![]() |
|
|
#151 |
|
Вес репутации: 27 |
Къена луо
Миска луо-яI, хьох къахета суна. Макхделла хьо, байна хьан кIайн бос. Вовшашна хьо кхуьйсуш, горгдеш буйнахь, Ловзуш ца го арахь берийн цIоз. Ца до цара, хьалха санна, тергал, Ца къерало церан хьоьца са. Ховха бIаьсте мел гIоьрти а герга, ГIеллуш, ахьа-м халла доьIу са. Урамновкъахь, тхов тIехь ду хьо кхачош, ДIадайна хьан чимийн дато аз. Адамаша хоттах юьзна мачаш ЦIанйо хьоьца, когаш хьоькхуш раз. Миска луо-яI, хьох къахета суна. Макхделла хьо, байна хьан кIайн бос. Вовшашна хьо кхуьйсуш, горгдеш буйнахь, Ловзуш ца го арахь берийн цIоз. Даьрг1а, 1975 шеран март
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#152 |
|
Вес репутации: 27 |
Цхьаъ бен йоцург, хьо мичахь ю-те?
Де дIадоьду, буьйса йогIу тIе, Шен боданца седарчий а хьоьшуш. Даг чохь башош сингаттаман ша, Мин-минотехь туьйсуш хьоьга са, Со а хуьлда цхьаъ хьо яре хьоьжуш. Цхьаъ бен йоцург сан кху лаьтта тIехь, Мел Iийр ву-те хьан аматийн хехь, Суна цкъа а гина йоцу хьаша? Ахь сан массо ойла дашо йо. Сан байташкахь боьзна яьлла хьо Сатийсамийн сирла гезгамаша. Цхьаъ бен йоцург… Хьо — ас доьIу са. Синхаамаш ас чугулбо цIа. Ала, мичахь ю хьо еха хIусам? Хьо схьалоьхуш, дуьне гездеш кIайн, Мел талламаш бан безахь а сайн, Хьо схьакаро ондда сацам бу сан. Цхьаъ бен йоцург. Ас хьо лохур ю. Со хьо йоцуш вайна ваьлла ву. Хилахь суна вай гале а реза. Со хьоьх хьоьгу шортта шераш ду. Хьо сан уггар коьрта лехам бу. Хьо цхьаъ бен со лууш вац-кха еза. Победино, 1980 шеран январь
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#153 |
|
Вес репутации: 27 |
Седарчийн буьйсано биллинчу б1аьрго
Тийналлин 1индаг1на ца бетта пе. Сайн дагалецамехь ас лоьху м1аьрго Дуьххьара ялийнарг хьо сайна т1е. Мархаш а к1ад ца ло беттаса къийса, Х1авао шайна т1ехь мел буг1у бохь. Хьан вастан б1арлаг1а тховса а хьийза Мохтиле ца карош сан б1аьргаш чохь. Буц а ю, зезагий оьхкина коча, Баьццарчу юьхьт1ера д1ахьоькхуш тхиш. Бохь-генаш уьйт1арчу хьаьрсачу хьочан Лоькхуш 1а сан дагна хьоьх лаьцна йиш. 1аламан аьзнаша буьйсанан карахь Хьо дагатийсарна кула ца йо. Сан ч1ог1а садукъло г1айг1анан марахь, Ойланийн куьг кочехь ца хилча хьо. Баттана юххера седарчийн хорха Маццалцца хир ю-те сан б1аьргийн стом? Эхарта йоьдуш сайн оьмаран йорг1а, Дин хийца йиш йоцу бере ву со-м… Ибрах1им Юсупов Хоттане, 1980 шеран аьхке
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#154 |
|
Вес репутации: 27 |
Говрашна го, вайна санна, г1енаш:
Сирла 1уьйре, шайн бергаш т1ехь тхи, Шайн баккъаш т1е шийла дог1а 1енаш, Сийна бецаш, дедда доьду хи. Говрашна го, вайна санна, г1енаш: Кхесаш шаръеш, хьоькху къоьжа мох, Хоттах дуьзна боьха, доьхна некъаш, Т1ек1елтоьхна аьхна аре, нох… Хоттане, 1977 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#155 |
|
Вес репутации: 9 |
Адамашка
Цхьанна а гиний-те, буьйсанех иэдеш сан денош, Гуьйрено лайн чимаш, ткъа Iаьно можа гIаш Iенош? Цхьанна а хаьий-те, хьунаре сан болар делош, Мила ю сан некъийн чевнашна дарбанаш лелош? Сахалин-гIайрене муьлхачу кхожо со тесна? Дахаран хеттаршна жоьпаш а ас муха эцна? Адамаш! Мацца-ъ со дIавоьдуш эхартан пана, Ас шуна яржийна юьтур ю сайн иллийн кана. Амма мел лерина листарх сан оьмаран жайна, Цхьанна а хуур дац ас мичахь хIун бала лайна. Цундела ма мотта со ваьхнехь, ца лелош хIилла, Диканах вуон къасто ца хаъал со Iовдал хилла… |
|
|
|
#156 |
|
Вес репутации: 9 |
Шуьйрра беллабели б1аьргаш ненан,
Со ц1еххьана кхачарх яьлла цец и. Цу б1аьргаш чохь бац-кха цхьа а кхерам. Цу б1аьргаш чохь хазахетарш севци. Ненан б1аьргаш бац-кха хИинца г1ийла. Цу б1аьргаш чохь — ирс ду, доцуш доза. Цу б1аьргаш чохь — ц1ена, даккхий, сирла 1ежаш санна, хазахетарш кхозу. |
|
|
|
#157 |
|
Вес репутации: 20 |
........................
ГIаргIулийн назма Хийистехь вайшиъ лардеш, лаьтта гуьйре. Шовдано вота етта тIулгаш тIехь. ДIо мархаш ялош шен зIаьнаршца уьйре, Малх каде хьийза баьлла гIушлакхехь. Лаьттарчу ирсах хьоьгу стигал екош, Хезаш ю къаьхьа назма гIаргIулийн. Вайшиъ цIадоьду, дегнаш вовшех хьегош, Йоццачу ханна кхузахь гар хуьлий… ДIадоьду вайша шен-шен новкъа цIехьа, Хиларх а ший а цхьана юьртахь Iаш. ГIаргIулийн назма вай гуш гIелло гIеххьа, Ма хуьлда-кх и вайн ирсан тIома каш… |
|
|
|
#158 |
|
Вес репутации: 27 |
Дарц даларх лекхачу ломахь,
Махо а лекхарх шок-зурма, И аьрзу ца юху боларх, Цо дег1 шен латтадо кура. Йисарх а т1емаш а дойна, Ницкъ боцуш цу стигла яла, И гур яц г1елйина ойла, Балхабеш шегара бала. Хилла-кха олуш цундела Тохара ахь соьга, нана: «Халонех цкъа а ца кхера Ламанан аьрзунах 1ама…». Хоттане, 1975 шо
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#159 |
|
Вес репутации: 20 |
1.
Ц1ехьа некъ бахьаш, со геннара вог1уш, Хьагвелла хьаьвзира, тоха са доцуш. Со, бердах схьалеша шовда а гина, Цунна т1е вахара, болар сихдина. Бертал а воьжна, ас и шовда шийла Мелира, 1абош сайн бохбелла кийра. Ша керчош лаьтташехь т1улгаш т1ехь махо, Сан дог 1абийра-кха шовданан даго. 2. Генахь 1аш дуккха а шераш а девлла, Вара со ц1авог1уш суо винчу эвла. Эвла чу со вулуш, хадийна аре, Сан езар 1аш яра хьоьжуш со варе. И гича, безаман йийсарехь 1ийна Сан дог г1аддахара цхьа тамашийна. Езачун даго сан г1айг1а д1амелла, 1абийра сан дог, шен йовхо а елла. 3. Езачун синхаам балийна берта, Кхечира со нана 1аш йолчу керта. Сов хаза хетарна, б1аьргех хи даьлла, Хьаьвзира сан нана вуно х1айтъаьлла. Нанна сагатдина, овгал сан деган Сатуьйсуш 1ийнера цкъа иштта де ган! Сан ненан даго, шен къинхетам ботуш, Сан дог шех 1абийра, барам а боцуш. Эххар ас сацам би дахаран хьаьттахь: «Даго бен дог 1абош ца хилла лаьттахь»... Саралжин, I974 шо |
|
|
|
#160 |