![]() |
|
|
#231 |
|
Вес репутации: 27 |
Даймахко Iамийна со...
Сайн мехкан хьал даккха сов, Диц ца дан Кавказан лаьмнаш, Ца къесто дуьненан къаьмнаш Даймахко Iамийна со. Мох хьакхарх, яржаеш ткъов, Юьхь-сибат ца лечкъо дорцах, Оьшшучохь гIатта а орцах Даймахко Iамийна со. ТIехцIена леладеш дог, Безаршца сов бертахь ваха, Шех лаьцна иллеш а даха Даймахко Iамийна со. Хьешана дIаделла ков, Яхь-гIиллакх лардан сайн къоман, ХьагI лелош, ца хьежа гома Даймахко Iамийна со. Хоттане, I973 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#232 |
|
Вес репутации: 27 |
Нене...
Корталица хьайн букъ т1е д1авоьхкий, Нана, ахь со лелавора гихь. Нана, и сан дечган ага техкош, Соь наб яйта, наб ца йора ахь. Хьо-м таханаъ юьжуш яц хьайн хенахь, Сагатдо ахь. Йо ахь ойланаш. Реза яц хьо хиларна со генахь, Хьело бохуш новкъахь кехаташ. Суьйре еъча, цу вайн корах ц1ийнан Детташ хьочо шен баьццара га, Т1ам кагбелла хьоза санна, тийна, Соне хоий, хьо г1айг1ане 1а… Хьан ц1аро бен ца бохби сан когаш, Нана, ахь латий сан дагчохь ц1е. Ас сайн х1ара салтичун погонаш Хьоь наб яйта тегна белшаш т1е. Победино, 1978 шеран август
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#233 |
|
Вес репутации: 27 |
Хьо дIайоьду, денойн уьйриг керчош,
Цуьнах дуцуш некъан керла тай. Хьан аматаш ойланашла хьерчош, Сох а хили сингаттаман лай. Хаац хIунда, хьо, сихъелла йоьдуш, Ас багарбо ахь мел боккху ког? Малхо анайисте хьаьдда боьдуш, ТIекIел даьккхи хьоьх сан дуьзна дог. Хьо сан мила ю-те хаьа хьанна? Шовда бен вайн уьйран вуй-те теш? Ахь ду эли хIара къастар ханна, КIира даьлча цIаяр хьехадеш. КIеза санна, идда хьуна тIаьхьа, КIад а белла, мох а кхечи схьа. ХIинца иза, ойланаш еш къаьхьа, ХьаьжкIаш санна, дитташ тилош Iа. ДIагIо тIаккха, некъ нисбойла Дала. ГIайгIа сан хьан некъан накъост ю. Хаац суна-м, кхин ас хьоь хIун ала, Ша ца алахь хьо — сан дахар ду… Ведана, 1981 шеран ноябрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#234 |
|
Вес репутации: 27 |
К1айн ойла
(Дуриев Рамзане) Мокха ойла ас мархашка хохку. Сийна ойла 1алац доцчохь хи. 1аьржа ойла ю сан латта охкуш. К1айн ойла ю шуьца, доттаг1ий. К1айн ойла ю доккхуш денна заза. Латор бу цо, к1ентий, мерза стом. Чомана а хир бу мазал мерза, Маьлхан басахь догуш г1орг1а чкъор. Кхоьру, вайна юккъе херо йоьлла, Шун бехкенна, сан бехкенна я, Заза лаьтта дужуш, сан к1айн ойла, Стом ца латош,1ахар йисарна… Хоттане, 1976 шеран май
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#235 |
|
Вес репутации: 27 |
Хьо дIаяха.
НеI ю цIийзаш цIийнан. Хьо дIаяха, Соьца кIеззиг Iийна. Хьо дIаяха. ХIунда? Хууш вац-кха. НеI ю цIийзаш, йоьлхуш, Соцуш цкъацкъа. НеI ю цIийзаш, Гура юккъе лоьцуш, Сан дог хьийзош, Делхош, дIа ца хоьцуш. I978 шеран март беттан 25 де
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#236 |
|
Вес репутации: 27 |
Шовданан йиш...
Шатайпа ду шовда — шен аз ца хуьйцуш, Даим цхьанаэшшара охьаихна и. ДIадовларх бIешераш, кортош а туьлуш, Шовда-м ду лоькхуш шен къан ца ло йиш. ХIара шовда цкъа мацах сан деден дас а Мелла хир канашкахь, Iабош шен дог. Цу хенан мехаша къажйина хьаннаш Заманан тукаро кхедина го. Хийцамийн зил буьтуш горгачу лаьттахь, Адамех хийламмо тIеэцна каш. И тIулган бIаьвнаш а замано аьтта, Лаьттах дIашарделла дай кхаьбна кхаш. Ткъа хIунда ца лекъна ламанан шовда, Къамкъарг а якъалуш, хелаш шен йиш? Лаьмнийн цу кийрахь а хIорд бу-те боккха, ТIекхоьхьуш шовданна дарбане хиш? Массо а заманан бакъдолу верас Ду боху шовдано шен шийла хи-м… Хетало цо лоькху йиш а цундела Лендоцчу дахарна лерина гимн!.. Хоттане, 1974 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#237 |
|
Вес репутации: 27 |
Ц1а до-кха, х1иттадеш кораш,
Не1арш а — оьшшучохь д1а. Хинйолчу шен уьйт1а нораш Шершадеш, безам а 1а. Чутуху тоьллачех аннаш. Хьалабо исбаьхьа тхов. Чоьнаш ю — безаман баннаш, Ткъа ц1а ша — кхолламан б1ов. Ц1а долу шатайпа серла, Къона шиъ чудерзадеш. Кхерч кхуллуш цаьршинна керла, Массара белхи а беш. Безам бац хьостамех ийна, Я къовлуш, т1етоьхна у. Амма ша чохь 1ачу ц1ийнан Г1ишлонал ч1ог1а и бу. Хоттане, 1975 шеран июнь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#238 |
|
Вес репутации: 27 |
Баркалла со нохчо кхолларна, Дела!
Сица а, цIийца а нохчо ву со. Сан деден бIов ю сан дозаллин эла, Эхь-бехк а, гIиллакх а цо суна ло. Синметтехь Iалашбеш къоман тIеIаткъам, ТIанк аьлла нохчоллех вуьзна со ву. Хало тIехIоьттича, ца бо ас латкъам: Собар — сан толаман меттамотт бу. Баркалла, со нохчо кхолларна, Дела! Ахь дIа ца дайтарна нохчоллин доь. Лаьттина, лаьттар ю, лаьтта цундела Маршонан гIап хилла сан Нохчийчоь! Хоттане, 1981 шеран февраль
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#239 |
|
Вес репутации: 27 |
Бералла дагалоцуш
Шайх дIахудуш маьлхан зIаьнарш можа, Хьаьрса декхнаш махехь техкаш Iа… Яьлла яц-кха бераллера хьожа Кху сан денойн куьйгаш тIера дIа. Зезагаш ду, ховха беснаш оьхьуш, БIаьргаш хьала хьежош гIушлакхе… Лийлир-кха со, уьш сайн нанна кхоьхьуш, Беснаш лепош сийна, можа, цIен… ДоттагIа а вицлац берахьлера, Ловзуш лелларг сайца буьрканах. Булкх-хи юххехь хилла МIомуш хьера Ондда дIаийна сан кхетамах. Хьочан заза санна, оьгу шераш, Амма цаьрга иэс сан къан ца ло. Ас йиц ца йо сайн юьртахойн цIераш, Уьш сан дагна шаьш ма-барра го. Сан бераллин хьожа-м ю цхьа тайна, И ма ю и — беш сан дагна там — Сан оьмаран уггар коьрта жайна, Ас сайн ирсан неI схьайоьллу тIам… Победино, 1979 шеран июнь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#240 |
|
Вес репутации: 27 |
Вайшинна юккъехь..
Вайшинна юккъехь ю сийналла х1ордан, Вайшинна иза мел йинехь а к1орда. Вайшинна юккъехь ду ченийн к1айн некъаш, Бецашлахь, г1амаршлахь лаьхьарчех текхаш. Вайншинна юккъехь ду дарц ж1аьлех леташ, Б1аьсте а йог1ур ю, патарш а эт1аш. Вовшашна вай т1етт1а кхочу хан ларъеш, Вайшинна юккъехь 1а безаман лараш. Со царна т1ехула вог1ур ву ц1ехьа, Хьомениг, хьо соьга сатуьйсуш 1ехьа... Победино, 1978 шеран декабрь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|