийсина беттан кIайн хIоа.

Ма сиха ларий хьо Iожалла къасто,
Ма ваха йиш йолуш ца ваха цига.

Хьан байтех хьоьгучу Даймехкан васто
Мохь бетта, стигал а елхош, хьан сига.

Дика ду гур доцуш гIенах я самах
Хьуна хьайн Нохчийчу боьссина бала.
Хьан халкъо ловш болчу къизачу тIамах
Кадели хьан иллин ца леш, чекхдала.

Хьуна а гур ду-кха генарчу цигахь
Мел заза даьккхина хьайн синан хьесо
Хьоь кхуьйкху хьан байташ эхарта йигахь
Хьо лаьттахь ца гучу поэзин иэсо.


Iилман Юсупов


Дала декъал войла хьо,Ибрах1им. Дала ялсмани хьаша войла хьоьх...
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 27.07.2008, 13:56   #310
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Безаман зезаг

БIаьста вай вовшашна дуьххьара гира.
Сирлачу безамах вай кад буьзира.
Алсам ма-даьллинехь вай вовшийн дезар,
Безаман кеда чохь делира зезаг.

Безаман мерза мутт шен кийра эцна,
И хьала кхиънера, патарш а хецна.
Цкъа цхьана дийнахь хьо дIаяхча генна,
Вайшиннан зезаг ас хьоьстура денна.

ХIетте а, гIелделла дисира иза,
Уллера дIадевлча хьан кхиэлан сизаш.
Букар а дуьйлира, маргIал а делла,
ЦIаерза кхоччуш хьо хьеелла дела.

Кестта хьо цIа кхачахь, сан ирсан седа,
Керла мутт IаьIар ду безаман кеда.
Цу кедахь безаман зезаган орам
Юха а денлур бу, вай даханора!


Хоттане, I974 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.