![]() |
|
|
#91 |
|
Вес репутации: 9 |
* * *
Кхерстанчах дIатесна шен можа мохк, Четара гIаш Iенош, дIайоьду гуьйре. Вайшиннан безамах хьаьрчина дохк, Шелъелла марзонаш ца йоьрзу уьйре. Сайн аьтто мел бели хьан бIаьрхи ган, Варий со-м месашлахь тIекхеташ кIайн чо. Сан дагна Iеткъахь а Iодикъяр хьан, ГIайгIанах ца йоьтти хьан ойла сайнчо. Ца хаьа, муьлха ду вайшиннах харц, Хуушехь гIалатло хьаьнгара яьлла. Я хьалхалерраниг вайший а дац? Цундела ши кхоллам галморзах баьлла? Йиш хаьлла кхойкхучохь сатийсам — буо, Хьо хьайнна йиси, ткъа иштта со — сайнна… Синошна хаало къастаран хIуо, Безаман шелделла садеIар санна… Хоттане, 1981 шеран август |
|
|
|
#92 |
|
Вес репутации: 9 |
Нана-аьрзу...
Иажаркх-буц тИунъелча суьйренан тхишлахь, Кху цИенчу дахарехь цхьанна-м наб ца кхета. ХИай, Нана-аьрзу, хьо тховса ма йижалахь, Хьайн кИорни яйъи ахь, суна хьох къахета. Инзаре мохь бетташ суьйренан кИуьралахь, Хьайн накха бетта ахь бузучу малхах. Хьан доьхна дог Иийжош, тИехъюьйлу кИорнеш, Ткъа хьайниг цаьрца яц — хьо йиси цхьалха. Ма лаьа хьо хьаста буьйсанна беттан, Хьан дагчу дИакхето сайн ирсе гИан. Ма лаьа сахаддалц хьоьга мохь бетта: «ХИай, Нана, со ва-й и-м — хьан вайна кИант!». 1977 шеран июль Не расцените это как офф-топ, я так хочу поделиться.Когда я читаю стихи Ибрагима мне искренне жаль ,что я не была с ним знакома.Ведь лучшее ,что может произойти в жизни -это встреча с таким человеком, добрым, нежным, открытым!Душа чистая как у ребенка! Дала декъал войла Ибрахьим! |
|
|
|
#93 |
|
Вес репутации: 9 |
* * *
Бузуш сан уьйрашлахь шайн хьогIан маша, Ма дукха-ъ хилла шу — са кIеззиг дерш. Ма къен а дар-кха со шух цуьрриг ваша, Шу гIерташ со малван — шайн хирриг деш. Бахбеш сан букътехьа питанийн Iеха, Аш туьйсу кхерамаш, сан ницкъаш зуьйш. Бакъонца, Нийсонца дуьстича, уьш Цхьанна а ца хета чемхалган меха. Ас йоккху сирлачу сайн дагна гена Доьналлин мох бетташ, шун синойн къахь. Ас денна цоьстуш ю шун ачо къена: Сан тур ду — сан дайша ларйина Яхь… Соьлжа-ГIала, 1981 шеран февраль |
|
|
|
#94 |
|
Вес репутации: 9 |
* * *
БIаьстенца вистхуьлуш Iаламан хазалле, Дегнаш тIе деттачохь зазанийн дарц, ДIабахнарш мичахь бу ма хетта азалле: Эхартан тийналла мотт хууш яц. Хан лелаш, лазамаш дIахьош а, бахьаш а, Шен къиза дола деш хIора а син, Упханаш тIехьара кхелхинчийн яххьаш а Лийчор яц вайн бIаьргийн зIаьнарша кхин. Адамо дола дан йиш йоцчу Iаьршашка Цхьаьннан са хьош дахча Iожаллин дур, Рицкъа дIакхачонза биссинчийн бIаьргашка ГIайгIано хьовзабо Iийжаме кIур… Хоттане, 1981 шеран апрель |
|
|
|
#95 |
|
Вес репутации: 9 |
Сан дахар
Хаьржина ваьлла со дахаран некъ, Ленйоцу Iалашо лаьцна — Ца тоьлу стигларчу гIаргIулел лекъ, Мел хиларх и атта лаьцна…. Шал-шера къаьсташ бу сан иллин мохь УгIарехь дерачу дорцан… Лууш ву со талла кхолламан бохь, Цхьаьнгге а ца доьхуш орца… Арешна, тогIешна бетта ас букъ, Ирхенаш эшаян Iемаш, — Хала ду тIаьхь-тIаьхьа мел доккху дукъ, Дазделла сан иллин тIемаш… IаьнтIехь ас чилла лов, ткъа аьхка — тов, ХIетте а ца лаьа тиекъа… Емалдо шахьарийн урамийн зов Татано ас бечу некъан. Тийналла йохош ду сан гIулчийн дур, Дегадеш хIаваан пиллиг. Букъ тIехьа буьтуш сайн эшамийн мур, Некъ барехь дуьллу ас бIиллиг… Хууш ву, сайн болар ас даккхахь гал, Там бу кху тIулгаш тIехь вожа. Цундела ца йо ас Iалашо мал — Лепа и, малх санна, можа… Кхета со, каглахь сан кхолламан таж, Лам соьга хьожур бу гома. Делахь а, теша со: и бац сан кхаж! Дала со кхоьллина тIома! Цхьаммо цкъа керстйича сан некъан лар, Ас дина гIалаташ лоьхуш, Сан некъан жамI дийр ду сан къомо лар, ДоIанехь со Деле воьхуш… Мила ву Iалашо ца лехнарг цкъа, Хотталахь бертал а оьгуш? Ца гIатта ца лиънарг мила ву, ткъа, Гор воьжна Iуьллучух хьоьгуш? Ас лоьцу сайн некъан халонан лаг, Хьуьнарца сайн дегI а дулуш. Со хьанна хетар ву дуьненчохь стаг, Вацахь сайн ницкъах бIобулуш? Сан сийдеш гIаьттина сан некъан чан Хьестало, белшаш тIе хуьйшуш. Ас кIадо ца йо-кха сайн болар дан, ГIулчашца чаккхармаш Iуьйшуш… Дахаран некъ бо ас, ирбина бIаьрг. Хуьлда сан Iалашо гIоза! ДIо хьалха хир-кха цхьа билгало, хьаьрк — Сан некъан чаккхенан доза… Хоттане, 1982 шеран апрель |
|
|
|
#96 |
|
Вес репутации: 0 |
Даймахко Iамийна со...
Сайн мехкан хьал даккха сов, Диц ца дан Кавказан лаьмнаш, Ца къесто дуьненан къаьмнаш Даймахко Iамийна со. Мох хьакхарх, яржаеш ткъов, Юьхь-сибат ца лечкъо дорцах, Оьшшучохь гIатта а орцах Даймахко Iамийна со. ТIехцIена леладеш дог, Безаршца сов бертахь ваха, Шех лаьцна иллеш а даха Даймахко Iамийна со. Хьешана дIаделла ков, Яхь-гIиллакх лардан сайн къоман, ХьагI лелош, ца хьежа гома Даймахко Iамийна со. Хоттане, I973 шо |
|
|
|
#97 |
|
Вес репутации: 9 |
Со мича гIур ву сайн кхолламах ведда?
Ирсан дитт жимделла, замано кхедда… Дехар дарх, мохь бетташ, исс дуьне Iаддол, Юхнехьа доьрзур дац дахаран татол. Оьмаран йохаллехь мел IаьIна хеттарш, Шеконийн тIелхигаш, моьттинарш, хеттарш Даккхийчу тIулгашха охкало коча, Ас хоьхку поэзин дин, боккхуш воча. Амма со царах сайн лаг даккха мукъа, Цхьаццаберш цецбийларх, сих ца ло дукха: ТерзантIе жамI доккху хан лесташ герга, Царах хир яц-техьа цхьа-ши-кхо герка? Победино, 1979 шеран январь |
|
|
|
#98 |
|
Вес репутации: 9 |
Шовкъашца латтабеш къийсам,
Ма е сан ойланна чов. Некъ бита жимма сатийса, Бекхамехь ма яла сов. Дахаран некъ бу сан готта, Шиъ морзах дала ца луш. Цундела хьуна ма мотта, Ас хьулдо хьайн кхиэлан гIуш. Ма мотта ерриг а хаьдда Вайшинна юккъера зIе. Замано, йоьдучо хьаьдда, Дог чехош, паргIат ма Iе. Цецдохуш дуьне я эхарт, Ма дайа вайн ирсан доь. Баттахь цхьаъ мукъне а кехат Яздехьа, хьомениг, соь. Сахалин, 1980 шеран март |
|
|
|
#99 |
|
Вес репутации: 9 |
Г1орийна зезагаш...
Маьлхан б1аьрг санна и шайн кортош можа Лепадеш, техкара зезагаш байт1ехь. Мехаша г1аттийча шайн 1алаг1ожа, 1ара уьш, вовшашна т1ете1аш, бертахь. Ц1еххьана кхаьчначу шийлачу 1аьно, Кхелира зезагаш даточу тирца. Уьш денна шелдора лайн чимийн б1ано Кортош т1е беттачу эсаран кирца. Зезагийн хазалла яйра, бос байна. Азделла сов г1ийла уьш суна дайра. Уьш марг1ал дуьйлира, шело ца лайна. И сурт гуш б1аьрхиш а сан меттаххьайра. Со сихха кхийтира хиллачух т1аккха: Зезагийн г1орийна мутт лекъна хилла. Хетара уьш г1ерта сайга бехк баккха, Гича уьш лаьтта т1е д1адуьйшуш г1ийла. Доккха луо диллира цул т1аьхьа лаьтта, Деэшна зезагий къайла а дохуш… Уьш дагалоьцуш со х1инца а лаьтта, Къинхетам синпхенех сайн чекх а бохуш.. Саралжин, I974 шо |
|
|
|
#100 |
|
Вес репутации: 9 |
* * *
Хьо дIаяха. НеI ю цIийзаш цIийнан. Хьо дIаяха, Соьца кIеззиг Iийна. Хьо дIаяха. ХIунда? Хууш вац-кха. НеI ю цIийзаш, йоьлхуш, Соцуш цкъацкъа. НеI ю цIийзаш, Гура юккъе лоьцуш, Сан дог хьийзош, Делхош, дIа ца хоьцуш. I978 шеран март беттан 25 де |
|