![]() |
|
|
#121 |
|
Вес репутации: 9 |
Зама
Зама йоьду, шен ма-хуьллу хьаьдда, ЮьхьтIе етташ дIадаьллачун чан. ЙогIий-кхочий сан оьмаран хьаьтта, Хийла хадий цо сан ирсан гIан. ХIан-хIа, цIерхазамна ас ца биъна Замане суо къар ца вайта дуй. Суна дукхе-дукха хьалха хиъна Лаьттахь иза эшош собар дуй. Ас цундела хьалха лоьллу мАса Хенан новкъахь сайн поэзин дин, БIаьрца маракъуьйлуш лаьмнийн Аса, ТIехьа дуьтуш сингаттаман Iин. Сайн оьмаран чоь мел хиларх готта, Лало соьга денойн чорда дукъ. Дезча мостагIашна дуьхьалхIотта Тухур бац ас, кхеравелла, букъ. Ловр ду дерриг. Амма бу цхьа кхерам: ХIун дийр ду ас езар кхетта лахь? Гихь дIахьур бу хено сан синкъерам, Со векалвеш накъост лаца — яхь… Хоттане, 1981 шеран май |
|
|
|
#122 |
|
Вес репутации: 9 |
Бераллин бIарлагIанаш
Акхтарг лаьтта, стигла хьоькхуш нуй, Малхо хьоьсту винчу цIийнан пенаш. Бераллино дагчу тесна суй, Корехь леста боллан сийна генаш… Сан бераллин махехь леста гIаш, Дуьне ма-дду Iена маьлхан борза. ЦIенкъахь ловзу дашо IиндагIаш, Царна тебаш Iа тхан цициг къорза… Серладохуш сан ойланийн ткъес, ГIайби бухахь лепа ненан туьйра. Доггах толлуш дицлур доцу иэс, Сан бералла лела когашIуьйра. Бераллино дагчу тесна суй, Корехь леста боллан сийна генаш… Акхтарг лаьтта, стигла хьоькхуш нуй, Малхо хьоьсту винчу цIийнан пенаш. Хоттане, 1981 шеран май |
|
|
|
#123 |
|
Вес репутации: 9 |
БIаьсте
Юха а бIаьсте ю. Декхнаш ду доьлхуш, Лууш со езачун лар лаха вига. Iа шайца дIадуьгуш, мархаш дIайоьлхуш, Малхана товрриг деш, дIацIанло стигал. Ткъа цуьнан сийналла — сан бIаьргийн доIа - Лепа кху бIаьстенца, дагна беш хьаам. И хесто дуй бууш нохчочун воIа, Дуьненчохь кхуьур бу кхин цхьа синхаам. Победино, 1980 шеран апрель |
|
|
|
#124 |
|
Вес репутации: 9 |
* * *
Мел атта кхоллало илли, Хьан бIаьргийн седарчий гуш. ГIевланга сан васт а диллий, Дохдехьа хьайн гIенан гIуш. ЧIагIбехьа мукъам сан шовкъан, Хьайн зевне аз хуттуш тIе, Ца хирриг иллешна новкъа Хьайн деган гIелъелла цIе. Вехьа со бIаьстенан декъах ГIитточу хьайн дагчохь зов. Ас юхьарлаьцначу некъах Тохахьа безаман тов. Хоттане, 1978 шеран март |
|
|
|
#125 |
|
Вес репутации: 9 |
Акхтарг лаьтта, стигла хьоькхуш нуй,
Малхо хьоьсту винчу цIийнан пенаш. Бераллино дагчу тесна суй, Корехь леста боллан сийна генаш… Сан бераллин махехь леста гIаш, Дуьне ма-дду Iена маьлхан борза. ЦIенкъахь ловзу дашо IиндагIаш, Царна тебаш Iа тхан цициг къорза… Серладохуш сан ойланийн ткъес, ГIайби бухахь лепа ненан туьйра. Доггах толлуш дицлур доцу иэс, Сан бералла лела когашIуьйра. Бераллино дагчу тесна суй, Корехь леста боллан сийна генаш… Акхтарг лаьтта, стигла хьоькхуш нуй, Малхо хьоьсту винчу цIийнан пенаш. Хоттане, 1981 шеран май |
|
|
|
#126 |
|
Вес репутации: 9 |
Iомо седарчийн ага техкадо,
Махо Iеханийн кохкарш хедадеш. Батто стигалахь нека чехка до, Дато нуьрца шен бода меда беш. Хан дIайоьду ша яьлла Iодара, Новкъа йоху и шерийн секхаша. Буьйса йоьссина кху сан кIотара, Лела IиндагIаш — уьдуш, текхаш а… Ахьа-м ойланехь васт сан къехкадо, Луьста доцу хьайн бIаьрхиш ледадеш… Iомо седарчийн ага техкадо, Махо Iеханийн кохкарш хедадеш… Победино, 1979 шеран аьхке |
|
|
|
#127 |
|
Вес репутации: 9 |
![]() Поклонников творчества Ибрагима Юсупова я могу обрадовать прекрасной новостью. Издательством "Прометей" выпущен в свет сборник стихов Ибрагима Юсупова на чеченском языке под названием "КIАЙН ОЙЛА" ("БЕЛОЕ РАЗДУМЬЕ"). Тираж 3 000 экземпляров, 206 страниц. "Певец милосердия и добра" (Слово о чеченском поэте Ибрагиме Юсупове) Выпуск данного сборника стихов приурочен к 25-летию со дня гибели (27 июля 1982 года)и 50-летию со дня рождения (10 ноября 1958 года) талантливого чеченского поэта Ибрагима Юсупова. В первую часть сборника "Г1арг1улийн назма" ("Журавлиная песня") вошли ранние стихи поэта, написанные в 1972-1978 годах . Во вторую часть сборника "Седарчийн абат" ("Звёздная азбука") вошли поэтические произведения автора, написанные в 1978-1982 годах. Многие из них печатаются впервые. Сборник рассчитан на широкий круг читателей. Редактор-составитель: Абу-Хьусейн Шамилёв. Книжное издательство "ПРОМЕТЕЙ". |
|
|
|
#128 |
|
Вес репутации: 9 |
* * *
Сан иллеш, даим а Нохчийчохь диссалаш, Махкана тешаме олхазарш хилий. Оьздачу жатташна юккъера кхиссалаш Къомана петоха мел гIерта илли. Тхьамда веш ловзаран я да веш тезетан, Ца хаьа мел вуьтур кхиэло ИбрахIим. Цундела диц ма де дешнаш сан весетан: «Сан иллеш, Нохчийчохь диссалаш даим». Хоттане, 1980 шеран июль |
|
|
|
#129 |
|
Вес репутации: 9 |
* * *
Сихаллехь дицдина весеташ дайн, Алийша, махкахой, вай мича хьаьвдда? Гонаха бIаьрг тоха хан яц-те вайн? Ма чIогIа цIубдо вай дуьненан хьаьвда? Хьомечу дайн лаьттах сан лазам бу. И бу ас гуттар а сайн кийрахь къуьйлуш. Со иза иллешкахь дIакхайкхош ву, Сих-сиха Даймахках дага а вуьйлуш, Хийлазза: «Замано ерзайо чов», Бохуш, аш сан лерехь «зурманаш» лекхна. Де-дийне сеттина лаьтта дIо стов, Теш бу сан бераллин дIо берд а текхна. Мичахь ду цаьршинна лерина гIо? Дийцаре дийцина «заманан дарба»? Стов шена чохь кхиъна хьун гIийла го, Текхна берд хьанна а атта бу къарбан. Цхьабакъду, хено ша ерзаяхь чов, Ерзор ю вай гIодахь и ерзо цунна. Хьурмато къовлур ду шен дашо ков Бендацарх хIайкал дан мел гIертачунна. Iаьржа бос — Iаьржа бу, ткъа кIайниг — кIайн. Ма лара цхьатерра марзо а, стим а. Кийрара саьхьарло дIаяккха шайн, Юкъарчу гIуллакхийн ойлае жимма! Хьаж-цIийнах таръелла кертара беш. Вайх хIора дан гIерта Iар-дахар атта. Iаламан чевнашна ваьш дарба деш, Ларде вай, махкахой, Даймехкан латта. Соьлжа-ГIала, 1980 шеран август |
|
|
|
#130 |
|
Вес репутации: 9 |
* * *
Бузуш сан уьйрашлахь шайн хьогIан маша, Ма дукха-ъ хилла шу — са кIеззиг дерш. Ма къен а дар-кха со шух цуьрриг ваша, Шу гIерташ со малван — шайн хирриг деш. Бахбеш сан букътехьа питанийн Iеха, Аш туьйсу кхерамаш, сан ницкъаш зуьйш. Бакъонца, Нийсонца дуьстича, уьш Цхьанна а ца хета чемхалган меха. Ас йоккху сирлачу сайн дагна гена Доьналлин мох бетташ, шун синойн къахь. Ас денна цоьстуш ю шун ачо къена: Сан тур ду — сан дайша ларйина Яхь… Соьлжа-ГIала, 1981 шеран февраль |
|