Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 25.01.2008, 23:47   #11
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Девеше...

Гина вац хьо дийна волуш суна,
Я ца девза ахь даьхна хьуьнарш.
Аш, б1аьхоша, маршо яккха тхуна,
Лардина вайн мехкан латтанаш.

Яийтира Даймахко повестка,
Шен мог1аршка кхойкхуш г1уллакх дан.
«Нана, ахьа са ма гатде, кестта
Воьрзур ву со толамца вайн ц1а», —

Уьш дара хьан т1аьххьарлера дешнаш…
Т1ом д1абаьлла яьлла дуккха хан.
Оцу т1амо алсамдехи кешнаш,
Чевнаш йи цо нанойн дегнашна.

Т1амо витац, хиларх цхьанхьа доьшуш,
Къестабац поэташ, артисташ.
Хиларх нана хьан ц1ахь хьоьга хьоьжуш,
Дог сацош, цо кийра дутту даш…

Машаре бу стиглахь х1ора седа,
Беттан серло дебон г1ерта тхи…
И тхи дуй-те, шу д1ахьовсош, х1етахь
Наной б1аьргех дийлла долу хи…
Хоттане, 1975 шеран июнь беттан 22 де
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 26.01.2008, 23:47   #12
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Г1арг1улеш

Г1арг1улеш… Дахаран тембоцу оьргаш,
Йоьлху шу бовхачу малхана герга…

Лоьху аш, гездохуш стигланан дари,
Шелонна зирх тийса ца лиъна аре.

Вовшашка мохь бетташ, мархашлахь юькъачу
Йоьлху шу. Шу-м юьгу уггар а йоккхачо.

Б1аьрго схьа ца лаццал, йовлу шу гена,
Кхоьхьу аш сан б1аьрхиш, сан ирсе г1енаш…

Эгадеш пелагаш бераллин новкъа,
Къоналло-г1арг1улис т1ам бетта шовкъе.

Ас цуьнга мохь бетта: «Ма латта юьстах,
Схьайола сан керта, сан деган йисте…».

…И юьтий, д1айоьду г1арг1улийн тоба,
Ткъа со-м 1а, къоналлин сатийсам кхобуш.
Хоттане, 1976 шеран октябрь
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 28.01.2008, 03:22   #13
Enigma*
 
Вес репутации: 6
Цитата:
Сообщение от Durgal Посмотреть сообщение
1але, цу Додамс кху чохь беш болу болх!!!
Д1а хьаьж-хьаьжинчохь иза ю-кх))
Додам, баркалла!
Хаза г1уллакх деш ю хьо!
Делдахь ма бакълоь-кх хьо, Дургал!
Д1а хьаьж-хьажначохь дургал кхоьхьуш ю-кх и Додам!)))
  Ответить с цитированием
Старый 28.01.2008, 03:34   #14
Enigma*
 
Вес репутации: 6
Цитата:
Сообщение от Dodam Посмотреть сообщение
Говрашна го, вайна санна, г1енаш:
Сирла 1уьйре, шайн бергаш т1ехь тхи,
Шайн баккъаш т1е шийла дог1а 1енаш,
Сийна бецаш, дедда дог1у хи.

Говрашна го, вайна санна, г1енаш:
Кхесаш шаръеш, хьоькху къоьжа мох,
Хотах дуьзна боьха, доьхна некъаш,
Т1ек1елтоьхна аьхна аре, нох...

*Ибрах1им Юсупов*
хаза сурт х1оттийна Ибрах1има, таханналц ваьхнехь дуккха а язйина хир яра цо иштта байташ.Дала декъал войла иза.
  Ответить с цитированием
Старый 28.01.2008, 03:43   #15
Enigma*
 
Вес репутации: 6
Цитата:
Сообщение от Dodam Посмотреть сообщение
Гуьйре
Гуьйре. Т1ома йолу ойла-хьаша,
Г1арг1улешха стигла йог1ало.
Хьаннех хьерча сира гезгамаша,
Анайист д1ахьулйо дог1ано.

Сагатлур сан, я самукъадаьр сан,
Илли кхолла аьтто лоьхуш 1аш?
Амма т1етт1а марсадуьйлу дерза -
Воьдий, со тхайн кет1а х1утту д1а.

Дерзан туьтеш месаш юккъе леда,
1оврийн мотт сан когех хьекхало,
Махо лоькху шен т1унъелла шедаг,
Г1арг1улеша стигал къекъайо.

Ткъа со х1унда вели-техьа ара?
Х1окху ткъаршехь х1ун дисна-те сан:
Я гуьйрене «марша я хьо» алар,
Я 1одикъяр пана ойлана?..

*Ибрах1им Юсупов*

ма ц1ена байташ хилла цуьнан, нуьре байташ.
  Ответить с цитированием
Старый 28.01.2008, 03:49   #16
Enigma*
 
Вес репутации: 6
Х1ара байт Ибрах1иман вашас 1илмана шен вешина язйина ю.

***
(ИбрахIиме)

Сан Iодика яр а доцуш, хьо-м дIаваха ц и г а,
Суна сайнна буьтуш хехка Лаьттан буьнжоьлаг…
Кхойкхуш хийла шен дитташлахь левзинчу хьан сига,
Хьан иллех шен назма йина, тийжа хьун-боьлак…

Со, чуластон хан текхаччалц, генна хьалавуьгуш,
Дагалецам вичIабоккхуш, лакхло шерийн гIат…
Ас сайн иэсехь кегон йоза стамдалаъ ца туьгуш,
Оза тептар хилла и — хьан денойн шериIат…

ХIора буса сан набаран корта узуш хуьлуш
Ду хьан амат, ойлаеш сан гIенаш леIаран…
Мича бехкана со ву-те син хьацарца дуьлуш
ХIара хIаваъ — зоьпар хилларг хьан садеIаран…

Iилман Юсупов
  Ответить с цитированием
Старый 30.01.2008, 15:04   #17
Illanch
 
Аватар для Illanch
 
Вес репутации: 5
Ибрах1им Юсупов

ГIаргIулийн назма

Хийистехь вайшиъ лардеш, лаьтта гуьйре.
Шовдано вота етта тIулгаш тIехь.
ДIо мархаш ялош шен зIаьнаршца уьйре,
Малх каде хьийза баьлла гIушлакхехь.

Лаьттарчу ирсах хьоьгу стигал екош,
Хезаш ю къаьхьа назма гIаргIулийн.
Вайшиъ цIадоьду, дегнаш вовшех хьегош,
Йоццачу ханна кхузахь гар хуьлий…

ДIадоьду вайша шен-шен новкъа цIехьа,
Хиларх а ший а цхьана юьртахь Iаш.
ГIаргIулийн назма вай гуш гIелло гIеххьа,
Ма хуьлда-кх и вайн ирсан тIома каш…


I977 шеран ноябран I0 де
__________________
Ответственность за взрыв в теме «Типы мужчин, которые никогда не женятся» взяла на себя боевая феминистическая ячейка «Модераторши Амины»...

Принимаем участие в конкурсе сегодня!
  Ответить с цитированием
Старый 31.01.2008, 20:12   #18
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
«Беза толам я ирс деза хьуна?» —
Хаттахь сайга, жоп лур ду ас хьаннаъ:
«Х1уммаъ хьашт дац суна-ма цкъачунна,
Сайн къоналла сайца хилчахьана.
Сан ког х1инцаъ луьйтана чохь бу.
Шен лаамехь говр д1ахецна, хьалха
Вог1уш ву со. Дерриг хьалха ду.
Хилахь сайна тоъал зама нагахь,
Ирс ас сайна цхьаьнхьа лоцур ду,
Толаме а кхача хьожур ву
».

Хоттане, 1976 шо
Ма к1езиг хан ехна хилла-кх шена Ибрах1има...
Дала Ялсамани хьаша войла-кх цунах...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 02.02.2008, 10:46   #19
Illanch
 
Аватар для Illanch
 
Вес репутации: 5
Ибрах1им Юсупов

* * *
Цомгаш хуьлу дитташ гурахь,
Шийла чарп тIейогIий хоршин.
Ца латтарна шайна бухахь
Вайша, бIаьра хьоьжуш вовшийн.

Дитташ цомгаш хуьлу гурахь,
БIаьрса гIеллуш, лагIлуш хазар.
Хоттаничохь, ДаьргIахь, Гуьнахь –
Массанхьа ду диттийн лазар.

Хуьлу дитташ цомгаш гурахь,
Ла ца яллал мехийн Iиттарш.
Хьан сурт гича ирсан гурахь,
Толур ду Даймехкан дитташ.


Хоттане, 1974 шеран ноябрь
__________________
Ответственность за взрыв в теме «Типы мужчин, которые никогда не женятся» взяла на себя боевая феминистическая ячейка «Модераторши Амины»...

Принимаем участие в конкурсе сегодня!
  Ответить с цитированием
Старый 02.02.2008, 22:35   #20
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Х1ара Ибрах1иман сурт ду...
Изображения
Тип файла: jpg Ибрах1им Ю..jpg (14.4 Кб, 7 просмотров)
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.