Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 23.07.2008, 19:27   #281
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *

Дарц даларх лекхачу ломахь,
Махо а лекхарх шок-зурма,
И аьрзу ца юху боларх,
Цо дегI шен латтадо кура.

Йисарх а тIемаш а дойна,
Ницкъ боцуш цу стигла яла,
И гур яц гIелйина ойла,
Балхабеш шегара бала.

Хилла-кха олуш цундела
Тохара ахь соьга, нана:
«Халонех цкъа а ца кхера
Ламанан аьрзунах Iама…».



Хоттане, 1975 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 23.07.2008, 19:29   #282
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***

«КхозлагIниг сов хуьлу» — халкъалахь олу.
Цуьнах ца теший, со ойлане волу.
Масала, шиъ леташ, буйнаш а лестош,
Дог этIаш, чухьоьдуш вовшашна дера,
КхозлагIниг ца хилахь и шиъ дIакъестош,
Ишттачохь хир ду стаг лазор а, вер а.
Цундела шиъ леташ, даьллачохь дов
КхозлагIниг цкъан цкъа а хир вац-кха сов.



Хоттане, 1974 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 23.07.2008, 19:30   #283
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *

Кхочуш ца ди
Суна дела дош ахь:
Хьо ца еа.
Можа бошхап беттан
Атадели,
Стиглара чудоьжна.
Атадели,
КIайнчу тIулгах кхетта…



Дишни-Ведана, 1978 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 24.07.2008, 00:41   #284
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Даймахко Iамийна со

Сайн мехкан хьал даккха сов,
Диц ца дан Кавказан лаьмнаш,
Ца къесто дуьненан къаьмнаш
Даймахко Iамийна со.

Мох хьакхарх, яржаеш ткъов,
Юьхь-сибат ца лечкъо дорцах,
Оьшшучохь гIатта а орцах
Даймахко Iамийна со.

ТIехцIена леладеш дог,
Безаршца сов бертахь ваха,
Шех лаьцна иллеш а даха
Даймахко Iамийна со.

Хьешана дIаделла ков,
Яхь-гIиллакх лардан сайн къоман,
ХьагI лелош, ца хьежа гома
Даймахко Iамийна со.

Хоттане, I973 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 24.07.2008, 00:43   #285
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Шовданан йиш

Шатайпа ду шовда — шен аз ца хуьйцуш,
Даим цхьанаэшшара охьаихна и.
ДIадовларх бIешераш, кортош а туьлуш,
Шовда-м ду лоькхуш шен къан ца ло йиш.

ХIара шовда цкъа мацах сан деден дас а
Мелла хир канашкахь, Iабош шен дог.
Цу хенан мехаша къажйина хьаннаш
Заманан тукаро кхедина го.

Хийцамийн зил буьтуш горгачу лаьттахь,
Адамех хийламмо тIеэцна каш.
И тIулган бIаьвнаш а замано аьтта,
Лаьттах дIашарделла дай кхаьбна кхаш.


Ткъа хIунда ца лекъна ламанан шовда,
Къамкъарг а якъалуш, хелаш шен йиш?
Лаьмнийн цу кийрахь а хIорд бу-те боккха,
ТIекхоьхьуш шовданна дарбане хиш?

Массо а заманан бакъдолу верас
Ду боху шовдано шен шийла хи-м…
Хетало цо лоькху йиш а цундела
Лендоцчу дахарна лерина гимн!..



Хоттане, 1974 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 24.07.2008, 00:45   #286
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Нана-аьрзу

Iажаркх-буц тIунъелча суьйренан тхишлахь,
Кху цIенчу дахарехь цхьанна-м наб ца кхета.
ХIай, Нана-аьрзу, хьо тховса ма йижалахь,
Хьайн кIорни яйъи ахь, суна хьох къахета.

Инзаре мохь бетташ суьйренан кIуьралахь,
Хьайн накха бетта ахь бузучу малхах.
Хьан доьхна дог Iийжош, тIехъюьйлу кIорнеш,
Ткъа хьайниг цаьрца яц — хьо йиси цхьалха.

Ма лаьа хьо хьаста буьйсанна беттан,
Хьан дагчу дIакхето сайн ирсе гIан.
Ма лаьа сахаддалц хьоьга мохь бетта:
«ХIай, Нана, со ва-й и-м — хьан вайна кIант!».



1977 шеран июль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 24.07.2008, 00:48   #287
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Сонта дозалла

Iуьйранна бацана хьалха
Дозалла деш хилла тхи:
«Со дацахьара хьо цхьалха
Хир яра, ас хьо кхиий.

Гой хьуна, сирла со къега,
Лепадеш дуьне хIара.
Сох хилла исбаьхьа седа,
БIаьрла ду со жовхIарал…».

Малх кхийти, оьхьуш хазалла,
Цо и тхи дерриг дакъий.
Дагий цо сонта дозалла.
Тхино ша хестадац кхин.



Хоттане, 1975 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 24.07.2008, 15:10   #288
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
ХIун хилла вайна?

Вайн дегнийн бос х1инца ца хеташ к1айн,
Д1ауьду бендацарх д1аийна денош.
Т1аьхь-т1аьхьа тидамехь ца хуьлу вайн
Бохамехь 1аш верг, шен б1аьрхиш а 1енош.

Стигала хьала а ца хьовсу вай,
Текхаеш ойланаш, цкъа хилларш т1ома.
Кхоамза хедадо вай уьйрийн тай,
Бахьанза хиларца вовшашца гома.

Марзонаш д1аекъа к1адделла вай,
Зарздина г1иллакхаш лардинарш дайша.
Са д1а а доьжна, вай хоьхкуш ду гай,
Амалш а схьаэцна лелийнарш лайша.

Тутмаьж1гаш йоьхкина яххьашна т1е,
Шалхонийн к1уьралахь вовшашна къежа.
Стаг волчу стагана беттарца пе,
Сом вайга кхийдочу к1иллочух теша.

Ца хууш дешар дуй дахаран дарц,
Лайн чимийн эг1аза худар а хилла,
Вай г1ерта Бакъ эшош, толадан Харц,
Нийсонна т1едоккхуш ямарта х1илла...

Хоттане, 1982 шеран апрель
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 24.07.2008, 15:11   #289
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Яздо ас, ц1ийх иэдеш шекъа,
Кехатах дог тешадеш.
Сан иллин мог1анаш хьекъа,
Токх а еш сан деган беш.

Со-м ян а кийча ву ч1аг1о,
Теш х1иттош ц1еналла син:
Ца еза кехатан аг1о,
Къарзъелла яьлча бен и.

Верриг а векхалуш сица,
Со ле1а ваьлча сайн г1ан,
Мог1анаш 1аьржачу ц1ийца
Чекхдуьйлу кехатах сан.

Гуш хета безачийн яххьаш,
Бахначийн эхарта д1а.
Сайн лаьмнийн къежделла баххьаш
Дага а лоьцуш со 1а.

Ца хилла тем леха оьшуш,
Даг чу дуьйш мог1анийн х1уш:
Уьш ду сан б1аьргаш чу хьоьжуш,
Царна чохь шаьш хьекъаш гуш.

Шерашна, шаьш идарх генна,
Сан башха къинхьегам тайн:
1аьржачу хьаьркашца денна
Къарздо ас кехаташ к1айн.

Ойланийн зирхан беш хама,
Йогу сан син кхерчан ц1е…
Т1аьххьарчу илланчийн зама
Мацца а кхочур ю т1е.

Хир вуй-те со церан декъах?
Хир вуй-те сан иллийн теш?
Яздо ас, ц1ийх иэдеш шекъа,
Кехатах дог тешадеш…

Хоттане, 1982 шеран февраль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 24.07.2008, 15:11   #290
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Дехар...

Г1ертац со тийналлехь
Шовданчу варжа.
Д1о-о малх-м сийналлехь
Сох боьлийц, маржа…

Гуш юй хьо: дог кхехка,
Синтем ца лайна.
Яций хьо сох къехкаш,
Тем лехна хьайнна?..

Сайн даг т1ехь ас х1оккхул
Да1 лайчаъ дехха,
Доццушехь и доккха,
Сов ду-кх сан дехар.

Дарвелла малх цесттал,
Со-м хьийза воьхна:
Буй-те и малх ц1еста
Хьох куьйгаш тоьхна?

Иэделла хьан вастах
Сайн дош кароза,
Барт боккхуш, хьо хьаста
Хир юй таро сан?

Гуш юй хьо дог кхехкар,
Синтем ца лайна?
Доьху сайх ца къехкар,
Тем лоьхуш хьайнна.

Дарвелла, малх цесттал,
Со-м хьийза воьхна.
Хир бу-кх и малх ц1еста
Хьох куьйгаш тоьхна…

Ведана, 1978 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.