![]() |
|
|
#241 |
|
Вес репутации: 27 |
ХIун хилла вайна?
Вайн дегнийн бос х1инца ца хеташ к1айн, Д1ауьду бендацарх д1аийна денош. Т1аьхь-т1аьхьа тидамехь ца хуьлу вайн Бохамехь 1аш верг, шен б1аьрхиш а 1енош. Стигала хьала а ца хьовсу вай, Текхаеш ойланаш, цкъа хилларш т1ома. Кхоамза хедадо вай уьйрийн тай, Бахьанза хиларца вовшашца гома. Марзонаш д1аекъа к1адделла вай, Зарздина г1иллакхаш лардинарш дайша. Са д1а а доьжна, вай хоьхкуш ду гай, Амалш а схьаэцна лелийнарш лайша. Тутмаьж1гаш йоьхкина яххьашна т1е, Шалхонийн к1уьралахь вовшашна къежа. Стаг волчу стагана беттарца пе, Сом вайга кхийдочу к1иллочух теша. Ца хууш дешар дуй дахаран дарц, Лайн чимийн эг1аза худар а хилла, Вай г1ерта Бакъ эшош, толадан Харц, Нийсонна т1едоккхуш ямарта х1илла... Хоттане, 1982 шеран апрель
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#242 |
|
Вес репутации: 27 |
Нохчийн мотт
Нохчийн мотт — сан дагах лиэша мутта, ХIун хир ду кху Лаьттахь хьоьл кхин сирла? Иштта лепа седарчашлахь бутт а, Ца лелийта сан дог-ойла тилла… Дала кхиэл сан Iожаллега таттахь, Мулкалмовто сайн са дIахьош тIома, Кхуьур вуй-те ала нохчийн маттахь: «Декъал хуьлда иллеш нохчийн къоман!». Хоттане, 1981 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#243 |
|
Вес репутации: 27 |
ТIехилий, кхаллахь тхан кхача,
ТIех мерза бацахь а чам, Хьо хиларх лулахо, хьаша, Я деган доттагIа сан. Ма ала: «Йиъна ву хIинцца». Ма ала: «Кхоийна Iац». Вовшашца вай йоькъуш нийсса, Йиънарг бен мерза ма яц. ТIехилий, вуха ца теIаш, Хьажахьа, муха бу чам, Нагахь со лоруш, со везаш Хьо веънехь хIусаме сан. Хоттане, 1974 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#244 |
|
Вес репутации: 27 |
Дацдала дуьйлало денош,
Яссало гуьйренан хIусам. Дитташа, можа гIаш Iенош, Мехашна Iамабо узам. КIадделла догIу сан болар Тачанийн текхаргех къехка. Стиглара массо а кхолар Сан дагтIехь йочанех техка. Буьртигаш даточу тхинан Ца догу даттанан цIергахь… Ас хIун де гатлучу сина И хилча цхьаллина гергахь? Победино, 1979 шеран октябрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#245 |
|
Вес репутации: 27 |
Дерриг дицди… Кхийдац со кхин ирсан ц1аре.
Суо 1аш ву со, кху тийналлех буьзна б1аьрг. Х1етте а, со-м ву сатуьйсуш цхьа йо1 гаре, Ца хууш ерг сан дахаран цхьа а хьаьрк. Цуьнан дуьхьа сайн г1уллакхаш д1а а тесна, Со шайх хьегна дерриг хьашташ довлуш сов, Цунна коч ян тоьлла дари, махмар эцна, Кхочур вара и 1аш йолчу юьрта со. Цунна т1аьхьа, гезъеш луьста, акха хьаннаш, Г1ур вара со, дорцехь техкош ага син… …Хир вара со тоьаш, тера хилчахьанна Ас цкъа мацах бехках лар ца йинчух и… Хоттане, 1977 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#246 |
|
Вес репутации: 27 |
ДIасакъастар
ЦIерпошт а, эххар а мохь тухуш къаьхьа, Меллаша йолало, со шеца хьош. Гинехь а, куьг ластош ахь сайна тIаьхьа, Ца хези-кх ахь аьлла тIаьххьара дош. Хьо юьтуш, дIавахар ца хилла атта, Цундела бац-кха сан синлазам туьйш… Чкъургаша рельсаш тIехь мел доккху тата Хета сайн дог деттадаларх дIауьйш. ЦIерпошт «Соьлжа-ГIала — Аштаркхне», 1982 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#247 |
|
Вес репутации: 27 |
Муьргийн цIеша юьзна коьллаш,
Декъа шах-ших когаш кIел. ГIаш ду оьгуш уггар тоьлларш, ТIомахь махо дохуш пел. Йоьду, сира стигал хедош, Йоккха жIуга гIаргIулийн. Вовшийн дезар халла къедош, Вайша вовшийн чIогIа зийн. Йогу гIанийн можа алу, ТIе «хIуп» бохуш дерзано. Вайга ваьснийн муьста талу Марзоне ца дерзало. Догу шийла туьтеш тхинан Мажъеллачу бацалахь. Ма къа ду вайн уьйран синан Вай хердалар ла ца лахь. Вайн къастаро тесна Iеха Цкъа а ца леш хир бу-те? ХIара гуьйре — некъ бу беха Суна тIера хьуна тIе… Хоттане, 1981 шеран гуьйре
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#248 |
|
Вес репутации: 27 |
Дика а, вон а
Дуьненан дерриг а дика ЦIеххьана деъча сан керта, Деза ас и мича дига, Гергарло цуьнца ца херда? Жоп хеза: «Дакъош деш нийсса, ГIийлачийн керташка тийса». Вон дагIахь, хилла шех уьйриг Iаьржачу хIордал а боккха, Ас хIун де и лаьттахь туьйрриг, Ца хирриг и сакх а, токх а? Жоп хеза: «ЦIе тасий сих хьайн, Цуьнцанна багабе сихха». Хоттане, 1982 шеран май
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#249 |
|
Вес репутации: 27 |
Яздо ас, ц1ийх иэдеш шекъа,
Кехатах дог тешадеш. Сан иллин мог1анаш хьекъа, Токх а еш сан деган беш. Со-м ян а кийча ву ч1аг1о, Теш х1иттош ц1еналла син: Ца еза кехатан аг1о, Къарзъелла яьлча бен и. Верриг а векхалуш сица, Со ле1а ваьлча сайн г1ан, Мог1анаш 1аьржачу ц1ийца Чекхдуьйлу кехатах сан. Гуш хета безачийн яххьаш, Бахначийн эхарта д1а. Сайн лаьмнийн къежделла баххьаш Дага а лоьцуш со 1а. Ца хилла тем леха оьшуш, Даг чу дуьйш мог1анийн х1уш: Уьш ду сан б1аьргаш чу хьоьжуш, Царна чохь шаьш хьекъаш гуш. Шерашна, шаьш идарх генна, Сан башха къинхьегам тайн: 1аьржачу хьаьркашца денна Къарздо ас кехаташ к1айн. Ойланийн зирхан беш хама, Йогу сан син кхерчан ц1е… Т1аьххьарчу илланчийн зама Мацца а кхочур ю т1е. Хир вуй-те со церан декъах? Хир вуй-те сан иллийн теш? Яздо ас, ц1ийх иэдеш шекъа, Кехатах дог тешадеш… Хоттане, 1982 шеран февраль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#250 |
|
Вес репутации: 27 |
Цхьалле
Шийла цхьалла, суна евза хьо, Девза хьан гIайгIанийн хIора сиз а. Сан дахаран хийла къона шо Дагий ахь хьайн набарзаллехь къиза. Сица луьттуш хийла хьоме цIе, БIаьргаш хьалха хIутту хийла иэшам. Амма кхачарх уггар Iаьржа де, Со ца къахко хьаьжна ирсах тешам. Ваьхна со, дуьненах тардеш цIа, Юххехь воцуш вевза-везарг цхьа а. Цхьалла, агарх ахь сан ховха са, Со хьан ницкъе къар ца велла цкъа а. Шела, 1981 шеран февраль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|