![]() |
|
|
#111 |
|
Вес репутации: 9 |
Дика а, вон а
Дуьненан дерриг а дика ЦIеххьана деъча сан керта, Деза ас и мича дига, Гергарло цуьнца ца херда? Жоп хеза: «Дакъош деш нийсса, ГIийлачийн керташка тийса». Вон дагIахь, хилла шех уьйриг Iаьржачу хIордал а боккха, Ас хIун де и лаьттахь туьйрриг, Ца хирриг и сакх а, токх а? Жоп хеза: «ЦIе тасий сих хьайн, Цуьнцанна багабе сихха». Хоттане, 1982 шеран май |
|
|
|
#112 |
|
Вес репутации: 9 |
К1айн ойла
(Дуриев Рамзане) Мокха ойла ас мархашка хохку. Сийна ойла 1алац доцчохь хи. 1аьржа ойла ю сан латта охкуш. К1айн ойла ю шуьца, доттаг1ий. К1айн ойла ю доккхуш денна заза. Латор бу цо, к1ентий, мерза стом. Чомана а хир бу мазал мерза, Маьлхан басахь догуш г1орг1а чкъор. Кхоьру, вайна юккъе херо йоьлла, Шун бехкенна, сан бехкенна я, Заза лаьтта дужуш, сан к1айн ойла, Стом ца латош,1ахар йисарна… Хоттане, 1976 шеран май |
|
|
|
#113 |
|
Вес репутации: 6 |
***
Седарчийн буьйсано биллинчу б1аьрго Тийналлин 1индаг1на ца бетта пе. Сайн дагалецамехь ас лоьху м1аьрго Дуьххьара ялийнарг хьо сайна т1е. Мархаш а к1ад ца ло беттаса къийса, Х1авао шайна т1ехь мел буг1у бохь. Хьан вастан б1арлаг1а тховса а хьийза Мохтиле ца карош сан б1аьргаш чохь. Буц а ю, зезагий оьхкина коча, Баьццарчу юьхьт1ера д1ахьоькхуш тхиш. Бохь-генаш уьйт1арчу хьаьрсачу хьочан Лоькхуш 1а сан дагна хьоьх лаьцна йиш. 1аламан аьзнаша буьйсанан карахь Хьо дагатийсарна кула ца йо. Сан ч1ог1а садукъло г1айг1анан марахь, Ойланийн куьг кочехь ца хилча хьо. Баттана юххера седарчийн хорха Маццалцца хир ю-те сан б1аьргийн стом? Эхарта йоьдуш сайн оьмаран йорг1а, Дин хийца йиш йоцу бере ву со-м… Ибрах1им Юсупов Хоттане, 1980 шеран аьхке ******************************* Цхьаболчу яздархоша дийнна роман язйо Ибрах1има (Дала декъал войла иза) х1окху ткъех мог1анца аьлларг ала г1ерташ, иза а (роман) ша ала г1иртинарг д1аала ца делча санна а хеталой, оцу романан шолг1а том а язйо оцу цхьаболчара)). Бакъдолчу пох1аманан бен ца хуьлу аьтто шен хаза синхаамаш иштта хазачу байте берзон, говзачу метафорашца дашон варкъ а доккхуш. Дийнна болх язбалла дийцар ду оцу байтехь дерг... Хаза ю цуьнан г1айг1а, эсала ду цуьнан дог1ийжар. Оцу байтах лаьцна дийца дукха ду ч1ог1а.Т1аьххьарчу мог1ано цецвоккху... Эхарта йоьдуш сайн оьмаран йорг1а, Дин хийца йиш йоцу бере ву со-м… Ибрах1имна даго хьоьг1уш санна хетало цуьнан дахар сел хьалхе хедарг хиларх.Амма Дала яздинчух шен вала йиш ца хиларх дуьйций техь цо оцу т1аьххьарчу шина мог1анца, ойла кхоллало. Ц1ена нохчий 1аламан, Нохчийчоьнан сурт х1утту цуьнан байташ ешча. Бералле вуьгу цо, хьайна мел дезначуьн суьрташ карладоху цо - хьаьрса хьач, баьццара бай, беттасин буьйса,суьйренийн, 1уьйренийн аьзнаш... Буц а ю, зезагаш оьхкина коча, Баьццарчу юьхьт1ера д1ахьоькхуш тхиш. Бохь-генаш уьйт1арчу хьаьрсачу хьочан Лоькхуш 1а сан дагна хьоьх лаьцна йиш. ![]() Нохчийн литературехь шен сирла, ц1ена лар йитна Юсупов Ибрах1има. Ц1еххьана къага а къегина, адамийн дегнаш чохь шен сирла лар йитина суй санна ду Ибрах1иман доца дахар. вайна иза виц лур вац цкъа а!
__________________
46:35. Терпи же, как терпели твердые духом посланники, и не торопи Меня с наказанием для них. В тот день, когда они увидят то, что им обещано, им покажется, что они пробыли на земле всего лишь час дня. http://www.youtube.com/watch?v=fU6dV...eature=related |
|
|
|
#114 | |
|
Вес репутации: 9 |
Цитата:
Енигма,дала сий дойла хьан!Мел хаза даггара дешнашца язйи ахьа хьара комментарий.Только человек ,который сам талантлив и бескорыстен,честен и лишен зависти , может признать талант другого человека.Ибрах1им действительно был неповторимым ,удивительно талантливым человеком.И ты дала очень точную оценку его творчеству ,как поэта,и значимости для чеченского народа ,как Человека.Его стихи говорят сами за себя.Очень жаль,что наши соотечественники предпочитают чеченской поэзии ,бестолковое времяпровождение в примитивных темах.Искренняя любовь к родине ,боль и беспокойство за ее будущее,восхищение красотой своего отчего края,гордость за нее- мы могли бы многому поучиться у наших поэтов и писателей,у настоящих патриотов ,а не псевдо.Ибрах1им Юсупов,Зелимхан Яндарбиев,Ильман Юсупов,Магомед Сулаев,Мусбек КИбиев, Хеда Батаева,Апти БИсултанов, и многие другие,которые каждый по своему являются для нас примером преданности и любви к своему народу, к своей родине.ПОчему-то даже создатели тем не считают своим долгом следить за жизнью темы ,так для чего они вообще создаются,если нету определенной цели ,как например ,пропаганда чеченской литературы.Темы стоят заброшенные ,как старые склепы,как мертвые города ,дома стоят ,а жителей нету.Жестоко и безответственно такое отношение.Может мы всетаки оставим личные амбиции в стороне и начнем уделять заслуженное внимание нашим поэтам и писателям,не пытаясь кого-то возносить ,а кого-то принижать,не создавя кумиров и идолов,которые так чужды нам ,как чеченцам и как мусульманам.Дала аьтто бойла вайн,дала иман а ,хьекъал а лойла вайн Дала! |
|
|
|
|
#115 |
|
Вес репутации: 11 |
Сояра, шу санна накъостий а долуш
"создатели тем" спокойны за свои детища..) Дависа, аьтту белар балхахь а йоцуш, инетаца халонаш а йоцуш, шуна санна, дага ма деъана кху чу а йог1уш, ма-луъа кху чохь 1а..) Ма болх а бийр бара-кх аса бан-м!!! Бакъ дерг дийцича, бинарг а бац к1езиг..) Х1инца шуьга ладог1а лаьа суна жиммал..) Ларамца.. )
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#116 |
|
Вес репутации: 11 |
Нохчийчоьне..
Нохчийчоь! 1алашбан сайн денойн чам Йоьссича санна хьо хетало Лаьтта… Хьан дег1ан цхьа меже — Хоттунхойн лам — Хьайн куьйга ахь доьг1на чурт санна, лаьтта… Ахь лайна дуьненан жоьжахатеш, Амма ца х1оьттина цкъан цкъа а гуора. Хьайн к1ентий кхалхаран хилла хьо теш, Уьш лахьте берзо а тоьъна хьан г1ора. Керлачу хенаша х1ун дахьар-те? Вай кхоьллинчунна бен и хууш дац-кха. Дог карзахдийларо-м ийзаво т1е, Хиндолчун ойлаеш, сагатло цкъацкъа… Шеконца бех ца йо ас деган ботт: Со теша, Нохчийчоь, хьо хир ю маьрша… Хьан ира герз ма ду сан къоман мотт, Цундела мостаг1ий хир бу юхь1аьржа. Хоттане, 1982 шеран март
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#117 | |
|
Вес репутации: 9 |
Цитата:
|
|
|
|
|
#118 |
|
Вес репутации: 11 |
Сояра, нийса луьйш ю хьо.. ала х1ума дац цу т1ехь..
Я не обижаюсь) это удел слабых - обижаться.. Оццул со хан ца тоьуш йоллушехь суо сайна а яц со ч1ог1а реза, айса т1аьхьарчу хенахь кху чохь ца бечу балхан..(( Амма байташ йийцаре ян суна ца хаа, мел хала хеташ делахь а.. Они мне нравятся или нет.. Я могу только чувствовать их, а заниматься анализом - это не моё.. не дано мне этого) дагах кхеташ ерг дагчохь юьсу, цхьа марзонийн цинц а хуьлий) Валлах1и, дика-м хир дара шена ала хуучо поэзех дийцича! Дала аьтту вайн массера а дикачу х1уман т1ехь!
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#119 |
|
Вес репутации: 9 |
Вайгахь ладуг1а хьекъал далахь ,кхеттал х1ума хьа аьлла вайга Ибрах1има .
ХIун хилла вайна? Вайн дегнийн бос хIинца ца хеташ кIайн, ДIауьду бендацарх дIаийна денош. ТIаьхь-тIаьхьа тидамехь ца хуьлу вайн Бохамехь Iаш верг, шен бIаьрхиш а Iенош. Стигала хьала а ца хьовсу вай, Текхаеш ойланаш, цкъа хилларш тIома. Кхоамза хедадо вай уьйрийн тай, Бахьанза хиларца вовшашца гома. Марзонаш дIаекъа кIадделла вай, Зарздина гIиллакхаш лардинарш дайша. Са дIа а доьжна, вай хоьхкуш ду гай, Амалш а схьаэцна лелийнарш лайша. ТутмаьжIгаш йоьхкина яххьашна тIе, Шалхонийн кIуьралахь вовшашна къежа. Стаг волчу стагана беттарца пе, Сом вайга кхийдочу кIиллочух теша. Ца хууш дешар дуй дахаран дарц, Лайн чимийн эгIаза худар а хилла, Вай гIерта Бакъ эшош, толадан Харц, Нийсонна тIедоккхуш ямарта хIилла. Хоттане, 1982 шеран апрель |
|
|
|
#120 |
|
Вес репутации: 11 |
Яздо ас, ц1ийх иэдеш шекъа,
Кехатах дог тешадеш. Сан иллин мог1анаш хьекъа, Токх а еш сан деган беш. Со-м ян а кийча ву ч1аг1о, Теш х1иттош ц1еналла син: Ца еза кехатан аг1о, Къарзъелла яьлча бен и. Верриг а векхалуш сица, Со ле1а ваьлча сайн г1ан, Мог1анаш 1аьржачу ц1ийца Чекхдуьйлу кехатах сан. Гуш хета безачийн яххьаш, Бахначийн эхарта д1а. Сайн лаьмнийн къежделла баххьаш Дага а лоьцуш со 1а. Ца хилла тем леха оьшуш, Даг чу дуьйш мог1анийн х1уш: Уьш ду сан б1аьргаш чу хьоьжуш, Царна чохь шаьш хьекъаш гуш. Шерашна, шаьш идарх генна, Сан башха къинхьегам тайн: 1аьржачу хьаьркашца денна Къарздо ас кехаташ к1айн. Ойланийн зирхан беш хама, Йогу сан син кхерчан ц1е… Т1аьххьарчу илланчийн зама Мацца а кхочур ю т1е. Хир вуй-те со церан декъах? Хир вуй-те сан иллийн теш? Яздо ас, ц1ийх иэдеш шекъа, Кехатах дог тешадеш… Хоттане, 1982 шеран февраль
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|